Кадыров, Рамзан Ахматович
Рамза́н Ахма́тович Кады́ров (5 октябрь 1976, Хоси-Йурт, Курчалойн кӀошт) — Российн пачхьалкхан а, политикин гӀуллаккхо а ву.
Рамзан Кадыров | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
|
|||||||
Хьалха хилларг | Доку Завгаев | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Ӏали Дадашевич Алханов | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Сергей Абрамов | ||||||
Когаметтаниг | Одес Байсултанов | ||||||
Дин | суннизм, Суфизм, кадирия | ||||||
Вина терахь | 1976 шеран 5 октябрь (48 шо) | ||||||
Вина меттиг | Хоси-Йурт, Курчалойн кӀошт ССРС | ||||||
Тайпа | бено, нохчи | ||||||
Да | Ахьмад-Хьаьжа Кадыров | ||||||
Нана | Аймани Кадырова | ||||||
Зуда | Медни Кадырова | ||||||
Бераш | Ахьмад, Адам, Зелимхан, Ӏайшат, Карина, Хеди, Табарик, Ӏашураъ | ||||||
Парти | Йукъара Росси | ||||||
Дешар | |||||||
ГӀуллакхалла | Политика[1] | ||||||
Динлелор | ислам, суннитийн кхетамехь | ||||||
Автограф | |||||||
СовгӀаташ | |||||||
Сайт | ramzan-kadyrov.ru | ||||||
Пачхьалкх |
Росси Нохчийчоь |
||||||
ЦӀе | генерал-майор милиции, генерал-полковник[2] | ||||||
Латар | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
2007-чу шеран 15 февралехь дуьйна Нохчийн Республикин Куьйгалхо ву (2016-чу шеран 25 мартехь дуьйна Нохчийн Республикин куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдийриг санна ву; 2007—2011-чу шерашкахь Нохчийн Республикин президент вара), «Йукъара Росси» олучу лакхара партин советан декъашхо а, Российн Федерацин Турпалхо а ву (2004). Нохчийн Республикин хьалхарчу президентан Ахьмад-Хьаьжи Кадыровн кӀант ву иза.
Нохчийчохь хьалхара тӀом боьдучу муьрехь цо дакъалаьцна федерацин эскарийн дуьхьала тӀеман гӀуллакх дарехь, нохчийн ШолгӀачу тӀамехь федерацин Ӏедалан агӀор дехьаваьлла иза.
Нохчийн Республикин кхерамзаллин гӀуллакхан куьйгалхочун болх бина цо, цул тӀаьхьа Нохчийн Республикин Ӏедалан председателан болх а бина. Полицин генерал-майор а ву иза[3].
Биографи
Къоналла
Кадыров Ахьмадан воӀ Рамзан вина 1976 шеран 5 октябрехь Центарой эвлахь (оцу хенахь йара — Нохч-ГӀалгӀайн АССР).
Иза вара шолгӀа кӀант Ахмада Кадыровн а, Аймани Кадырован а доьзалехь[4], жимаха волу кӀант а вар, цуьнан воккхах волу ваша вар Зелимхан (1974 — 2004 шеран 31 майхь кхелхина), кхин баккхий йижарий а бу: Зарган (1971) а, Зулай (1972) а. Кадыров бенойн тайпанах ву.
Кадыровхой уггаре а доккхачу Бенойн тайпанах бу[5]. Динца йолу йукъаметтигашца Кадыровхой Кунта-Хьаьжин Шайхан вирдехь бу[5], суфийн исламан къадирийн гара дозуш бу уьш.
1992-чу шарахь Рамзана шен эвлахь чекхйаьккхина йуккъера дешеран школа[6][7].
Нохчийн Хьалхара тӀом болчу хенахь шен деца нохчийн сепаратистийн (дӀасакъасторан) могӀаршкахь вара иза, Российн Герзан ницкъийн дуьхьал тӀом а бина[6].
Хьалхара тӀом чекхбаьлча, 1996-чу шарахь иза накъост а, шен да ларвархо а хилла, оцу хенахь Нохчийн Республикин Ичкерин муфти вара Ахьмад-Хьаьжа[6][7][8][9].
Рамзана Кадыровн цӀе йолу бешаш а, урамаш а
- Рамзана Кадыровн урамаш
- Гуьмсе
- Цоци-Эвла
- ЧӀулга-Йурт
- БӀачи-Йурт
- Хоси-Йурт
- Керла-Энгана
- Энгал-Йурт
- Ӏаларой-Эвла
- Энакхаьлла
- Ӏамман (Урдан)[10]
- Кхидерш
- Рамзана Кадыровн урамалг (ЧӀулга-Йурт)
Билгалдахарш
- ↑ Чешская национальная авторитетная база данных
- ↑ https://www.kommersant.ru/amp/5595147
- ↑ Кадыров, Рамзан
- ↑ Речкалов, В. Умер старший сын Ахмата Кадырова Зелимхан . Известия (1 июня 2004). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 9 март. Архивйина 2013 шеран 11 мартехь
- ↑ 1 2 Алленова, О. Завари потихоньку калитку // Коммерсантъ-Власть. — 2007. — № 27(731).
- ↑ 1 2 3 Рамзан Кадыров в Лентапедии
- ↑ 1 2 Рамзан Кадыров. Биография // РИА Новости, 16 февраля 2007
- ↑ Рамзан Кадыров назначен премьером Чечни(ТӀе цакхочу хьажорг) // Интерфакс, 4 марта 2006
- ↑ Чечня: Кадыров - кандидат на пост председателя правительства . РИА Новости (4 марта 2006). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 20 апрель. Архивйина 2013 шеран 28 апрелехь
- ↑ В столице Иордании появилась улица Рамзана Кадырова Архивйина 2011-04-01 — Wayback Machine