Эрмалойчоьнан арахьара политика
Эрмалойчоьнан арахьара политика комплементаризман амалехь ю. Эрмалойчоьно доттагӀаллин юкъаметтигаш лелайо Российца а, Иранца а, Малхбузен мехкашца а, царна юкъахь Европин бертан мехкаш а, Цхьаьнатоьхна Америкин Штаташ а.[1]
Ламанан-карабахан девнах а, эрмалойн геноцидах йолу Эрмалойчоьнан позици юлаелла ю цуьнан шина лулахочуьнца — Азербайджанца а, Туркойчоьнца а.
Эрмалойчоьнан дипломатин юкъаметтигаш ю дуьненан 172 пачхьалкхаца[2], иза ю 40 сов дуьненайукъара кхолламийн декъахо, царна юкъахь бу Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхоллам, Европин кхеташо, ЛПД, Кхерамзаллин а, цхьаьнагӀуллакхдаран а кхоллам Европехь, ККхБКх, Евразин экономикин барт, Дуьненайукъара валютан Фонд, кхин а.
Дуьненайукъара гӀуллакхаш
бӀаьра нисйанДуьненайукъара кхолламашкахь дакъалацар
бӀаьра нисйан- Эрмалойчоь гуттаренна а декъахо ККхБКх. [3]
- Эрмалойчоь НАТО юкъахь йац, амма дакъалоцуш ю НАТОн Дуьненан дуьхьа накъосталла программехь, Евроатлантикин доттагӀаллин кхеташонан юкъахь ю, цигахь кхочушйо накъосталлин гӀуллакхийн (ИПАП) — НАТОца йолу юкъаметтигаш политикаша кӀорга ян таро йолу а, луу а мехкашна программаш. Cooperative Best Effort exercise (цигахь дуьххьара гайтира Росси) дӀаяьхьира эрмалойн махкахь 2003 шарахь.
- ЕБ а, Эрмалойчоьнан а юкъаметтигаш юьйлаелира 1991 шарахь, Эрмалойчоь Советийн Союзах маьршаяьлчи. 2002 шарахь Европарламенто кхайкхийра, Эрмалойчоь тарло схьакхета тӀаьхьа ЕБ. Дерриг чулоцу а, шордина а накъосталлех барт ЕБ а, Эрмалочоьнна а юкъахь бира 2017 шарахь. Эрмалойчоь декъахо ю Евронестан парламентан ассамблейн, Европин кхеташонан, ЕБ а, Энергетикин йукъараллин а малхбален накъосталлин. Эрмалойчуьра Европин Бертан делегацин офис лаьтта Ереванехь. Брюсселехь ю Эрмалойчоьнан вакилат ЕБ офисехь. 2013 шарахь дуьйна ЕБ гражданаш виза а йоцуш чубогӀу Эрмалойчу. 2017 шарахь Эрмалойчоьно ЕБ Шенгенан зоне некъ беш болу шен гражданашна визин ражан либерализацех дийцарш долийна. Европарламенто а, Европин кхеташоно а къобал йина эрмалойн геноцид.
Эрмалойн геноцид къобалъяр
бӀаьра нисйанЭрмалойчоьно дӀахьо Эрмалойн геноцид къобалъярехьа хьажийна дуьненайукъара политика, иза официалан къобал йина (дуьненайукъара бакъонца[4]) реза бацар гайтина:
- Австрали (2009);
- Аргентина (2 закон а, 5 резолюци а[5][6]);
- Бразили;
- Бельги[7];
- Ватикан[8];
- Венесуэла[9];
- Германи[10][11];
- Желтойчоь[12];
- Итали[13];
- Канада (1996[14], 2002[15], 2004[16]);
- Кипр[17];
- Ливан[18];
- Литва[19];
- Нидерландаш[20];
- Польша[21];
- Росси[22];
- Словаки[23];
- Уругвай (1965[24], 2004[25]);
- Франци (1998[26], 2000[27], 2001[28], 2006[29][30]);
- Чили[31];
- Швейцари[32][33] — Къоман кхеташо (парламентан лахара палата);
- Швеци[34][35][36][37];
- Эрмалойчоь.
Эрмалойн геноцид къобалйина регионаш а, провинцеш а:
- Бразили: штаташ Сан-Паулу, Сеара[38];
- Йоккха Британи: Къилбаседа Ирланди, Уэльс[39], Шотланди;
- Испани: Кеп:Байракх/Баскийн мохк, Кеп:Байракх/Каталони, Кеп:Байракх/Балеарийн гӀайренаш — регионийн парламенташа къобалйина эрмалойн геноцид[40][41][42];
- АЦШ: 50[43] 49 штато официалан къобалйина, реза ца хилар гайтина эрмалошна геноцид йарна, кхин а 24 апрель кхайкхийна эрмалойн къоман геноцидехь байинчеран иэсан де. 1970-гӀа шераш чекхдовлучу хенахь дуьйна хӀора шарахь 24 апрелехь АЦШ президенташа телекхайкхам бо Америкин эрмалошка.
Шина агӀонан юкъаметтигаш
бӀаьра нисйанАзербайджан
бӀаьра нисйанШина къомо ши тӀом бина 1918–20 (эрмалойн-азербайджанан тӀом) а, 1988–94 шерашкахь (Ламанан Карабахера тӀом), тӀаьхьарниг чекхбелира Бишкекекехь куьг йаздина цхьаьна ханна тӀом сацабарца. Шина махкана йукъахь йац официалан дипломатин йукъаметтигаш, ламанан-карабахан дов а, къовсам а бахьнехь.
Советийн муьрехь дукхаха болу эрмалой а, азербайджанаш а бехаш бара гӀеххьачул машарехь советийн аьчкан буьйн кӀелахь. Амма, Горбачев Михаила йукъайалийна гласностан а, перестройкин а политика, Азербайджанан ССР Ламанан-Карабахан автономин областера (ЛКАО) дукхаха болу эрмалой болам болийра Эрмалойн ССРх дӀакхета. 1988 шарахь карабахера эрмалоша кхажтесира Азербайджанах дӀа а къаьстина Эрмалойчоьнах дӀакхетархьама. Цуо, массашкахь Азербайджанехь эрмалой хӀаллакбарца а, Эрмалойчохь, Ламанан Карабахехь азербайджанаш хӀаллакбарца а цхьаьна могӀара девне далийра гӀуллакх, иза девзира Ламанан-Карабахан тӀом санна. Ницкъ баро факт хилла ЛКАО а, Азербайджанан кхин ворхӀ кӀошт а Эрмалойчоьнан куьйгакӀела йахийтира, и тӀом сацийра кхаа агӀоно машаран бар тлело реза хилча. И машар лелаш бара 1994 шеран майхь дуьйна 2021 шеран гуьйре тӀекхаччалц, 1995 шо чекхдолуш агӀонаш реза хилира ЕКхЦКх Минскан тобанан йукъараллин. АЦШ, Франци, Росси сопредседателаш йолу Минскан тобанна йукъайоьду Эрмалойчоь, Азербайджан, Туркойчоь, Малхбузен Европин масех мохк. ТӀом сацийна болушехь, хӀора шарахь хуьлу Ламанан Карабахан карара асанца 40 гергга Ӏиттабаларш.
Формалан агӀонаш тӀеман хьолехь бу хӀинца а. Эрмалойчуьра а, ткъа кхин муьлххачу кхечу махкара а эрмалошна Азербайджанан Республике чубахка ца магийна. Нагахь стеган паспорт тӀехь Ламанан Карабахе вахаран тешалла делахь, цунна ца магадо Азербайджанан Республике чуван.
2008 шарахь Эрмалойчоьнна а, Азербайджанна а йукъахь Ламанан Карабах тӀехула Ӏиттадаларш хилла, царна цӀе тиллина «2008 шеран Мардакертан тӀемаш». Кхаа агӀонна йукъахь тӀемаш хилира доца, массо агӀора дукха нах ца бойуш.
Эрмалойчоьнна а, Азербайджанна а доза къевлина ду, ткъа пачхьалкхашна йукъахь дипломатин йукъаметтигаш йац. Азербайджанан агӀонна Эрмалойчоь пачхьалк-оккупант йу, цуьнан 20% гергга мох кдӀалаьцна йолу (Ламанан Карабахан а, цунна гергара ворхӀ кӀоштан а мохк). Эрмалойчоьно а, Азербайджано а дийцарш до Ламанан Карабахан статусах лаьцна ЕКхЦКх Минскан тобанехь. Бакохахь хьехадо, нагахь дийцарша йист ца йаккхахь, тӀаккха Азербайджан кийча йу тергонехь боцу мохк тӀамца йухаберзо[44][45][46][47][48][49]. О необходимости новой войны в Карабахе говорят и многие депутаты парламента Азербайджана[50].
Австрали
бӀаьра нисйанХьалхара эрмалой Австрале кхелхина 1850-гӀа шерашкахь дешин хӀорш йолчу хенахь.
Дукхаха берш Австрале баьхкина 1960-гӀа шерашкахь, Насер Ӏедале веича Мисрара эрмалошна тӀера буьйлабелла, цул тӀаьхьа, 1970-гӀа шераш дуьйлалуш, туркоша гӀайре схьадаьккхинчул тӀаьхьа Кипрера, 1975 – 1992 шерашкахь Ливанехь гражданийн кегарий болуш.
Адамашна йукъара пачхьалкхан уьйранаш, хӀинца а кӀезиг елахь а, шорлуш ю.2003 шеран сентябрехь сий дан хьакъ волу, шен хьалхарчу иммиграцин а, мультиоьздангаллин а, Австралин орамера къаьмнийн а министран даржехь волу, Филипп Раддока зиярат дира Эрмалойчу. 2005 шеран октябрехь Эрмалойчоьнан арахьара гӀуллакхийн министр Е.П. Вардан Осканяна зиярат дира Австрале. 2005 шеран ноябрехь Эрмалойчу веира сий дан хьакъ волу Джо Хоккей, парламентан декъахо, социалан гӀуллакхийн министр.
Австралин ДоттагӀаллин парламенто къобал ца до 1915 шарахь массашкахь байина эрмалой геноцид ю аьлла, тӀаккха а Керла Къилба Уэльс штато а, Къилба Астралис а тӀеийцира эрмалойн геноцид къобалъеш долу закон. 2007 шеран Австралин правительстве болчу харжамашкахь оппозицин лейбористийн партис дӀахьедира, нагахь лейбористах харжамашкахь толахь, австралин парламентехь эрмалойн геноцид къобалйе бохуш тӀетаьӀар ду аьлла.
Австралехь 60 000 гергга эрмало ву.
Австралин Ереванехь консулалла ю.
Австри
бӀаьра нисйанЭрмалойчоьнан вакилат ю Венехь. Австрин Ереванехь сийдолу консулалла.
Австрехь веха 6000 гергга эрмало.
2015 шарахь Австрис къобал дина эрмалойн геноцид.
Эрмалойчоьнан Европера кхерамзаллин а, цхьаьнагӀуллакхдаран а кхолламера гуттаренна волу векал ву Венехь.
Къилба Корей
бӀаьра нисйанРеспублика Эрмалойчоьнан а, Республика Корейн а юкъахь дипломатин юкъаметтигаш хӀитто буьйлабелла 1992 шеран 21 февралехь.
Республика Корейн а, Республика Эрмалойчоьнан а йукъара политики белхан консультацешкахь дуьйцур ду лакхарчу тӀегӀанера хийцарш жигара дахаран хьесапаш, регионийн а, глобалан а белхан хӀуманца цхьаьнагӀуллакхдар а, цхьаьна болх бар а къобал дар.
Эрмалойчоьнан Сеулехь сийлахь консулалла ю. Республика Корейн а ю Ереванехь сийлахь консулалла.
Шина агӀора махлелор 2014 шарахь:
Экспорт: 15 миллион доллар (текстиль, автомобилаш).
Импорт: 3 миллион доллар (дийнаташна докъар, резина).
2019 шарахь Республика Эрмалойчохь Къилба Корейн беха гражданийн барам бу 373 гергга стаг.
Къилба Судан
бӀаьра нисйанЭрмалойчоьно а, Къилба Судано а дипломатин юкъаметтигаш ца хӀиттийна, амма Эрмалойчоьнан арахьара гӀуллакхийн министро дӀахьедира, Эрмалойчоьно Республика Къилба Судан маьрша пачхьалкх хилар къобалъяр 2011 шеран 9 июлехь дуьйна.
Узбекистан
бӀаьра нисйанШинне мехко дипломатин йукъаметтигаш хӀиттийна 1995 шеран 27 октябрера протоколаца.
Узбекистан гайтина Эрмалойчохь Москохара, Российра шен вакийлатца.
Ший а мохк Лааме Пачхьалкхан ДоттагӀаллин а, Лааме Пачхьалкхан ДоттагӀаллин маьрша махлелоран зонин а декъахой бу.
Узбекистанехь веха 70 эзар гергга эрмало.
Украина
бӀаьра нисйанЭрмалойн-украинийн йукъаметтигаш схьайогӀу бӀешерашкара, хӀинца а дика йу. Эрмалойчоьнан а, Украинин а йукъаметтигаш телхира Эрмалойчоьно къовсаме йолу ГӀирмера референдум бакъйар бахьнехь, тӀаьхьа Российс аннекси йира оцу махкана, ткъа Украино цӀакхайкхина шайн Эрмалойчура векал консультацеш йан. Украинин правительствос кхайкхийна, иза цхьаьна ханна бен дац, шина пачхьалкхан йукъара дипломатин йукъаметтигаш кхин а дӀахьур йу аьлла.
Эрмалойчоьнан вакийлат йу Киевхь, консулалла йу Одессехь а, Ялтехь а. Украинин вакийлат йу Ереванехь, сийлахь консулалла йу Гюмрихь.
Эрмалойн – официалан мотт бу Украинера кӀезиг къаьмнийн.
Маххадорца, Украинехь веха 250 000 эрмало.
ГӀирмано къобал дина эрмалойн геноцид 2005 шарахь.
Уругвай
бӀаьра нисйанЭрмалойчоь Уругвайхь гайтина Буэнос-Айресера (Аргентина) шен вакийлатхула а, Монтевидеора сийлахь консулаллехула а. Уругвай Эрмалойчохь гайтина шен Москохарчу (Росси) вакийлатхула а, Ереванера консулаллехула а. Уругвайхь веха 20 000 гергга эрмало. Уругвай дуьххьара мохк бу, 1965 шеран 20 апрелехь эрмалойн геноцид къобал дина.
Франци
бӀаьра нисйанФранкийн-эрмалойн йукъаметтигаш йу Эрмалойн пачхьалкхехь Киликехь французаша а, эрмалоша а гергарло тесча дуьйна, гергарло дух Ӏинца а. 2006 шо Францехь кхайкхийна Эрмалойчоьнан шо аьлла.
Эрмалойчоьнан вакилат йу Парижехь, сийлахь консулаллаш йу Лионехь а, Марселехь а. Францин вакилат йу Ереванехь.
Францехь веха 750 000 эзар гергга эрмало.
Францис эрмалойн геноцид къобал йина 1998 шарахь.
Эрмалойчоьнан Европин Кхеташонера гуттаренна волу вакил ву Страсбургехь, Франци.
Эрмалойчоьнан Французийн мотт буьйцу дуьненайукъара кхолламашкара векал ву Парижехь, Франци.
Чехи
бӀаьра нисйанЭрмалойчоь Чехехь гайтина Прагера вакилато. Чехийн Республика Эрмалойчохь гайтина Ереванера вакилатца. Чехис къобалйина эрмалойн геноцид. Чехийн Республикехь веха эрмалойх ваьлла 12 000 гергга стаг.
Чили
бӀаьра нисйанЭрмалойчоьнна Чилехь аккредитаци йина Буэнос-Айресера, Аргентинера, вакилато а, Сантьягохь сий долу консулалла а ю. Чилина аккредитаци йина Эрмалойчоьнан Москохара (России) вакилатехь, Ереванехь сий долу консулалла а ю. 2007 шарахь Чилис къобал йина эрмалойн геноцид. Чилехь веха эрмалойх схьаваьлла 1600 гергга стаг.
Швейцари
бӀаьра нисйанЭрмалойчоьнан Швейцарин векал ву Женевехь, Эрмалойчоьнан ВКъКх вакилатехь векал ву. Швейцарин вакилат ю Ереванехь.
Швейцарехь веха 5000 гергга эрмало.
2003 шарахь Швейцарис къобал дина эрмалойн геноцид.
Дерриг дуьненан махлелоран кхолламера Эрмалойчоьнан векал ву иштта Женевехь.
Швеци
бӀаьра нисйанШвецис эрмалойн геноцид къобал йина 2010 шарахь.
Эрмалойчоьнан Стокгольмехь вакилат ю. 2014 шарахь дуьйна Швецин Ереванехь вакилат ю.
Швецехь веха 5-8 зар гергга эрмало.
Ший а мохк бу Европин Кхеташонан юьззина бакъо йолу декъахо.
Эстони
бӀаьра нисйанЭрмалойчоь гайтина Эстонехь Вильнюсера (Литва) вакилато а, Таллиннера сий долу консулалло а. Эстони Эрмалойчоьнна гайтина шайн Афинера (Желтойчоь) вакилато а, Ереванера сий долу консулалло а. Эстонехь 3000 гергга эрмало ву.
Эфиопи
бӀаьра нисйанШинне а мехко хӀиттийна дипломатин юкъаметтигаш 1993 шеран 2 декабрехь. Эрмалойчоь векал йина Эфиопехь шайн Мисран КъахӀирера вакилатца. Эфиопи векал йина Эрмалойчохь шайн Россера Москохан вакилатца. 2016 шеран майхь сацам бина, Эрмалойчоьно Эфиопин коьртачу шахьрахь Аддис-Абебехь вакилат дӀаелларх. Аддис-Абебехь эрмалойн жима йукъаралла ю.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Внешняя политика (арм.). www.mfa.am. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 19 октябрь.
- ↑ Armenia planning to open diplomatic representations in Brazil, Lithuania, Finland and Japan . ТӀекхочу дата: 2011 шеран 5 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 17 июлехь
- ↑ Внешняя политика Армении в 2008 году: итоговый отчет МИД Армении
- ↑ «Конвенция о предупреждении и наказании преступления геноцида» (Утверждена и предложена к подписанию и ратификации резолюцией Генеральной Ассамблеи ООН 260 A (III) от 9 декабря 1948 г.)
- ↑ Argentina Senate Declaration, March 31, 2004
- ↑ Argentina Law, January 15, 2007
- ↑ Belgium Senate Resolution, March 26, 1998
- ↑ Vatican City Communiqué, November 10, 2000
- ↑ Venezuela National Assembly Resolution, July 14,2005
- ↑ Официальный сайт Бундестаг
- ↑ Germany Parliament Resolution, June 15, 2005
- ↑ Greece (Hellenic Republic) Parliament Resolution, April 25, 1996
- ↑ Italy Chamber of Deputies Resolution, November 16, 2000
- ↑ Canada House of Commons Resolution, April 23, 1996
- ↑ Canada Senate Resolution, June 13, 2002
- ↑ Canada House of Commons Resolution, April 21, 2004
- ↑ Cyprus House of Representatives Resolution, April 29, 1982
- ↑ Lebanon Chamber of Deputies Resolution, April 3, 1997
- ↑ Lithuania Assembly Resolution, December 15, 2005
- ↑ Netherlands Parliament Resolution, December 21, 2004
- ↑ Poland Parliament Resolution, April 19, 2005
- ↑ Заявление Государственной Думы Федерального Собрания РФ «Об осуждении геноцида армянского народа в 1915—1922 годах» от 14 апреля 1995 г
- ↑ Slovakia Resolution, November 30, 2004
- ↑ Uruguay Senate and House of Representatives Resolution, April 20, 1965
- ↑ Uruguay Law, March 26, 2004
- ↑ France National Assembly Law, May 28, 1998
- ↑ France Senate Law, November 7, 2000
- ↑ France Law, January 29, 2001
- ↑ [https://web.archive.org/web/20090211062533/http://www.assembleenationale.fr/12/propositions/pion3030.asp Архивйина 2009-02-11 — Wayback Machine Архивйина 2009-02-11 — Wayback Machine Архивйина 2009-02-11 — Wayback Machine Архивйина 2009-02-11 — Wayback Machine Proposition de loi complétant la loi n° 2001-70 du 29 janvier 2001 relative à la reconnaissance du génocide arménien de 1915 (франц.)] Архивйина 2009-02-11 — Wayback Machine
- ↑ Национальная ассамблея Франции одобрила законопроект, в соответствии с которым отрицание геноцида армянского народа в Османской империи в 1915-17 годах объявляется уголовным преступлением
- ↑ РИА «Новости». 20:19 06/06/2007. Сенат Чили принял осуждающий геноцид армян документ
- ↑ Switzerland (Helvetic Confederation) National Council Resolution, December 16, 2003
- ↑ Кеп:Книга:A perfect injustice: genocide and theft of Armenian wealth
At around the same time, on March 29, 2000, the Swedish Parliament passed a formal resolution recognizing the Armenian Genocide, this after a Swedish parliamentary report asserted that «An official statement and recognition of the genocide of the Armenian is important and necessary.» Sweden urged Turkey to do so as well. Canada also recognized the genocide. (The Italian and Austrian parliaments as well as the Swiss and the German parliaments recognized and debated this issue of the Armenian Genocide without a conclusion.)
- ↑ Турция отзывает посла из Стокгольма из-за признания парламентом Швеции геноцида армян. Эхо Москвы (2010 шеран 11 март). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 13 август. Архивйина 2012 шеран 4 февралехь
- ↑ Парламент Швеции признал Геноцид армян(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Швеция признала геноцид армян в Османской империи. За рубежом. ФОКУС
- ↑ BBC Russian — В мире — Швеция признала геноцид армян в Османской Турции
- ↑ [1] Архивйина 2014-08-14 — Wayback Machine, [2]
- ↑ First Minister of Wales recognises the Armenian Genocide on Holocaust Memorial Day — European Armenian Federation Архивйина 2011-07-20 — Wayback Machine
- ↑ Basque Parliament recognises Armenian Genocide
- ↑ Catalonia Parliament recognises the Armenian Genocide Архивйина 2010-03-14 — Wayback Machine
- ↑ Balearic Islands Parliament recognises the Armenian Genocide
- ↑ Armenian National Institute, Armenian National Institute, Inc., [3]
- ↑ Новости на treli.ru . ТӀекхочу дата: 2011 шеран 6 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 14 июнехь
- ↑ Московский Комсомолец
- ↑ Новости — Эрмалойчоь Архивйина 2014-01-15 — Wayback Machine
- ↑ Кирилл Зубков. Азербайджан угрожает Эрмалойчоьнан (ru) // РБК daily. — 28 ноября 2007. Архивйина 2012 шеран 18 сентябрехь.
- ↑ kavkzweb.net
- ↑ Новости на km.ru . ТӀекхочу дата: 2011 шеран 6 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2008 шеран 9 июнехь
- ↑ Юрий Котенок. Война в Нагорном Карабахе может повториться. — 25 октября 2005. — № 298 (2062).