Салман ибн Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд
Салман ибн Ӏабдул-Ӏазиз ибн Ӏабдуррахьман Аль СаӀуд (Ӏаьр. سلمان بن عبد العزيز بن عبد الرحمن آل سعود ; вина 1935 шеран 31 декабрехь, Рияд, СаӀудийн Ӏаьрбийчоь[3]) — СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан ворхӀалгӀа паччахь а, Саӏудийн династин куьйгалхо а, Шина Хьараман гӀуллакххо а ву. 2015 шеран 23 январехь паччахь хӀоьттина шен ваша ӀабдуллахӀ паччахь дӀакхелхиначул тӀаьхьа.
ХотӀан адрес Паччахь Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд | |
---|---|
АгӀонан цӀе | Шина маьждиган гӀуллакххо |
Официальни кехаташ | Ши маьждиг лардеш волу паччахь |
Альтернативни хатӀ | Шина маьждиган гӀуллакххо-эла |
Салман — иза СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан хьалхарчу паччахьан Ӏабдул-Ӏазизан кӀант ву, ФахӀд паччахьан[4][5] уггар тешаме хьехамча вара иза, СултӀан принцан уггар уллера ваша а вара иза[6]. Паччахь хилле иза оборонан министр а (2011—2015), Риядан провинцин губернатор а вара (1963—2011).
Биографи
бӀаьра нисйанЖима волуш
бӀаьра нисйанӀабдул-Ӏазизан воӀ Салман вина 1935-чу шеран 31 декабрехь, Риядехь, СаӀудийчохь, Ӏабдул-Ӏазизан 25-гӀа кӀант хилла иза, цуьнан нана йара Хьассат ас-Судайри[7][8]. Дуьххьарлера образовани йаьккхина цо Принцийн школехь, Риядехь[9]. Дин а, вайн заманан Ӏилма а Ӏамийна Салмана[10].
Салман принцан 18-шо кхаьчча, цуьнан дас Ӏабдул-Ӏазиза, 1953-чу шеран мартехь иза шен векал а, Риядан эмир (мэр) а хаьржина[10][11]. ТӀаьхьо, цуьнан вашас СаӀуд паччахьа, министран чинехь, иза Риядан мэр (куьйгалхо) хаьржина[10][11]. Салман отставке вахна 1960-чу шеран декабрехь[9].
Риядан губернатор
бӀаьра нисйан1963-чу шеран февралехь, Риядан провинцин губернатор хилла Салман[9]. Оцу хенахь 48-шо хилла цунна, 2011-чу шаре кхаччалц губернаторан болх бина цо[10].
Оборонан министр
бӀаьра нисйан2011-чу шеран ноябрехь, Салман принц оборонан министр хаьржина, шен вешина СултӀанан метта[12], ткъа Риядан хаьржина губернатор СаттӀам принц вара. Иштта Советан къоман кхерамзаллин дӀахӀоттаман чувахана Салман[13]. 2012-чу шеран апрелехь иза хьажа вахана Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Йоккха Британи а йолчу, цигахь АЦШ-н президентца Барак Обамаца цхьаьнакхетта[14][15].
Паччахь а, Шина Маьждиган гӀуллакххо а
бӀаьра нисйанСаӀудийчоьнан верасан принц а волуш, 2015-чу шеран 23 январехь, СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахь а, Шина Маьждиган гӀуллакххо а хилла Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз, шен цхьана цӀийнах волу ваша ӀабдуллахӀ паччахь кхелхина чул тӀаьхьа. Иштта Салманан ваша Мукърин хаьржинера верасан принц а, премьер-министран когаметтаниг а. Цул тӀаьхьа верасан принц хаьржира Салманан вешин кӀант Мухьаммад бин Найиф[16].
Шен дахар
бӀаьра нисйанСалман бин Ӏабдул-Ӏазиз кхузза зуда йалийна ву[17]. Цуьнан хьалхара зуда хилла СултӀанат бинт Турки ас-Судайри[18], 71-шо долуш кхелхина иза 2011-чу шарахь[19]. Иза Салманан ненавешин йоӀ йара, Турки бин Ахьмад ас-Судайрин[19], Асир провинцин хинволчу губернаторех цхьаъ хилла Турки бин Ахьмад[20].
Цуьнан шолгӀа зуда Сарат бинт Файсал йу, цо вина кӀант СаӀуд принц ву. КхоалгӀа зуда йу ФахӀдат бинт Фалахь, цуьнан берш ду: Мухьаммад принц, Турки принц, Халид принц, Найиф принц, Бандар принц а, Ракан принц а[21]. Салманан воккхах волу кӀант ФахӀд велла хилла дог лазадаьлла 2001-чу шарахь[22]. Цуьнан кхин кӀант Ахьмад иштта дог галдаьлла велла 2002-чу шарахь[23]. Цуьнан кӀант СултӀан ву дуьххьара космосе вахана бусалба стаг а, дуьххьара вахана Ӏаьрбо а[24]. Цуьнан кӀант Ӏабдул-Ӏазиз 1995-чу шарахь, нефтан министран когаметтаниг хилла[25].
2013-чу шеран февралехь цуьнан кӀант Турки Saudi Research and Marketing Group олучу компанин председатель хилла, цуьнан воккхах волчу вешица Файсалца хийцина иза[26].
2010-чу шеран августехь АЦШ-хь Салманан букъсуьртан операци йина[27]. Цо инсульт лайна, цуьнан аьрру куьг аьтту куьйгал чӀогӀа вон лозуш дара[28][29]. Цхьаболчара дуьйцу, цунна Альцгеймеран лазарх зен хилла бохуш[30].
Къуръанан конкурс
бӀаьра нисйан2015-чу шарахь СаӀудийн Ӏаьрбийчура Джиддат шахьарахь дӀайаьхьира Сийлахь Къуръан дешеран дуьненайукъара бархӀалгӀа конкурс. Иза дӀайахьарна тӀехь верасалла деш вара СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахь Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль-СаӀуд.
«Хьафизийн тоьлла школа» номинацехь, жюрин берриге а декъашхойн цхьабарт хуьлуш, хьалхара меттиг йелира Нохчийчуьрчу хьафизийн школашна. СовгӀаташ дӀадаларна леринчу даздаршкахь дакъалоцуш вара Джиддатан губернатор Амир Миш аль бин Маджид бин Ӏабдул-Ӏазиз а, ткъа иштта шуьйра бевзаш болу Ӏеламнах а. И деза совгӀат схьаийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьехамчас, «Некъ» телерадиокомпанин директора Адама Шахидова.
Хьафизаш кечбаран дуьненайукъарчу организацин генеральни секретара шайх ӀабдуллахӀ бин Басфара шен къамелехь лаккхара мах хадийра Нохчийчохь Къуръанан Ӏилма Ӏалашдарехь, кхиорехь, даржорехь беш болчу белхан. Цо къаьсттина билгалдаьккхира бусалба дин къоначарна Ӏамадайтарехь, хьафизаш кхиорехь Кадыров Рамзана лелош долу доккха маьӀна. Нохчийн хьафизийн школаш дуьненахь уггаре а тоьлла а, хаза а йу бохура цо.
Хьафизаш кечбаран дуьненайукъарчу организацин генеральни секретара конкурсехь дакъалоцуш хиллачеран а, хьешийн а тидам тӀебахийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун ворхӀ бер — Ӏайшат, Хадижат, ХутӀмат, Табарик, Ахьмад, Ӏела, Адам — хьафизаш хиларна. И хаам цара кхаъ хиларца тӀе а ийцира. Царна бевзина бацара кхул хьалха шен чохь ворхӀ хьафиз волу доьзал[31].
Тайпа
бӀаьра нисйанСалман ибн Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
|
Цуьнан доьзал
бӀаьра нисйанЗударий | Церан бераш |
---|---|
СултӀанат бинт Турки ас-Судайри | ФахӀд, СултӀан, Ахьмад, Ӏабдул-Ӏазиз, Файсал, Хьассат |
ФахӀдат бинт Фалахь Аль Хьислаян аль-Ӏаджами | Мухьаммад,[32] Турки[33][34], Халид[35], Бандар[36], Найиф, Ракан |
Сарат бинт Файсал ас-СабиӀи | СаӀуд[34] (Шайх Мухьаммад бин Халидан йоӀ маре йигина цо[37]) |
Мудави бинт Маджид ад-Давиш | цуьнан бераш дац |
СултӀанат бинт Мандиль аль-Халиди | цуьнан бераш дац |
Салман ибн Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд Викилармехь |
СовгӀаташ
бӀаьра нисйанСаӀудийн Ӏарбийчоьнан совгӀаташ:
Мохк | Де | СовгӀат | |||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
СаӀудийн Ӏаьрбийчоь | 23 январь 2015 | Йоккхачу Бадран орденан суверен | СаӀудийн Ӏаьрбийчоь | 23 январь 2015 | Ӏабдул-Ӏазизан орденан суверен | ||
СаӀудийн Ӏаьрбийчоь | 23 январь 2015 | Файсал паччахьан орденан суверен |
Мохк | Де | СовгӀат | |
---|---|---|---|
Нигер | — | Нигерин Националан орденан Доккхачу жӀарин кавалер | |
Испани | 15 февраль 1974— | Граждански гӀуллакхийн Национальни орденан Доккхачу жӀарин кавалер[38] | |
Джибути | октябрь 2015— | Джибутин Боккхачу Седин орденан кавалер[39] |
Суьрташ
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Salman ibn 'Abd al-'Aziz Al Sa'ud // Encyclopædia Britannica (инг.)
- ↑ Lundy D. R. Salman bin Abdul-Aziz al-Saud, King of Saudi Arabia // The Peerage (инг.)
- ↑ السيرة الذاتية الأمير سلمان بن عبد العزيز وزير الدفاع، موقع إمارة منطقة الرياض، دخل في 1 يونيو 2010
- ↑ Wihbey, Paul Michael (1997). "Succession in Saudi Arabia: The not so silent struggle". IASPS Research Papers in Strategy (4). ТӀекхачаран де: 2012 ш. 14 майхь. Архивйина 2012-05-23 — Wayback Machine
- ↑ Viorst, Milton (January-February 1996). "The storm and the citadel". Foreign Affairs. 75 (1): 93—107. doi:10.2307/20047470. ТӀекхачаран де: 2012 ш. 01 июнехь.
{{cite journal}}
: Википеди:Обслуживание CS1 (формат даты) (ссылка) - ↑ al Baker, Basheer (3 November 2011). "Prince Salman Seeks Balance in Saudi Transitional Period". Al Akhbar. ТӀекхачаран де: 2012 ш. 23 апрелехь.
- ↑ Winberg Chai. Saudi Arabia: A Modern Reader. — University Press, 22 September 2005. — P. 193. — ISBN 978-0-88093-859-4.
- ↑ "An Heir to the Kingdom: New Crown Prince Salman" (PDF). The Diplomat. 35: 8—11. July-August 2012. ТӀекхачаран де: 2013 ш. 09 февралехь.
{{cite journal}}
: Википеди:Обслуживание CS1 (формат даты) (ссылка) Архивйина 2013-10-24 — Wayback Machine - ↑ 1 2 3 His royal highness Prince Salman bin Abdulaziz . Ministry of Interior. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 12 май. Архивйина 2013-09-30 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 4 Ministers with portfolio . Saudi Embassy, Washington DC. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 19 июнь. Архивйина 2012-06-07 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 "Profile: New Saudi Defense Minister Prince Salman Bin Abdulaziz". Asharq Alawsat. 6 November 2011. ТӀекхачаран де: 2012 ш. 12 майхь. Архивйина 2011-11-12 — Wayback Machine
- ↑ "Saudi Arabia names Prince Salman as new defence minister". BBC News. 5 November 2011. ТӀекхачаран де: 2012 ш. 26 майхь.
- ↑ "The Allegiance Council". APS Diplomat News Service. 27 October 2011. ТӀекхачаран де: 2013 ш. 16 мартехь.
- ↑ "Saudi Prince dead, Salman likely successor". Trade Arabia. 16 June 2012. ТӀекхачаран де: 2012 ш. 17 июнехь. Архивйина 2012-06-19 — Wayback Machine
- ↑ "Al Saud move with speed to reconfigure top team after Nayef's death" (PDF). Gulf States Newsletter. 36 (926). 21 June 2012. ТӀекхачаран де: 2013 ш. 23 февралехь. Архивйина 2017-10-18 — Wayback Machine
- ↑ Салман бин Абдульазиз подарил чиновникам, пенсионерам и учащимся денежные средства в размере двухмесячных выплат . Анадолу (2015 шеран 30 январь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 5 февраль.
- ↑ "Prince Salman Named Saudi 'Crown Prince'". Arab Times. Riyadh. 18 June 2012. ТӀекхачаран де: 2013 ш. 26 февралехь.
- ↑ "Princess Sultana". Eugene Register Guard. 19 June 1983. ТӀекхачаран де: 2013 ш. 09 февралехь.
- ↑ 1 2 "Sultana, wife of Riyadh Emir, passes away". Saudi Gazette. 3 August 2011. ТӀекхачаран де: 2012 ш. 26 майхь.
- ↑ Sultana bint Ahmad bin Muhammad al Sudairi . Datarabia. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 8 май.
- ↑ Family Tree of Salman bin Abdulaziz bin Abdul Rahman Al Saud . Datarabia. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 1 май.
- ↑ "Death of a Generous man". The Telegraph. 25 July 2001. ТӀекхачаран де: 2013 ш. 03 мартехь.
- ↑ Bradley, John R. (23 July 2002). "Prince Ahmed's cousin killed on way to funeral". USA Today. ТӀекхачаран де: 2012 ш. 26 майхь.
- ↑ "First Arab astronaut makes a royal tour of space". The Windsor Star. New York. 20 June 1985. pp. B12. ТӀекхачаран де: 2013 ш. 03 мартехь.
- ↑ Saudi oil assistance to Pakistan proceeding slowly . Wikileaks (2008 шеран 30 июль). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 26 май.
- ↑ "Prince Turki succeeds Prince Faisal as SRMG chairman". Arab News. 9 February 2013. ТӀекхачаран де: 2013 ш. 09 февралехь.
- ↑ [http://www.gulfinthemedia.com/index.php?m=gcc_press&id=2271052&cnt=171&lang=en
PHPSESSID=6ae1931c79dcdc291ac1f3b9d2d1e5fb "King Salman bin Abdulaziz undergone successful surgery, Royal Court statement says"]. Gulf in the Media. 17 August 2010. ТӀекхачаран де: 2012 ш. 26 майхь.
{{cite news}}
: line feed character в|url=
на позиции 79 (справка); Проверьте значение|url=
(справка) Архивйина 2016-09-14 — Wayback Machine - ↑ Henderson, Simon The Man Who Would Be King . Foreign Policy (2012 шеран 10 апрель). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 12 апрель. Архивйина 2014-10-09 — Wayback Machine
- ↑ Henderson, Simon (10 January 2013). "To Stop Iran, Get a New Saudi King". The Atlantic. ТӀекхачаран де: 2013 ш. 19 апрелехь.
- ↑ Next after next… The Economist (Cairo). 5 April 2014. Retrieved 4 August 2014.
- ↑ Дуьненахь а тоьлла йу вайн хьафизийн школаш.
- ↑ أمر ملكي: الأمير محمد بن سلمان رئيساً لديوان ولي العهد ومستشاراً خاصاً لسموه بمرتبة وزير Архивйина 2013-10-22 — Wayback Machine، جريدة الرياض، دخل في 3 مارس 2013
- ↑ صحيفة الشرق الأوسط -«الشرق الأوسط» تطلق منصتها الرقمية وموقعها الإلكتروني الجديد
- ↑ 1 2 حفل زواج صاحب السمو الملكي الأمير فيصل بن عبد الرحمن بن عبد العزيز - جريدة الرياض Архивйина 2013-12-20 — Wayback Machine
- ↑ سمو ولي العهد يحتفل بزواج نجله الأمير خالد من كريمة الأمير محمد بن مشعل - جريدة الرياض Архивйина 2013-12-18 — Wayback Machine
- ↑ http://www.al-jazirah.com/2010/20100202/jo1.htm
- ↑ الاقتصادية : ولي العهد يحتفل بزواج نجله الأمير سعود
- ↑ Декрет о награждении
- ↑ King Salman holds talks with Djibouti leader
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Shifting Sands and the Gulf" on Sulayman's transition as King Архивйина 2015-01-27 — Wayback Machine
- King Salman Royal Profile" by Royal Families of the World Архивйина 2015-05-20 — Wayback Machine