Теза-Кхаьлла

Ведан кӀоштара йурт, Нохчийчоь.

Теза-Кхаьлла (оьрс. Тазен-Кала) — Нохчийн республикера Веданан кӀоштара эвла. Теза-Кхаьллин йуьртан меттиган административан йукъ[2].

Эвла
Теза-Кхаьлла
42°58′52″ къ. ш. 46°10′59″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Веданан
Йуьртан меттиг Теза-Кхаьлла
Истори а, географи а
Хьалхара цӀерш Кидири
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 666[1] стаг (2010)
Идентификаторан терахьаш
Поштан индекс 366330
ОКАТО 96204837
Картин тӀехь
Теза-Кхаьлла картан тӀехь
Теза-Кхаьлла
Теза-Кхаьлла картан тӀехь
Теза-Кхаьлла
Теза-Кхаьлла картан тӀехь
Теза-Кхаьлла

Село Теза-Кхаьлла йекъало пхеа куьпан: Борзе, Кхашка-ара, Йукъарчу гӀоьна, Ноже, Жани-Ведана[3].

Эла лаьтта Гумс эркан аьтту бердаца, кӀоштан йукъ йолчу Веданан 22 км къилбаседа-малхбалехьа (некъан тӀехула).

Гергара нах беха меттигаш: Къилбаседехьа — Лаккха-Курчала эвла, къилбаседа-малхбалехьа — ЦӀоьнтара, малхбалехьа — БелгӀата эвла, къилба-малхбалехьа — ДаьргӀа эвла, къилбехьа — ДегӀаста, къилба-малхбузехьа — Хорача эвла, малхбузехьа Дишни-Ведана эвла, къилбаседа-малхбузехьа — Эрсана эвла.[4].

Эвла йиллина Нашхара баьхкинчу кхаа вешех (Эжа, Теза, Ӏалбиг) цхьамма, йуккъерачу вашас Тезас.[5].

1944 - 1958 шерашкара муьрехь, нохчашна а, гӀалгӀашна а депортаци йинчул тӀаьхьа Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаьккхинчул тӀаьхьа, эвлан цӀе тиллира Мокок[6] аьлла, ДАССР Веданан кӀоштан йукъайоьдуш йара иза[7] .

1958 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийначул тӀаьхьа, эвлана схьайелира хьалхалера цӀе — Теза-Кхаьлла.

Бахархойн дукхалла
20022010[8]
821685

Тезакхаллойн а, цӀонтаройн а некъий беха цигахь: Товсолтан некъе, Чалин некъе, Ӏавдалан некъе, СугӀин некъе, СултӀанан некъе, Жанин некъе, ЦӀордойн некъе, Аьккхийн некъе, ЧӀебарлойн некъе, Имханан некъе[9].

Микротопоними

бӀаьра нисйан

Нах беха меттигаш

бӀаьра нисйан
  • Басе - Теза-Кхаьлла эвлан йукъара меттиг.
  • Борзе - эвлан йукъара меттиг.
  • Жанин Ведана – Жани-некъен хьалхара стаг Жани охьахиина йуьртан йукъара меттиг.
  • Къоьшка - галдаьккхина кхашка, Теза-Кхаьлла эвлан йукъара меттиг. Къоьшка-ара йа Кхашка-ара.
  • Ноже - эвлан йукъара меттиг.
  • Эвла – шира дийцаршкахь шен шина вешех къаьстина Теза охьахиина эвлан йукъара меттиг, ЦӀонтарошна йукъадогӀу тайпа тезакхаьллой Тезех схьадаьлла.
  • Йукъарчу гӀоьна - эвлан йукъара меттиг.

Лаьмнаш, даккъаш, ламанан кортош

бӀаьра нисйан
  • Айма яьлла корта – эвлан къилбехьара меттиг.
  • Борз йолучу коьрта – эвлан йистера меттиг.
  • Боккхачу коьрта – тезакхаьллойн тайпанан латташна йукъабогӀу лам.
  • ГӀонакхин хьех – эвлан къилбехьара лам. Лам тӀехь хьена буц а, цанаш а йу, шовданаш а ду.
  • Дампайн корта – эвлан йукъара меттиг. Дампай – хьалха охьахевшинчеран цӀе.
  • Ирзе тӀе – эвлан йистера лам.
  • Мирзайн дукъ - эвлан къилбехьара дукъ. Мирза – долара цӀе. Таьшта-мехкан кӀоштахь.
  • Митара-дукъ - эвлан къилбехьара дукъ. Таьшта-мехкан кӀоштахь.
  • Мунчакхан желе – лам, лаьтта Теза-Кхаьллин а, БелгӀатин а дозанера лам. Мунчакх – стеган долара цӀе.
  • Нуьйран дукъ - эвлан къилбехьара дукъ.
  • Оьздамаран дукъ – Оьздамар ваьхна, Теза-Кхаьлла эвлан къилбехьара дукъ.
  • Петар-дукъ – къилба эвлан йистера меттиг.
  • СаьӀдин хьех – къилбан агӀора тезакхаьллойн тайпанан латтанаш тӀера лам.
  • Таьшта мохк – эвлан йистера лам.
  • Тезакхаьллойн лам - лаьмнийн цанаш, хьаннаш йолу, шовданаш долу тезакхаьллойн лам.
  • Текхна лам (Къакъарайн ирзу, Саьрмако цӀога тоьхна меттиг) - Теза-Кхаьллин махкара лам.
  • Туьйре тӀе – Хорачанца дозанера лам.
  • Хоммурдан хьех – тезакхаьллойн тайпанан латтанаш тӀера лам. Хоммурд – долара цӀе.
  • Чурт даьлла дукъ – Жани-Веданан кӀоштахь. Эвлан йуккъехь.
  • Ши лам хедача – хьена буц а, цанаш а, хьаннаш а, йолу, дежийлаш а долу тезакхаьллойн махкара лам.

Эвлан йисташ

бӀаьра нисйан
  • Асхура – ЦӀонтарна а, Теза-Кхаьллин а, Курчалин а эвланашна йукъара меттиг. Кхуззахь бу Кхеташ Корта. Хаамчаша чӀагӀдо, Асхора – долара цӀе йу бохуш, амма цхьан а бух ца балабо.
  • Аьккха баьхна ара – эвлан йистера меттиг. Хьалха аьккхий баьхна.
  • Аьрсамирза ваьхначу – эвлан къилбехьара меттиг.
  • Байсолтанан хьер лаьттинчу – эвлан йистера меттиг. Байсолта – долара цӀе.
  • Бераман кӀажа – эвлан йистера меттиг.
  • Бозин ара – базанан ара - эвлан йукъара меттиг.
  • БӀев якъийнчу – эвлан къилбехьара меттиг.
  • ВаьлтӀас якъайна arlo - эвлан къилбехьара меттиг. Ваьлта – долара цӀе.
  • Даудан меттиг – эвлан йистера меттиг.
  • Декнийн акъара – эвлан йистера меттиг.
  • ЖагӀлерге - Теза-Кхаьллин эвлан йистера меттиг.
  • Жахов Ӏинчу - эвлан къилбехьара меттиг.
  • ЖелайтӀа – эвлан йуккъехь.
  • Ижунан коче - эвлан къилбехьара меттиг. Таьшта-мехкан кӀоштахь.
  • Йейн буха - эвлан къилбехьара меттиг. Хьоза – долара цӀе. Петар дукъан кӀоштахь.
  • Йуьртан кӀело – эвлан йуккъехь.
  • Кхийре – эвлан къилбехьара меттиг.
  • Кхераман чоь - эвлан къилбехьара меттиг.
  • КӀир боккху харш – Таьшта-мехкан кӀоштара, эвлан къилбехьара меттиг.
  • Мадин хьера лаьттинчу – эвлан йистера меттиг. Мада – долара цӀе.
  • Махьайн ирзу – эвлан къилбехьара меттиг. Махьай – ирзу даьккхинчун долара цӀе.
  • Мехкадаьтта долучу – эвлан йистера меттиг.
  • Муса-Юьспхьажин жоьла лаьттина меттиг - эвлан къилбехьара меттиг.
  • Надин варш – эвлан къилбехьара меттиг. Нада – долара цӀе.
  • Ноже хьалха - Теза-Кхаьлла эвлан йукъара меттиг.
  • Нуров ваьхначу - эвлан къилбехьара меттиг.
  • Очилдакхан ара - эвлан къилбехьара меттиг. Очилдакх – долара цӀе.
  • Оьрнаш долчу тӀе - эвлан къилбехьара меттиг.
  • Руьйте чу – эвлан къилбехьара меттиг.
  • Стовнийн акъара - эвлан къилба-малхбузехьара Гезгин лам болчура меттиг.
  • Тайгаш тӀе – эвлан къилбехьара меттиг.
  • Такхаман тӀехьа - эвлан къилбехьара меттиг.
  • Тенгиш басса – эвлан къилбехьара меттиг.
  • Тутин чарх лаьттинчу – эвлан йистера меттиг. Тута – долара цӀе.
  • Угаран ирзу – эвлан йукъахь. Угар – долара цӀе.
  • Хорочойн дозанера ор – къилба эвлан йистера меттиг.
  • Хорочойн дозанера чхор – къилба эвлан йистера меттиг.
  • Хулханан arӀo – дежийлаш а долу, хьаннаш а йолу тезакхаьллойн мохк.
  • Хьамдлон жела - Теза-Кхаьлла эвлан къилбехьара меттиг. Хьамдло – долара цӀе.
  • ХьаргӀа берде - эвлан къилбехьара меттиг.
  • Хьасайнан хьера лаьттинчу – эвлан йистера меттиг. Хьасайн – долара цӀе.
  • ХьаьргӀа бассо – эвлан къилба-малхбалехьара меттиг.
  • Хьевхьа тӀехьа – эвлан йистера меттиг.
  • Хьехан басса – эвлан йистера меттиг.
  • Хьонку болчу - эвлан къилбехьара Гезгин лам болчура меттиг.
  • Хьун хьаькхна чоь – эвлан къилбехьара меттиг. ЦӀе йоьзна, XӀX бӀешеран йуккъехь инарла А. П. Ермоловс долийна, йерриг Нохчийчохь, цкъан а ца хьаькхначу кепара хьаькхна хӀаллакйина хьаннашца. Кхузахь а хьаькхнера хьаннаш Воронцов коьртехь волу таӀзаран экспедици йолуш 1845 шарахь. Ночий къайла ца бовлийтархьама.
  • Чурта тӀе – эвлан къилбехьара чурт долу меттиг.
  • Шелчу хие – эвлан йистера меттиг.
  • ӀабдулгӀанайн хьера лаьттинчу – эвлан йистера меттиг.
  • Ӏавдалан акъара – Ӏавдалан-некъийн хьалхара стаг, Ӏавдал, охьахиина меттиг.
  • Ӏам болчу акъара – эвлан йистера меттиг.
  • Ӏеламханан хьера лаьттинчу – эвлан къилба йистера меттиг.
  • Ӏодас якъайна aгӀo – эвлан къилбехьара меттиг. Ӏода – долара цӀе.
  • Ӏоже хьалха - эвлан йукъара меттиг.
  • Байсолтин ирзу – эвлан йистера меттиг.
  • Байханан ирзу – эвлан йистера меттиг. Байхан – долара цӀе.
  • Висайн ирзу - эвлан къилбехьара меттиг. Виса – нохчийн долара цӀе.
  • ГӀезин ирзу – эвлан йистера меттиг. ГӀези – долара цӀе.
  • ГӀойсуман ирзу – Таьшта-мехкан кӀоштара, эвлан къилбехьара меттиг ГӀойсум – долара цӀе.
  • Зайнабан ирзу – эвлан къилбехьара меттиг. Зайнаб – зударийн долара цӀе.
  • Кедин ирзу – эвлан къилбехьара меттиг. Кеди – долара цӀе.
  • Коьллаш ирзу - Теза-Кхаьлла эвлан къилбехьара меттиг.
  • Пашайн ирзу - Теза-Кхаьлла эвлан къилбехьара меттиг.
  • Пезилатан ирзу - Теза-Кхаьлла эвлан къилбехьара меттиг. Пезилат – зударийн долара цӀе.
  • Салаватин ирзу – эвлан къилбехьара меттиг. Салават – долара цӀе.
  • ТӀуьшан ирзу – эвлан йистера меттиг. ТӀуьша – долара цӀе.
  • Хасин ирзу – эвлан йистера меттиг.
  • Хьамдлон ирзу - Теза-Кхаьлла эвлан къилбехьара меттиг.
  • Хьамзатхьажин ирзу - Теза-Кхаьлла эвлан къилбехьара меттиг.
  • Хьозин ирзечу - эвлан къилбехьара меттиг. Хьоза – долара цӀе. Таьшта-мехкан кӀоштахь.
  • Цицин ирзу - эвлан къилбехьара меттиг.
  • Элахин ирзe - Элаха – долара цӀе.
  • Ӏаьржиган ирзу – эвлан йистера меттиг. Ӏаьржиг – долара цӀе.
  • Ӏелахьаьжин ирзу – эвлан къилбехьара меттиг.
  • Ӏелимханан ирзу - Теза-Кхаьлла эвлан къилбехьара меттиг.
  • Ӏусайн ирзу – эвлан йистера меттиг.

Эркаш, уьшалаш

бӀаьра нисйан
  • Абакин хьера лаьттинчу – Гуьмс эркан хоршера меттиг.
  • Борзан Гумс чу – гу тӀера схьадогӀу Гуьмс (эрк), эвлан къилбехьара меттиг.
  • Гечо доцу Ӏин – эвлан къилбехьара меттиг.
  • Гуьмсан гӀаланаш – къилба-малхбузехьара Гуьмс эркан хоршера меттиг. Кхузахь дуккха а бӀевнех тера тархаш а, бӀогӀамаш а ду мохо а, хиш а Ӏаткъам бина хилла.
  • Гуьмсан тогӀи - эвлан къилба-малхбузера меттиг.
  • ГӀален хи – хьост.
  • ГӀойчин ишал – ГӀойча ваьхна, Теза-Кхаьлла эвлан къилбехьара меттиг.
  • Декъа ахк - эвлан къилбехьара меттиг.
  • Дишнийн Гуьмс – оцу эрканаца тезакхаьллойн доза ду Веданца
  • Дишнийн Гуьмс бухдолучу – Дишни-Веданан къилбан дозанера меттиг.
  • ДогӀа доьху меттиг – Гуьмс эркан харш чуьра меттиг.
  • Жиннийн Ӏин - эвлан къилбехьара меттиг.
  • Ковст яьлла ишал - эвлан къилбехьара меттиг. Ковст меттигерачу меттан декъехь - корсам.
  • Маядан хи - эвлан къилбехьара хьост долу меттиг.
  • Педанан гаде – хара чухӀоттийна хьост долу меттиг.
  • Ши Гуьмс цхьаьнакхетачохь – къилба-малхбузехьара ши эрк цхьаьнакхетачара меттиг.
  • Эдилмирзайн хи - эвлан къилбехьара меттиг.
  • Даккхайн кешнаш – эвлан йукъахь.
  • Йукъарчу гӀоьнан кешнаш – эвлан йукъахь.
  • ЦӀенчу мехка - ЦӀонтарна Теза-Кхаьллин а йукъара кешнаш долу меттиг.
  • Чалайн кешнаш – эвлан йукъахь.
  • Шира кешнаш – эвлан йукъахь.
  • Готтачу новкъа – эвлан къилбехьара меттиг.
  • Паччахьан некъ – Хорача йолчохь[10].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. бахархой Веденского района на 01.01 2010г. Чеченской Республики. Архивйина 2019-10-08 — Wayback Machine
  2. Тазен-Калинская сельский округ (сельсовет)* (Веденский район). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 18 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 29 январехь
  3. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 307. — 5000 экз. Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 25 август. Архивйина 2014 шеран 7 ноябрехь Архивйина 2014-11-07 — Wayback Machine (переиздание 1976—1985 гг.)
  4. Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 2 январь.rar. Объём 8 МБ.
  5. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 307. — 5000 экз. Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 25 август. Архивйина 2014 шеран 7 ноябрехь Архивйина 2014-11-07 — Wayback Machine (переиздание 1976—1985 гг.)
  6. Ведомости Верховного Совета РСФСР № 5 1958
  7. О восстановлении Чечено-Ингушской АССР и упразднении Грозненской области. lawru.info. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 8 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2019 шеран 6 августехь Архивйина 2019-08-06 — Wayback Machine
  8. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
  9. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 307. — 5000 экз. Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 25 август. Архивйина 2014 шеран 7 ноябрехь Архивйина 2014-11-07 — Wayback Machine (переиздание 1976—1985 гг.)
  10. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 307-313. — 5000 экз. Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 25 август. Архивйина 2014 шеран 7 ноябрехь Архивйина 2014-11-07 — Wayback Machine (переиздание 1976—1985 гг.)