Кавка́зан са́рдалалла — Российн империн административан-мехкан урхаллин башха меже. Коьртехь Императоро хӀоттийна Сардал хилла, цуо кхочушдора дуьззина гражданийн Ӏедал (законашкхоллар доцург), иза дерриг цуьнан куьйгакӀела а дара.
Кавказан сардалийн оцу хенахь яккхийра тӀеман даржаш дара регионехь. Сардалаллин юрисдикцера мехках олура Кавказан мохк, административан коьрта шахьар Тифлисехь яра (1844 шарахь дуьйна). Мохк бекъалора 5 губернен (Тифлисан, Эриванан, Бакохан, Елизаветполан, Кутаисин) а, могӀа областашна.
Император-аьзнин Екатерина II-гӀачун «Кавказан сардалалла шина областех – Кавказан а, Аштаркханен а – хӀотторах лаьцна» Омарца йира (1785 5 май — 1796 31 декабрь) Аштаркхнен а, Кавказан а губернех лаьтташ[1][2]. Кавказан губернехь йира ялх уезд, царех шимма (ГӀизларан а, Мазалкан а) дӀалоцура хӀинца Невран а, Шелковскан а кӀоштийн латта[3]. Кавказан сардалан ставка яра Екатериноградехь (хӀинца Екатериноградски гӀала), 1790 шеран 30 апрелехь дуьйна — Аштаркхнехь. Сардалаллин мехко дӀалоцура Ийдалан а, Донан а лахенашкара аренаш, Кубань а, Терк а тӀекхаччалц долу Къилбаседа Кавказа дакъа а, ткъа хӀинцалера Нохчийчоьнан махкахь, Ишорен а, Бороздиновскин а меридианашна йукъара Теркан къилбаседехьара мохк. Теркан аьрру бердаца яхъелла Кавказан губернин йукъайогӀу Мазалкан а, ГӀизларан а уездан гӀазакхийн гӀаланаш, чӀагӀонаш, хойн посташ: Новр-ГӀала, Макан-ГӀала, Гал-ГӀала, Казитерки, Долгой, Щедрински, Парабоч, Сарафанниково, Новогладковски, Старогладковски, Курдюковски, Каргалински, Дубовски. 1790 шеран 30 августехь Кавказан губернии дӀаяьккхира, ткъа губернин коьрта меттигаш дӀаяьхьира Екатериноградера Аштаркхне[4]. 1796 сардалалла дӀаяьккхира.
Коьрта баьччаш Кавказехь[5]
- Карл Кнорринг: 1801—1802
- Павел Цицианов: 1802—1806
- Иван Гудович: 1806—1809
- Александр Тормасов: 1809—1811
- Филипп Паулуччи: 1811—1812
- Николай Ртищев: 1812—1816
- Алексей Ермолов: 1816—1827
- Иван Паскевич: 1827—1831
- Григорий Розен: 1831—1838
- Евгений Головин: 1838—1842
- Александр Нейдгардт: 1842—1844
1844 шеран 27 декабрехь Российн империн йукъадаьхкина Кавказан мехкашкахь (царна йукъахь Гуьржийн губерни, Эрмалойн область, Каспийн область), юха а кхоьллира Кавказан сардалалла йукъ Тиблисехь а йолуш.
1844 шеран 27 декабрехь иза лаьттара цхьаьна губернех а, шина областех а:
Сардалалла лаьттира 1883 шо тӀекхаччалц.
1881 22 ноябрехь Кавказан сардалалла фактаца дӀаяьккхира, кхоьллира Кавказан администраци коьртехь гражданийн декъан коьрта хьаькам а волуш, изза коьрта коьрта баьчча а, гӀазакхийн эскарийн атаман а волу.
- ↑ А. Головлëв, Очерки о Чечне, природа, население, новейшая история. Ульяновск, Вектор-С, 2007, с.10
- ↑ Полное собрание законов Российской империи. Архивйина 2017-10-31 — Wayback Machine — СПб., 1830. — Т. XX. — № 14.607. — С. 518—521.
- ↑ А. Головлëв, Очерки о Чечне, природа, население, новейшая история. Ульяновск, Вектор-С, 2007, с.10
- ↑ А. Головлëв, Очерки о Чечне, природа, население, новейшая история. Ульяновск, Вектор-С, 2007, с.10
- ↑ Главноначальствующие на Кавказе