Бута́н паччахьа́лла (дзонг-кэ འབྲུག་ཡུལ་, Вайли ʼbrug-yul, лат. zhuk yü ладогӀа ) — Къилба Азин пачхьалкх, лаьтта ХӀиндин а, Цийчоьнан а йукъахь. Коьрта шахьар — Тхимпху гӀала. Шеш шайха олу — Друк-Юл — «Саьрмакан мохк»[7].

Бутан паччахьалла
འབྲུག་ཡུལ་
Druk Yul
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Бутанан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Кхоьллина 17 декабрь 1907 шо
Официалан мотт дзонг-кэ
Коьрта гӀала Тхимпху
Йаккхий гӀаланаш Тхимпху
Урхаллин тайпа конституцин монархи[1]
Паччахь
Премьер-министр
Джигме Кхесар Намгьял Вангчук
Церинг Лотай
Пачхь. дин Буддизм (Друкпа Кагью)
Латта
 • Шадерг 38 394 км² (135-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле <1 %
Бахархой
 • Мах хадор (2016) 750 125 (июль 2016, мах хадор)[2] стаг
 • Ларар (2005) 696 183[3] стаг
ДЧС
 • Шадерг (2012) 4,646 млрд[4] долл. (160-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 6 112[4] долл.
АДКИ (2018) 0,612[5] (йукъара; 134-гӀа меттиг)
Ахча Нгултрум (BTN, код 64) (INR, код 356)
Интернет-домен .bt
Код ISO BT
Код МОК BHU
Телефонан код +975
Сахьтан аса UTC+6 (BTT)
Автомобилийн некъаш аьрру[6]
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Бутан — кхин а историн цӀе йу луларчу ХӀиндин Малхбузен Бенгалин штатан центр Калимпонгехь йолчу мехкан. И мохк схьабаьккхина ингалсаша Бутанегара XIX бӀешарахь дуккха а девнаш хиларца.

Цхьаьна версица, «Бутан» цӀе схьайолу Бху-Уттан (Bhu-Uttan) дешах, санскритера гочдича маьӀна хуьлу «лекха лаьмнаш» йа «ломан мохк». Кхечу версица, цӀе схьайолу Бхот-Ант (Bhots-ant) дешах, цуьнан маьӀна «Тибетан йист» йа «Тибетан къилбе». Къилбаседа агӀора Бутан паччахьаллин доза ду Цийчоьнца, малхбузехь — ХӀиндин штатаца Сиккимца (1975 шо кхаччалц маьрша паччахьалла йара), малхбалехь — штатаца Аруначал-Прадешца, къилбехь — штатаца Ассамца, цигахь дукха шерашкахь боьдуш бу гражданийн тӀом, къилба-малхбузехь — Малхбузен Бенгалица.

Археологин хаамашца Бутане нах вайн эрал II эзар шо хьалха охьахевшинехь а, амма йозанан тешаллаш ширачу заманах ца дисина ала мегар ду. Мехкан истори йевза дукхаха дерг муьрашца, бахьана, 1827 шарахь оцу хенахь Бутанан коьрта шахьар хиллачу Пунакхехь йаьгна уггаре йоккха библиотека. Историн хиламаш хӀинца къаста ца ло легендех. Дерриг охьадиллича, буддизм кхаьчна Бутане II бӀешарахь. Иштта Тибетан паччахьо Сонгцен Гампос (627649), легендашца, йоьгӀна Бутанан махкахь шиъ килс (Кийчу Лакханг Парохь, Джамбей Лакханг Бумтангехь), уьш хӀинци а йу, зиярат даран ладаме меттигаш йу.

Терхьаша ма-дарра дуьйцу легенда хилла долу буддийн йогинан Падмасамбхаван VIII бӀешарахь Бутане масех зиярат дарах.

 
Паро гергара Такцанг-лакханг («цӀоькъа лоьман бен») килс, цунна чохь йу Падмасамбхаван коьрта медитацин хьехаш.

ТIаьхьуо Тибетехь урхалла дан волавелла паччахь Ландарма (836842), цуо бехкаме йина буддизм, буддийн мозгIаршна къиза таIзарш а дина. Цунах бевдда, дукхаха болу мозгIарш а, Iилманчаш а тIеэцна Бутанехь.

Бутанийн буддизм Друкпа Кагьюн хьост ду ламан Цангпа Гьяре Еше Дорджехь, цуо кхоьллина Тибетехь Ралунг гIалахь килс Друк («саьрмак»). И ишкол чIагIелира Тибетан йисташкахь, Ладакехь а, Бутанехь а. Бутанан буддизм кхиарехь йоккха роль ловзийна иштта Пема Лингпас, Ньингман ишколан векал.

Тибетийн мозгIар а, художник а волу Нгаванг Намгьял (Шабдрунг) (15941651) паччахь хилира 1616 ш.; цуьнга вовшахтохаелира Бутан, массанхьа а йира чIагIонийн гIопаш (дзонгаш), шен чIагIонехь оьшуш йоцу Лхасера Потала гIалан бен. Шабдрунга веллачул тIаьхьа Бутанехь иккхира гражданийн тIом, иза ца сецца ала мегар ду шина бIен шарахь.

Экспанси йоьдуш Бутана дIалецира Брахмапутра эркан тIевогIийла Ассамехь а, Бенгалехь (дуараш йа «неIарш»).

Бутанан чоьхьара девнашна йукъа жигара хьийзира ингалсхой. Бутанан Ингалсца чолхе йукъаметтигаш йара, муьрашкахь барт девнаца хийцалуш. ЖамI, Бутана йайира дуараш а, къилбехьара боккха мохк а (олу хIинцалерачу ХIиндин Ассам штатера Британийн Бутан, коьрта шахьар Калимпонг гIала).

Бутан йуха цхьаьнатоха а, чIагIйан а таро хилира паччахьан Угьен Вангчукан, цуо кхоьллира 1907 шарахь керла некъи (уьш хIинца а бу урхалла деш). Хьалха Угьен Вангчук дакъа лоцуш вара цхьаьна ингалсхошца операцешкахь, ткъа 1910 шарахь керлачу некъийн Хьалхара Паччахьо барт бира Ингалсца, йуьззина автономии а, Бутанан чоьхьарчу гIуллакхашна йукъа ца гIертарца хийцина, къобал йира сюзеренан йукъаметтигаш. Оцу хенахь дуьйна болало Бутан къовлайаларан мур, оцу хенахь Бутанан аьтту белира дуьненан шина тIамах кIелхьара йала.

1952 шарахь Ӏарше кхаьчначу керла некъийн кхоалгӀа паччахьа Джигме Дорджи Вангчука, меллаша модернизацин некъан политика йолийра. Цийчоь Тибетан чуйаро Бутанега ХӀиндица барт бан безийтира Цийчоьнна дарйарех, хӀинца а Бутанан кхерамазалла латтош йу ХӀиндин эскарша. Джигме Дорджи мах лелорна аьтту бина, жигара даьккхина махкахь ахча лелар. 1971 шарахь бен ВКЪКХ йукъа ца йахана Бутан.

 
Бутанан орамера бахархойн векал

Некъийн веалгӀа паччахь Джигме Сингье Вангчук Ӏаьрше веана 1972 шарахь, цуо цхьа могӀа хийцамаш бира. Бутане чубитира барам хӀоттийна махкал арахьара журналисташ а, туристаш а. Паччахь гӀоьртира мехкан инфраструктура (электрийлла, телефонан а, радион а зӀе, некъаш) йан, гуонахьара Ӏалам меттаха ца даккха а хьожуш. 1998 шарахь паччахьа дӀаделира кхочушдаран Ӏедал министрийн кабинете, хьаькмаш хийцабалар а, хийцар а йукъадаьккхира. 2002 шарахь Бутанехь кхоьллира къоман телевидени (цул хьалха телевидени магийна йацара). Мехкан беркате хьал тӀаьхь-тӀаьхьа толуш ду, инфраструктура тоеш, хуьйцуш йу. ТӀаккха а, Бутан чӀогӀа лаьтта ламасташ тӀехь.

2006 шеран 14 декабрехь Бутанан веалгӀа паччахь Джигме Сингье Вангчук (вина 1955) йитина Ӏарш шен кӀантана, Джигме Кхесар Намгьяла (вина 1980)[8].

 
Бутанан карта

Топографи

бӀаьра нисйан

Бутанан мехкан къилбаседа-малхбузехь а, къилбаседехь а даккхий (Малхбален) Гималай лаьмнаш ду. 50 % сов латташ ду 3000 м лакхахь, 20 % — шалаьмнаш а, гуттаренна лайнаша а дӀалаьцна. Къилбехьа Даккхий Гималайна тӀекхета Чоьхьара Гималай — лабиринт меридионалан пурх даккъаш шуьйрачу ломан атагӀашца, уьш къилбехьа арайовлу хьеначу акъарешка. Бутанехь мохкбегабо. Гималайна тӀиера къилбехьара охьаоьху чухчарешца долу сиха эркаш — Брахмапутран геннаш.

Бутанан йаккхий гидроэнергетикан ресурсаш йу, ткъа иштта дикка пайден маьӀданийн ресурсаш а — аьчкан маьӀда, цӀеста, даша, цинк, кӀора, мармар, кхин а.

Цийчоьнца долу доза къилбаседехь а, къилбаседа-малхбузехь а 470 км ду; ХӀиндица (Сикким штатаца малхбузехь, Малхбуза Бенгалица къилба-малхбузехь, Ассамца къилбехь а, къилба-малхбалехь а, Аруначал-Прадеш (хьалха Къилбаседа-Малхбален дозанан агенталла)) малхбалехь 605 км ду. ХӀиндин Сикким штато (88 км шуьйра мохк) Бутан Непалах къастайо, ткъа хӀиндин Малхбуза Бенгали штато — Республика Бангладешах (цу тӀе Бутанера Бангладеше кхаччалц 60 км бен йац). Бутанан малхбузера малхбале кхаччалц — 300 км йу, къилбехьара къилбаседехьа — 170 км йу. Пачхьалкхан майда — 38 394 км² (Непалан майданал кхузза кӀезиг). 1980-гӀа шерашна йуккъехь 70 % гергга мохк хьаннаш йолуш бара, 10 % — дийнна шарахь ло а, ша а болуш дара, 6 % гергга — лелон латташ йа эвланаш йара, 3 % — цхьаьна хенан лело делла дара, 5 % — дӀалоцура байнаша а, байданаша а. Бисина мохк — тархийн мохк, уьш дуьйш лело пайден дац. Бутане баьхкина дуьххьарлера британхоша дуьйцура: «Бодане а, готта а ломан атагӀаш, мархашлахь байна ломан баххьаш, йо ша-кепара хазаллин а, сийлаллин а пейзаж». Пачхьалкхан мохк – дуьненан ломан меттигех лела уггаре халчех цхьаъ бу, локхалла хийцало хӀордан тӀегӀан тӀиера 160 метрера 7000 метр кхаччалц. Бутанан уггаре лекха меттиг — Кула-Кангри лам, локхалла 7554 м — лаьтта мехкан къилбаседехь Цийчоьнан дозанехь. ШолгӀаниг – Джомолхари 7314 м лекха — лаьтта Чумби атагӀи йолчохь. Махкахь бу локхалла 7000 м йолу ира баххьаш болу 19 лам. Бутанан-цийчоьнан къилбаседа дозанехь айабелла гималайн лайн ира баххьаш 7500 м сов лекха, баххьаш тӀехь олалла до арктикан климато. Оцу регионехь шаш дашара бахьнехь хилла ломан эркийн хиш а, атагӀаш а чӀогӀа дика хьолаш до бежнашна, уьш леладо кӀезиг болчу меттигерчу бахархоша. Бутанан йуккъерачу декъера Ӏаьржа лаьмнаша кхуллу Ӏаламан хидоькъа дукъ мехкан коьрта шина эркан системашна йукъахь — Мо-Чу а, Дрангме-Чу а. Ӏаьржа лаьмнийн ломан баххьаш бу 1500—2700 м хӀордан тӀегӀанера, ткъа сиха ломан эркаш кхоьллина ломан Ӏинаш.

Бутанан йуккъерачу декъера хьун — мехкан боккха бахам. Малхбален Бутан дӀакъастийна Донга лаьмнийн системан къилба баххьаш. Бутанан малхбузен декъехь йу хьена йуьйш-йерзо атагӀаш а, мехкан хилаттолаш а. Сивалик акъари, Ю я Ӏаьржа лаьмнаш, Гималайн ломан кӀажош хьаннаш йолуш, аллювиалан эркан атагӀеш, хӀордан тӀегӀанал 1500 м лаьмнаш долуш йу. Акъареш охьайогӀу субтропикан аренашка «дуарашка». Оцу аренан доккхаха долу дакъа ду ХӀиндехь, амма иза 15 км чоьхьайолу Бутанан. Бутанера «дуараш» лаьтта шина декъах. Къилбаседа дакъа — декъа лилхина латта а, шортта ораматаш а, шунаш а долу меттиг. Къилба дакъа — лекха буц йаьлла, шуьйра джунгляш йолу хьена латташ. Аренашкахь кхиадо дуга а, кхин йалташ а. Мехкан ладаме коммерцин йаккъаш — Пхунчхолинг, Гелепху, Самдруп-Джонгхар — лаьтта нисса аренашкахь «дуарашкахь». Кхузахь деха цӀоькъалом, леопард, пийл, кхин дийнаташ.

Климат а, ораматаш а махкара доьзна ду меттиган локхаллех: муссонан ломан-тропикан а, тӀуьна а Чоьхьара Гималайхь, шийла а, лекха лаьмнийн а — Даккхий Гималайхь. Муссонийн муьрехь чӀогӀачу догӀнаша хи хьодийта, лаьттан эрози а йо. Аренашкахь кхуьу гуттаренна сийна а, тропикан а хьаннаш, лакхахь — субтропикан, 1800 тӀиера 3500 м кхаччалц — ийна а, баганан а — субальпийн (хуьлу къоман зезаг — айсина петӀамат) а, кхин лакхахь а — альпийн байнаш, 5500 м лакхахь — гуттаренна лайнаш а, шаш а.

Бутанан климат хийцало меттиган локхаллийца, Азин доккхаха долчу декъехь санна, муссонийн Ӏаткъам болуш йу. мехкан малхбуза декъехь муссонан мехаш бахьнехь хуьлу 60—80 % йерриг мехкан йочанех. Климат тӀуьна а, субтропикан а йу къилба аренашкахь а, ломан кӀажошкахь а, Къилба а, йуккъера а кӀоштийн Гималайн атагӀашкахь климат барамера йу, мехкан къилбаседехь — шийла, дерриг шарахь гималайн баххьаш тӀехь ло долуш. Температура а йоьзна локхаллех. Иштта, 2200 м хӀордан тӀегӀанал лакхахь, мехкан малхбуза декъехь йолчу Тхимпхура температура, июнехь-сентябрехь хуьлу 15—26 °C, амма январехь охьайолу −4 °C кхаччалц, наггахь −16 °C а. Мехкан йуккъера дакъа — шийло барамера климатан зона йу. Мехкан къилбехахь йовха а, тӀуьна а климат бахьнехь дерриг шарахь температура хуьлу +15—30 °C, цу тӀе аьхкенан температура атагӀашкахь кхочу наггахь +40 °C. Йочанийн шеран барам кӀоште хьаьжжина бу. Иштта Бутанан къилбаседан декъехь шарахь ца хуьлу 40 мм бен йочанаш — дукхах дерг ло хуьлу. Бараме климат йолчу йуккъерчу кӀошташкахь шеран йочанийн барам хуьлу 1000 мм гергга. Къилбехахь (субтропикийн зонехь) хуьлу 7800 мм шарахь. Декабрера февраль кхаччалц — йекъа Ӏаьнан зама, иза лаьтта март кхаччалц, оцу хенахь хуьлу 20 мм йочанаш баттахь. Августехь йочанийн тӀегӀа кхочу 650 мм. Бутанера бӀаьсте хуьлу мартера апрель йуккъе кхаччалц. Аьхкенан денош долало апрелан йуккъера, оцу хенахь наггахь бен догӀанаш ца догӀу. Къилба-малхбузера муссонийн догӀанийн шеран зама хуьлу июль-сентябрь беттанашкахь. Мехкан къилбехьара йочанийн лакхара барам кхетабо муссонаш Гималайша дехьа ца йалийтарца. Гуьйре лаьтта сентябран чеккхенгара октябрь-ноябрь чекхбаллалц. Ноябрера март кхаччалц дахло шийла а, ло долу а Ӏа (3000 м лакхахь).

Эркийн системаш

бӀаьра нисйан

Бутанехь диъ коьрта эркийн система йу: Манас (йа Дрангме), Санкош (йа Пуна-Цанг), Ванг Чу (йа Чинчу), Амо. Массо а эрк долало Гималайхь, тӀаккха, охьадоьду къилба агӀора атагӀашкахула, дӀакхета Брахмапутра эрках, иза шен рогӀехь кхета Гангах. Бутанехь уггаре йеха эркан система — Дрангме (йа Кури), иза охьадоьду хӀиндин Аруначал-Прадеш штатехула, кхоъ га а ду цуьнан: Дрангме, Мангде, Бумтанг. «Дуарийн» кӀошташкахь, оцу эркан 8 га цхьаьнакхетачохь, Дрангмен цӀе Манас лелайо. 320 километр долу эрк Пуна-Цанг (йа Санкош) сих-сиха дестий бердах долу, иза кхоьллина эркаш Мо а, Пхо а санна, церан хиш оьху гималайн лайшкара. Уьш охьадоьлху къилба агӀора Пунакха гӀалехьа, цигахь кхета дӀакхета Пуна-Цанг эрк кхуллуш, иза шен рогӀехь, охьадоьду къилбехьа хӀиндин Малхбуза Бенгалин штатехула. 370 км деха долу Ванг Чу эркан дуккха а геннаш долало Тибетехь. Ша Ванг Чу эрк охьадоьду къилба-малхбалехьа Бутанан малхбуза декъехула, кхин дӀа чекхдолу «дуарашкахула». Кхузахь иза доьду хӀиндин Малхбуза Бенгали штатехула. Мехкан уггаре жима эркан система — Торса йу, къилбаседа декъехь йевза Амо цӀарца, иштта хьост ду Тибетехь, охьадоьду ХӀинде[9].

 
Бутанан шалаьмнаш

Шалаьмнаш

бӀаьра нисйан

Къилбаседа Бутанехь шалаьмнаш дӀалоцу 10 % мохк, хин ладаме хьост ду. Оцу шалаьмнашкахь ду миллионаш тоннашкахь мола хи, аьхка дешачу заманахь боккха бохам хуьлу бахархошна.

Экономика

бӀаьра нисйан

1971 шарахь дуьйна Бутан йу уггаре къиен мехкашна йукъахь[10]. Бутанан экономикин бух бу хьуьнан а, йуьртан а бахам, туризм, поштан маркаш йохкар.

Къилбехахь кегийрачу шахташкахь доху гипс, кира-маьӀда, доломиташ, кӀора, мармар, сланец. Кхиина йу хьун кечйаран, дечиг тодаран, йуургийн промышленность. Махкахь кхиадо дуга, хьаьжкӀаш, орам-стом, цитрусаш, хӀоьан культураш, сугӀа, жӀалин нускалш. Бутанехь ду шурийн даьхнийлелор, зӀакардаьхнийлелор; шуьйрачу ломан байданашкахь ду хьаладуьгу даьхнийлелор: якаш, гезарий, цзо (якийн а, бежнийн а иэдина хӀу) лелор. АтагӀашкахь бахархоша бошмаш лелайо. Кегийра белхаш: латунах, буту-эрзах буддистийн ритуалин сурсаташ дар, тӀергӀан а, бамбан а кӀадеш, кузанаш, детин а, цӀестан а белхаш дар, дечиг агар.

Экспортан коьрта йаззамаш: электроэнерги (ХӀинде), кардамон, гипс, цемент, дечиг, Ӏежаш, жӀалин нускалш, стоьмаш, мехала тӀулгаш, чамбийриш.

Ледара агӀонаш: йакъараллин секторан дукхачу отраслашкахь — некъаш дахкар тӀиера дешаран тӀекхаччалц — хӀиндин белхан ницкъ лело безаш хуьлу. Дукхаха болу бахархой йуьртабахам тӀехь беха; ломан басеш чӀогӀа ирх хиларна лелайо латан кӀезиг майда. Промышленность йац ала мегар ду. Ӏаламан ресурсаш кӀезиг йу.

Бутан — аграрин мохк. 80 % сов бахархошна йуьртабахам а, хьуьнан бахам а сан коьрта хьост ду. Цул сов, правительство жигара доладо гуонахьарчу Ӏаламан хьолан (Бутанан ах мохк кхайкхийна къоман паркаш, царна чохь тала мегаш дац), иза бахьнехь промышленность кхиор планашкахь дац бутанан Ӏедалан. Паччахьаллехь йаккхий промышленностан предприятеш йан а йац ала мегар ду. Йу масех дечиг тойаран предприятии, йуурган промышленностан преприяти (царна йукъахь лицензица Кока-кола арахоьцурш а). Коьрта экспортан сурсат ду экологин цӀена дуга, стоьмаш, гидроэлектростанцеш йоккху электроэнерги.

Бутанан Дзонгдэй (регионаш).

Дзонгдэй
(зона)
Адм.центр Майда,
км²
Бахархойн
дукхалла,
(2005) адам.
Луьсталла,
адам./км²
Дзонгхагэйшан
дукхалла
Малхбузера Тхимпху 8345 281244 33,70 5
Йуккъера Дампху 11023 88855 8,06 5
Къилбера Гелепху 8499 89720 10,56 4
Малхбалера Монгар 10949 175163 16,00 6
Бутан, массо Тхимпху 38 816 634 982 16,36 20

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Атлас мира: Максимально подробная информация / Руководители проекта: А. Н. Бушнев, А. П. Притворов. — Москва: АСТ, 2017. — С. 50. — 96 с. — ISBN 978-5-17-10261-4.
  2. COUNTRY COMPARISON :: POPULATION Архивйина 2011-09-27 — Wayback Machine
  3. Population and Housing Census of Bhutan — 2005 (инг.) (PPT). UN (2005). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 5 январь. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь
  4. 1 2 Bhutan. International Monetary Fund. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 20 апрель. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь
  5. 2018 Human Development Report. United Nations Development Programme (2018). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 сентябрь.
  6. http://chartsbin.com/view/edr
  7. Бутан // Большой Кавказ — Великий канал. — М. : Большая российская энциклопедия, 2006. — С. 406-410. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 4). — ISBN 5-85270-333-8.
  8. Biswajyoti Das. Bhutan's new king committed to democracy (инг.). Hindustan Times (со ссылкой на Reuters) (18 декабря 2006). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 27 январь. Архивйина 2012 шеран 11 февралехь Архивйина 2013-05-26 — Wayback Machine
  9. River Systems — Andrea Matles Savada, ed. Bhutan: A Country Study. Washington: GPO for the Library of Congress, 1991.(ингалс.)
  10. http://www.un.org/en/development/desa/policy/cdp/ldc/ldc_list.pdf