Ӏийса

исламан пайхамар а, элча а
ХӀокху версин 2 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2024, 16 май).

Ӏийса (Ӏаьр. عِيسَى‎‎; Ӏеб. יֵשׁוּЕшуӀа) — иза Делан пайхамар а, элча а ву, исраилхошка (жуьгташка) керла Инжил жайна а дохьуш ваийтина. Улул-Ӏазм олучу элчанех цхьаъ лоруш ву иза. Сийлахьчу Къуръан чохь 25-зза хьехийна ву иза. Иза дуьнен чу валар муӏжизат лоруш ду, хӏунда аьлча цуьнан нана Марьям берах хилла ша йоӏстаг йоллушехь, Делан омраца.

Ӏийса
Ӏаьр. عيسى‎‎
Ибн Марьям, аль-Масийхь, Калиматуллахӏ, Рухьуллахӏ, Расулуллахӏ, Набиййуллахӏ, аль-Важихӏ, аль-Мубарак, Ӏабдуллахӏ
Говзалла хьехамча, пайхамар, дечиг-пхьар, раббани, тамашийна гӀуллакхаш дийриг, динан баьчча, дарбанча, масийхь, хьехамча, хьехархо, динан бухбиллархо, тӀулгботтархо, пастор
Вина терахь в. э. хьалха 12—4 шш.
Вина меттиг Байт Лахьм, Исраилан пачхьалкх
Кхелхина терахь -
Къам, некъе исраилхой, жуьгтий
Нана Марьям бинт Ӏимран
Силсила Ӏийса ибн Марьям ибн Ӏимран ибн Масан ибн Аль-Ӏазар ибн Абу Юз ибн Юзан ибн Зурбабил ибн Салиян ибн Юхьанна ибн Ушия ибн Амун ибн Муншакан ибн Хьазикъа ибн Ахаз ибн Юсам ибн Ӏузая ибн Юрам ибн СакъитӀ ибн Айша ибн РажиӀим ибн Сулайман ибн Давуд[1]
Дешархой Апостол Пётр, Андрей Первозванный, Иаков Зеведеев, Иоанн Богослов, Филипп, Апостол Варфоломей, Фома, Левий Матфей, Иаков Алфеев, Апостол Фаддей, Симон Кананит, Иуда Искариот[2], Мария Магдалина[3], Апостол Матфий
ГӀарадевлла белхаш Чудеса Иисуса Христа[4], молитвы Иисуса[4], Притчи Иисуса Христа[5]
Лоруш волу динаш ислам, насаралла
Ӏаткъамбинарш Яхья[d]
Тамашийна гӀуллакхаш да воцуш дуьнен чу валар, аганахь волуш къамел дар, белларш денбар, проказа лазар дерг товар, бӏаьрса йухадалор
Доссийна жайна Инжил

Шен элчаналла чӏагӏдан Ӏийсана ницкъкхочуш хилла цхьадолу муӏжизаташ гайта, масала: белларш денбан а, бӏаьрзенаг а, проказа олу лазар дерг тован а. Къуръан чохь ма-бохху ӏийса жӏарах хьалтоьхна а вац, йа вийна а вац цхьаьна кепара, амма Дала Шена герга хьалавигна ву иза. Иштта ӏийса бусалба а ву, ислам динехь болу массо а пайхамараш санна, вуьшта аьлча, Делан омрана муьтӏахь хилла ву иза, шена тӏаьхьахӏиттинчерга омра а дина цо нийса некъ харжарца. Ислам дино йухатуху Троица олу ойла, ӏийса кхечу амате вирзина дела ву йа Делан кӏант ву йа жӏарах тоьхна йа денвелла бохуш йолу. Къуръан чохь хьахийна ду ӏийсас и хӏуманаш чӏагӏдина ца хилар а, йа бакъдина ца хилар а, иштта цо гойту къемат-дийнахь ӏийсас шена дела ву аьлла кхайкхор йухатухур ду аьлла. Иштта Къуръан чохь хьахийна ду ӏийса лийрдолу адам хилар а, массо пайхамарш а, элчанаш а санна, Дала Шен элчаналла даржо иза хаьржина хилар а. Делан аяташа хьарам до кхечуьнца Делана декъахован а, Дела цхьаъвар иза декъалхиларна цхьаъ бен боцу некъ хилар а.

Ислам дино ма-бохху ӏийса да а воцуш дуьнен чу ваьлла ву, ткъа цуьнан нана ӏимранан йоӏ Марьям йу, исраилхойх йолу, цуьнан нана Хьанна Закарийя пайхамаран хӏусамехь ӏаш хилла.

Жуьгтийн динехь болчара ӏийса (Яшуӏ, Ису) а, Закарийя пайхамар а Давуд пайхамаран тӏаьхьенах лоруш ву: Ӏийса ибн Марьям ибн Ӏимран ибн Масан ибн Ӏазур ибн Алиякъим ибн АбихӀуд ибн Заруббабил ибн Шаалтиил ибн Якунья ибн Юшийя ибн Амун ибн Манасса ибн Хьизкъийя ибн Ахьаз ибн Юсам ибн Ӏуззийя ибн Юрам ибн ЯхӀушафатӀ ибн Аса ибн Абийя ибн РахьубӀам ибн Сулайман ибн Давуд.

Дахар дӀайаздар

бӀаьра нисйан

Къуръан чохь хьахийна ду Ӏисан дийцар иза дуьнен чу валарца дӀадолийна, Къудс-гӀалара Делан цӀа чохь цуьнан нанас Марема Далла лолладар а, Закарийя пайхамаро шена доладеш хиллачу хенахь, Яхья пайхамаран дас. Цул тӀаьхьа Марьям Ӏисаца берах хилар дуьйцу, Дала Ӏаламашна тӀехь ша хаьржина йолу, цуьнца берах хилар бахьнехь, ша йоӀстаг йоллушехь.

ЦӀе а, эпитеташ а

бӀаьра нисйан
 
Ӏиса   пайхамаран цӀеран Ӏаьрбийн транскрипци:
«Аль-Маси́хьу Ӏиса бну Марйама»[6]

Ӏиса   пайхамар Къуръан чохь валаво эпитеташца ӀабдуллахӀ (АллахӀан лай)[7], РасулуллахӀ (АллахаӀан элча), Салихь (бакъверг), Калима ([АллахӀан] дош), кауль аль-хакъ (бакъо йуьйцург), кхин дӀа а. Ӏиса   пайхамар АллахӀан «гергарчарна» (мукаррабун) йукъатохаро бахьана доккхура, цуьнан ах Ӏалам маликийн хилла ала[8]. Цуо Ибн Марьям (Марьяма кӀант) цӀе лелайаро билгалдоккхура исламехь цуьнан ненан долу маьӀна. Къуръана чохь Ӏиса   пайхамаран йаьккхина Масихь цӀе, маьӀна долуш ца хуьлу яхӀудийн а, керстан а динехь[9].

Бусалбачара Ӏиса   пайхамаран цӀе лелайо, инжийлан а, къуръанан а чохь хьехийначу пайхӀамарийн кхечу цӀерашца цхьабосса. Еххачу заманахь бусалбанаш а, испанера керстанаш а вовшешца уьйр хилар бахьнехь, испанин мотт буьйцу керстачара а лело йолийра Ӏиса   пайхамаран цӀе долара цӀе йина, керсталлин дуьненахь иштта практика хаалуш а йоцушехь[10]. Цхьаболчу бусалба мехкашкахь Ӏиса цӀе лора берашна, да мила ву ца хиачи[8].

Дуьнен тӀе валар

бӀаьра нисйан

Бусалбанаш теша Ӏиса бин Марьям къа доцуш варах[9]. Къуръан чохь дика кӀоргера йаздина Ӏиса  тамашийна дуьненан тӀе валарх. Маликаша (йа цхьаьна малико «адаман куьце даьлла») хаийтира Марьяман, цуо АллахӀан дашца, кӀант вийр ву, кӀанта кхайкхора ду Жайна, тамашина хӀуманаш а лелор ду. Къуръано Ӏиса  тарво Адамах , хӀунда аьлчи иза хилла АллахӀан ницкъаца да воцуш кхоьллина[11].

Винчул тӀаьхьа Ӏисас  шен нене аьлла, АллахӀа атта йо цуьнан халонаш, цуо кӀант бухахь винчу пальман тӀиера стоьмаш даларца, цунна бухахь шовда далийтарца[8]. АллахӀа омар делла цунна, бер дарах хьайга хоьттучу хенахь жоп ма ло аьлла[12]. Марьяман къомо кхахьпаллех бехке йан йолийча, иза вистхилла, кхайкхийна, ша — АллахӀан лай а, пайхӀамар а ву аьлла(наби)[9][13][14]. Иза хьалхара тамашийна хӀума дара цуьнца хилла. ЯхӀудаш дийхира руман хьаькаме Марьяман йиеран кхел йие да воцуш кӀант варна аьлла, иза бахьнехь Марьяман а, Ӏисан  а бовду дизира Мисар. Ӏисан  шийтта шо кхаьчначу хенахь, уьш йухабирзира ЯхӀуде, охьахевшира Насире[15].

ПайхӀамаралла

бӀаьра нисйан

Ткъе итт шо долуш Ӏисах   пайхӀамар хилира, тӀаккха жигара дин хьеха волавелира тилла болчу исраилхошна. АллахӀан лаамца, цуо денбора белларш, чу са дуьллура олхазарийн поппаран суьрташна, дарба дора бӀаьрзачун, проказа йолчунна, къайлах дерг хаара[16].

Ӏиса   башха уьйр йолуш ву Мухьаммад пайхӀамарца , хӀунда аьлчи дуьйцура цӀе Ахьмад йолуш пайхӀамар вогӀург хиларх[15][17]. Мухьаммад пайхӀамаран санна, цуьнан гӀоьнча хилла — рухь аль-къуддус («сийлахь са»), дукхаха болчара иза малик Жабраил хуьлийта[8][18][19].

Ӏисас   адамаш галдаьккхина Мусан   дин нисдира. Карла даьккхинчу динехь керла законаш дара, ткъа цара шира законийн бакъо дӀайаьккхира. Мухьаммад пайхӀамар валлалц, Ӏиса пайхӀамаран   дин бен дуьнен тӀехь нийса дин дацара. Ӏиса пайхӀамара   жигара дин хьехарца дӀахьора шен дахар. Цуо шен тайпанчу нахе кхойкхура АллахӀан бен Ӏибадат ма де, къобал де шена деана Жайна бохуш. Адамийн цхьа дакъа тийшира ПайхӀамарах, цуьнан муьтӀахь асхьабаш бара (хавариюн)[15][20][21]. Асхьабаш дехча шайн стиглара кхача баийта аьлла, АллахӀа иза а баийтира царна[8][22].

Къуръано бакъ ца до Ӏисан   жӀар тӀехь валар, боху, иза цуьнан мостагӀаш дийцинарг бен дац[15][23]:

Уьш ца тешарна, цара Марьяман доккха эладит кхолларна. Цара бахарна: «Бакъдолуш, оха вина ПайхӀамар, Ӏиса, Марьяман кӀант, АллахӀан элча!» Амма ца вийна цара иза, дӀа а ца тоьхна иза, амма (иза) хийтира царна. Бакъдолуш, уьш, оцу хьокъехь ойланашца бекъалуш берш, шеконехь бу, цунах хууш хӀума а дац цунах, ткъа тӀехьабозу хетаршна. Бакъдолуш, уьш, цунах долчух бекъалуш берш, шеконехь бу цунах. Цунах лаьцна хууш цхьан а хӀума дац царна, хетаршна тӀехьа базар доцург. Виен а ца вийра цара иза бакъдолуш. (Къуръан, 4: 156-157).

Ӏиса   стигланашка хьала ваьхьина, цигахь хир ву иза Къиемата де даллалц[8][24][25][26].

ГӀараваьлла Ӏаьрбийн XIV бӀешеран историко Къуръанан маьӀна доккхучо Ибн Касира йаздина Ибн Ӏаббасан дийцар, Ӏиса   пайхӀамаран хьалхара кхин стаг дӀатохарах[15]:

Оцу хенахь Ӏиса шен шийтта-кхойтта асхьабашца хилла. Дуьйцу, иза пӀераскан дийнахь дара, малх чубуза герга баханчу заманахь, аьлчи а шот буьйсенна герга. Цара гуо бира цӀенна, цунна (Ӏийсана) хиира, йа уьш чу бу, йа иза аравала веза уьш болчу, цуо элира шен асхьабашка: «Хьанна лаьа шех тера а хилла, элсаманехь шен новкъахо хила аьлла?» Цхьа жима стаг шена лаьа элира, амма Ӏийсана иза дукха къона хийтира оцу балхана. Цуо шозлагӀа а хаьттира, кхузлагӀа а, амма, и жима стаг воцург цхьа а вист ца хилира. ТӀаккха Ӏисас элира: «Хьо хир ву иза!». АллахӀа хийцира цуьнан сибат Ӏисачуьнца, и шиъ вовшех къаста а ца луш. ТӀаккха цӀийнан тхов беллабелира, Ӏисан наб. Ишттачу хьолехь иза стигал хьалаваьхьира, Сийлахь Воккхачу АллахӀа элира: «ХӀай, Ӏиса! Аса йухаверзаво хьо Сайга…» (Къуръан, 3: 55). Иза хьалаваьхьчи, асхьабаш арабевлира. Жуьгтий, жима стаг гича, Ӏиса ву моьттира, схьалецира иза, коьрта тӀетиллина кӀохцалийн таж, дӀатуьйхира.

Тера дийцар далийна 117—138 шерашкахь Александрихь хьоьхуш хиллачу Василидан инжил тӀехь, цу тӀехь дуьйцу, ма-дарра аьлчи Ӏисан меттана дӀатоьхнера Симон Киринеянин[27][28][29].

Кхечу версица, цхьаьна асхьаба воьхкира ПайхӀамар, иза волчу цӀийне гӀарулаш а бигина. ГӀарулаш элира асхьабе, чу а гӀой Ӏиса   араваккха шайна аьлла. Иза цӀа чувахча, АллахӀа Ӏиса   стигал хьалаваьхьира, ткъа цуьнан сибат асхьабан делира. Ткъа иза цӀа чуьра араваьлчи, гӀарулаш дӀалецира иза, тӀаккха Ӏиса   пайхӀамаран сибатехь дӀатуьйхира мотт тоьхнарг[30]. XIII бӀешеран исламан историко Ибн аль-Асира лорура, мотт тоьхна ЯхӀуда, Ӏиса   пайхӀамаран меттана дӀатоьхна хила уггаре тарлуш верг[31].

Исламо боху, Ӏисан   некъ адамийн къинош дӀадахар бацара шен син мехаца, ткъа иза АллахӀан элча вара, цуо гойтура АллахӀан тӀебоьду нийса некъ. ХӀора стагана а кхелйийр йу шен гӀуллакхашца, цхьаммо а ца хьо кхечунан къинош шена тӀехь[9].

Йуха воссар

бӀаьра нисйан
 
Ӏиса пайхӀамар   восса веза Омейядийн маьждиган мимбар.

Ӏиса пайхӀамар   шозлагӀа воссарах болу берриг хиламаш хьахийна бац Къуръан чохь, амма даладо авторитет йолчу хьадисийн гуламашкахь[15]. Дийцаршкахь Ӏиса пайхӀамар   тӀаьхьарчу заманахь хуьлу Маьхьдин уллохь, кхечун дийцарехь иза хуьйцу[8]. Къуръанан тафсирехь Ӏиса пайхӀамарна билгалйоккху Къиемата дийнан коьртачу декъашхочун роль[9].

Дийцарехь, Ӏиса пайхӀамар   ялсаманехь, стигланашкахь ву, дуьне дохале хьалха, АллахӀан лаамца, цигара Палестине вуссур ву[8][32]. Кхечу версица, Ӏиса пайхӀамар   вуссур ву Дамаскера Омейядийн маьждиган къилба-малхбален сонерачу цуьнан цӀарахчу мимбар тӀе[33]. Иза тасалур ву харц пайхӀамарца Даджалца, иза вуьйр ву цуо, цул тӀаьхьа АллахӀа, цуо дехарна жоп делла, хӀаллакдийр ду дерриг адаман кхераме долу Яджудж а, Маджудж а а тайпа. Ӏиса пайхӀамара   дуьнен тӀехь хӀоттор йу диканний, нийсонний пачхьалкх. Ша шозлагӀа воьссича цуо исламан шариӀатца куьйгалла дийр ду[15].

Ӏиса пайхӀамар   лийр ву, дӀавуллур ву Мединатехь Мухьаммад пайхӀамарна уллохь. ПайхӀамаран маьждигехь меттиг гойту, Ӏиса пайхӀамар   дӀавуллур волу[8].

Къиематан дийнахь АллахӀа денвийр ву иза, массаьрца АллахӀан хьалха хӀуттур ву иза. Кхечу пайхӀамарашца цуо тешалла дийр ду кафиршна дуьхьала[34][35]. Ӏиса пайхӀамар  , тӀекхочучу Къиематан дийнан, билгало хиларо гойту, иза шозлагӀа вогӀур хилар[8][32].

Ӏиса пайхӀамаран исламера меттиг

бӀаьра нисйан

Къуръано Ӏиса   вуьйцу дуккха алсама, кхечу пайхӀамарел. Цуьнан цӀе Къуръан чохь 25-за хьахийна. Дийцарехь, «Марьям» сурат дийшира мухаджираш эфиопин негусан (паччахьан) хьалха Мухьаммад пайхӀамаран хьехамаш керсталлин гергара хилар гойтуш[8].

Ӏиса   а, керсталлера Иисус Христос цхьаъ лору, амма Къуръано къобал ца йо Кхоаллин ойла, къобал ца до керстачара цунах иза Дела, Делан КӀант ву бахар[9][36][37]. Инжилах къаьсташ, Къуръано чӀагӀдо, Ӏиса пайхӀамар   Делан лай бен ца хилар[38].

Ӏиса пайхӀамар   хилла ширкан объект цхьацца исламан некъашкахь. Ахьмадийш, масала, лору, Иерусалимехь кӀелхьара ваьллла Ӏиса пайхӀамар велла, дӀавоьллина Кашмирехь, тӀаккха ден а велла, цунах тоба коьллинарг хилла[8].

Литература

бӀаьра нисйан
оьрсийн маттахь
кхечу меттанашкахь

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Тафсир аль-Байдави, сурат Аль Ӏимран, аят 33
  2. Евангелие Иуды — 0200.
  3. Евангелие от Марии
  4. 1 2 евангелист Четыре Евангелия
  5. Синоптические Евангелия
  6.  3:45
  7.  19:31
  8. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 Ислам: ЭС, 1991.
  9. 1 2 3 4 5 6 Ньюби, 2007, с. 123.
  10. Ньюби, 2007, с. 124.
  11.  3:59
  12.  19:26
  13.  3:42—50
  14.  19:16—34
  15. 1 2 3 4 5 6 7 Али-заде, 2007.
  16.  5:110
  17.  61:6
  18.  2:87
  19.  2:253
  20.  3:52, 53
  21.  61:14
  22.  5:110—115
  23.  4:156, 157
  24.  3:55
  25.  4:158
  26.  5:17
  27. Frank Leslie Cross, Elizabeth A. Livingstone. The Oxford Dictionary of the Christian Church. — Oxford University Press, 1997. — P. 168. — ISBN 019211655X.
  28. Ehrman, Bart. Lost Christianities. — OUP, 2005. — P. 188. — ISBN 0195182499.
  29. Kelhoffer, James A. Conceptions of "Gospel" and Legitimacy in Early Christianity. — Mohr Siebeck, 2014. — P. 80. — ISBN 9783161526367.
  30. Игнатенко.
  31. Watt 1991, p. 49.
  32. 1 2  43:61
  33. Низовский, 2006.
  34.  5:109
  35.  4:159
  36.  9:30
  37.  5:72
  38.  43:59