Мичиг-Хи (оьрс. Мичик) — Нохчийн Республикера эрк, Гумсан аьтту га.

Мичиг-Хи
оьрс. Мичик
Сурт
Амал
Дохалла 36 км
Бассейн 200 км²
ДӀаэхар
Хьост Нажи-Йуьртан лаьмнийн къилбаседа-малхбуза басера шовданаш
 • Эрк долу меттиг Нажи-Йуьртан кӀошт
 • Локхалла 936 м
 • Координаташ 43°06′22″ къ. ш. 46°16′10″ м. д.HGЯO
Хикхоче Гумс
 • Эрк чекхдолу меттиг Курчалойн кӀоштара Иласхан-Йуртан гергахь
 • Локхалла 93 м
 • Координаташ 43°17′04″ къ. ш. 46°04′23″ м. д.HGЯO
Хин охьане 21,4 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Гумс → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд
Пачхьалкх
Регион Нохчийчоь
Код  ПХР чохь 07020001312108200006272[1]
Мичиг-Хи (Нохчийчоь)
— хьост, — хикхоче

Схьадолу Нажи-Йуьртан лаьмнийн къилбаседа-малхбуза басера шовданашкара. ОхьадогӀу Нажи-Йуьртан, Курчалойн кӀошташкахула, Ӏаларан малхбуза дозанца, РегӀан дукъ малхбузехьа а дуьсуш. Оцу хин цӀарах гӀумкаша нохчех олу «мичиг1ыш» - Мичиг тӀехь беха нах[2]. Эркан дохалла — 36 км, бассейнан майда 200 км²[3].

Топонимаш

бӀаьра нисйан

Гидрологи

бӀаьра нисйан

Эркан амалехь ду йовхачу хенахь дестар, Ӏай лакъар. Уггаре дукха хи дойу догӀанаш оьхучу заманахь. Аьхка догӀанаша хи дестор, наггахь кхераме хуьлу.

Эркан шиъ доккха га ду — аьрри агӀора ГӀансол, аьтту агӀора Жима Мичиг.

Тарло, цӀе схьаяьлла хилар гӀебартойн маттара гӀебарт.-чергаз. мышкъыш, мышкъышхэр, я гӀумкийнгӀум. мычыгъышла «нохчий» бохучу дашах. Хила тарло нохчийн мичиг-хи — «мичара ду хи» бохучу дешнех а.

Хьалхо и меттиг хилла аренан нохчийн ладаме йукъ, цигахь хуьлуш хилла мехк-кхелан берриг гуламаш.

Эрк Ӏамор а, хин бахаман маьӀна а

бӀаьра нисйан

Стационаран гидрологин талламаш эрк тӀаьхь ца бина.

Эрк тӀиера эвланаш

бӀаьра нисйан

Мичиг-Хин тӀаьхь лаьтта эвланаш: ГӀансолчу, Ӏаларой-Эвла, Ахьмад-Йурт, БӀачи-Йурт, Иласхан-Йурт - аьрру бердаца, Ойсхаран къилбехьа[8].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 8. Северный Кавказ / под ред. Д. Д. Мордухай-Болтовского. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 309 с.
  2. Сулейманов, 2006, с. 322.
  3. «Мичик» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
  4. Сулейманов, 2006, с. 325.
  5. Сулейманов, 2006, с. 522.
  6. Сулейманов, 2006, с. 527.
  7. Сулейманов, 2006, с. 531.
  8. Сулейманов, 2006, с. 347.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан