Хасиев, Сайд-Мохьмад Адамович
Хасиев Сайд-Мохьмад Адамович (вина 1942 шеран 20 июнь, Курчалой-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР - кхелхина 2020 шеран 2 февраль Курчалой-ГӀала,Нохчийн Республика, Российн Федераци) — нохчийн историн Ӏилманийн кандидат, этнограф[1]. Тайпана вара Ӏаларо[1].
Хасиев Сайд-Мохьмад Адамович | |
---|---|
Вина терахь | 1942 шеран 20 июнь |
Вина меттиг | Курчалой-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР |
Кхелхина терахь | 2020 шеран 13 февраль (77 шо) |
Кхелхина меттиг | Курчалой-ГӀала,Нохчийн Республика, Российн Федераци |
Корматалла | историк, этнограф |
Гражданалла | СССР → Росси |
Да | Адам |
Нана | Апаева Луда |
Бераш | 3 |
Биографи
бӀаьра нисйан1957 шарахь шен доьзуллаца цӀавирзира. 1960 шарахь цо Курчалой-ГӀалара школа чекхйаьккхира. 1964 шарахь цо чекхйаьккхина Соьлжа-ГӀалин хьехархойн институтан историн факультет. Цул тӀаьхьа цо школехь хьехархочун а, Нохч-ГӀалгӀайн Ӏиламанийн а, талламан а историн а, меттан а, литературин а Ӏилманийн белхахон а болх бира. 1969 шарахь иза хилира СССР Ӏилманийн академин аспирант. 1973 шарахь иза хилира историн Ӏилманийн кандидат. 1991 шо дуьйна 2000 шо кхаччалц иза вара НГӀАССР культурин министерствехь йолу Республикин фольклоран центран куьйгалхо, цул тӀаьхьа — этнокультурин кхиаман центран куьйгалхо.
Тахана иза ву Соьлжа-ГӀалахь йолу йуькъараллин адаман культурин институтан куратор. Хасиевс йазйина 200 сов Ночх-ГӀалгӀайн а, Къилбаседа Кавказан а халкъийн этнографин а, этнологин а Ӏилманийн а, кхетамийн а болх. ХӀинца иза ву нохчийн хӀумаллин а, син а культурех лецна жамӀ деш долу белхаш йаздеш.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Головлёв, 2007, с. 284.
Литература
бӀаьра нисйан- Головлёв А. А. Очерки о Чечне (природа, население, новейшая история) : моногр. / Рецензент С. А. Прокопенко. — Ульяновск : Вектор-С, 2007. — 296 с. — 100 экз. — ББК 84-Ч. — УДК 911.2.551.4: 914.706(G). — ISBN 978-5-91308-014-1.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Этнограф С-М. Хасиев(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Творческий вечер ученого-этнографа Саид-Магомеда Хасиева(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Лики достойных. Жизнь и творческая деятельность этнографа Хасиева С. М.