1793 шо
(1793 тӀера хьажжина кхуза)
Григорианан рузма | 1793 MDCCXCIII |
Юлианан рузма | 1792—1793 (12 январехь дуьйна) |
Юлианан рузма византийн эрица |
7301—7302 (12 сентябрехь дуьйна) |
Рум йиллинчара дӀа | 2545—2546 (2 майхь дуьйна) |
Жуьгтийн рузма |
5553—5554 ה'תקנ"ג — ה'תקנ"ד |
Исламан рузма | 1207—1208 |
Шираэрмалойн рузма | 4285—4286 (11 августехь) |
Эрмалойн килсан рузма | 1242 ԹՎ ՌՄԽԲ
|
Цийн рузма | 4489—4490 壬子 — 癸丑 Ӏаьржа мукхдахк — Ӏаьржа старгӀа |
Эфиопийн рузма | 1785 — 1786 |
ШирахӀиндин рузма | |
- Викрам-самват | 1849—1850 |
- Шака самват | 1715—1716 |
Иранан рузма | 1171—1172 |
Буддийн рузма | 2336 |
Японин шераш дагардар | 5-гӀа шо Кансэй |
1793 (эзар ворхӀ бӀе дезткъе итт кхоалгӀа) шо Григорианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу шинарахь. Иза вайн эран 1793 шо ду, 793 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 93 шо бӀешеран, 3 шо 10-гӀа иттаннаш шерашкахь XVIII бӀешеран, 4 шо 1790-гӀа шерийн.
- январан йукъ — Людовик XVI-гӀачун конвентехь йина суд. Дукхаха болу депутаташ виеран кхелехьа бара.
- 20 январь — паччахьан хилла ларвархочо Парис Пале-Роялан ресторанехь вийра, паччахь виеран кхаж тесна волу, Конвентан депутат Лепелетье де Сен-Фаржо Луи Мишель[1].
- 21 январь — Людовик XVI-гӀачун виеран кхел кхочушйар.
- январь — Французийн векал араваьккхина Ингалсара.
- шеран йуьххьехь — Францин халкъо тӀедуьллу максимумах закон даккхар. «Хьерабевллачеран» агитаци (Ру Жак, Жан-Теофиль Леклерк, Варле).
- 23 январь — Речь Посполити шозлагӀа йекъар.
- 1 февраль — Францис Ингалсан тӀом кхайкхийна.
- 26 февраль — 3 март — Конвенто бакъо ло революцин берриг мостагӀийн бахам схьабаккха, иза маьхаза «гӀийла бохкучу патриоташна» дӀабала.
- 26 февраль — «амальгама» йаран Конвентан декрет — эскаран регуляран дакъош волонтёрийн кхолламашца цхьаьнатохар[2].
- февраль — Екатерина II-гӀачо омар делла Францица махлелоран барт бохорехь, французийн кеманаш оьрсийн порташка чудита ца магорехь, ткъа Россех — французийн гражданаш.
- 10-14 мартехь — Контрреволюцин гӀаттаман йуьхьиг Вандейхь а, Бретанехь а.
- бӀаьсте — Хьалхара коалици кечйар: Ингалс, Австри, Прусси, Голланди, Испани, Сардини, Неаполь, дукхаха йолу кегийра немцойн пачхьалкхаш.
- 18 март — Дюмурьен французийн эскар эшна Неервинденехь.
- мартан чеккхе — Дюмурье гӀоьртира шен эскарца Парижан тӀелата, эшна ведира австрихой болчу.
- апрель — якобхоша хийцира шайн ойла чӀагӀдина мехашка агӀора бевлира. «Къаьмнийн бахам» бохкаран Декрет, хьажийна ду кегийра а, йуккъера а ахархошна дуьхьала. Ахархойн гӀовттамаш Гар, Ло, Сена-и-Уаза, Марна департаменташкахь.
- апрель — Маратан йо Революцин трибуналан суд. Марат бакъво.
- апрель — Французаш йухабевлла Бельгера а, Германера а.
- 6 апрель — кхоьллина шуьйра бакъонаш йолу Йукъаралла кӀелхьарайаккхаран комитет, министраллин белхан терго йан йиш а йолуш. Цигахь коьрта ловзайо Дантон Жоржа а, цуьнан агӀончаш а[3].
- 4 май — Францехь буьртиган йалтан чӀагӀдина мехаш хӀиттийна (хьалхара максимум).
- майн йукъ — Кхоьллина Конвентан «12-на Комисси». Жирондистийн контрреволюцин харцам Лионехь. Жирондисташ цхьа могӀа гӀаланашкахь Ӏедал схьалаца гӀоьртира.
- 20 май — Нуьцкъала займах долу Конвента Декрет.
- 31 май — Халкъан гӀаттам Парижехь. Парижан дакъош а, къоман гвардин тобанаш а (церан куьйгаллехь вара якобхо Анрио) Конвентан гӀишлонан тӀе буьйлабелира. Цара тӀедуьллура Шийттанна комисси дӀайаккхар, цхьа могӀа жирондистийн депутаташ лецар. Робеспьеран къамел. Конвенто сацам бира Шийттанна комисси дӀасахеца, амма депутаташ лецарна дуьхьалабевлира.
- 1 июнь — Марата кхайкхира «маьрша къоме» революци ларйан гӀовтта аьлла.
- 2 июнь — 80 эз. къоман гвардихоша а, гражданаша гуо бира Конвентан гӀишлон, Анрион омарца цунна тӀехьажийна йара йаккхий тоьпаш. Конвента тӀеийцира 29 депутат-жирондист йукъараваккхаран декрет.
- 2 июнь — якобхойн диктатурин йуьхьиг Францехь.
- 1793, 2 июнь — 1794, 27 июль — Якобхойн диктатура Францехь.
- 3 июнь — кӀезиг бахам болчу ахархошна мухажирашкара схьадаьккхина латтанаш дохкаран льготин низамех лаьцна Конвентан Декрет.
- 10 июнь — мехкадайша схьадаьхна дерриг йукъара латтанаш ахархошна йухадерзорах а, бахархойн кхоалгӀа декъо тӀедилларца, йукъара латтанаш бахархойн хӀора синна декъарх а лаьцна Конвентан Декрет[4].
- июнь — Ингалсан флот одӀалаьцна Францин бердйисташ.
- 24 июнь — французийн Конвенто тӀеэцна хьалхара демократин конституци (1793 шеран) (из алела а ца йелира). Лакхара кхочушдаран Ӏедал делира 24 стегах лаьтта Кхочушдаран кхеташоне (цуьнан ах декъахой хӀора шарахь карлабохура). Конституци чагӀйан йелира харжамхойн хьалхенан гуламашка, иза къобал йира.
- июнь — Монархин гӀаттам баьржаш бара Вандейхь, Бретанехь, Нормандехь. Жирондисташа гӀаттам баьккхира Францин къилбехахь а, къилба-малхбузехь а.
- 13 июль —Марат Корде Шарлоттас виер.
- 17 июль — Феодалийн бакъонаш, гӀоленаш, ясакх дӀайахаран декрет Францехь. Феодалийн акташ а, документаш а дагон дезаш дара[4].
- июль — Конвенто карлайаьккхина Йукъаралла кӀелхьарайаккхаран комитет. Дантон дӀаваьккхина. ЮКӀК йукъа хаьржина Сен-Жюст, Кутон, Карно Лазар. Хийцамаш бина Йукъараллин кхерамзаллин комитет.
- 27 июль — Робеспьер Максимилиан ЮКӀК декъахо хаьржина[3].
- 13 август — «амальгама» йаран йуьхьиг — эскаран регуляран дакъойн а, волонтерийн а кхолламийн цхьанатохар[2].
- 23 август — Францехь дерриг къоман ополченех а, йукъара мобилизацех а Конвентан Декрет[2]. .
- 30 август — Австрис а, Йоккха Британис а Францин дуьхьала барт бо[5].
- сентябран йуьхьиг — Жак Ру а, кхин «хьерабевллачеран» тхьамданаш а лецна.
- 4-5 сентябрь — Парижан урамашкахь баккхий гӀовттамаш.
- 8 сентябрь — Гондсхотера тӀом. Французийн инарлас Гош Лазара доьзуьйту Йоркан герцоган ингалсан-австрийн эскарийн Дюнкеркан гуо баста
- 5-9 сентябрь — Францехь Революцин эскар кхолларах Декреташ.
- 12 сентябрь — Хьалхара коалицин тӀамера Фландрин компанехь[en] Авен-ле-Секера девнехь французаш хӀаллакбар.
- 17 сентябрь — Конвентан Закон «шеконехь болчарех» лаьцна.
- 29 сентябрь — Йукъара максимумех лаьцна декрет Францехь.
- октябрь — Конвенто тӀеэцна революцин рузма.
- Гуьйре — якобхошна йукъахь кхоллаелира шиъ оппозицин тоба:
- Дантон, Демулен («Шира кордельер» газетин редактор), Фабр д’Эглантин,
- аьрру якобхой (эбертисташ) (Шометт, Эбер («Да Дюшен» газетан редактор)).
Кхин мехкаш
бӀаьра нисйан- ноябрь — Эдинбургехь гулйелла «йукъара харжаман бакъонаш а, хӀора шеран парламенташ а йаккхархьама цхьаьнакхетта Британин халкъан делегатийн конвент». ДӀасалаьхкина, цуьнан куьйгалхой арабаьхна 14 шарна Австрале.
- 23 январь — Речь Посполити ШолгӀа йекъар, Гроднон сейм.
- Йиллина Екатеринодар
- 23 март — Российн Сенатан Минск йукъ йолуш, Минскан губерни кхолларх омар.
Ӏилма
бӀаьра нисйанБина
бӀаьра нисйанХьажа кхин а: Категори:Бинарш 1793 шарахь
- 5 апрель — Батеньков Гавриил Степанович, оьрсийн тӀеман гӀуллакххо, декабрист (велла 1863).
- 15 апрель — Струве Василий Яковлевич (велла 1864), академик, астроном, геодезист.
- 4 май — Снегирёв Иван Михайлович, оьрсийн историк, этнограф, фольклорист, археолог (велла 1868).
- 5 июль — Пестель Павел Иванович, оьрсийн тӀеман гӀуллакххо, декабрист (вийна 1826).
- 13 июль — Клэр Джон, ингалсан поэт (велла 1864 психиатрин дарбан цӀахь).
- 18 август — Форт Жан-Антуан-Симеон, французийн исбаьхьалча (велла 1861).
- 28 октябрь — Даукантас Симонас (Simonas Daukantas), литвахойн историк а, йаздархо-серлонча а (велла 1864).
- 30 ноябрь — Клейнмихель Пётр Андреевич, Российн Империн хаамийн некъийн а, йукъара гӀишлойн коьрта урхалча (велла 1869).
Белла
бӀаьра нисйанХьажа кхин а: Категори:Белларш 1793 шарахь
- 20 январь — Лепелетье де Сен-Фаржо Луи Мишель (Louis-Michel Lepeletier, marquis de Saint-Fargeau), маркиз, Парижан парламентан президент, Французийн революцин муьран политик, 1790 шарахь Францин кхолларан гуламан председатель, «Къоман кхиоран планан автор (вина 1760)
- 21 январь — французийн паччахь Людовик XVI-гӀа вийна.
- 9 май — Кречетников Михаил Никитич — российн пачхьалкхан гӀуллакххо, граф, екатерининин муьран инарла-аншеф, йуккъераоьрсийн губернеш коьллинарг а, инарла-губернатор а (вина 1729 шарахь).
- 13 июль — французийн радикалан публицист Марат Жан-Поль; (Корде Шарлоттас вийна ванни чохь).
- 14 июль — Кателино Жак, вандейхойн тхьамда республикин Францица къовсамехь (вина 1759)
- 17 июль — Корде́ д’Армон Мари Анна Шарлотта, Марат Жана-Поль вийнарг (йина 1768)
- 17 август - Дюлоран Анри Жозеф, французийн йаздархо а, философ а, хилла мозгӀар а.
- 28 август — дивизионан инарла Кюстин Адам Филипп, французийн баьчча (вина 1742)
- 16 октябрь — французийн паччахь-аьзни, Людовик XVI-гӀачун зуда Мария-Антуанетта йийна кхелаца.
- 31 октябрь — Жансонне Арман, французийн политикин гӀуллакххо.
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйанХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |