Гумс (оьрс. Белка[2]) — Къилбаседа Кавказера эрк, Соьлжан аьтту га. ОхьадогӀу Нохчийн Республикин Веданан, Курчалойн, Гуьмсан кӀошташкахула. Гумс цӀе схьаяьлла туьркийн маттара "гӀум су" - гӀамаран хи[3].

Гумс
Сурт
Амал
Дохалла 80 км
Бассейн 1194 км²
Хи дайар 4,61 м³/с (Гуьмсе)
ДӀаэхар
Хьост (B)  
 • Эрк долу меттиг ТӀуьйрелам, Веданан кӀошт
 • Локхалла 1276 м
 • Координаташ 42°54′02″ къ. ш. 46°11′39″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B) Соьлжа
 • Эрк чекхдолу меттиг Гуьмсе
 • Локхалла 50 м
 • Координаташ 43°21′53″ къ. ш. 46°03′55″ м. д.HGЯO
Хин охьане 15,33 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд
Пачхьалкх
Регион Нохчийчоь
КӀошташ Веданан кӀошт, Курчалойн кӀошт, Гуьмсан кӀошт
Код  ПХР чохь 07020001312108200006234[1]
Гумс (Нохчийчоь)
— хьост, — хикхоче

Схьадолу ТӀуьйрелам тӀиера шовданашкара, дӀакхета Соьлжанах Гуьмсе гӀалан гергахь. Дохалла 80 км, бассейнан майда 1194 км²[4]. Хикхочен локхалла — 50 м хӀордан тӀегӀанал лакхахь. Эркан охьане — 15,3 м/км.

Гидрологи

бӀаьра нисйан

Эркан амалехь ду шеран йовхачу хенахь дестар, ткъа Ӏай – лакъар. Шарахь уггаре дукха хи дойу догӀанаш догӀучу хенахь. Аьхкенан догӀано десторо наггахь бохамаш бо. Шарахь хи дайаран йуккъера барам — 4,61 м³/с, максимум — 305 м³/с.

Уггаре даккхий геннаш: Хул-Хуло (аьрру), Мичиг-Хи (аьтту), Ахкие (аьтту), Хумг (аьтту), Искаьрк (аьтту).

Эрк таллар, хин бахаман маьӀна

бӀаьра нисйан

Эрк теллина Гуьмсерачу гидрологин постехь.

Эркаца лаьтта эвланаш

бӀаьра нисйан

Жани-Ведана, Теза-Кхаьлла, Эрсана, Курчала, Энакхаьлла, Коьран-Бена, Белта, Ялхой-Мохк, ЖугӀурта, Майртуп[5].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 8. Северный Кавказ / под ред. Д. Д. Мордухай-Болтовского. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 309 с.
  2. Сулейманов, 2006, с. 564.
  3. Сулейманов, 2006, с. 286.
  4. «Белка (Гудермес, Гумс)» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
  5. Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 2 январь. Архивйина 2012 шеран 18 февралехь rar. Объём 8 МБ.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан