Нохь
Нохь (Ӏаьр. نوح, Нухь) — исламехь беза болчу пхиъ пайхамарех а, элчанех а хьалхара цхьаъ ву, АллахӀа жуьгтийн тӀе ваийтина.
Нохь | |
نوح | |
![]() | |
Вина терахь | 3900 в.э. |
---|---|
Вина меттиг | Ӏиракъ |
Кхелхина терахь | 2950 в.э. |
Кхелхина меттиг | Вавилони, Месопотами |
Къам | Жуьгтий |
Да | Ламак |
Зуда | Амура, Ваиль |
Бераш | Хьам, Сам, Йам, Яфис |
Библин тӀехь цунах Ной олу.
БиографиНисъе
Дала беркат дина Адаман тӀаьхьенах, цунах хилла дуккха а божарий а, зударий а. ДӀасаяьржина Адаман тӀаьхье, алсам хилла иза. Ткъа, Адам вуха а веана, цунна шен бераш гича, цунна доьвзар дацара уьш. Цуьнга аьлча: ХӀара хьан тӀаьхье ю, хӀай Адам! — иза цецвер вара чӀогӀа. Цо эр дара: Сийлахь-цӀена ву АллахI! ХӀорш массо а сан бераш ду? ХӀара ерриг а сан тӀаьхье ю? Адаман тӀаьхьенан дуккха а ярташ хилла, цара дуккха а цӀенош дина. Цара латта охуш хилла, ялта дуьйш хилла, уьш бехаш хилла. Адамаш шайн де Адаман дин тӀехь хилла, АллахӀана Ӏибадат деш, Цуьнца хӀумма а накъост а ца луьйцуш! Адамаш цхьа уммат хилла, шайн да Адам а волуш, шайн Дела АллахI а волуш.
Нохь жима волчу хенахь дуьйна, нийсачу новкъахь а волуш, АллахӀана мутӀахь вара. Цуьнан шовзткъе-итт шо долчу хенахь, АллахӀа иза пайхамар хаьржира, ширканаш болчу метте вахийтина цо иза. Нохьас деле кхайкхира цаьрца, ширкана дин Ӏад дитарца. Иштта цуьнан кӀант Йам а вара галваьлла. Дала омр дина хиллера цуьнга хӀорда-кема де аьлла.
ХӀокху агӀонан тӀехь хьажоргаш яц. Яздинарг талла йиш йолуш хила деза, ткъа яцахь иза дӀадаккха там бу.
Хьа йиш ю хӀара агӀо таян , авторитет йолу хьосташ тӀетоьхна. |
ХӀара исламан адамех лаьцна чекхбаккханза яззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |