ЖехӀал неха берег (фр. Côte des Barbaresques) — тӀаьхьара Йуккъера бӀешерера (XV бӀешо) XIX бӀешо кхаччалц хилла Къилбаседа Африкин ЛаьттайуккъерахӀордйистан бердйистан европин цӀе.

ЖехӀал неха берд

ЖехӀал неха бердан йукъахь лорура МагӀрибан мехкийн (Алжазаира, Тунис, МагӀриб) бердаш. Наггахь Ливин а, Мисран а бердаш. Цигахь берберийн хӀордан талорхой-корсараш Ӏаш болу дуккха а портийн базанаш лаьттара, цара кхерамехь латтабора ЛаьттайуккъерахӀордйистан къилбаседехьара керста бахархой. ХӀордан талорхой- лайшбохкархой тӀелатарх ларлуш, бердашца йолу эвланашкара европин бахархой дӀаболхара ламанан баххьашка а, бердашца болчу мехкийн чоьхьа а. ЖехӀал неха бердашкара бахархой Йуккъера бӀешерашкахь бусалба бара, дукхаха берш Ӏаьрбий, бербераш, дукха европин (сакълабий) а, африкин а лайш.

ХӀордан талорхошца къовсам хийцалучу кхиамца хуьлура. Иштта, VIII—XI бӀешерашкахь Ӏаьрбой тӀелетначул тӀаьхьа Ӏаьрбой а, бербераш а ЛаьттайуккъерахӀордйистехь коьрта бара.

XII—XV бӀешерашкахь ладаме харцам хуьлу европахойн пайденна: Реконкиста а, жӀарахойн тӀелетарш а европахой балабо МагӀрибан бердашка, цигахь испанхоша а, португалихоша а дӀалоьцу дукхаха йолу чӀагӀонаш а, бердашца йолу гӀаланаш (Сабта, Малийлйа, Тунис, ВахӀран, Ӏанаба, ТӀанджа а, кхин йерш куьйгакӀела хуьлу церан шерашкахь а, бӀешерашкахь а).

ТӀаккха а, Ӏаьрбой гӀелбеллачул тӀаьхьа малхбалехь къега исламан керла седа — Ӏусманан импери, цуо Ӏаьрбийн-бусалбанийн регионашна латтадора жигара тӀеман гӀо, XVII бӀешо чекхдолуш МагӀрибан мехкаш (МагӀриб йоцург) шайн куьйгакӀела далийра, чӀагӀйира бусалба хӀордан талорхойн базанаш, схьайехира дукхаха йолу европахойн тергонехь йолу форташ.

РогӀера каггам хуьлу АЦШн маршонан тӀом а, 1787-1791 шерашкара оьрсийн-туркойн тӀемаш а болуш, европахой Мисарна чубаханчул тӀаьхьа а, цуьнан жамӀехь МагӀриба барт бо АЦШца, маьрша йолу, ЖехӀал неха берд бекъна хуьлу, ткъа Ӏусамнан импери Мисар маршайаларах факт хилла латан тӀехула эскарш берберашна гӀоьнна хьажо таро ца хуьлу. АЦШ хӀаллакбо бербераш цхьацца декъашка боькъий. Иштта, 1805 шарахь хилира ДарнахӀан тӀом, оцу тӀамтӀехь АЦШ хӀордан гӀашлойн корпусо хӀаллакдо Ӏусманан-хӀордан талорхойн эскарш ДарнахӀ, Ливи (ДарнахӀехь). 1830 шарахь французийн эскар чудоьду Алжазаирин махка, хӀинца ца Ӏа хӀордан йистера чӀагӀонаш схьайаьхна, чудоьду бӀенаш километраш континентан кӀорге. XX бӀешо долалуш йерриг регион хуьлу европахойн Ӏедал кӀелахь. Кхузахь кхоллало: Французийн Алжазаира, Испанин МагӀриб; Тунис, МагӀриб иштта тергонехь хуьлу ("протекторат хуьлу") Францин; Ливи урхалле йоьду Италин.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан