СаӀудийн Ӏаьрбийчоь

Ӏаьрбийн ахгӀайренна тӀехь йолу Ӏаьрбийн пачхьалкх
(СаӀудийчоь тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 29 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2021, 21 июль).

СаӀӯдийн Ӏаьрбийчо̄ь, доцца СаӀудийчоь, официалан СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан пачхьалкх (Ӏаьр. الْمَمْلَكَةُ الْعَرَبِيَّةُ السُّعُودِيَّةُ‎‎ аль-Мамлакатул-Ӏарабийятус-СуӀудийяту) — иза Ӏаьрбийн ахгӀайренна тӀехь йолу йоккха пачхьалкх йу. Цуьнан дозанаш ду Урдунца а, Ӏиракъца а, къилбаседехь Кувайтаца а, малхбалехь КъатӀарца а, Цхьаьнатоьхначу Ӏаьрбийн Эмираташца а, къилба-малхбалехь Ӏоманца а, къилбехь Йаманца а. Иза уьйш йу къилбаседа-малхбалехь ГӀажарийн аймаца а, малхбузехь ЦӀен хӀордаца а.

СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Ӏаьр. السعودية‎‎
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «АллахӀ воцург кхин дела вац,
Мухьаммад — Делан элча ву
[1]»
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Кхоьллина 1932-чу шеран 23 сентябрехь
Официалан мотт Ӏаьрбийн
Коьрта гӀала Рияд
Йаккхий гӀаланаш Рияд, Макка, Мадийнат, Жидда
Урхаллин тайпа Абсолютни монархи
Паччахь Салман ибн Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд
Верасан принц а, премьер-министр а Мухьаммад ибн Салман Аль СаӀуд
Пачхь. дин ислам, суннатхой
Латта
 • Шадерг 2 149 000 км² (12-гӀа дуьненахь)
Бахархой
 • Мах хадор 26 939 583[2][3][4] стаг
ДЧС
 • Шадерг (2011) 691,5 млрд[5] долл. (24-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 24 200[5] долл.
АДКИ (2013) 0,782[6] (лакхара; 57-гӀа меттиг)
Бахархойн цӀерш саӀудхо, саӀудхой, Ӏаьрби, Ӏаьрбо, Ӏаьрбий
Ахча саӀудийн риал
Интернет-доменаш .sa, السعودية.
Код ISO SA
Код МОК KSA
Телефонан код +966
Сахьтан асаш +3
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Иштта СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан цӀе йоккху: «Шина Хьараман мохк» олий, хӀунда аьлча, цигахь бусалбанийн коьрта йеза ши гӀала йу — Макка а, Мадийнат а.

Ӏаьрбийн маттахь мехкан йоцца цӀе: (Ӏаьр. السعودية‎‎ — ас-СуӀудийят‎ — «СаӀудийчоь») йу. СаӀудийн Ӏаьрбийчоь хӀинцалерчу хенахь, шен СаӀудийн урхалла деш йолчу династин цӀе лелош йолчу дуьненан кхаа пачхьалкхах цхьаъ йу.

Къилбседехь Урданца а, Ӏиракъца а доза ду. Малхбалехь Кувейтца, Къатарца, Бахрейнца, Цхьаьнакхетта Ӏаьрбийна Эмираташца а доза ду. Къилбехь Йеменца, Ӏоманца доза долуш бу. Малхбалехь ГӀажарийн чукхет-хӀорданца а, малхбузехь ЦӀен хӀорданца а аре йолуш мохк бу.

 
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан хьалхара паччахь Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд

Ӏаьрбийн ахгӀайрехь VII-чу бӀешаран юххехь Маккахь дӀадоладелла хилла Мухьаммад бин ӀабдуллахӀин пайхамаралла, маккин деланийхоша харцвина хилла иза. 13 шо чекхдаьлча иза Мадинате (Ясрибе) дӀакхелхина, цигахь Ӏаш хилла Ӏаьрбий а, жуьгтий а. ТӀаьххьарчаьрца машаре барт берзийна хилла. Цуьнан лархой хуьлуш массо а Ӏаьрбийн ахгӀайренан Ӏаьрбий хилла.

Ӏаьрбийн Халифат

бӀаьра нисйан

632-чу шарахь Мухьаммад пайхамар кхелхина чул тӀаьхьа, Мадинатан гӀала кхоьллина хилла Ӏаьрбийн Халифат, Ӏаьрбийн ахгӀайренан массо латта йукъалаьцна хилла цо.

Хьалхара СаӀудийн пачхьалкх

бӀаьра нисйан

1744-чу шарахь дӀайолаелла СаӀудийн пачхьалкх, Ӏаьрбийн ахгӀайренан центральни регионехь. Меттигера урхалча Мухьаммад бин СаӀуд а, ваххӀабизм диллина Мухьаммад бин Ӏабдул-ВаххӀаб а цхьаьнакхетта Хункар-мехкан дуьхьала, еккъа цхьа чӀогӀа пачхьалкх кхолла Ӏалашо а йолуш хилла уьш.

1824-чу шарахь ШолгӀа СаӀудийн пачхьалкх кхоьллина хилла.

СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахьалла кхоллар

бӀаьра нисйан

СаӀудийн Ӏаьрбийн империн паччахь хилла Ӏабдул-Ӏазиз бин Ӏабдуррахьман Аль СаӀуд, 1893-чу шарахь эккхийна хилла иза, Кувайтахь хилла иза. 1902-чу шарахь 22-шо долуш волу Ӏабдул-Ӏазиза дукха эскар гулдина Рияд схьайаккха. 1912-чу шарахь Ӏабдул-Ӏазиза йерриге Неджд схьаяьккхина хилла. 1925-чу шарахь Макка а, йерриг Хьиджаз а схьайаьккхина цо. Иза схьайаьккхина бахьанехь цара кхоьллина Недждан а, Хьиджазан а Паччахьалла.

1932-чу шаран 23 сентябрехь Неджадан а, Хьиджазан а цӀе хийцина «СаӀудийн Ӏаьрбийчоь» аьлла.

Пачхьалкхан дӀахӀоттам

бӀаьра нисйан
 
Салман паччахь

СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан пачхьалкхан дӀахӀоттам билгалбина бу Паччахьаллин Коьрта законца, цунах олу СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан урхаллин коьрта низам, 1992-чу шарахь тӀелаьцна иза. Цо ма-бохху СаӀудийн Ӏаьрбийчоь абсолютни монархи йу, хьалхара паччахьан Ӏабдул-Ӏазизан кӀенташца а, церан берашца а урхалла деш йолу. Церан законаш исламан шарӀаца кхоьллина ду.

Пачхьалкхан куьйгалхо паччахь ву. ХӀинцалерачу хенахь СаӀудийн Ӏаьрбийчохь куьйгалла деш верг мохк биллинчунна кӀант Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз ву, СаӀудийн династера ву иза. Церан бакъонан массо а гаьннаш паччахьан муьтӀахь ду.

Адаман бакъонаш

бӀаьра нисйан

СаӀудийн зуламан бакъонаш шарӀаца кхоьллина йу. Церан махкахь кхерамца магийна дац алкоголь а, наркотикаш а, марзлуш долу ловзарш а лело.

Къола дича тӀара (куьг) доккха[7]. Зина дича валлалц шед а етта, тӀулгаш а детта. Гомосексуализм дича валлалц таӀзар до[8].

Цхьаъ вийча а, холмачалла дича а, иштта вен суд йо.

СаӀудийн Ӏаьрбийчохь йолу климат чӀогӀа йокъо хӀуттуш йу. Ӏаьрбийн ахгӀайре — иза аьхка даим 50 °C хьалайолуш дуьненахь йолчу кӀеззиг меттигех цхьаъ йу. Наггахь ло догӀу Джазан олучу лам тӀехь. Уггаре лахара температура 8 °C йу.

СаӀудийчоьнан административан йекъайалар

бӀаьра нисйан
 
СаӀудийчоьнан административан гуонаш

СаӀудийн Ӏаьрбийчоь 13 административан гуоах екъна ю[9] (Ӏаьр. المناطق الإدارية‎‎):

#
карта тӀехь
Административан
гуо
Ӏаьр. ‎‎ Административан
центр
Майда,
км²
Бахархой,
стаг
(2015)
[10]
Чордо,
стаг/км²
1 6 Рияд الرياض Рияд 404240 7910864 19,57
2 11 Макка مكة المكرمة Макка 153128 8099473 52,89
3 4 Мадинат المدينة المنورة Мадинат 151990 2061383 13,56
4 5 Аль-Къасим القصيم Бурайдат 58046 1402974 24,17
5 7 Малхбалехьара провинци المنطقة الشرقية Ад-Даммам 672522 4762871 7,08
6 8 Ӏасир عسير АбхӀа 76693 2194463 28,61
7 13 Табук تبوك Табук 146072 907494 6,21
8 9 Хьаиль حائل Хьаиль 103887 685820 6,60
9 2 Къилбаседера доза الحدود الشمالية ӀарӀар 111797 367433 3,29
10 10 Джазан جازان Джазан 11671 1568727 134,41
11 12 Наджран نجران Наджран 149511 581789 3,89
12 1 Аль-Бахьат الباحة Аль-Бахьат 9921 471755 47,55
13 3 Аль-Джавф الجوف Сакака 100212 506372 5,05
йерриг 2149690 31521418 14,66

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. "العلم السعودي.. سيف القوة وراية التوحيد". صحيفة الشرق الأوسط. 18 أغسطس 2009. ТӀекхачаран де: (Строка «12 أكتوبر، 2014» не является верной датой, пожалуйста, укажите дату в формате ГГГГ-ММ-ДД). {{cite news}}: Проверьте значение даты: |accessdate= and |date= (справка) Архивйина 2020-04-01 — Wayback Machine
  2. Census.gov. Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013. U.S. Department of Commerce (2013). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 9 май. Архивйина 2013 шеран 9 майхь
  3. Справочник ЦРУ по пачхьалкхм мира (2012) Архивйина 2020-12-29 — Wayback Machine
  4. В том числе около 5,6 млн. иностранных рабочих.
  5. 1 2 Справочник ЦРУ по пачхьалкхм мира (2012) Архивйина 2011-06-04 — Wayback Machine
  6. Human Development Report 2013 (инг.). United Nations Development Programme (2013). Архивйина 2013 шеран 13 августехь
  7. Saudi Arabia cuts off thief's hand as punishment (инг.). Haaretz. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 21 февраль.
  8. Where is it illegal to be gay? (инг.). BBC. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 21 февраль.
  9. Государства Аравийского полуострова // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2009 г. ; гл. ред. Г. В. Поздняк. — М. : ПКО «Картография» : Оникс, 2010. — С. 118-119. — ISBN 978-5-85120-295-7 (Картография). — ISBN 978-5-488-02609-4 (Оникс).
  10. Распределение и прогноз динамики населения королевства по административным округам (Ӏаьр.). Центрный департамент статистики и информатики Саудовской Аравии (2014). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 1 июль. Архивйина 2016-05-09 — Wayback Machine