Акведук (эвла)
Акведук (оьрс. Акведук) — Российн Федерацин ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Теркан кӀоштара эвла. Муниципалан кхолламан «Йуьртан меттиг Керла-Хьамидие» йукъахь йу.
Эвла | |
Акведук | |
---|---|
гӀебарт.-чергаз. Акуэдук, оьрс. Акведук | |
43°37′30″ къ. ш. 44°25′55″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Республика | ГӀебартойн-Балкхаройчоь |
Муниципалан кӀошт | Теркан кӀошт |
Йуьртан меттиг | Керла-Хьамидие |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1929 шарахь |
Хьалхара цӀерш | Кадиев эвла |
Центран локхалла | 207 м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | ↘9[1] стаг (2010) |
Къаьмнийн хӀоттам | гӀебартой |
Динан хӀоттам | бусалба-суннийш |
Бахархойн цӀерш | акведу́кхой, акведу́кхо |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +7 86632 |
Поштан индексаш | 361 212 |
Автомобилан код | 07 |
Код ОКАТО | 83235000002 |
Код ОКТМО | 83635440106 |
Номер в ГКГН | 0146559 |
Картин тӀехь | |
Географи
бӀаьра нисйанАкведук эвла лаьтта Теркан кӀоштан малхбален декъехь, Курп эркан аьрру бердаца. Эвлан центр йолчу Керла-Хьамидиен 7 км малхбалехьа ю, кӀоштан центран — Терк гӀалан 55 км къилбаседа-малхбалехьа, Нальчикан 97 км къилбаседа-малхбалехьа. Эвлан малхбалехьа административан доза доьду ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Къилбаседа ХӀирийчоьнца.
Доза ду эвлийн мехкашца: Керла-Хьамидиеца малхбузехь, Хьамидиеца къилбаседа-малхбузехьа Лаха Малгобекца малхбалехь.
Эвла лаьтта Теркан дукъан къилбаседа кӀажошкахь, таьӀна йолчу ГӀебартойн акъарин тӀехь, ломан тӀиера аренашка араболучу республикин мехкаш тӀехь. Эвлан латтан юккъера локхаллаш 207 метр ю хӀордан тӀегӀан тӀиера. Меттиган рельеф ийна ю, таӀна ломан кӀажошкара акъари, къилбехь Теркан дукъан басеш хуьлу.
Эвлан махкара гидрографин маша гайтина Курп эрко, иза чекхдолу эвлан малхбалехула, Малокабардински татоло, эвлан къилбехьахула доьду. Эвлан малхбузехьа лаьтта куьйга даьхна Ӏаьмнаш, цара нисдо хин татолийн охьадахар. Курп эркан атагӀи чӀогӀа хьийзаш а, цуьнан чӀож меттигашкахь 10 метр кӀорга ду. Эркан тогӀи дӀалаьцна хин йисттерачу хьуьнан асано.
Климат тӀуьна барамера йовха аьхкенца а, шийла Ӏаьнца а. Шеран юккъера хӀаваан температура +10,0°С гергга ю, техка юккъерчарна тӀиера +23,0°С июлехь, -2,5°С тӀекхаччалц январехь. Минимум температураш Ӏай наггахь охьайовлу -10°С лаха, аьхка максимум температураш кхочу +35°С. Шеран юккъера йочанийн барам 600 мм гергга бу. Йочанийн коьрта дакъа догӀу апрелера июнь кхаччалц болчу муьрехь. Коьрта мехаш — къилбаседера. Аьхке чекхйолуш йокъаллаш хила тарло, уьш йоьзна ю Каспиййистан аренан мехашца.
Истори
бӀаьра нисйанЭвла йиллина 1929 шарахь Малокабардински татол доккхуш, Кадиев эвлан меттигехь.
Хин татол кӀорга Курп эркан акъарех чекхдаккха акведукан система йира. Иза бахьнехь керла эвлан цӀе тиллира Акведук аьлла. Ткъа эвла юьхьанца охьахевшинера МКООС (Мало-Кабардинская опытно-оросительная система) татол тӀехь болх бен белхалой.
Бахархойн дукхалла
бӀаьра нисйанБахархойн дукхалла | ||
---|---|---|
2002[2] | 2009[3] | 2010[1] |
30 | →30 | ↘9 |
Климат
бӀаьра нисйанКхузахь климат барамехь континенталан йу, аьхка йовха хуьлу, ткъа Ӏа барамехь-шийла хуьлу. Шеран уггаре а бовха бутт бу — июль (мангалан), уггаре а шийла — январь (кхолламан).
Сахьтан аса
бӀаьра нисйанКхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Численность населения КБР в разрезе населённых пунктов по итогам Всероссийской переписи населения 2010 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 21 сентябрь. Архивйина 2014 шеран 21 сентябрехь
- ↑ Численность населения Кабардино-Балкарской Республики по сельским населенным пунктам по итогам ВПН-2002 . ТӀекхочу дата: 2016 шеран 11 февраль. Архивйина 2016 шеран 11 февралехь
- ↑ Численность населения по Кабардино-Балкарской Республике на 1 января 2009 года в разрезе муниципальных образований . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 16 март. Архивйина 2015 шеран 16 мартехь
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
ХӀара ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |