Дуьненан хӀуманан пачхьалкхдин Ӏедалах дӀакъастийна хӀоттам болу пачхьалкх, цигахь Ӏедалан болх динан бух тӀийра дӀа а даьккхина, гражданийн законашца ду; пачхьалкхан меженийн сацамаш бан йиш йац динан кхетам тӀехь.

     Дуьненан хӀуманан пачхьалкхаш      Официалан дин долу пачхьалкхаш      Билгаладаьккхина дац

«Тахана Ӏилманехь лела дуьненан хӀуманан пачхьалкхех болу кхетамехь, цхьан а официалан дин дац, цхьан а дин тӀедиллина а, гӀоле хеташ а дац. Цуьнца цхьаьна, пачхьалкхан дуьненан хӀуманийн амало тардолуьйту, пачхьалкх а, килс а вовшех къастийна хилар, уьш вовшен гӀуллакхашна йукъа ца гӀерта»[1].

Дуьненан хӀуманан пачхьалкхан законаш догӀуш хила мега (дуьззина йа цхьаццанхьа) динца; «Дуьненан хӀума» билгалдоккхуш дац динан дуьхьала хиларца, ткъа доккху цунах маьрша хиларца. Масала, аборташ ца магийтар дуьненан хӀуманан сацам бу, нагахь иза, дин тӀе а ца кхевдаш, йукъара гуманитаран кхетаман бух тӀехь делахь (нийса аьлча — медикан-биологин Ӏалашонца).

Дуьненан хӀуманан пачхьалкхехь хӀора стеган бакъо йу, динан институташна тӀе а ца воьрзуш ваха. Масала, зуда ялор а, суд яр а пачхьалкхан карахь ду. Дуьненан хӀуманан пачхьалкхехь массо а динан тӀехьабозурш цхьабосса бу законан хьалха.

Дукхаха болу бусалбанийн мехкаш ца богӀу шайн критерешца дуьненан хӀуманан пачхьалкхан тӀегӀанца. Иштта, Иран а, СаӀудийн Ӏаьрбийчоь а официалан теократин пачхьалкх[2] йу, дукхаха болу Ӏаьрбийн мехкийн конституцешкахь йаздина, шайн законаш Къуръанан а, шариӀатан а бух тӀехь хилар, мах баран динан кеп бен йац цигахь лелаш. Малайзи тӀаьхьарчу шерашкахь дуьненан хӀуман пачхьалкх тӀийра дӀайаьлла (бусалба нехан гӀуллакхаш луьсту динан полици йукъайаьлла). Бусалба нах алсама болу пачхьалкхех дуьненан хӀуманан пачхьалкхаш йу, масала, Туркойчоь а, Кхазакхстан а, ГӀиргӀазойчоь а, Азербайджан а. Цул сов, пачхьалкхаша пачхьалкхан дин а кхайкхадой, шеш дуьненан хӀуманан пачхьалкхаш йу аьлла меттигаш хуьлу (Ингалс, Дани, Мисар, Тунис, Бангладеш, кхин а).

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. С. М. Алейникова, С. А. Бурьянов. Светское государство в вопросах и ответах: кратко, доступно и актуально. — Москва: Фонд «Здравомыслие», 2015. — 62 с. — ISBN 978-5-86388-228-4.
  2. Типология государств Архивйина 2020-06-04 — Wayback Machine

Литература

бӀаьра нисйан