Ӏазалла йа Диктатура (латинан маттера схьадеъна дош dictatura)- пачхьалкхан урхаллин унитаре кеп ю. Диктатура йолчехь дерриг Ӏедал цхьана стеган (Ӏазалхочун) а, йа урхалла дечу партин (бертан, классан) а карахь хуьлу. Шена ма-луъу пачхьалкхана дола деш волчу урхалхочух Ӏазалхо йа диктатор олу. Ткъа диктатура йолчу махкахь адаман бакъонаш хьошу.

Диктаторш куьйгалле хуьтту чолхечу хенашкахь, масала массийн белхазалла а, инфляци а ялахь, йа нах карзах а бевллачу хенашкахь. Диктаторан гӀодеш а, цуьнан Ӏедал латтош а хуьлу Ӏаткъам болу тобанаш, масала лаьттадай а, долара компаниш ерш а, банкийн куьйгалхой а. Иштта цхьайолчу меттехь диктаторан урхалла а, низам а хӀотто а, чӀагӀдан а, гӀодеш а хуьлу тайп-тайпанара институташ, масала Руман-Католикийн килс.

Цхьайолчу диктатураш ницкъаш бан тарло билгалчу йукъараллин чкъуран, масала белхазхойн а, белхийн кӀоштийн а, йа кӀезиг къаьмнийн а,. Иштта Ӏазалла яра ХХ-чу бӀешеран 40-чу шерашкахь Германехь, жуьгтийн къам хьийза а динчу муьрехь. Цу могӀе юкъатоха мега Латинийн Америкехь йолу диктаторийн хӀоттамш.

Шай куьйгалла хӀоттодан диктаторш цхьацца леларш доладо- цара бойъу шйна дуьхьало йеш берш а, политикин йа динан довхой а, ткъа цхьаболу мостагӀий набахте чубухку йа махках (дозанал) арабоху.

Ӏазалхош боьхку шена муьтӀахь йоцучу политикин партийн белхаш. Церан бахам а, чоьнаш а пачхьалкхан долалле йоккху. Диктаторш хьийза а бо, таIзар а до динан тобанийн а, цхьайолчу хьукматийн а. Цара дӀайоккху  я дӀакъовлу демократийн институташ, масала парламент а, кхечу пачхьалкхашкахь конгресс а.

Йукъараллин организацеш, царна юкъахь махкаллин (граждански) бакъонийн тобанаш а, бакъоларъяран организацеш а, бакъонан гӀодаран яккъаш а, студентийн берташ а, профберташ йа белхийн берташ а хӀаллакдо. Ткъа и белхаш кхидӀа беш долу адамаш дайъа там бу.

Ӏазалхош гуттар юха а язйо йолушйолу конституци йа юкъайоккху керланиг. Керла конституци арахецарца церан Ӏедал де-юре догӀуш хуьлу. ТӀаккха церан куьйгалла къийса цхьанна а бакъо йац. Цул тӀаьхьа диктаторш шай Ӏедал леладо пачхьалкхан терроризмаца а. Пачхьалкхан терроризман юкъайоху къайлаха полици а, Ӏожаллин эскадронаш (эскарш) а, ларамаза йа буьйсанан комендантан сахьт а, кхел а, хан а йоцу лацар а, та1зарийн яккъаш а, концентрацин лагерш (концлагерш) а.

Цхьайолчу диктатураш кхуллу бокъалла а воцуш волу чоьхьара (пачхьалкхан чохь) мостагӀ. Диктаторо ша цуьнца тӀом беш хилар дӀахьедо. Иштта буха тӀе даладо Ӏазалхош шаьш машаре бахархойн дуьхьал лелош йолу харцонаш а, гӀело яр а.

Салташа урхалла деш долу диктатурах тӀеман диктатура йа хунта олу. ЦӀена (абсолютан) монархи (паччахьан шен махкахь дуьззина куьйгалла долу кеп) Ӏазалла санна лара мегар ду, амма цунах диктатура ца олу.

Дукхачу хьолехь адаман диктатура ца еза. ХӀунда аьлча, цхьанне а ца беза Ӏазап латтош болу пачхьалкхан дӀахӀоттам. Ткъа Ӏазалхой ахча а, Ӏедал а бахьана долуш латтадо адамийн тӀехь куьйгалла, иштта уьш эгоисташ бу.

Цхьаболу Ӏазалхой: