Бе́ной — нохчийн тайпанех Нохчмахкахойн тукхумера даккхийчех цхьа тайпа[1]. Тайпан коьрта эвла йу Нохчийн Республикин Нажи-Йуьртан кӀоштара Бена. Тайпа J1, J2 гаплотобанера ду (коьртаниг J1)[2].

Къена тайпа
Беной
Беной тайпана стаг
Беной тайпана стаг
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам нохчмахкахой
Йукъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан нохчмахкахойн лер
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк

Географи нисйе бӀаьра

Нохчийчоьнан къилба-малхбалехь, лакхарчу Нохч-Махкахь (таханлера Нажи-Йуьртан кӀошт), гуонаха хьаннийн лаьмнаш долчу аган чохь, лаьтта кIотарш. Оцу меттигах Бена олу. Бенан доза ду: къилбехахь — ДегӀастанан Республикин ГӀагӀатӀла, малхбузехь — ДаьргӀа, къилбаседехь — Энгана а, Гендаргана а, малхбалехь — Даьттаха[3].

Бенойн лам Бенан къилбехьа бу[4]. Ломан корта Нохчийчоьнан а, ДегӀастанан а дозанехь бу, цунна аьтту агӀора Беной-Яьсси охьадогӀу. Ломан локхалла — 1942 м.

Бена чуйогӀу йарташ: Бена, Беной-Ведана, БулгӀат-Ирзе, Гуьржи-Мохк, Денги-Йурт, Коьран-Бена (Гумс эркан аьрру бердаца), Лоьма-КӀорца, Оьла махка (О-махка), Оьси-Йурт, Пхьача, Стерч-Керчашка, Чилла кӀажа, Ӏожи-Йурт[5].

ДегӀастахоша оцу меттигах Баян олу, жӀайхойн цхьаьна декъо — Баини олу, оьрсаша — Беной олу.

Топонимаш нисйе бӀаьра

Беной беха меттигаш нисйе бӀаьра

Бенара йарташ йоцург Беной беха аренан йарташкахь: БелгӀата[16], Бена-Йурт[17], БердакӀел[18], БуланхитӀа[19], БӀачи-Йурт[20], Гелдаган[21], Гребенски[22], Гуьмсе, ГӀойтӀа[23], Жима АтагӀа[12], ЖугӀурта[24], Илсхан-Йурт[25], Нойбоьра[26], Ойсхар[27], СаӀдин-КӀотар[11], Соьлже[28], Старогладовски[29], Таьнги-Чу[30], Устрада-ГӀала[31], Хоси-Йурт, Хьалха-Марта[32], Цоци-Эвла[33], Шела[34], Ӏалхан-ГӀала[35], Ӏалхан-Йурт[36].

Этимологи нисйе бӀаьра

Литературехь чӀагӀйелла ойла, топоним Бена схьайаьлла нохчийн дашах «бен, бун». Ширачу заманахь нохчийн дай баьхначу мехкашкахь хаало «Ван» топонимаш: Нахичеван, Ереван (Эребун), АргӀван, Ван Ӏам кхин дӀа а. «Ван» дешан шерашкахь трансформаци хилла «бен — бун».

Кхечу талламхошна хетарехь, топониман этимологи хьалайоьду тюркийн «боян» — бехаш, хьалдолуш даше. Кхин ойланаш а йу, оцу цӀеран орам баьлла нохчийн а, гӀалгӀайн а гуьржаша йоккхучу цӀарах — «бейни» дашах.

К. З. Чокаевн хетарехь, Беной цӀе схьайаьлла Бена эвлан цӀарах.

К. М. Тумановс йоьхку «Беной» цӀе Урарту мехкан ширачу цӀарца — Биайна. К. М. Туманов лингвистийн цхьаьнадагӀаран бух тӀехь а, топонимикин хаамашца а жамӀ дина, нохчий хилла Урартун уггаре ширачех цхьа тайпа.

Ӏ.Д.Вагаповс а, Р. П. Ахмадовс а боху, этноним «бено» йоьзна хила мега хӀиндоевропан орамца *bha — , *bhan — «лепа, кӀега, серло етта, кӀайн» (= вайнехан bӀa «серло, лепар; бӀаьрг»), гӀажарийн *banu — «серло», шира хӀирийн «бан» — «кӀайн серло, де», ирландин — ban «кӀай», желтойн pheno — «лепа», латинан bene — «дика ду», bonus — «дика, сийлахь, дикачу хӀух, нийсаниг». Цуо кховдайо бенон чоьхьара кеп «кӀай, кӀаймеда, тӀехдика, хаза, дикачу хӀух» маьӀна долуш. Кхузахь дало мегар ду Ӏаьрбийн «баяна(т)» — «гушдерг, хаза къамел, хаза дийцар, маттана шера», баййин — «хаза къамел дийриг», жӀайхойн «баяна» — хаза къамел дийриг, Баян — Бенан цӀе, кхин тӀе фонетикца нохчийн маттахь Баянах Бена хуьлу, иштта туьркийн Саясанах — нохчийн Сесана санна.

Истори нисйе бӀаьра

Бенойша шеш Шеман эмир хиллачу Сайд-Ӏалин кӀента кӀента кӀентан Пахруддинан тӀаьхьенах лору. Нашхахь Пахруддинах схьадаьлла 13 тайпа. Уьш Нашхара дӀасакхалха доладелира массо а агӀора. Бенойн дайх волу Биан охьавеара Органан Ӏин чухула, цигахь цуо йиллира бӀаьвнех лаьтта ОргӀун эвла, Тевзана йолчухула хӀинца йолучохь Бена эвла йиллира.

Йуха ца йаларна паччахьан Ӏедало барт бира Бена хӀаллакйина дӀайаккха. 1861 шеран 29 январехь еккъа цхьаьна Бена эвлара араваьккхира 1218 стаг, уьш 5 — 10 цӀа цхьаьна долуш бекъна Нохчийчоьнан аренашкара йарташка охьаховшийра. Оцу хенахь йиллина Шуьйтахь (ГӀатенкхаьллан гергахь) Бена эвла. Амма паччахьан Ӏедале хӀаллак ца банбелира къар ца ло Беной. Нах йухабоьрзура бенойн хьаннашка, тодира шайн цӀенош, ткъа дӀасабаржийна беноша гӀо масала гойтуш Ӏаткъам бора кхечу нохчашна а.

Беношкара масала ца эцийта паччахьан Ӏедало уьш Ӏовдал гайтархьама, царех туьйранаш а, забарен хабарш а даржадора. Цигара схьадогӀу нахера Ӏовдал мел даьлларг а беношна тӀеяздар.

1877 шарахь Бена йерриг йохийна, йагийна дӀайаьккхира, ткъа беной йуха а эвлара арабехира, амма бахархойн цхьа дакъа йухадоьрзура оцу чим йукъа.

Гуьржмахкахой нисйе бӀаьра

Гуьржийчоьнан тӀелеттачу хенахь жима кӀант валийра Бена. Кхуьуш волуш жима йийсархо гӀаравелира шен хенарчу берел а, цхьаболчу баккхийчарел а хьекъалца, кадаларца, хазаллийца. Цунах кхин берш санна Бенойн йукъараллин декъашхо хилира, хаза йоӀ маре а йелира, латт делира, цӀа деш белхи а бира, етт а, белхан стерчий а делира, говр йелира. Гуьржийчу кӀентан тӀаьхьенех Гуьржмахкахой олу.

Силсил нисйе бӀаьра

Жоби некъех волчу цхьаьна беночун силсил: Сайд-Ӏали аш-Шами — Ӏабдулхан — Сайд Ӏалий — АргӀун — Ӏамирхан — Уза — Ула — Ӏела — Биан (Бена йиллинарг) — ТӀур — Хурсул — Йовта — Бахьанда — Жоба (Жоби-некъе цунах схьабевлла) — Элдар — Ӏубайд — Юьрташ — Мохьмад — Оьлкъа — Тур.

ГӀарабевлла Беной нисйе бӀаьра

Махкана а бевза Бенойн векалш:

Тайпанан некъеш нисйе бӀаьра

Тайпа декъало некъешна[41]:

  1. Ати-некъе
  2. Гуьржмахкахой (J1)
  3. Дез-некъе
  4. Доьвши-некъе (J1)
  5. Жоби-некъе (Джонха-некъе, ЖаӀпар-некъе, Кхай-некъе (J1), ЛитӀи-некъе, Шаци-некъе, Ӏиски-некъе (J1))
  6. Ими-некъе (J1)
  7. Очи-некъе (J1)
  8. Уонжби-некъе йа Онжби некъе J1.
  9. Чопал-некъе (J1)
  10. Эди-некъе (J1)
  11. Юспан-некъе (J2)
  12. Ӏасти-некъе
  13. Ӏела-некъе

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Далхан Хожаев: Роль беноевского тайпа в истории чеченского народа, 1993 год
  2. https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
  3. Сулейманов, 1997, с. 316.
  4. Сулейманов, 1997, с. 318.
  5. Сулейманов, 1997, с. 317.
  6. Сулейманов, 1997, с. 72.
  7. Сулейманов, 1997, с. 197.
  8. Сулейманов, 1997, с. 66.
  9. Сулейманов, 1997, с. 553-555.
  10. Сулейманов, 1997, с. 278.
  11. 1 2 Сулейманов, 1997, с. 406.
  12. 1 2 Сулейманов, 1997, с. 445.
  13. Сулейманов, 1997, с. 503.
  14. Сулейманов, 1997, с. 490.
  15. Сулейманов, 1997, с. 283, 317.
  16. Сулейманов, 1997, с. 281.
  17. Сулейманов, 1997, с. 553.
  18. Сулейманов, 1997, с. 482.
  19. Сулейманов, 1997, с. 327.
  20. Сулейманов, 1997, с. 501.
  21. Сулейманов, 1997, с. 494.
  22. Сулейманов, 1997, с. 629.
  23. Сулейманов, 1997, с. 454.
  24. Сулейманов, 1997, с. 307.
  25. Сулейманов, 1997, с. 504.
  26. Сулейманов, 1997, с. 510.
  27. Сулейманов, 1997, с. 511.
  28. Сулейманов, 1997, с. 466.
  29. Сулейманов, 1997, с. 632.
  30. Сулейманов, 1997, с. 398.
  31. Сулейманов, 1997, с. 493.
  32. Сулейманов, 1997, с. 402.
  33. Сулейманов, 1997, с. 498.
  34. Сулейманов, 1997, с. 487.
  35. Сулейманов, 1997, с. 535.
  36. Сулейманов, 1997, с. 457.
  37. Марьям Айдамирова
  38. https://www.youtube.com/watch?v=ZFBnNIj32hA
  39. http://kkre-34.narod.ru/mincaev.htm
  40. gstou.ru/index…/951-magomed-mintsaev-zashchitil-doktorskuyu-dissertatsiyu.html
  41. Д. Е. Фурман — «Чечня и Россия: общества и государства», 1999г. — с.99

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра