Ӏовх
Ӏовх[2], Ӏовха[3], Ӏавх, Ӏовхойн мохк — нохчийн мохк а, нохчийн экзотопоним а[~ 1]. Таханлерчу дийнахь и мохк ДегӀастанан республикин йукъахь бу.
Ӏовх | |
---|---|
Кхин цӀерш | Ӏовха, Ӏавх, Ӏовхойн мохк |
Экзотопонимаш |
|
Географин регион | Къилбаседа Кавказ |
Бахархой | |
1840-чу шарахь Пуллос иштта дийцира нохчий Ӏаш болу мехкан дозанаш:
Кавказан аьрру фланган куьйгалхон керахь лоруш ду коьрта дукъан лаьмнийн а, Ӏаьндийн ГӀой хина а, ГӀой хина а, Каспий-хӀордан а, Теркан а, Ӏасс хина а, Даут-Мартанан а йуккъера латтанаш. Оцу меттиган коьрта бахархой бу нохчий, массо Кавказан къаьмнийн йукъара уггаре нуьцкъала, аьрха майра къам; Уьш лоруш бу 100 эзар са. ...[4] |
Истори
бӀаьра нисйанГеограф а, этнограф а, артиллерист а, оьрсийн тӀеман гӀуллакххо а хиллачу, 1728 шарахь Каспий-хӀорд йистан карта диначу Густав Герберс йаздина нохчий хьалха Каспий-хӀорд йисте кхаччалц Ӏаш хилла аьлла. И верси бакъйина 1785 шарахь историк а хиллачу Михаил Чулковс а, 1800 шарахь инарла а хиллачу Богдан Кноррингс а[5][6][7].
Густав Герберс йаздина хӀара:
Хьалха нохчийн хӀусамаш Ӏаьндари уллора лаьмнашкара Каспий-хӀорда тӀе кхаччалц йаьржина йара, амма цара гребенски а, донан а гӀазакхийн даьхний, говраш дӀалоьхкуш (лечкъайеш) дукха зулам дарна, 1718 шарахь царна тӀе масех эзар донан гӀазакхий бӀо бахийтира, цара церан латта дасдира, дукха нах байира[6][7].
Иштта хӀордйисте чӀерий лийца оьхуш болу нохчийх лаьцна йаздина оьрсийн гӀуллакхехь хиллачу некъахо а, натуралист а хиллачу Готлиб Гмелинс 1774 шо кхачале Каспий-хӀорд йистехь а, Нохчийн гӀайре а тӀехь хийла волу, иштта оцу билгал до «Чечень» цӀе чеченцы этнонимах схьайелла хилар[8]. Географин Ӏилманан доктор а хиллачу Евгений Михайлович Поспеловс а бакъдо гӀайренна цӀе нохчийн кӀоман цӀарах схьайелла хилар[9], ткъа историк Дмитрий Ровинскис гӀайрех лаьцна боху хӀара «Чечень», йу «нохчийн хӀусамийн дуьхьала»[10]. Гмелинс йаздина хӀара:
УьтталгӀачу динахь Ӏуьйранна ворхӀ даьлча тхо кхачийра ворхӀ сажен гена делкъехь тхуна гира Нохчийн гӀайре. Цунна цӀе тиллина лаьмнашкахь Ӏаш болу нохчийн цӀарах, кхуза чӀерий леца оьхуш хиллачу...[8] |
1818 шерахь оьрсийн инарла хиллачу Ермоловс йина масийтта экспедици Нохчийчоьнан Ӏовхойн-махка. Оцу экспедицехь хиллачух В. Поттос хаам-бо, иштта «...Массийта дийнахь ГӀумкийн аре нохчийх дӀацӀанйина»[11].
Нах беха меттигаш
бӀаьра нисйанӀовхойн мехкан цхьайолу йаккхий нах беха меттигаш (цхьайолчу эвлашкахь нохчий а, гӀумкий а, немцой а бахархой хилла):
- Акбулат-отар (нох),
- Алтмирз-Йурт (нох),
- Арслан-Герин-отар (нох, гӀум)[12],
- Будайхан-отар (нох),
- Умахан-отар (нох);
- Пхьарчхошка (нох),
- Бурсун (нох),
- МажгӀара (нох),
- Ширча-Эвла (нох);
- Байрам-Эвл (гӀум, нох),
- Хункерово (нох);
- Йоккха-Бамт-Йурт (нох),
- Ӏабдрашид-Отар (нох),
- Адильотар (нох, гӀум),
- Зарият-отар (нох),
- Кошай-отар (нох),
- Кибарчиг-ГӀота
- Манти-отар (нох),
- Дитташка (нох);
- Бони-Эвла (нох),
- Боони-Йурт (нох),
- Безен 1-й (нох),
- Безен 2-й (нох),
- Виси-Ирза (нох),
- Генчик-Эрзе (нох);
- Хьаьж-МӀаьж-Йурт (гӀум, нох),
- Баташево, Евгениевка (нем, нох),
- Ӏосман-Йурт (нох), Османюрт-отар,
- Сим-Сыр (нох),
- Узлуяновка?,
- Хаама-Йурт (гӀум, нох);
- Билт-Эвла (нох),
- Ивановская мельница (нох);
- Татьяновка (Камыш-кутан) (нох),
- Кандауровка (гӀум, нох);
- Кешен-Эвла (нох), Ибарки (нох),
- Шалам-Инчу (нох), Эшба-Инчу (нох),
- Ярыксу (нох),
- Ярыксу-отар (нох),
- Яштаркие (нох);
- Джангиши-Аджи (нох),
- Даниял-отар (нох),
- Абдул-Меджид-отар (нох),
- Арсан-Мурза-отар (нох),
- Бал-Йурт 1-й (нох),
- Бал-Йурт 2-й (нох),
- Бамматбек-Йурт (нох),
- Жуково (нох),
- Мациевка (нох),
- Ярмаркин 1-й (нох),
- Ярмаркин 2-й (нох),
- Ярмаркин 3-й (нох);
- ГӀачалкъа (нох),
- Барчхой-Отар (нох),
- Зори-Отар (нох),
- Мини-АтагӀа (нох),
- Эдал-Отар (нох),
- Лакха-Отар (нох).
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Дерриг къаьмнаша санна, шайн кхиаран цхьаьна билгалчу муьрехь, нахийн къаьмнаша лелайора шайна йукъарчу гергарлонан, мехкан, социалан тӀеман йукъараллин цӀерийн чолхе система. Иштта цхьаьнакхетараллин нахийн структура лаьттара тайп-тайпана барам а, статус а йолчу тобанех, масала тукхамаш/шахьарш, тайпанаш, гаранаш, некъий, цӀа, доьзал. ХӀокху заманахь тайп-тайпана цхьаьнакхетараллин шира нахийн системан чолхе кхетам бахьнехь, церан йаккхийра кепашна кавказйовзарехь дукха хьолехь лелайо термин маьрша йукъараллаш йа деккъа йукъараллаш.
- Хьосташ
- ↑ Журтова А.А., Максимчик А.Н. Историография российско-кавказских отношений в XVI–XIX в.: два подхода к осмыслению проблемы / доктор исторических наук, профессор П.А. Кузьминов. — Владикавказ: СОИГСИ ВНЦ РАН, 2017. — 440 с. — (Первая монография). — ISBN 978-5-91480-280-3. (Архивйина 2023 шеран 15 апрелехь).
- ↑ Чеченский тайп аккой . Зелимхан Мусаев (2017 шеран 17 ноябрь). Архивйина 2022 шеран 8 майхь
- ↑ * З.А. Тесаев. Чеченская „география“ XV века, составленная по данным ученого-богослова и путешественника Аздина Вазара. — Грозный: «АО ИПК «Грозненский рабочий», 2018. — 256 с.
- ↑ К управлению начальника левого фланга Кавказской линии отнесено пространство, ограниченное главным хребтом гор, реками Андийским Койсу, Сулаком, Каспийским морем и рр. Тереком и Ассою и Даут-Мартаном. Главное народонаселение этого пространства составляет чеченское племя, самое сильное, буйное и воинственное из всех кавказских народов; их считается до 100 тыс. душ. ...
- ↑ Акты, собранные Кавказской археографической комиссией: Том I. c. 716
- ↑ 1 2 Историческое описание российской коммерции при всех портах и границах : От древних времян до ныне настоящаго и всех преимущественных узаконений по оной государя имп. Петра Великаго и ныне благополучно царствующей государыни имп. Екатерины Великия, / Сочиненное Михайлом Чулковым. — Санктпетербург : При Имп. Акад. наук, 1781—1788. — 4°. Т.2, кн.2. — 1785. — 90, 1-446, 449—626 [=624] с. Хранение: MK АН-4°/ 81-Ч; Хранение: W 213/831;
- ↑ 1 2 ИОГАНН ГУСТАВ ГЕРБЕР ИЗВЕСТИЯ О НАХОДЯЩИХСЯ С ЗАПАДНОЙ СТОРОНЫ КАСПИЙСКОГО МОРЯ МЕЖДУ АСТРАХАНЬЮ И РЕКОЙ КУРОЙ НАРОДАХ И ЗЕМЛЯХ И О ИХ СОСТОЯНИИ В 1728 ГОДУ
- ↑ 1 2 Гмелин С. Г. Путешествие по России для исследования трех царств естества. Том 3, ч.1, Архивйина 2016-04-15 — Wayback Machine
- ↑ Поспелов Е. М. Географические названия мира: Топонимический словарь. — М., 2002, С.462-463.
- ↑ «Чеченцы: история и современность» / Составление и общая редакция Ю.А. Айдаева. — Москва: Мир дому твоему, 1996. — 352 с. — ISBN 5-87553-005-7. * Антология. «Чеченская Республика и чеченцы. История и современность». — Москва: Наука, 2006. — 576 с. — ISBN 5-02-034016-2.
- ↑ Общественный строй Чечни: вторая половина XVIII в.--40-е годы XIX века Ф. В Тотоев с 287
- ↑ Районированный Дагестан. Административно-хозяйственное деление ДССР по новому районированию 1929 г.
Литература
бӀаьра нисйанОвсянников Д. В. Общественный и хозяйственный уклад чеченцев Ауха накануне присоединения к России (начало XIX века) (ru) // Современная научная мысль. — 2023. — № 6. — С. 42-46.