Къилбаседа Кавказан Имарат
Къилбаседа Кавказан Имарат — 1919 шеран сентябрь тӀера 1920 шеран март кхаччалца Нохчийчоьнан а, ДегӀастанан а латтанашкахь литтан йолу исламан пачхьалкх.
Историн пачхьалкх | |||||
Къилбаседа Кавказан Имарат | |||||
---|---|---|---|---|---|
|
|||||
Коьрта гӀала | Ведана | ||||
Мотт (меттанаш) | Нохчийн мотт, суьйлийн мотт, лаьзгийн мотт, даьргӀойн мотт, гӀумкийн мотт | ||||
Официалан мотт | Ӏаьрбийн мотт, нохчийн мотт, суьйлийн мотт, оьрсийн мотт | ||||
Дин | Ислам | ||||
Ахча | Къилбаседа Кавказан Имаратан туьма | ||||
Бахархой |
|
||||
Урхаллин тайпа | шариат | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Истори
бӀаьра нисйан1919 Охананчоьхь Нохчийчу а, ДегӀастане а чубеанчу Къилбаседа Россин ТӀеман Нуьцкъаш йоьжийра Ламанхойн Республика. ЦултӀаьхь Буйхехь (Ботлих) дӀабаьхьанча гуламехь Салтера Узун-Хьаж Нохчийчоьнан а, ДегӀастанан а амир хаьржира.
1919 аьхка Истмалера цӀавирзара Дишнийн Иналкх Ӏусманан Хилафатан султангара тоьшалла а дахьаш, халипас Кавказехь исламан пачхьалкх дlахlоттайара къобал деш.
Имаратан эскараш эшира Деникинан инарлан Колесников Иванан нуьцкъаш Чехкари йистехь хилаболу тӀамехь, 112 гlазкхий йийсар веш. Ши де даьлча, Шелан йистахь эшира гӀалгӀаскхийн эскарш, царах 138 йийсарвеш. Имаратан эскаршан куьйгалла деш вара Дийшийн Иналкх.
Гезгамашан 19-чоьхь нохчийн а, суьлийн векалша болаш гуламехь дӀакхайкхинера Къилбаседа Кавказан Имарат, цуьнан амир а – Салтера Узун-Хьаж. Коьрта министар хӀоттвира Дишнийн Иналкх. Пачхьалкха кхойкхуш дина дӀахьедар чоьхьа бохура: «Къилбаседа Кавказан Имарат ю шелаамехь шариӀатана пачхьалкха, коьртехь Амир Узун-Хайр Хьаж, Ӏусманан пачхьалкхан халифан, VI Мухьаммад-Вахьидана, ша муьтӀахь а волаш.»
Пачхьалкханан урхалла дан гулайира Министарийн Кабинет, коьртехь Воккха Вазиран даржехь Дийшнийн Иналкх а волаш. Оцу кабинетехь 8 министапалла яра кхоьллан:
- Кертанан министар — инарл-майор Къоим-Хьаж
- Арар гӀуллакхийн министар — Дишнийн Иналкх
- Даар-маларанан а, йохкар-эцаранан а, индустрийнан а министар — инарл-майор Ханхоев Мохьмад
- Латталелорнан а, пачхьалкхан бахаманан а министар — Шамилев Билал.
- ТӀеман министар — инарл-майор Истамулов Шита (1930 шш. комунистийна дуьхьалла гӀаттамана куьйгалхо).
- ЗӀенан а, поштанан а, телеграпанан а министар — инарл-майор Байчалеев Куси.
- Пачхьалкхан чухьара гӀуллакхашанан министар — инарл-майор Бесланеев Хабала.
- Ахчалелоран министар — инарл-майор Ӏабдулаев Ӏабдул-Ӏазим.
Йуьстицинан а, дешаранан а, вакуфанан а министараллашана урхалла Дийшийн Иналкхас ша дора.
Имаратан министарийн кабинет интернационалан яра: шишша нохчий а, суьлий а, гӀалгӀий а, гӀебартлой министар а волаш.
Пачхьалкх наибаташанан йекъийн йара, кхел а шарӀатац йаш йара.
ТӀеманан нуьцкъаш 6 эскаранан декъина дара, оцу эскарашанан урхалла инарл-майораш дора.
Имарат Азербайджанан Демократийн Республикац а, Гуьржийн Демократийн Республикац а зӀенехь яра. Гуьржийн эскараш Имаратан эскаршна гӀо дан тоба яра Нохчийчуь дӀахьажйин, амма Чечан-эвлан йистехь Деникинан эскаршца тӀом бел, йухабаьрза безнера уьша. Кхин а, Узун-Хьажан гӀо дан Ӏусманан Пачхьалкхара шин туркойн эпсар вара ваитан: Дебрели Хьусайн — говрэскаршан урхалла дан, Чорумлу lэла-Риза а — йоккхатоьпийн эскаршанан урхалла дан.
1920 зазадоккху тӀаьххьар деношкахь коммунисташ Узун-Хьажига Имарат дӀа а йаккхан, Советан Ӏедаланан муьтӀахьвала аьллан кехат даитанера. Узун-Хьаж дуьхьалвелар оцу кхайкхаман, амма дукха хан ца йолаш валар хилар цуьнан. Зазадокку 30-чоьхь амир дӀавелара.
Узун-Хьаж дӀавьлчултӀехь, Инхора Дарвиш Мухьаммад амиран дарже велар, амма кхин дукха ца лаьтташ Къилбаседа Кавказан Имарат йоьжнера.
Ахча
бӀаьра нисйанИмаратас шенан, Къилбаседа Кавказан туьма олуш, ахча арахоьцуш дара.
Амираш
бӀаьра нисйан№ | ЦӀе | Сурт | Начало полномочий | Конец полномочий |
---|---|---|---|---|
1 | Салтера Узун-Хьаж † | гезгамашан 1920 | 30 зазадоккху 1920 | |
2 | Мухьаммад Дарвиш | 30 зазадоккху 1920 | 31 зазадоккху 1920 |
Кхин хьажа
бӀаьра нисйан- Нахибашев М. Н. Узун-Хаджи Салтинский — общественно-политический и религиозный деятель Дагестана и Чечни. — Махачкала: ИД «Эпоха», 2009. — 208 с.
- ГОРСКАЯ МОНАРХИЯ МУДЖАХИДОВ — ГОСУДАРСТВЕННАЯ СИМВОЛИКА СЕВЕРО-КАВКАЗСКОГО ЭМИРАТА В 1919—1920 гг.