Бойкот (инг. boycott) — политикин а, экономикин а къовсаман кеп, ерриг я цхьаьна декъехь цхьаьна стагаца, кхолларца, предприятица, масала, балха ца боьдуш, оцу предприятин сурсаташ ца оьцуш, кхин а йукъаметтигаш дӀахадаяр.

KFC предприятешна бойкоте кхойкху нах, Мичиган, 2007 шо.

ВКЪКХ уставаца дуьненайукъара йукъаметтигашкахь — машар латторан цхьа нуьцкъала гӀуллакх ду (тӀеман ницкъаш а ца лелош). Пачхьалкхан Ӏалашо ю цхьаьна я масех пачхьалкхаца йукъаметтигаш ца лело. Бойкот ала мегар ду цхьаьнца цхьаьна хӀуманна реза ца хиларна муьлхха а йукъаметтигаш сацорех. Дош даьлла ингалсан урхалчин Бойкот Чарльзан фамилех, цунна дуьхьала 1880 шарахь ирландин арендаторша и болх бира.

ГӀараевлла бойкоташ

бӀаьра нисйан

Дуьххьарчарех гӀарайаьлла цхьа бойкот хилла «бойкот» дош йукъа а далале, йина XVIII бӀешарахь Ингалсахь аболиционистийн боламо. Боламан декъашхой шекаран эрзах даьккхина шекар а, лайш бацийна дина кхин сурсаташ а даа дуьхьала бевлира, тӀаьххьара тешийра лондонан серлонан доккхаха долу дакъа, шекарца чай малар — оьзда ца хилар. Оцуо юьхьиг йиллира 1833 шарахь Британин имперехь лолла дӀадаккхарна.

Пачхьалкхан тӀегӀанера дуьххьарлера формалан бойкот хилира, 1933 шеран 1 апрелехь нацистийн Германехь йина, дерриг къоман цхьана дийнан жуьгтийн фирмийн а, туьканийн а бойкот.

Бойкоташ сих-сиха лелайо къоман-паргӀатдахаран боламаша а, гражданийн бакъонийн къовсамехь а. Масала, XX бӀешеран хьалхарчу декъехь, цийчоьнан къоман боламаша (4 майн болам, Гоминьдан, кхин а) диллина бойкоташ йора Японин сурсаташна, шеш Цийчоьнца йолу Японин империн политикин реза ца хилар гойтуш. Махатма Гандис 1921 шарахь, ХӀинди маьршаяккхаран къовсам болуш кхайкхара хӀиндихошка британин фирмашна а, дешаран меттигашна а бойкот яре. Меттигера тӀегӀанера бойкоташ (расийн хьесапашца дискриминаци ечу билгалчу кхолларашна дуьхьала) хилира коьрта къовсаман хьесап АЦШн хӀуӀаьржачеран гражданийн бакъонаш къовсарехь 1950-гӀа а, 1960-гӀа а шерашкахь.

Шуьйра йевза Олимпийн ловзаршна бойкоташ. Масала, АЦШ а, цхьа могӀа бартхоша а бойкот йира Москохахь хиллачу 1980 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршна советийн эскарш 1979 шарахь ОвхӀан чудахарна. Цунна дуьхьала ССРС а, дукхаха йолу социалистийн мехкаша а бойкот йира Лос-Анджелесехь хиллачу 1984 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршна.

Уггаре яккхийчех бойкот йира Ӏаьрбийн мехкашкахь данин дааран сурсаташна 2006 шарахь, гӀарадаьллачу карикатуран дов бахьнехь.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
 
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «Бойкот»
  • Бойкотировать // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Friedman, M. Consumer Boycotts: Effecting Change through the Marketplace and the Media. London: Routledge, 1999.
  • Hoffmann, S., Müller, S. Consumer Boycotts Due to Factory Relocation. Journal of Business Research, 2009, 62 (2), 239–247.
  • Hoffmann, S. Anti-Consumption as a Means of Saving Jobs. European Journal of Marketing, 2011, 45 (11/12), 1702–1714.
  • Glickman, Lawrence B. Buying Power: A History of Consumer Activism in America. University Of Chicago Press, 2009.
  • Klein, J. G., Smith, N. C., John, A. Why we Boycott: Consumer Motivations for Boycott Participation. Journal of Marketing, 2004, 68 (3), 92–109.