Айткхаллой[1]нохчмахкахойн тукхумара нохчийн тайп, тайп даьржина малхбален а, къилбаседа а Нохчийчохь[2].

Шира тайпа
Айткхаллой
Курчалой-ГӀалара Айткхаллой
Курчалой-ГӀалара Айткхаллой
Кхин цӀерш Айт-Кхаьллой
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам нохчмахкахой
Йукъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан нохчмахкахойн лер
Йоза кириллица
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Тайпан йукъа догӀу
  • Акхшой гар
  • Гизи гар
  • Марзи гар
  • Тунжахан гар
Дай Айта
Гергарло сесаной, ишхой
Таханлера дӀасакхалхар
Азамат-Юрт, Устрада-ГӀала, ТӀехьа-Марта, ВаларгтӀе, Гелдагана, Гуьмсе, Жалкх, ЧӀулга-Юрт, Боти-Юрт, Берза-Боьра, Курчалой-ГӀала, Мелчхе, Мескар-Эвла, Ойсхар, Йоккха АтагӀа, Хьалха-Марта, Хьиди-КӀотар, Чечан, Энакхаьлла, Ялхой-Мохк
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк

Тайп J2 гаплотобан[3] йукъара ду.

Истори нисйе бӀаьра

Тайпанан тептаршкахь дийцарехь айткхаьллой, сесаной, ишхой Нашхара веана хӀинцалерачу Сесанан уллорчу ГӀудукх олучу меттиге охьахиинчу Садин тӀаьхьенах бу[4].

Шен «Топонимия Чечни» белхан чохь нохчийн гӀараваьллачу Ӏилманчо А.С. Сулеймановс яздо, Aйткхаьллоша шайн тайпана да лору Нашхара веина Айт-Кхаьлла йиллина Айта. Дийцарехь Айткаьллой, Энганой, Сесаной вежарех схьабевлла лору[5].

Тайпа даьлла лору Сайд-Ӏали Шамин кӀента-кӀента-кӀентан Шамханан тӀаьхьенах волчу Айтех.

Кхечу баккхийчара дийцарехь Айткхаьллойн ден цӀе Сейса Сада хилла. Сада ваьхна Нашхахь йолчу Моцкъарахь, XIII-XIV бӀешерашкахь малхбален Нохчийчу кхелхина, дуьххьара охьахиина ГӀудукъ олучу меттиге, тӀаьхьо меттигах ала долийна Сесана а, Айт-Кхаьлла а. И цӀе лелаш ю Айткхаьллойн а, Сесанойн а силсилашкахь. Сесана йиллина лору Сейса Садас, цуо весет дина шен тӀаьхье ворхӀ чкъор хийцадаллалц Моцкъарахь дӀабохкар.

Силсила: Сада – Саьркъа – Холча – Хьашта – Такхмисар (Такхмисар цӀе Сесаноша язйина Нашхо аьлла, цӀе хийцаелла хила тарло, дуьхьанца иза масала – Нашхо Такхмисар хилла хила тарло) – Гела – Ата – Айта (иза сесанойн, а айткхаьллойн а да ву, цо йиллина Айт-Кхаьлла йуьрт), – Байбаркъа – Хьашукъа - Яшуркъа – Хьесалби (цуьнан кӀентий хилла Ӏацми (Ӏарби), ГӀамбулат, Оьспа, Оьлакъ).

ГӀамбулатан тӀаьхьенаш дакъалаьцна Илсхан-Юрт юьллуш. Оьлакъа кхелхина Жима ГӀебарта (хӀинца Теркан, Малхабекан кӀошташка), церан тӀаьхьенаш хӀинца а еха ЧӀулга-Юртахь а, Лаха Неврехь а, амма тӀаьхьуо цхьайолу тӀаьхьенаш юхайирзина Сесанойша а, ГӀордалойша а йиллина лоручу МелчхитӀе. Оьспа кхелхина гӀумкийн ярташка. Ӏацмин ши кӀант хилла. Цхьанах, Тунжуханах, Айткхаьллой тайпанара Тунжхан гар (гаплотоба J2) даьлла. И гар тайпанехь уггар доккханиг ду, иштта доккха ду Теркан кӀоштахь деха Сесанойн гар, цара лелайо фамилеш КасаевгӀар, ЯндаровгӀар, ХамидовгӀар, ХуклаевгӀар, КукаевгӀар, АсхабовгӀар. Ӏацмин (Ӏарбин) шолгӀа кӀентан – Селимханан тӀаьхье еха Сесанахь.

Географи нисйе бӀаьра

Айткхаьллойн мохк Энакхаьлла, Гуьна, Ширдий-Мохк йукъахь, Гумс эркан тӀехь лаьтта, цунна йукъайогӀу: Айткхаллойн регӀа-тӀе, Ачаршка, Гунин кӀотар, ЖагӀларги, ЖагӀ-Ӏинан кӀотар (Айт-Кхаьлла), НикӀи-ХитӀа, ткъа уггар шира эвланаш – Ачарашка, Айткхаьлла я ЖагI-Iин-кIотар – ца йисина.

СихӀсиха хуьлу токхмаш бахьнехь уьш йитина, ткъа бахархой кхелхина кхечу ярташка а, акъари тӀе а. Тахана, Ачарашка, НикIин-хитIа, ЖагI-Лергие, РегIа-тIе йоцуш, айткаьллой беха Нохчийчоьнан а, ДегӀастанан а юрташкахь а, гӀаланашкахь а: Азамат-Юрт, Устрада-ГӀала, ТӀехьа-Марта, ВаларгтӀе, Гелдагана, Гуьмсе, Жалкх, ЧӀулга-Юрт, Боти-Юрт, Берза-Боьра, Курчалой-ГӀала, Мелчхе, Мескар-Эвла, Ойсхар, Йоккха АтагӀа, Хьалха-Марта, Хьиди-КӀотар, Чечан, Энакхаьлла, Ялхой-Мохк, кхин а[6].

Тайпана цӀе йукъахь йолу топонимаш нисйе бӀаьра

«Айткхаьлла» – Гумс эркан тогӀенца, Энакхаьлла йуьртан къилбехьа. Кхузахь хилла тайпана да Айта дуьххьара охьахиина меттиг. Йуьрт йиллале оцу дӀакхоьссинчу меттигах ЖагӀ-Ӏин олуш хилла. Сих-сиха токхамаш хиларна йуьрт йитина, бахархоша керла йуьрт йиллира Ачаршка.

Айткхаьллойн кешнаш – Айт-Кхаьлла лаьттинчу меттиган къилбехьара шира кешнаш[7].

XIX бӀешарахь Ӏаьс хин бердашца Айткаьлла эвла хилла, цуьнан бахархой дӀакхалхийна Жимачу ГӀебарта[8].

Айткхаллойн йукъ[9] - Курчалойн юртара куп.

Тайпан гаранаш нисйе бӀаьра

Айткхалойн гаранаш:

  • Акхшой гар[10]
  • Гизи гар[10] (гаплотоба J2[3])
  • Марзи гар[10]
  • Тунжахан гар[10] (гаплотоба J2[3])

Тайпан гӀарабевлла нах нисйе бӀаьра

Мадин Жаьммирза – Нохчийн къоман турпал.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. ↑ К вопросу о количестве чеченских тайпов. Натаев Сайпуди Альвиевич
  2. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006 г. (переиздание 1976—1985 гг.)
  3. 1 2 3 Chechen-Noahcho DNA Project - Y-DNA Classic Chart
  4. Стр. 64 - Журнал Нана Архивйина 2018-03-09 — Wayback Machine
  5. Сулейманов, 1997, с. 303.
  6. Сулейманов, 1997, с. 302-303.
  7. Сулейманов, 1997, с. ?.
  8. Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859
  9. Сулейманов, 1997, с. 496.
  10. 1 2 3 4 Айткхаллой. checheninfo.ru — Мультипортал о Чеченской Республике (4 августехь 2020). ТӀекхочу дата: 8 августехь 2020.

Литература нисйе бӀаьра