Ясаков, Руслан Каимович

ХӀокху версин 6 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2019, 1 май).

Яса́ков Русла́н Каимович (1948 шеран 20 октябрехь, ССРС, Кхаз.ССР, Карагандан областан, Жанааркин кӀоштан Атасухь) — нохчийн литератор, публицист[1]. Тайпана Ӏаларо.

Ясаков Руслан (Суламбек) КъахӀиман кӀант
Ясаков Руслан КъахӀиман кӀант
Ясаков Руслан КъахӀиман кӀант
Вина терахь 1948 шеран 20 октябрь({{padleft:1948|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (76 шо)
Вина меттиг Атасу, Жанааркин кӀоштан Карагандан областан, Кхаз.ССР, ССРС
Корматалла литератор
Гражданалла ССРС ССРСРосси Росси
Да КъахӀим
Нана Халипат
Зуда Розат
Бераш 2 йоӀ, 2 кӀант

Биография

бӀаьра нисйан

Руслан вина нохчий махках баьхначу заманахь 1948 шарахь Кхазакхстанан Карагандан областехь. Цуьнан 10 шо кхочуш церан доьзал цӀехьа бирзира шайн Даймахка, шайн дай баьхначу эвла Теркан кӀоштарчу ЧӀулга-Юрта 1958 шарахь. 1967 шарахь чекхйаьккхира йуккъера ишкол, ткъа шолгӀачу шарахь Руслан Советийн эскаре вигира.

1970 – 1982 шерашкахь Руслана белхаш дира Ростовн областехь а, ГӀалмакхойчохь а тайп-тайпанчу совхозашкахь шофер, киномеханик, электрик даржашкахь. Цул тӀаьхьа Руслан кхелхира Кхазакхстанерачу Уралан областе, цигахь шофер болх бина 1985 шарахь кхелхира Волгоградан областерчу Дубовка гӀала. Цигахь чекхйаьккхира йуьртабахаман техникум, зоотехник говзаллица[1].

Русланан да Ясаков КъахӀим нохчий арабахале а, дешна вара. Цуо чекхйаьккхира Асламбекан цӀарах йолу Эна-Хишкара хьехархойн училище. ЦӀехьа бирзинчул тӀаьхьа ЧӀулга-Юртан йуккъерачу ишколехь нохчийн мотт а, литература а хьеха волавелира. И болх КъахӀима 1987 шарахь шен Ӏожалла тӀекхаччалц бина, масех чкъор йуьртахойн Ӏамийра[1].

Русланан дас-нанас КъахӀима а, Халипата а, даиман шайн боккха доьзал кхиош-кхетош когаш тӀе хӀиттийра. Церан доьзалехь виъ кӀант а вара, шиъ йоӀ а йара.

Публикации

бӀаьра нисйан

Дуьххьара зорба туьйхира Руслан Къилбаседакавказан тӀеман гуон газетехь «ЦӀиен байракх», эскарехь а волуш. Цуьнан дуккха а статьяш араевлира Уралан областан а, Волгоградан областан а меттигерачу газеташкахь.

1990 шарахь дуьйна Русланан публикацеш арайовла йуьйлайелира Теркан кӀоштан «Теркйист» газетехь а, республикин массин хаамийн гIирсашкахь, газеташкахь «Нохч-ГӀалгӀайчоьнан аз», «Республика», «Республикин хаамаш», журналашкахь «Вайнах», «Нана»[1].

Творчество

бӀаьра нисйан

2010 шарахь Петарбухан «Белые ночи» арахецаралло зорба туьйхира Русланан оьрсийн маттахь йолу историн роман «Отшельник и соловей», йуха романан тираж ца тоьина шозлагӀа арахийцира Уфарачу «Принт» арахецаро.

2015 шарахь Петарбухарчу «Регион-Про» арахецаро зорба туьйхира Русланан оьрсийн маттахь йолу историн-политологин очеркаш «Древнейшие инструменты политики: террор, подкуп, религия и язык»[1].

2018 шарахь Петарбухарчу ООО «Трувор» арахецаро зорба туьйхира Русланан оьрсийн маттахь йолу историн очеркаш «Некоторые лакуны историографии Чечни» цӀе йолу.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 5 Журнал «Нана» №7-9 (151), 2016г.