МаӀа-хи
МаӀа-хи[1] — Российн эрк, охьадогӀу Нохчийчоьнан Итон-Кхаьллан кӀоштахула. Хьачарой-Аьхкан аьрру га. Эркан дохалла – 8 км.
МаӀа-хи | |
---|---|
оьрс. Мсхий | |
Амал | |
Дохалла | 8 км |
ДӀаэхар | |
Хьост (B) | |
• Эрк долу меттиг | Шигов корта |
• Локхалла | 3154 м |
• Координаташ | 42°36′30″ къ. ш. 45°32′36″ м. д.HGЯO |
Хикхоче (B) | Хьачарой-Аьхк |
• Эрк чекхдолу меттиг | аьрру бердаца |
• Локхалла | 1097 м |
• Координаташ | 42°39′44″ къ. ш. 45°35′21″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 257,1 м/км |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Хьачарой-Аьхк → Орга → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд |
Пачхьалкх | |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | Итон-Кхаьллан кӀошт |
Географи
бӀаьра нисйанСхьадолу ломара, Доккхачу Кавказан дукъ тӀийра, Шигов корта олучу меттигера, хӀордан тӀегӀанал 3154 м лакхара. ОхьадогӀу Итон-Кхаьллан кӀоштахула къилбаседехьа. Пхенин гу олучу меттигехь, Ӏуьмиечу атагӀехь, Саьхьампан къилба-малхбалехь эркахь кхета Кхел-хи. Эркан хикхоче ю Хьачарой-Аьхкан аьрру бердаца, МаӀа-хи 90° са беш кхета цунах.
Эркан хи цкъан а бех ца ло, мел чӀогӀа догӀанаш эхарх. ХӀунда аьлча, хи схьадолу ломан шешкара[1].
Хин объектан система: Хьачарой-Аьхк → Орга (эрк) → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд.
ЦӀе
бӀаьра нисйан"MaӀa" - боьрша, тӀаккха маьӀна хуьлу Боьрша-хи. Кхин тӀе иза кхета Кхел-хих, аьлча а Стен-хих[1].
Хин реестрах хаамаш
бӀаьра нисйанРоссийн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъа — Соьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 Сулейманов, 2006, с. 164.