Нохчийчуьра акхарой
Нохчийчуьра акхарой:
Барзах оьрсаша "Волк" олу. Вайн халкъо олуш ду майрачу стагана "борз санна майра", хIума лачкъош а, ядош а волчунна "Ка тухуш борз ю" олу. Туьйранашкахь цхьогале хIилланца борз Iиэхайойту. И иштта а дац. Борз а ю шеначулла хIума хууш.
Цхьацца тайпа акхарошна шайн-шайна езаелла меттигаш хуьла: гIамарш, яьсса аренаш, цанаш, лекха ламанаш, хьаннаш, хин бердан йистош, раьгIнаш, тогIеш и дI. кkkkkkх.
Берзалойн, езаш кхастийна меттигаш йац. Уьш лекхачу лаьмнашкахь а, лахарчу аренашкахь а, хьаннашкахь а, раьгIнашкахь а, гIамаршкахь а хуьлу. Бакъду яккхийчу хьаннийн кIорге ца еза царна, цигахь ижу лаза хала долу дела.
Борз евзашвоцчунна доккхачу жIаьлех кхасто хала ду. Бакъду башхонаш ю барзаний, жIаьлиний юккъехь. Берзан цIога текхаш ду, лергаш нисса ирахь лаьтта, я жимма тIехьа дийша дой а хуьлу. ЖIаьлин санна охьакегделла кхозуш ца хуьлу берзан лергаш. Берзан само чIогIа ю. Ижо лахар лергийн самонца хуьлу цуьнан коьртачу декъана. Масала, хьакхин херсино мохь хьаькхчи, я эса Iаьхчи шиъ-кхоъ километр генахь хеза барзана. Йелла бежана хьожанах ца хаало барзана, цунна тIехула хьийзачу кхийгийн гIовгIанах хаало. Барзана, набкхетта йоллушехь хеза мохо декъа гIа хьадичи а, коган тата а. Йижна уьллучу барзана тоса ца луш тIе ца вахало, кхин долчу акхарошна санна. Барзана дийнахьчул дика го буьйсанна са. Цундела буьйсанна адамах къаьхкина гена ца йолуш, гергахь, къайлайолий дIалечкъа иза. Дийнахь адамах къаьхкий генайолу. Аьхка лорах хьожа йокхуш ца лацало барзе ижо. Пхьагална тIаьхьа едчи, иза коьллашна йукъа а иккхина къайлаяьлчи дан хIума доцуш юьсу борз.
Барзо ижонна толлу оцу меттигашка а, гондахьа долчу Iаламан хьелашка а хьожжий. Цхьаъ ша хилчи барзо лечкъаш, тебаш герга а йоьдий лоцу ижу. Берзалойн арданго ижу кхечу кепара лоцу: я гондахьа йолий го бой, я цхьаерш кIела а ховший,вукхара тIетоллуш. ЖIаьлина тешнабехк бо барзо. Иза уьйтIахь, кертахь долу меттиг а лохий, ша цунна гучуйолу борз. Жйаьла шена летчи, ша кхераелла моттуьйтуш хьалхара йоду. ЖIаьла цунна тIаьхьа долу. Дех кхерам боцчу метте гена яьлчи, цIеххьана доьхьал а йоьрзий, жIаьла хьакхадо барзо. Иза ден а доьй дIахьо.
Борз гураца лаца а хала ду. Йелла Iуьллучу бежанна тIе ца йогIу борз шена цхьа жимма а шеко хилчи.
Борз говрийн реманна а, я бажа белахь цунна а йукъаэккха ца яьхьа. Бажо, гоъмаш вовшах а тухий, моIийн керт доьхьал хIоттайо цунна. Говраш, кортош чоьхьа а долуш, мийраш барзехьа берзабой, дIахIуьтту. Мел дуккха го тийсичи а, и дуьхьало ца юху церан. Борз кхин дан хIума доцуш дIайоьду. Цундела бежна, я говр, ша ца гуччу юьстахйолу ларйо цо.
ТIаьхьа Iу воцуш дисначу жана йукъа лелха берзалой. Ка а етташ уьстагIийн дуьмеш хедадо цара. ТIаьхьа Iу воцуш долчу жана цхьана борзо а до доккха зиэ.
Йоккха ижо хьалха нисъелчи къиза йоь берзалойн арданго. Масала боккха сай цхьана барзе бе ца ло. Арданг тIаьхьаяьлчи ка етташ жижиган поттанаш йохуш божабо иза.
Иштта ижонна тIаьхьаевллачу берзалошна шайна юккъе цкъа а, шозза а топ тоьхчи а ца хаьа, оцу ижонна шаьш дечух маслой. Шаьш дийначу экханах жижиган потта кIезашна хьо берзалоша. КIезий Iамош царна а гойтуш вовшахйоккху берзалоша сайгак а, газа а, пхьагал а. ТIаккхахула, ижу дIаядалур йоцуш лаза а йой, кIезашка шайга вовшахйоккхуьйту.
Берзан кIезий кегий йолуш цIийза, латар, угIар доцуш. Берзалой угIу суьйранна а, я буьйсанна, я сатоссуш. Дийнахь борз ца угIу. Кхиъна онде евлича, бенара гIовттий, кхерсташ лела берзан кIезий. Цхьана метта ца совцу уьш. Ша ижонна яхна леллачуьра кIезашна юха тIейогIуш, уьш мичахь ю хаан угIу борз! "Iав-в-в, ву. Вов-вов". КIезий йоккха гIовгIа йоккхуш доь захь дукха хуьлу церан аьзнаш: цIийзар, летар, у
Нана-барзо чIогIа лардо шен кIезий. Ада догIийла хиъчи кIезий кхечухьа дIахьо барз шен бен болчу меттигана гергахь адам тосаде боккху цо. КIезий кIелхьара даха аьтту боцу леш тIекхаьччи а, кхин кхерам тIехIоьттича а КIезий ондеевлича дас, нанас шайна юххе ла Iамайо. Дорцах тилла арахь висна а, цхьаъ ша некъе стагна барзо зиэ до. Барзо стаг вийна а, виъна а, меттигаш дукха ю. Берзалойн арданг тIеIоттаелчи царех кIелхьаравала аьтту боцуш вуьсу стаг карахь герз дацахь.
Оьрсаша чагIалкхах "Шакал" олу. Барзах тера ю иза, цул дегIана жима хилар бен башхо йоцуш. Бакъду цIока берзачул сирла ю цуьнан. Олхазарш, дехкий, моьлкхарчий, кхин йолу садолу хIумнаш йоу чагIалкхаша. Таллархо тосавелчи ларво чагIалкхо, тIаьхьара дIа а ца йолуш, ша тоса ца йолуьйтуш. Таллархочо акха котам, бад, я лекъ и тайпа хIума топ а тоьхна йийчи иза тIекхачале лачкъайо чагIалкхо. ЯахIума чохьйолу тIоьрмиг таллархочо охьабиллина битчи, чагIалкхо дIахьо. УгIар тамашена ду чагIалкхан, цкъа жIалех угIу иза, тIаккха бер доьлхуш санна ека.
Цхьогалах оьрсаша "Лиса" олу. Цхьогалаш дуккху а мехкашкахь хуьлуьш ду Европехь, Азехь, Iамерикехь. Иштта Генарчу Къилбаседера, Къилбе дозанашка кхаччалц болчу вайн махкахь а ду цхьогалаш. Уьш хуьлу ламанашкахь а, генарцу цанашлахь а, хин тогIешкахь а, гIамаран аренашкахь а. Iаьмнаш дочу метте а кхочу уьш хин олхазаршна тебаш.
Цхьогал массо а адамашна девзаш экха ду. Иза туьйранашкахь а дуьйцу. Цунах лаьцна кицанаш ду, баснеш ю. Дийцашкахь а, туьйранашкахь а цхьогал хIиллане, хьекъале гойту.
Таллархоша гобина кIелхьарадала аьтту боцуш дисна цхьогал. Цхьана агIор екъчу бацах летта йогуш цIе хилла. Вукху агIор догIуш хи хилла. Кхин даха меттиг боцуш дисчи, хи чу иккхина цхьогал. Цигга дуьхьал хьаьлхина таллархойн жIаьлеш. Цхьогал хи чуьра хьала а даьлла, дега ца луш, цIарах чекх иккхина. ЦIарах чекх а иккхина, ткъех метар дехьа даьлчи таллархошкахьа юха а хьаьжна, дега а делла, дедда дIадахна цхьогал.
Адамашна герга гIорта а даьхьа цхьогал. Шен ка яьллачхула нехан буьн чуьра котам а хьо цо. Iаьнан заманчохь, мацделчи, эвла йисте дIакхиссинчу кхеллешна юккъехула хьийза иза шена яа хIума лоьхуш. Цхьогало дехкий а, лаьхьарчий а, моьлкъарчий а, цIазарчий а, олхазарийн кIорнеш а, церан тойнеш а, лаьттахь тойна даккха хиъна олхазарш а доу. Наггахь цуьнан аьтту хуьлу къорза-къиг, кхин долу олхазар лаца а. Къорза къийгаш цкъа лаьтта ховшуш, тIаккха диттан гаьн тIе ховшуш кхерстачу хенахь текхаш, тебаш царна гун долу герга а доьдий, делла муттуьйтуш, когаш дIа а хоьций, охьадуьжу цхьогал. Къийгаш цунна го туьйсуш герга гIурту. БIаьргаш мала коьртехьа йолу къиг. Циггахькаде катуху цхьогало. ХIурдан йистошкахула тулгIеша юьстахтесна чIеран кIорнеш а йоу цхьогало, хьаьъначу хи чуьра чIара а лоцу. Цо юуш мел йолу хIума билгалъяьккхичи, цо ца юуш хIума ян а юй техьа олий хета. Хасстоьмаш, стоьмаш боу цо.
Цхьогалан дахка ловзош сакъерало. Дехкан Iуьрга тIе лерг а дуьллий, ладугIу цо. ТIаккха и меттиг охку. Дахка гучубаьлчи, когаца ирах а кхуьссуш ловзабо, хьалакхоьссанчуьра охьабоггIушехь дIакхоллу. И ловзар сахьташкахь дахло цуьнан. Цхьогал цхьана меттехь мотт лоций деха. Яйчу йортахь го туьсу цо ижонна. Лаьттах чу охкий, кечбо цхьогало шен бен. КIорнешна кIеда мотт буьллу. Цу чуьра къайлах хьаладала генна дйа шиъ-кхоъ Iуьрг доккху цхьогало. Бена чохь кIур бина и бен ларо таллархо хIоьттичи, къайлах даьккхинчу Iуьргехула арадолий, дIадоьду цхьогал.
КIорнеш дуккху а хуьлу цхьогалан, иттанге кхаччалц. ХIума дукха йоу цара, сиха кхиа а кхуьу. Церан нанна хала хуьлу уьш кхаба. Царна напгIа латто гIерташ, садоIу хан хила а ца хуьлу нанна. Цхьа йоккхо ижо кеа еъчи иза кIорнешна хьалха а юьллий, маьлхе а долий охьадуьжу цхьогал. КIорнеш кхаба гIерташ ницкъ хуьлий азло иза.
Цхьана тамашийначу озаца йоьху цхьогало шен кIорнеш шена тIе. Доьхьала жоп луш изза до кIорнеша а. КIорнеш, ловзачу хенахь нанас ларйо. Жимма а кхерам болуш шеко кхоллаелчи нанас хаам а бой, Iуьрга чу ловчкъа уьш.
Нагахь санна лартоллачу жIаьлина шен кIорн и тIехьаьдчи оцу жIаьлина Iинткъаш а йой, иза ца кхачийта, жIаьла шена тIаьхьа доккху цхьогало Хаза ду цхьогалкIорнийн ловзар. Нанас ша хIума цхьа хаза бIаьргаш а керчош, "гIигI" кхайо цара. Вовшашца ловзар цицига-кIорн Вовшех тийсало. Вовшийн цIога, я лерг цхьаъ керча, вуьш цунна тIе тасало.
КIорнеш кIеззиг онда евлачи, барзо санн хьалха деъна олхазар а, жима экха а вовшахд а Iамайо нанас. Аьхке чекхйолуш, я гуьйре йолал гIа лаха Iема цхьогалан кIорнеш.
Цхьогалан дадар чехка ду. Цундела ижонна тIаьхьа кхуьу иза. Дуккха некъ бало цуьнга. Хи чохь нека дан а хаьа цунна. Дитта тIе а далало иза. БIаьрса дика дац цхьогалан. Амма хIуманах хьожа кхетар а, хIума хазар а дика ду. Цъьогалан уггаре а луьра мостагI борз ю. Берзалой йолчохь цхьогалийн Iойла дац.
Цхьогалан цIокарчий мехала лору. Къаьсттина сира чо болу Iаьржа цIокарчий. И тайпа бос болу цхьогалаш кхобуш а, кхиош а меттигаш ю вайн махкахь. Цхьогал шозза пайдехь лерина ду, цо ялтийна зуламе йолу садолу хIуманаш юуш, хIаллакьеш хиларна а, цIокарчий яларна а. Бакъду, бецан меаш, акха котамаш кхиочу меттехь ларо дезаш доккха къу ду цхьогал. Атта кара Iемаш ду и экха.
Чанах оьрсаша "Медведь" олу. Ча инзаре экха хеташ хилла адамашна хьалха заманахь дуьйна схьа. Чанах лаьцна дукха дийцарш, туьйранаш, кицанаш ду. "Ча санна дера" олуш ду халкъо дарвеллачу стагана. Мацъелчи ча дера хуьла.
Малхбузе Европехь кIезига йисна черчий. Черчий хIинца а йолуш ю Галицехь а, Балкански ахгIайритIехь а, Испани лаьмнашкахь а, Швейцарин цхьацца йолчу меттигашкахь а. Германехь, Англехь черчий йац.
Вайн махкахь черчий дуккха а ю. Яккхийчу хьаннашкахь, лаьмнашкахь еха уьш. Юккъерчу Азехь хьаннаш йоцчу лаьмнашкахь а, Кавказан лаьмнашкахь а ю черчий.
Ча адамашна доьхьал кхеташ меттигаш дукха хуьлу. Кхораш лахьо бахна зударий чано кхерош меттигаш а хилла.
Дечке воьдучу стагана хьуьн чухула боьдучу некъа тIехь Iаш ча гина. "ДIаяла цигара, сайн гIуллакхе дIавахийта со!" олуш хилла стага, цунна адамийн мотт хууш санна. Ча, "ахьа дуьйца- хьаха бацара суна" бохуш санна, шек а йоцуш, гай ьоькхуш Iадда Iаш хилла. Шена цигахь Iен кIор- ча. Стаг доьхьал кхетчи, ведчи а вала меттиг боцуш , цунна тIе ца кхеташ, меллаша тIех а яьлла рчу когаш тIе ира а хIутту ча. ИрахIоьттича за. Хьалхарчу когашца хIума хьала а оьца, чано. Ча стомма ю, цIога доца ду цуьнан, бо- партала ю. Цхьана кхерамо меттах ца йок- йисчи меллаша ду чанан болар. Сих-сиха сеца шена напгIа лоьхуш. Кхин долчу цхьана а хIу- цунна. Бакъду, цхьа кхерам тIехIоьттича, я адаман хьожа кхетчи, мара ирах а бохуьйтий, хьожа йохуш лаьтта иза, корта дIай-схьай а хьийзош, и хьожа муьлхачу агIонгахьара схьаеттало хаа гIерташ. Жимма а шекъялла, таллархо герга гIертийла хиъчи дIаэккха ча. Ядар кхисса а луш жимма пурх а йоьрзий ду цуьнан. Амма ведчи тIаьхьа кхиалур воцуш чехка йоду иза. Шена цкъа топ тоьхчи, шозлагIа тоха ца кхуьуьйтуш таллархочунна тIекхета иза. Мел лекха хиларх дечигана тIе йолу ча, лахарчу гIодца схьалаца генаш дацахь а. Хи чохь мека дан а хаьа цунна. Мел шуьйра хиларх, неканца хих дехьа а йолу ча. Гурахь ерстича хи чохь кест-кеста луьйчу иза. Гуьйре шелъелла хи тIехь ша бичи и ша бохабой а луьйчу. Хи чуьра чIара а лоцу цо. БIаьррасил а, лерган самол а чIогIа ду цуьнан, хьожанца билгалонаш хаар. Мох болчу агIор стаг цхьа километр генахь хилчи а, хьожа кхета чанна. Стаг гучу а валале цунах къаьхкий яда а йоду. Шена татанаш хезчи уьш цхьана а хьесапе ца хета чанна, ша хьожанца хIума къасто Iемана хиларна.
Ча Iай набарна дIаюьжу, шен бен чохь бIаьстаяллалц. Шен кога кIел мотт а хьоькхуш Iуьллу иза. Цундела цуьнан коган айраш дуткъало. Хьуьн чохь мохо орамашца бух доккхуш охьатоьхначу диттана кIелахь а, иза бухдаьккхинчу ор чохь а, йоккхачу дечиган хари чохь а бен а бой юьжу иза. Ча ара ца ялалуш хари чохь йисна карош меттигаш а хилла. Чоьхьа йолийла готта йоллушехь, гIоьртина, халла чоьхьаяьлчи хуьлуш ду цунна и. Ишттачу тIекхаьччи, таллархочунна хала дац ча ен. ТIе догIанан хиш Iийдалун меттиг ца еза чанна. Цундела дIайижа кечлуш, тIехь тхов болу меттиг лоху цо. Наггахь йолчо гIаш-генаш буха а дохкуш кIеда мотт буьллу. Наггахь йерг мотт а ца буьллуш, лаьттан цIенкъи тIе юьжу. Ча цхьаъ ша хуьлу хари чохь я кхоьчахьа, бинчу бен чохь. Итта-цхьайтта бутт кхаьчна кIорнеш елахь, шен кIорнешца юьжу иза Iаьнна дIа. Ча Iаьнна дIайижар Iаламан хьелашка хьаьжжина ду. Iа деха долчохь дукха Iуьллу юьжий, Iа доца долчохь кIезиг Iуьллу. Къилбехьа долчу мехкашкахь наггахь йолу ча Iаьнна цхьа кIеззигчу ханна юьжу. Къилбаседехь ча дукха Iуьллу южий. ХIунда аьлчи цигахь стомма ло дуьллу, тIаккха цунна бIаьста йаллалц даа напгIа дац. Ижо цуьнга лаца ца ло, ткха даьхни наха шешан божлаш чохь Iалашдо. Бенара гIаьттича, йижна Iуьллуш тхьосделла дегI хеца долуьйтуш ча егало, лаьтта керча. Бакхду, башха иза йоккхаен хьелаш ца хуьлу цунна бйаьстенан йоьххьехь. Дешна дIадалаза долу ло. ГIа далаза йолу хуьн, хьалайалаза буц, боцу хьуьнан стоьмаш...
Къен йелла бежна я дахка, изза бен кхин яа хIума йоцуш меца лела ча. Цу хенахь дера а хуьлу, тIеIоттаелчи кхераме а ю иза.
Аьхка хуьнан стом схьабаьлча гIадйоьда ча. Ма-дезза даар хуьлу цунна. Цундела ча ерста, тIаккха цунна Iа даккха атта хуьлу. Стен чано кIорнеш йо. Шина-кхаа баттахь якхайо цо уьш. Ерстича чано 13-19 сантиметр стомма мохь юьлла бархI пуьнте кхаччалц 120-130 килограмм. Цундела кIорнеш кийрахь кхио а, уьш кхаба а кхачанан хирхаташ цунна тоьа.
Шиъ я кхоъ наггахь цул сов а хуьла чанан кIорни. Нана ша йоккха елахь а кIорнеш кегийра хуьлу. Кхиъна йогIучу цициган кIорнел бен ца хуьлу уьш. Иштта кегийра ца хилчи Iай шен бенахь уьш кхаба ницкъ хир бацара ненан. Iа даккха охьа ма-йижжи и кIорнеш хилчи хала хир дацара нанна уьш якхо а, юзо а. Шен гIора эшначу хенахь, Iа чекхдолуш йо цо уьш. Цундела уьш кхобуш гIелло иза. Чан кIорнеш шелонах чIогIа кхоьру. Цундела шайн ненан "кетар" кIел хьерча уьш. Нанас яьIна тIе а хьовзайой дегIа тIе къуьйлуш шен Iаьнарца йохйо кIорнеш. КIорнеш йинчул тIаьхьа шина баттахь хIума ца йоу нанас. ХIетте а мега иза шен кийра йиллина мохь хилар бахьана долуш.
Чан кIорнеш меллаша кхуьу. Анде евлича нанас шен бенара ловза ара йовлуьйту уьш. Амма Iуналла до цо царна. КIорнеш ловзу вовшийн лергаш а ийзош, вовшех тийсалуш охьатухарех а леташ. ШозлагIчу шаре яьлчи а нанас доладо царна,шеца охьа а йийшайо. Таллархо, я маьрша стаг тосавелчи нанас "мохь хьокхий" хаам бо кIорнешка. Ша а, кхерам болчу меттера йодий гена йолу.
Чанан даар дукха ду. Чано буц а йоу, жIаьли-нускалаш а доу, массо а тайпа хьуьнан стоьмаш а боу, ялта а доу.
Хьарс-хьоча тIейолий, дитта лестош, шена даа хьечаш эгадо чано. Иштта, бухара кхораш биъна ша яьлчи, кхурана тIе а йолий генаш лестош кхораш а эгобо. Дитт ластийча охьа ца оьгуш болу стоьмаш, генаш шена тIе ийзош кег а деш боу цо.
Кхораш дIабевлича пепнаш а, бIаьлланган бIараш а, ножан бIараш а доу чано. Уьш диъчи ча ерста. Акха никх карийчи и никх а бохабой моз доу чано. Накхарш лелочохь нехан никх бохабой а доу цо моз. Зингатийн барз а бохабой, зингатий а доу цо. Хи йистера тIулгаш керчош тIе-к Iел а дохуш, цу кIелара нIаьний а кхоьбарчий а йоу. Чано нал а йоь, говр а, бежна а йоь. Иштта ницкъ болуш ю иза.
Нелах оьрсаша "Дикий кабан" олу. Муьлххачу а Iаламан хьелашца тарлуш Малхбузе Европин а, Кавказан лаьмнийн а хьаннашкахь, генарчу малхбалийн тайгехь а, Юккъерчу Азин, Иранан эрз болчу тогIешкахь а, Тянь-Шанехь а, альпийски цанашкахь а хуьлуш ду и шатайпа экха. Нелана ца езаш меттиг ю, кIорга ло дуьллуш йолу Къилбаседе. ХIунда аьлчи, цунна напгIа латтош дерг лаьттан тIоьхлара чкъор ду. Иза гIорийча а, цунна тIоьхула стомма ло диллича нал кхин напгIа доцуш меца юьсу.
Нал, иза хIинца цIахь кхобуш йолчу хьакхарчийн хьалхенах ю. Нелан гIиллакхаш цIахь кхобучу хьакхичух тера ду: чехка болар а, уьш масех цхьана а йолуш борз тIегIоьртича цунна майрра доьхьал хIоттар а.
Нал - ницкъ болуш экха ду. Шен деза дегI каде леладо цо, лохачу чIогIачу, когаш тIехь. Шена новкъарло ян герга гIоьртанчу мостагIчунна каде тIекхета иза. Буьрса экха шена зене дала тIедирзича цунна доьхоьал а хIоттало. Къеначу нелана кхераме доц цхьа а тайпа буьрса экха, цхьа цIоькъалом доцург. Иштта адам а ду цунна къераме. Оццул ницкъ болуш долу и экха адамо доь герз тухий. Цуьнгара ницкъ, каде хилар, I4 сантиметр, урс санна ира кIомсарш хилар дика хаьа барзана а, чана а.
Нал адамах чIогIа кхоьру. Бакъду, чов хилла нал таллархочунна тIекхета. Кхин яха меттиг боцуш йисчи а йо цо адамана доьхьало. ЦIеххьана кIомсар а тухуш тIеэккха иза. Шайн-шайн реманаш хуьлу оцу акхаройн, шайна хьалхаяьлла боьрша нал а, тIаьхьахIиттина кIорнеш а йолуш. Боьрша йоккха нал ша къаьстана лела хьаннашкахь. Стенаш оре йогIучу хенахь реманах схьакхета боьрша нал. Царна юккъера кегийранаш лелхайо цо. Стенаш оре лаьцначул тIаьхьа юха а дIакъаста боьрша нал. Иза дIаяхчи юха реманах схьакхета цо дIакъахкийнарш. Наноша херсеш йичи ондеевлла боьршанаш цхьацца йолий кхерста йолало.
Яхка герга яхчи стечу нело лаьттах ор а доккхий шена бен бо, буц а кхин йолу кIеда хIума а буха а юьллуш. Херсеш шена тIаьхьа хIиттина йуьйлайаллалц оцу бен чохь хан йоккху цо. Нанас чIогIа дола до шен херсешна. Иштта къасттина болу доьзалаш цхьана а кхетий юха а тохара санна рема йо цара. Оре йогIучу хенахь боьршачу неларчашна юккъехь боккха тIом хуьлу. Вовшийн цоьстур яра цара вортан тIера дуьйна гIода юккхе кхаччалц чохчам йиллачи санна, кIомсар дIа ца леташ стомма неI дацахьара. Иза хилар бахьана долуш кIелхьарайовлу уьш Iожаллех. Бакъду даръелла леттачу церан накхош цистина аьрснаш хуьлу. Ноябрехь, декабрехь стенаш оре йогIучу хенахь, тIамана кечлуш санна стамло церан и "аьчкан" ботт.
Кхерам боцчу меттехь парггIат юьйлалой лела неларчий, кортош охьа а охкадой, латта охкуш, бецан орамаш дууш яжа а ежаш. ТIуьнчу меттехь хоттала а Iам чу а керча уьш. Цхьана хIуманах кхерам болуш шеко кхоллаелчи муцIар ирах а йохуьйтий хьожа яха хIутту нал. Цо "хуьр-р-р-рюк" аьлла мохь тоьхчи, рема ежачуьра соца, цIеххьана гулло уьш наной шешан херсешца юккъехь а юьтуш, боьршаниш гондахьа а хIуьттуш. Нагахь санна таллархой герга гIерташ белахь, цIеххьана дIалелха уьш бекъа эрз, декъа гIаш, синтарш кегдеш, чехка дур оьций, уггаре а луьстачу хьаннашна, коьллашна юккъехула каде чекхлелхаш оьрнашна, тоьлгашна тIех лелхаш.
Нал шена кхерам болчу меттехь чIогIа ларло. Адамаш дIай, схьай лелачу некъах тIех яла дага деъчи муцIар ирах а йохуьйтий хIаваъ чууьйзуш хьожа йохуш лаьтта иза. Цхьа шеко йолуш хIума тосаделчи, хьоршам тоьхчи санна тарса а терсий "тIап" олий йов иза. Оццала каде ду цуьнан дIаэккхар. Диттан га кагдичи а, цхьакIеззиг даьллачу татанах кхералой йоду нал. Оццулла само йолуш экха ду иза. Шен кегийрачу бIаьргашца нелана са дика ца го. Бакъду, хьожанций, лергийн самонций кхастало цуьнга шена кхерамехь дерг, доцург. Неларчий буьйсанна юьйлалой лела. Дийнахь садоIуш йийшина Iохку уьш, адам я экха тIекхачалур доцчу меттехь.
Латта охкуш ор а доккхий цу чу кIеда мотт а буьллий, охьаюьйшу уьш. И мотт, вай лакхахь ма-аллара, декъачу гIах, бацах, эрзах буьллу цара. Акха Iежаш, хьаьрса хьечаш, кхораш, стеш хуьлучу хенахь оцу стоьмийн хьаннашкхь еха уьш. Ло диллича эрзан тогIешка охьайогIу.
Неларчаша юуш дуккху а тайпа хIума ю: соьналлаш, бецан орамаш картолаш, хьаьжкIаш, хьуьнан бIараш, массо а тайпа хасстоьмаш, стоьмаш, садолу хIуманаш, нIаьний, моьлкъарчий, лаьхьарчий, олхазарийн тойнеш, хIоьаш, кIорнеш.
Ялташна, хасстоьмашна буьйсанна тIе лета уьш. Царна чIогIа зиэ а до. ЗIоьмалгах ца кхоьру уьш. Я татанах а ца кхерало. Гондахьа керт йичи а кхочу уьш ялташна тIе. Керта бухахула охкуш Iуьрг а доккхий чекхйовлу уьш. Йийначу нелан жижиг доу хьакха юуш болчара. ЦIоканах мачийн айраш, доьхкарш до. Цуьнан кхесах шотканаш йо. Нелан херсеш къорза хуьлу, букъа бохалла Iаьржа моханаш а йолуш. Каде хуьлу уьш. Шешан юткъийчу, амма чIогIачу настарш тIехь, ловзуш, леккха хьала а кхиссалуш.
Доккхачу акха цицигах оьрсаша "Рысь" олу. Кавказехь наггахь бен тосалуш дац иза. Доца дегI а долуш экха ду иза. ЦIога хадийчи санна доца ду цуьнан. ДегIан дохалла 80-100 см. ЦIога 20-30 см. Шина а агIор беснеш тIехь маж ю цуьнан. Лергаш тIехь ирах дахана чоьш ду, маIаш санна хеталуш. ТIера чо беха а луьста а бу цуьнан. Мехка тесчи санна а хеташ овкъаран басахь ду иза. ЧукIело жимма сирла ю. Жимма Iаьржа тIедарчи ду цуьнан букъ тIехь а хенаш тIехь а. Вайн Кавказан лаьмнашкахь, хьаннийн аьрцнашкахь, хин тогIешкахь хуьлуш ду акха цициг.
Ижонна таллар буьйсанна ду акхачу цициган. Дийнахь дIалечкъа иза диттийн баххьашкахь тIулгийн чхернашкахь, боьрнашкахь. Вуно атта дитта тIе хьаладолу иза. Цо олхазарш а, дехкий а доу. Оре дар февраль баттахь ду. КIорни 2-3 йо. Пхеана тIе кхаччалц еш меттиг а хуьлу. КIорнеш йинчу хенахь са ца гуш бIаьрзе хуьлу. БIаьраса I2-чу дийнахь догIу царна, Дас а нанас а до царна дола. Шина шарахь кхуьу кIорнеш. Акха цициг лечкъана лелаш ду.
Iаьса а, Марта а, Гиха а хиш схьадолучохь а ЧIаьнти-Органехь а, Хахалга, КIериго, МIайста лаьмнашкахь а хуьлуш ду акха цицигаш.
Оьрсаша хьуьнан акха цицигах "Лесной кот" олу. ЦIахь кхобучу цицигах тера ду иза. Амма цулла жимма онда ду. ДегIан дохалла 50-75 см. ЦIога 25-35 см. ТIера цIока кIеда а, чо луьста болуш а ю. ЦIога томма а, месала а ду. Лергаш а вайн цIерачу цициган санна ду цуьнан. Бос, жимма мекха лаьцчи санна, сира бу. Накха а, чукъело а хьаьрса ю. Пурхалхьа букъа тIехь а, агIонца а моханаш ю. Цуьнан деха, мокха и томмагIнаш хедда ду. Корта а и томмагIнаш хIиттина къорза бу цуьнан. ЦIоганна тIехь мокха чIагIарш ю. ЦIоганан йоьхьиг Iаьржа ю цуьнан.
Вайн Кавказан ламанан хьаннашкахь хуьлаш ду и акха цицигаш. Цхьаъ ша лела цициг. Дийнахь лечкъий Iа акха цициг дечиган хари чохь тIулган бердашкахь, оьрнашкахь мохо охьатоьхначу диттан орамашна кIел. Цуьнан даар коьртачу декъана олхазарш, дехкий ду. Кхин йолу садолу хIумнаш а йоу цо. Оре дар февраль-март баттахь ду. Исс кIирнах лела иза пхора. Къорнеш апрель-май баттахь йо. КIорнешна саго I0-I2 де даьлчи. Бен хари чохь я тIулгийн херонашкахь бо цициго. Веданан а, Шелан а, Шуьйта а Ачхой-Мартанан а районашкарчу хьаннашкахь хуьлу и акха цицигаш.
Оьрсаша а "Камышовый кот" олу эрзашкарчу цицигах. Акха цициг ду иза а. Когаш тIехь жимма лекхо ду иза. ДегIан дохалла 50-90 см. ЦIога 20-30 см. Лергаш тIехь чо бу ирах бахана. ДегIа тIехь морсо чо бу. Бос можо-мокха бу. ДегI лахара сирло ду, букъ мокха бу. Букъа тIехула таьIно мокха сизаш ду. Уьш хуьлу меттиг: Къилбехьара Ази, Афганистан, Иран, Юккъера Ази, Гергара Малхбале, Африкин цхьана декъехь, Малхбале Закавказехь Копет-Дагахь, Мургабски оазисашкахь, Вахшу, Пянджу, Аму-Дарья,Сыр-Дарья лахенашкахь. Вайн республикерчу Шелковской районехь хуьлуш ду и тайпа цицигаш. Церан лелар буькъчу эрзашлахь, коьллин кондаршлахь бецийн, шочан тоьлгашкахь, хIурдан йистошца, хин тогIешкахь ду.
Ижо буьйсанна лоха цара. Дийнахь а лела уьш ижонна тебаш. Акха нIаьнеш, котамаш, акха бедаш, гIезаш, лекъаш кхин долу олхазарш доу цара. Олхазарийн тойнеш а дохадо, кIорнеш а йоу. Боларахь лела иза долалой. Дечиг тIе хьала а долу. Ша ор даккхар кIезиг хуьлу цуьнан. Цхьогалан, кхин долчу экхано дIатесна бен схьалоцу цо. Январь-март баттахь оре догIу иза. КIорнеш апрелехь-июнехь йо. КIорнеш 2-I0 хуьлу.
Пхьагалах оьрсаша "Заяц" олу. Пхьагална дукха еза куллан кондарш, ялтийн аренаш, бецан тогIеш, ирзеш долу меттигаш. Дийнахь юьжий Iуьллу иза, буьйсанна ежа. Цуьнан йижар само йолуш ду. Пхьагал санна "стешха" аьлла ду оьрсийн кица. Стешха экха ду иза. Пхьагал ядаро бен цхьана а мостагIчух кIелхьара ца йокху. Цуьнан мостагIий дукха бу: берзалой, цхьогалаш, чагIалкхаш, акха цицигаш, аьрзунаш, куьйранаш, гIиргIанаш. Адам а ду цунна кхерамехь. Таллархой жIаьлешца тIаьхьабовлу цунна. Даа жижиг а, куй бан цIока а шиъ пайда цунах хиларна. Буьйсанна едчи а кIелхьара ца йолуьйту пхьагал луьрчу олхазарша. Кхин долчу акхарошна я де, я буьйса маьрша хуьлу. Синтем боллуш набйо цара шешан баннашкахь я тоьланашкахь. Ткъа пхьагал я буса а, я дийнахь а синтем болуш йац. Бакъду, цхьа корматалла ю пхьагалан, шена кхерам белахь а, боцахь а хаьа цунна. Таллархо шен жIаьлешца лорах тIаьхьа ваьлчи йоду иза. Маьрша стаг юххехула тIехволуш Iадда юьжий Iуьллу. Варданца я машинашца дIа-схьа лелачу адамех а шена кхерам боцийла хаьа цунна. Буьйсанна юьрта цу а йогIий нехан керташкахь ежаш лела пхьагал.
Мелла а адамаш дехачу меттигашна герга гIерташ ду пхьагалийн дахар. Хасстоьмаш бийна меттигаш еза царна. Адамаш дехачу меттехь царна кхераме долу акхарой, масала, берзалой, кIезиг хуьла. Къона беш кхиочу меттехь пхьагалаша стоьмийн дитташна зенаш до. Чкъор дууш стоьмийн гIад дожу цара.
Пхьагал сиха деба. Шарахь кхузза, доьазза ехка иза. ХIора моссазза ехка пхиъ я ялх, я ворхI кIорни йо цо. Нанас кIезиг терго йо кIорнийн. Уггар атталла бен а, я буха биллина бецан мотт а ца хуьлу церан. Йина дукха хан йоцуш, кегийра кIорнеш вовшех а хьаьрчий Iохкуш карайо. КIезиг тосало царна юххехь нан. КIорнеш якха а йой царна юххера дIайоьду иза. Жимма ондеевлича юьйлало кIорнеш. Якхо хан хилчи, нанна уьш церан лорах карайо. Шина, кхаа дийнахь цкъа бен ца якхайо нанас шен кIорнеш. Шура дукха хьена ю цуьнан. Цундела кIорнийн кийрахь налха а хуьлий лаьтта иза. Цунах шина, кхаа дийнахь кхачо хуьлу кIорнешна. Кхузза якхийчи, исс-итт дийнахь, дIатосу нанас шен кIорнеш.
Цхьана а экхана хьожа ца кхета кIорнех. Оцца башхоно ларйо уьш акхаройх. Муьлхха а экха тилкхаздаьлла тIе ца Iоттаделчи кхерам бац царна. Ешшехь сагуш а, тIехь чо болуш а хуьлу пхьагалан кIорнеш. Кегийра йолуш адамах ца кхоьру пхьагалан кIорнеш. КараIеминчу пхьагало жIалийца гергарло а тосу. Цуьнца цхьана кедара хIума а йоу, дижна Iуьллучу жIаьлин коьрта тIехь хьалхарчу когашца вота а туху пхьагало.
Оьрсаша кIайчу пхьагалах "Заяц-беляк" олу.
Вукху пхьагалах къасто цхьа а кхин тайпа башхонаш йац кIайчу пхьагалан Iай бос хийцалуш кIайялар бен.
Ло диллинчу хенахь акхаройх ларъялан аьтту беш ду цуьнан кIайн духар. Амма ло доцчу хенахь оханаш тIехь а, шерачу арахь а, мел генара а гуш хуьлу иза. Iай хьаннашкахь хуьлу кIайн-пхьагал дукхах йолчу хенахь. Аьхка вукху пхьагална санна аренца меттигаш еза цунна синтарш долу хин бердан йистош, эрз болу тогIеш, ирзош, диттийн кондарш.
Вайн Союзехь Европин дакъошкахь къилбехьа Киевски областе кхаччалц а, Азехь Къилбехьа Казахстане кхаччалц а, Малхбалехьа Камчатке, Сахалине кхаччалц а долчу мехкашкахь хуьлуш ю кIайн пхьагалаш. Шаш бечу океанан бердаш тIе кхаччалц йолчу меттигашкахь а хуьлу уьш. Яжа меттигаш хоьржуш, цкъа цанен аренашкахула лела уьш, тIаккха ялтийн аренашкахула кхерста. Стоьмийн бошмашкахь а, хесашкахь а ежа уьш.
Диттийн гIа дужучу хенахь хьуьн чуьра арайовлу кIайн пхьагалаш. Кхин бахьана дац цу хенахь цара хьун тесна йитар, охьаоьгучу гIан татанех кхерар бен. Охьадоьжначу гIан патаршлахь олхазарша садолу хIуманаш лоьхуш деш долу "шах-шах" а тоьа царна кхераяла.
КIайчу пхьагалан яжар а ду, вукхуьнан санна садайчи а, буьйсанан цхьана декъехь а. Ткъа, беттан сих сахиллалц ежа иза. Важа пхьагал санна шарахь кхузза-доьазза ехка иза. Вукхо санна хIора моссазза ехка пхиъ-ялх я ворхI кIорни йо цо. Уьш Iалаш яр а, уьш юзор а, кхиор а вукхуьнан санна ду. Цхьа башхо ю кIайчу пхьагалан дахарехь. Къилбаседехь I метр кIорга лайх чу йоьлхий баннаш до цара. I-2 метр латта охкуш лаьттах баннаш а доху...
Оьрсаша лаьттан пхьагалах "Тушканчик" ола. Жима экха ду иза. Лергаш доцийра а, кегийра а ду цуьнан. Лергаш дIай-схьай саттадо цо. ТIаьхьара ши ког беха а, ницкъ болуш а бу. Хьалхара ши ког боца бу. ЦIога деха ду лаьттан пхьагала, боьххье месала кIайн кIуж а болуш. Дийнахь шен бенахь Iа иза. Бен лаьттах боккху цо. Буьйсана яжа арайолу иза. Бецан орамаш а, ялта а доу цо, буц а йоу. Болар шен тIаьхьарчу шина кога тIехь кхиссалуш до цо. НогIийн махкахь дукха хуьлу уьш.
Тарсалах оьрсаша "Белка" олу. Тарсал массанхьа а дойзаш ду. Туьйранахь а дукха меттигаш ю тарсал хьахош. Каде а, хаза а ду иза. Диттан гаьннаш тIоьхула цуьнан лелар йоккха исбаьхьалла йолуш ду.
Тарсалаш ехаш меттигаш дукха ю. Полярни гонашкара, къилбехьа, Испани а, Желтойчоь а кхаччалц долчу мехкашкахь уьлу уьш. Вайн Советски Союзехь, Малхбузехьа Iаьржачу хIурда тIе кхаччалц а, малхбалехьа Самаре, Свердловске кхаччалц а, къилбехьа агIор Алтайхь а. Вайн Кавказан лаьмнашца йолчу хьаннашкахь а, Кореехь а, Японехь а хуьлу уьш.
Тарсалан цIокарчий,муьлххачу а кхечу акхаройчел а, механа еза ю. Тарсалаш дитташна тIехь деха. Амма лаьтта охьа диссар а кIезиг дац церан. Лаьтта охьа а эккхий, додий кхечу дечиг тIе хьаладолу тарсал. Лаьттахь яа хIума а лоху цо. Къайлах адам, я экха тергалдо цо. Шена тIаьхьа ваьллачух къехкаш диттан гена тIоьхула боьххье кхаччалц хьаладолу иза. Кхин дIа даха меттиг йоцуш дисчи кхоссалой кхечу дечиган гаьннаш тIе долу тарсал, я, лаьтта охьа а эккхий, додий хьалха тIе нисъеллачу дечиган гIода тIоьхула хьаладоду.
Тарсалаш цхьана меттера кхоьчахьа дIакхелха. Кхелхана дIаяхар лаьттахула хуьлу церан, яккхийра реманаш цхьана а кхетий. И рема доьхьал нисъеллачу юьртах а, гIалех а чекхйолу. Церан дIай-схьай кхалхар гурахь хуьла. Iа буьрса догIург хиларан цхьацца билгалонаш тосало царна. Яа хIума йоцуш шаьш меца юьсург хиларх къаьхкий кхелха уьш кхоьчахьа дIа. Шерачу аренашкахула дIа кхелхаш доккха зе хуьлу царна.
Дитта тIехь йолчу хенахь царна тIекхача аьтту боцуш хиллачу акхароша доу уьш. Масала, берзалоша, цхьогалаша, дингаташа, оьпарчаша, олхазарша. Шаьш дIакхелханчу меттехь ялх-ворхI ша доккху цара. ТIаккха цигара, шаьш хиллачу юха кхелха.
Тарсалийн дебар сиха хуьлу. ДIа-схьа кхелхаш хIаллакьхилар меттахIутту церан, сиха дебар бахьана долуш. Цхьана аьхка шозза хуьлу церан дохкана. КIорнеш кхаанни тIера иттанне тIе кхаччалц йо. Баннаш дечиган Iеханах до цара, гондахьа гIаш, синтарш а дохкуш. Бен бухара кIадбеш тарсалийн чоьш а хуьлу. Дечагийн хареш чохь а до цара баннаш.
Тарсалийн коьрта кхача бу: хьуьнан бIараш, стоьмаш, стоьмийн хIуш, олхазарийн хIоьаш, цIазамаш, жIаьлин-нускалш. Iаьнна дIаIалашдо цара бIараш а, кхин тайпа кхачанан сурсаташ а.
Оьпанах оьрсаша "Хомяк" олу. Ялтийн аренашкахь, нехан хьаьжкIаш юьйчу керташкахь а хуьлуш ю оьпарчий. Оьпа билгал ю чукIело а, лога кIелхьара а Iаьржачу босахь хиларна. Букх хьаьрса бу цуьнан. Лерган яххаш, беснеш кIайн ю. ТIехьажарехь стомма а, партала а хетало иза. Амма иза партала йац, каде ю. Ялташна доккха зе до оьпарчаша. ОьгIазе а, майра леташ а ю оьпа. Лата адамана доьхьал а йолу иза. ОьгIазе дарлой, шок а етташ, цIийза а цIийзаш тIекхета иза стагана. ЖIаьла доьхьал нисделчи цунна хьалха тIе а кхетий, и кхера а дой, йолу оьпа кIелхьара. ТIекхетий цергаш чIогIа юхку цо. Уьш дIа-схьа ца йохуш, цергаш йоьхканчуьра дилх цосту.
Адамах къахкаш йац оьпа. Мелхо а уьш дехачу меттехьа герга гIерта иза.
Оьпа ялта диъна ца Iа. Цхьа пунт хиллал ялта Iай даа тIаьхьалонна дIахьулдо цо лаьтта бухахь. Шена чохь Iен бен баьккхина ца Iеш йиъ-пхиъ чоь кечйо цо. Ялта чудухкуш "амбар", юьжу мотт, хIума юу чоь, нехаш дIакхуьссийла, хьоштагIа. Багахь доьлашна юххехь 50 грамм ялта хьо цо. Цхьа кийла ялта IаIош 20-зза дIай-схьай йоьду иза. Цхьа пунт ялта тIаьхьалонна дIадерзош 320-за ялташ дийначу уьрда тIе хьала а йолу, юха Iуьргах чу а йоьду иза. Ши метар кIорга охка ца латта. Цо аьхъканчу Iуьрган дохалла йиъ метар, ах метар хуьлу. Оццулла чIогIа болх бан дуккху а хан еза цунна. Шена лиъчи чехка охку цо латта. Яьшки чу йоьллина оьпа, и а хадийна, пена кIелхулацхьаметар, ах метар деха Iуьрг а даьккхина, дIаяханера цхьана буьйсанна. Оьпанан бен шина агIор чекхболуш хуьлу. Цхьанахьаша раз чуйоьдийла йокку цо. Вукхазхьашхула нисса хьалайолийла йо. Къоначара чуйоьдийла цхьаъ бен ца йо.
Iай йийшина Iохку оьпарчий. Бакъду, массо а хенахь ца йо цара наб. ХIума яа самайовлу уьш. Iай наггахь бенара хьала а йолу оьпа, довхо де деъчи. Оьпа гурахь кхин долу акхарой санна чIогIа ца ерста. Цундела юуш хIума а йоцуш Iа даккха гIора ца хуьлу цуьнан. Дехкаша санна Iай напгIа лаха корматалла йац оьпанан. Ша тIаьхьалонна гулдина ялта доу цо Iай. Оьпано садолу хIумнаш а йоу. Жима а, доккха а экха дац оьпаночул дукха кIорнеш еш. Ейтта а, пхийтта а, берхIитта а кIорни йо цо цкъа ехкаш. Ши кIира кхаьччи кIорнеша шайна къаьс-къаьстана, лаьттах охкуш, баннаш до.
Хаьштигах оьрсаша "Выдра" олу. Деха дегI а долуш, стомма гIорта а йолуш, боцийра когаш а болуш, деха цIога а долуш жима экха ду иза. ДегIан дохалла 70-75 см, цIоганан дохалла 50 см. Корта воьда бу цуьнан. Лергаш халла бен гуш дац. ПIелгашна юккъехь пардош ду. Хи чохь нека дан аьтту бо цара. БукътIера цIока таьIночу албасахь ю, чукIело сирла ю цуьнан.
Вайн Къилбаседа Кавказехь а, Закавказехь а, Малхбузехьа Иранехь а хуьлуш ду уьш. Церан дахар ламанан хишца, чалхаш йолчу меттехь, Теркан йистошца ду. Адамех къахкаш а, ларлуш а экха ду иза. Буьйсанна чIарх аьлла лела иза. Дийнахь а лоха ца ижу. Хи чохь нека дан хаьа цунна. Хи буха лечкъана дуккху а даллало иза. Лаьттахула лелар меллаша а, партала а ду цуьнан.
ЧIерий а, пхьидаш а, хица хуьлуш йолу садолу хIумнаш а йоу цо. Бердах Iуьргаш а дохуш до цара баннаш. Хи йисттера дуьйна бердаца хьала доккху цо лаьттах Iуьрг. Бен бечу меттехь мох кхетийта а, садоIа а меттиг йоккху цо. Ши шо даьлчи кхуьу цуьнан кIорнеш. Iа доьлчи оре догIу уьш. Шина шарахь цкъа йо цара кIорнеш 2-3. Цхаьна шарахь Iалашйо уьш нанас а, дас а.
Хинан хаьштигаш долу меттигаш билгалъевлла ю. Масала: Мартан хица а, Бумматал лакххьа ЦIиэчу Акка кхаччалц, Iаьсца а, Органца а, Каргалинскехь саьнгарш яьхна хиш долчу меттигашкахь а.
Дингатах нохчаша "цIецайоккхург" олу. "Дингат" аьлла цуьнан цIе яьккхича иза кертара дIайоьда олуш ду. Цундела иза кертара дIа ца яхийта "кхобу" цуьнан цIе. Иза кертахь хилар пайдехь хета адамашна. ХIунда аьлча, цо мукадехкий а, дехкий а хIаллакдо. Оьрсаша дингатах "Ласка" олу. Иза дехо дуткъа дегI а долуш, дехках тера жима экха ду. Луьстта ира цергаш ю цуьнан. Кегийра кхоьлина бIаьргаш ду. Ша дайанчу дехкийн хье боу цо . Хье биъна дуьзчи а цаIеш дехкий дойу цо, шена тIаьхьало еш. Кхин дахка ца карош ша мацделчи юха догIу иза, ша тIаьхьалонна дитначу дехкашна тIе. Цуьнан садоIуш хан ян а йац. Буса а, дийнахь а толлу цо дехкашна. Цхьана дийнахь бусий 10-15 дахка боу цо ша оццулла жима доллушехь. Хаддаза уьдуш леларо мацдо иза. Цундела сих-сиха доу цо и пхьор. Герггарчу хьесапехь 2-3 эзар дахка боь цо цхьана шарахь. ГIодмин такхорана кIелахь карийна 450 дахка. Дингато дойуш гулдина хилла уьш. Дингат керта кхаьчначу меттехь дехкийн хIу дов. Цхьанхьара ша уьш хIаллакдича кхоьчахьа дехкий долчу дIадоьду и жима экха. ХIусам дехкашкара схьайоккху дингато. Дехкан Iуьрг шор а дой, цу чохь шена кIеда мотт буьллу цо екъачу бецах я ша дайанчу дехкийн цIокарчех.
Кхоъ, йиъ, иссанна тIекхаччалц хуьлу дингатан кIорни. Цо кIорнеш шарахь моссазза йо хууш дац. Шеран цхьана заманчохь ца йо цо уьш. Iаьнан а, аьхкенан а, бIаьстенан а, гуьйренан а, муьлххачу а баттахь карош хуьлу цуьнан кегийра кIорнеш. Дингато бецан меъ а, лекъ а, кхин долу олхазар а доь гIортантIера цIий лела пха а хадабой. ГIиргIано мIарашца катоьхна дадийчи, шен и гIорта яхъеш, дIакхевдина цуьнан лаг а хадийна дингат цуьнца охьадоьжна меттигаш а хилла.
Цхьана таллархочунна пхьагал уьдуш, готуьйсуш, кхиссалуш карзахъяьлла гина. Цецваьлла иза пхьагало лелочух. Дукха хан ялале пхьагал йоьжна. Таллархо, когаш а хьоькхуш леш йоллучу пхьагална тIевахча, цунна юххера дIаедда дингат. Цо логах а тасаелла лаг цоьстуш холчу хIоттийна хилла пхьагал. Дехкал бен доццушехь иштта шел йоккхачунна а кхераме экха ду иза.
Адамашна зиэделла хилла буьйсанна божли чохь говро мийраш бетташ, синтем байна деш дерг. Iуьйранна хьацар а долий, гIеллой карош хилла говр. "ГIам ду цунна и ницкъ беш дерг" олуш хилла говр йолчу дас.
Иштта говро сагатдеш хезчи, фонарь а буйнахь чувахча, говр йолчу дена говран кхесса юккъера хьала а яьлла дIайоьдуш гина дингат. Иза кхеса юккъе яьлланчу меттехь, вортанах хьаладевлла цIийн тIадамаш гина говр йолчу дена. Говран синтем байна корзахъялар лаа ца хилла.
Зунах оьрсаша "Еж" олу. Цунна дукхаеза бошмаш, хьаннийн йистош, дечагийн кондарш. Зуно бен бо дечиган хари чохь, дечигийн кондаршлахь, кхеллешна юккъехь, гIан патаршлахь, коьллийн керта кIел, я къухашлахь таьIначу меттехь. Буха кIеда мотт буьллу цо, екъа буц, гIаш, иштта кхин йолу кIеда хIума буха а тосуш.
Зуно кхаанна тIера бархIанна тIекхаччалц кIорнеш йо. Зунан кIорнеш ирча хуьла, са а ца гуш, тIехь чо а боцуш, ерзина. Нилхха кIайн, кIеда кIохцалий хуьлу цунна тIехь. Шен бен цхьанна тосабелчи кIорнеш кхоьчахьа дIахьо зуно. КIорнеш дукха ца Iа шайн ненаца. Ши бутт кхаьччи шаьш йовлий юьйлало уьш. Iаьнна кечам бан ца хууш Iай ледарчу хьелашкахь юьсу кIорнеш. Цундела уьш дукхах ерш шелонна ле. Шийла Iа деъчи яккхийрнаш а ле шелонна, Iаьнна чукъовлаелла йацахь.
БIаьста, Iаьнан хIусамера арайолий, йолало зу, шелонаш дIаевллачул тIаьхьа. Итт градус йовхо хиллалц бенахь йижина Iуьллу зу.
Дийнахь, малхехь йох а луш йижна Iуьллу зу, буьйсанна ижу лохуш йолало. Ижо лахар бен гондхьа долчуьнан бала кхочуш йац иза. БIаьраса дика дац цуьнан. Меттах а ца вуьйлуш Iадда лаьтташ волчу стагана когаш кIел схьайолу иза. Шен и муцIар когарчу мачех дIаIоттаелчи хьоршам а тухий, муцIар кIел а хьош, дIахьаьрчий кIохцалийн уьйриг хуьлу. Вист а ца хуьлуш стаг Iадда сецчи юха а йолало иза. Толлачу хенахь нисса дIайоьду зу шена хьалха нисъелл-еллачу хIуманах хьожа а йоккхуш, яй йорт а етташ. Зуно садолу хIумнаш йоу, кхаьсттина чхьаьвригаш. Текхарг а, моьлкъа а боу цо лаца ка яьлчи. Текхарг шех лата доьхьалбаьлчи, иза кхеро, ша лаьттачохь кхисса а луш, маторо санна, гIовгIа йо цо. ТIаккха иза дIаболалушшехь, катухий, цIога схьалоцу. ДегI зунна тIе детташ, кIохцалий Iитталуш текхарг ле. КIохцалах хIума хьакхаелчи кхоссало зу. Буьйсанна къаьсттина оьгIазе хуьлу иза, лата доьхьал а уьдуш.
Акхачу старах оьрсаша "Зубр" олу. Акха сту онда бу доккха дегI а долуш; боккха корта а болуш. ДегIан дохалла 300 см ю. Мунда йолчохь локхалла 185-200 см. Цхьа тонн гергга ю цуьнан йозалла. Мунда, кIесаран кIог тIера букъа юккъе кхаччалц, хьаьвзина еха а, лекха а ю цуьнан. ТIаьхьарчу когийн голош тIекхаччалц бен кхин деха дац цуьнан цIога. ЧIениг кIелара дуьйна гIода юккхе кхаччалц беха а, хьалхарчу когийн голаша тIекхаччалц охьабеъна а бу цуьнан накха. Коьртан туьтан тIехь а, хьаьжаюккъехь а, гIортан тIехь а, хьалхарчу некха тIехь а луьста а, беха а, хьийзина а чо бу цунна. Вукхузхьа дегIа тIехь лоха а, морса а чо бу. Стеран а; аьттан а бухера томма а, йоцийра а, ира а маIаш ю. Iай бос жимма цIелла етталуш моккха бу. Аьхка хьаьрса бос оьцу цо.
Акха стерчий а, акха хьелий а Ставропольский крайхь а, Краснодарский крайхь а, ГIебартойн, Балкарийн махкахь а, вайн Нохч-ГIалгIайн махкахь а ду. Ахка бежнаш лам чохь хьаннашкахь деха. Тобанаш йой лела уьш, шайн-шайн доьзаш а болуш, 15 а, 20 а корта хуьлу цхьана гIеранахь. Аьхкенан заманчохь Iуьйранна а, сарахь а дежа уьш. Iай дийнахь дежа. Буц а, диттийн гIаш а, дечагийн чкъоьрнаш а дууш дежа уьш. Августехь-сентябрехь оре догIу. Май-июнь баттахь эсий до цара. Эса цхьацца до. Шиъ эса деш меттиг а хуьлу. Шина шарахь цхьа эса до атто. Цхьана шарахь эса дичи, вукху шарахь Iахара лела етт.
Вайн республикехь 40 сов бен дац акха бежнаш.
Акхачу газанах оьрсаша "Дикая коза" олу. Боьршачу вай "бож" олу, оьрсаша "Тур" олу. Лекхачу ламанан даккъашкахь, тIулган, мокхазан бердашца инзаречу меттигашкахула лела иза. Адам цецдаллал каде юссу бож ламанан даккхашкара охьа чу. Шен берг дIатассал меттиг хилчахьана тоьа цунна лекхачу бердаца кхиссалуш хьала тIе яла а, охьа чу йосса а.
Акхачу газанан кIорнеш а хуьлу иштта каде. Газанан кIорнех боьхьигаш олу. Iинах охьа чу иэгарна кхераме меттигаш дукха ю ламанца уьш лелачу меттехь. Акха гезарий ларъяла хууш ю. Шайн-шайн раьгIнаш хуьлу церан бож хьалха а йолуш. БIаьрг сирла а, лергашца само йолуш а ю уьш.
Ламанан акха бож дегIана йоккха ю. Коьртаца йогIуш шен барамехь ю цуьнан гIорта дукха юткъа а, томма а йоцуш. ДегIан дозалла 75-80 килограмм ю цуьнан. Когаш дукха лекха а бац, амма ницкъ болуш бу. Вайн цIахь хуьлуш йолчуьнан санна тIиэхьа йирзина яккхийра маIаш а, чIениг кIелахь маж а ю цуьнан. ЦIога доца ду. Газанан маIаш бежачул йоцийра а, юткъий а ю. Бос таьIIана цIиэ бу. Букъ тIоьхула Iаьржа арс боьду цунна, гIортан тIера цIоганна тIе кхаччалц. Изза томмагIа белшаш тIехь а ду. Корта жимма цIоьлла етталуш Iаьржачу басахь бу. Оцу бассахь ю маж а. ЧукIело кIайн ю. Лахара настаран даккъаш Iаьржа ду цуьнан, тIиэхьара бергашна тIе кхаччалц кIайн ду. ТIера цIока беха чо болуш морса ю.
Уьш хуьлу меттигаш: Акха гезарий Жимачу Азехь а, Эгейски гIайренашкахь а, Критехь а, Малхбузехьа Афганистанехь а, Къилбаседа Малхбузехьа Индехь а вайн Кавказехь а, ДегIастанехь а, Арменехь а, Гуьржийн махкахь а, Азербайджанехь а, Туркменин лаьмнашкахь а хуьлу. Вайн Нохч-ГIалгIайн республикехь акха гезарий йолу меттигаш ЧIаьнтин-Орга, МIайста, КIерино, АцунтIа, Шаройн-Орга Сандухой, КIачу ю. Акха гезарийн яжар ламанан даккъашца ду. Диттийн кондарш а, буц а йоу цара.
Реманаш йой лела уьш. Цхьана реми чохь итт а, ткъа а, ткъей итт а, шовзткъанге дIакхочуш а хуьлу уьш. Яжар Iуьйранна, сарахь дика ду церан. Де довхачу хенахь руьтахь йийшина Iохку уьш нахарш а дохуш. Гезарий май-июнь баттахь ехка. Цхьацца а, шишша а боьхьигаш йо цара. Акха гезарий кIезиг ю вайн махкахь. Уьш яйар дихкина. Уьш ларо еза.
Лунах оьрсаша "Косуля" олу. Когаш тIехь лекха ду иза. ГIорта еха ю цуьнан, корта жима бу. ДегIан дохалла I00-I55 см. Мунда йолчохь локхалла 75-100 см. Дозалла 20-30 кг. Бат жима ю цуьнан. Лергаш шуьйра а, деха а ду. ЦIога, халла бен ца къаьсташ, доца ду. Боьршачу лун маIаш ю 3-5 га долуш. ДегIан бос цхьаъ бу, аьхка, цIоьлла етталуш, хьаьрса, Iай сиро бос хаалуш мокха. ЧукIело а, гоа тIехьа а кIай ю жимма можа бос а бетталуш. Чо морса а, каглуш а бу цуьнан. Къоначу лун цIока къорза хуьлу, кIай я можа тIедарчий а долуш.
Лу долу меттигаш: Малхбузе, Европин юккъерчу декъехь, Кавказехь, Закавказехь, Къилбехьа Уралехь, Сибрехахь, Казахстанехь Генарчу Малхбалехь, Юккъерчу Азехь ду уьш. Хьун нилха йолчохь а, цанашлахь а, тогIешкахь а дежа уьш. Къона маргIал а, гIаш а доу цара, дечагийн чIенгаш а, буц а, бецан гIовда а йоу, хьуьнан стом а боу.
Аьхкенан заманчохь сарахь, Iуьйранний дежа уьш. Iай а, кхоларш яьлчи а дийнахь дежа. Аьхка цхьацца долий лела уьш. Важа йолчу хенахьреманашца лела. Август баттахь оре догIу. Май-июнь баттахь боьхьигаш йо 1-2, кхоъ еш меттиг а хуьлу. Сте лу 14-15 бутт кхаьччи оре догIу. Боьрша лу кхозлагIчу шарахь бен оре ца догIу.
Герггарчу хьесапехь вайн республикехь 3000 лу ду. Ламанца ду уьш, дукхах дерш.
Масарх оьрсаша "Серна" олу. Цуьнан дегIан дохалла I25-I35 см ю. Мунда йолочуьра локхалла 70-80 см. Йозалла 25-50 кг. Настарш лекха ю цуьнан. ГIорта еха ю, корта жима бу. ЦIога доца ду. Лергаш деха ду. МаIаш Iаьржа а нисса ирахъяхна, йоьхьигаш цIеххьана тIиэхьа йирзина а ю. Стечу масаран маIаш кегийро ю. Масаран бос таьIно хьаьрса бу. КIесаран кIог тIера букъ тIоьхула Iаьржа сиз доьду. Шина а агIор белаш тIера чукIела кхаччалц Iаьржа томмагIа ду цуьнан. ЧукIело мекханан басахь можа ю. Корта а, лаг а можа ду. Хьаьжаюккъера кIай а хеталуш. Лерга юххера дуьйна бета йисте кхаччалц Iаьржа шиъ сиз ду цуьнан дехьий, сехьий.
Iай масаран бос хийцало. КIесаран кIаг а, тIоьхулара гIорта а, чукIелара а, тIиэхьа пIендаршкара а хьаьрса, пханаршкара Iаьржа хуьлу иза, Iаьнан заманчохь. Чо морса а, беха а, буькъа а бу цуьнан. Iай кхин а бах а ло, букъ а ло цуьнан чо.
Юккъерчу а, Къилбехьарчу а Европин лаьмнашкахь хуьлу масарш, масала Пиринера Балкане а, Карпате а, Жимахчу Азе а, Кавказе а кхаччалц. Кавказийн ламанийн лакхарчу даккъашкахь бен хуьлуш йац уьш.
Акха гезарий санна, ламанан даккъашкахь, мокхазан, тIулган бердашкахь, ламанан басошца цанашлахь ежа уьш. Iай диттийн чIенигаш, синтарш бецан гIовданаш йоу цара. Аьхка Iуьйранний, сарахь ежа уьш. Реманаш йой лела уьш. Iай ламанийн даккъаш тIера хьуьн чу охьайогIу уьш. Апрель-май баттахь ехка. Боьхьиг цхьацца йо цара, наггахь шишша а йо.
Уьш кIезиг ю вайн махкахь. Цундела уьш яйар дихкина ду.
Оьрсаша а олу сайгаках "Сайгак".
Сайгак адамаш дIакхочучу меттера хIаллакьеш ю. Оханаш дечохь, тракторш, комбайнаш лелочохь сайгакаш хуьлуш йац. ХIинцачул 150 шо хьалха Польшехь а, Манголехь а хилла сайгакаш. Адамаш тIаьхьара дIа ца довлу царна. Жижиг, цIокарчий хилла ца Iеш, чIурамах терра ах сирла маIаш яра адамашна пайдехь. Китайн лоьрийн дарбанашкахь пайдехь лоруш ю уьш.
Украинехь тIаьххьара сайгак I940-шарахь йийна бохуш ду. Юккъерчу Азин дазонашкахь а, Казахстанан цхьайоьлчу меттигашкахь а дуккху а хилла уьш.Ткъа хIинца Европехь уьш йисна а йац. Азехь а тохарачул кIезиг йисна.
Адамаша кера ерзора йолчу, хи доцчу аренашкахь хуьлуш яра сайгакаш. Царна тIе кхача атта дацара. Цундела дукха ца хуьлура царна тIаьхьа бовла хьуьнар долуш таллархой. Амма бай-латтанаш охуш, баха охьахуьйтуш адамаш герга гIиртина царна. Адамаш герга мел кхечи гатто хилла сайгакашна.
Царга таллар дихкина ца хиллехь кхин ткъех шо даьлчи наггахь бен карор йацара сайгак. Царна таллар дехкаро аьтту бина уьш дебийта. Казахстанехь сайгакийн яккхийра реманаш ю хIинца а. Ирча хьайба бу иза. ТIедаьлла ирча теран-дукъ ду цуьнан. Боьрша сайгак маIаш хиларо жимма куьце ялайо. Ткъа, сте сайгак маIаш а йоцуш ирча корта болуш ю. Мара лакхарчу балдех тIехбаьлла бу цуьнан. Ежачу хенахь мара хьалахабабо цо. БIаьра са а, лергийн само а дика ю цуьнан. Хьожанца а къастало цхьацца хьелаш. Бакъду, таллархойн кхерамах кIелхьара йовлийла дацара церан ларъелчи а, евдича а. Сайгак лаьмнашка а, хьаннашка а йоьдуш йац. Бакъду, Iаламан хьелашка хьаьжжина хуьйцу цо меттигаш. Цанаш дика йолчу меттехьа дIагIурту сайгакаш. Сайгако хи молуш гина стаг вац. Цхьа а тIадам хи доцчу меттехь еха уьш. Гурахь вовшахкхетий яккхийра реманаш хуьлу царех.
Сайгакаш кортош охьаохкадой лела. Цундела церан рема генара хьаьжчи жах тера хуьлу. Адамах я экханах бIаьрг кхетчи дIалелха уьш, лакха хьала а кхиссалуш. Ялх метр гена кхоссало сайгак еддайоьдучу хенахь.Говр хаьхкича тIаьхьа ца кхуьу царна. ВорхI-бархI де бен кхачаза йолчу кIорнина а ца кхуьу говр хаьхкича тIаьхьа.
Май бутт болалуш цхьаъ я шиъ кIорни йо сайгако. Яхка кечлуш буц лекха а, луьста а йолу меттиг лоху цо, кIорни кога яххалц кхаба а, экханах ларо а аьтто болчохь. КIорнеш йинчу хьалхарчу деношкахь нана гена ца йолу царна. Iадда юьжий Iуьллу иза къайлехь. Сов Iуьйранна кIорнеш а якхайой яжа йоьду нана. Цкъацкъа дукха гена йолий буса бен юха ца кхочу. Юхаеъчи кIорнеш а якхайой, царна юххе охьаюьжу нана. Йина кхо-диъ де даьлчи ненаца юьйлало кIорнеш.
Кегийра йолуш адамана кераIема кIорнеш. Яккхийрнаш шаьш ма-хиллара акха юьсу. Уьш кера ца Iема.
Оьрсаша гIеланах "Марал" олу. И боккха сай Тянь-Шанехь а, Алтайхь а, Саянехь а, Байкалал дехьа а, Амурски а Уссурийски мехкашкахь а хуьлуш бу. Сеш ду Малхбузе Европехь а, Крымехь а, Кавказехь а, Карпатан лаьмнашкахь а, Беловежскехь а, Днепран лахенашкахь а. Иштта Акании-Ново а, Воронежски заповедникехь, Амуран йистошкахь а Iаламах доьлла сеш.
ГIела таллархочун уггаре а мехала ижо ю. Китайцийн дарбанашкахь безчу мехала лору гIелан къона маIаш. Китайхь дешин мехха лоруш хилла уьш. Пржевальски волчу хенахь цхьана гIелан моIах деллачу ахчанах мачийттаетт я масийтта говр эцалуш хилла. Стомма дилх, чIогIа неI мехала хилла ца Iаш, гIелан панташ (I) а хилла иштта мехала.
Сен кур бужу хIора шарахь. Цуьнан меттана кхин кур хIуттуш яхъяла йолало маIаш. Кур бужу бIаьста март я апрель баттахь. Цу балхо эрча боккху сай. Цхьана баттахь лела иза оцу кепехь. Цул тIаьхьа хьалаяхло маIаш. Чохчам санна кIеда а йолуш, цIий лела пхенаш дуьзна гуш уьш йолчу хенахь хедийчи дарбанна дика ю.
Йоьхьанца къона маIаш тIехь ча болуш хуьла. МаIаш чIагIлуш кур кхиъна баллалц лаьтта и чо царна тIехь. Кур кхиъна баьлчи маIаш тIера охьадужу и кан.
ГIелано аьхка буц йоу, Iай декъа гIаш, синтарш доу, берг тухуш лай кIелара екъа буц йоу. Хьайбанна туьха деза. Бацаца, соьналлашца иза тоьаш дац. Цундела гIелаша туьхан латтанаш лоха бIаьста буц хьалаяла тохаелчи.
ГIела шена кхераме долчу экханах, адамах ларбала хууш бу. Адамах шен бIаьргкхетчи цIеххьана дIа ца эккха иза. Ша цунна го я ца го хьажа лаьа цунна. Таллархо шена тIеIоттавелча кхерамах бедда гена болу иза. Ша къайле баьлчи и таллархо шена тIаьхьа вогIа я ца вогIа хьожуш соцу иза. Таллархо тIаьхьа ца вогIийла хиъчи паргIатболу иза. Я меллаша болалой дIабоьду. Шаьш дийшина Iохкучу хенахь, адамах бIаьрг кхетчи, йадда Iохку гIеланаш, кхин дIа цо хIун до, хIун дагахь ву хьажа лууш. Стаг шаьш долчухьа тIеволавелчи дIалелха.
ГIеланаш дежа сатесчихьана дуьйна. Де дохделчи дуьйшу уьш шайна кхерам боцчу меттехь. Шаьш гурдоцуш, шайна гондахьа бIаьрг кхаба аьтту болуш меттиг хоржу цара. Масала, гобаьккхина яьсса майда аре а йолуш, къасттина лаьтта диттийн кондарш. Я ламанан басеш мокхазан берд. Бердах агIу а тухий дуьйшу уьш. ТIаккха шайна хьалхара цхьа агIу бен ларо ца деза. Цигахь, нох а доккхуш дуьйший Iохку уьш, делкъал тIаьхьа малх охьаластталц. ТIаккха сарралц дежа ламанан даккъашкаца хьала а оьхуш.
Хьуьнчохь гIелаша садоIу меттиг генаш лаьтта охьакхаьчна долчу доккхачу дитта кIело хоржу. ХIунда аьлчи, арахьара тIевогIучунна цу кIелахь уьш ца го. Шайна герга гIерташ верг царна го. Иштта тIегIоьртанчу кхерамах кIелхьара довла аьтту лоху цара.
ГIела само йолуш а, хьожа кхеташ а бу.
ГIелашна чуьркаш, горанаш ца еза. Къаьсттина керла маIаш йовлучу хенахь ца лало цаьрга оцу экамчу моIа тIе хиъначу чуьрко къовзор. Цундела уьш йовхачу хенахь чуьркаш, горанаш йоцчу ламанан даккъашка хьала доьлху. Цигахь шийла механ хIо хуьла. Иза чуьркашний, горнашний ца деза. Ламанан лахенанашца хин тогIешкахь, хин берда йистошца хуьлу церан сецарш. ХIунда аьлчи цигахь а хишца шийла хIо хуьлу.
Гуьйранна ламанан баххьаш хержа оьшуш ца хуьлу гIелашна. Сту гIела гIелашка гIергIа сентябрь баттахь. Цо шена тIе боьху гIела-етт. ТIаьхьа бисна сту, оре беъна гIела-етт тIамца схьабаккха безаш хуьлу ша санна болчуьнгара. Кхузахь лета уьш. Тоххарлера гIелашка гIергIар а доцуш къин тайпа амалаш къоллало: кхерам тасар, лата кечлуш бIов бахар, леташ эшначун дегабаам я тоьллачун куралла. Ницкъ болчу гIелан ша санна берг хоржуш терсар. Ханна а, дегIан а, ницкъана а шега ниссачух лета гIела-сту. Генара хеза цара вовшашна карраш детташ ден тата. Уьш леттачохь кегйина маIаш карайо. Летчу заманчохь карраш таса а лой уьш вовшах ца дахалуш шиэ а гIела мацалла белла карийна меттигаш а ю.
Оре лоцучу хенахь цхьана эра гIелан 6-7 гIела-етт хуьлу. БугIанаш уьш къуьйсуш лета вовшех. Тоьллачо шегахьа дерзадо уьш.
Iай шайн-шайн жима бажа хуьлу церан. ГIела-сту а, шиъ-кхоъ юха а ламанан лахенга охьадогIу уьш шайн кхерстаран некъашкахула.
ГIела ша сира белахь а цуьнан эса можачу сацкъар басахь хуьлу, дегIан дохалла можа томмагIнаш а долуш. Цхьана баттахь гергга Iуьллу иза бацалахь дуьжий. Нана цунна дукха гена а ца йолуш ежаш лела. Эса дакхо шен-шен хенахь метта йогIу иза. Ненах декхчи йовхачу а, хьеначу а шурех дузий юха а охьадуьжу эса. Диттин кондаршлахь къаьсташ ца хуьлу иза. Цуьнан дегIа тIера можа томмагIнаш гIан патарехь дIаоь. Буьрсачу экханах ларо Iаламо и къайле йелла цунна.
Цхьана шарахь сов лела боьрша эса нанна тIаьхьа хIуттий. Шо кхаьччи нанна тIаьхьара къаьста иза. Стен эса шозлагIчу шарахь а ненаца хуьла. Оцу акхачу дохнан уггаре а луьра мостагI борз ю. Царна кхерам бу акхачу цицигах а, чанах а. Панташ - къоначу маIех олу.
Сайх оьрсаша "Олень" олу. Къилбаседехьара акха сай Тундран, тайган асанца Европехь, Азехь, Iамерикехь хуьлуш бу. Къилбехьа йолчу меттигашкахь Iаламан хьелашка а, шеран заманашка а хьаьжжина хуьлу иза. ХХ-гIа бIе шо долалуш акха сеш долу меттигаш Европин Новгороде кхаччалц долчу декъехь а, Волга хин лакхенашкахь Казанехь а, Кама хин лахенашкахь а, цигара дIа малхбалехьа Свердловскера Новосибирске кхаччалц яра. Ткъа, хIинца къилбаседехьа хьала даьржина уьш. Алтайхь а, Генарчу Малхбалехь а сеш даьржина генна къилбехьа йолчу меттигашкахь.
Къилбаседехьарчу сайн цхьацца тайпа башхонаш ю. Кхечу меттигашкахь церан батош, тIехь чо боцуш, Iаьржа ю. Ткъа къилбаседехь долчеран батош тIехь луьстта чо бу. Иза ца хилчи Iай, лай кIелхьара буц юуш бажа йиш хир йацара цуьнан. Йоккхчу шелоно а, гIоргIачу лайно а йохор яра батош. Цхьа шатайпа ю цуьнан бергаш а. Шуьйра дIа-схьа яхна ю шина агIор сат-бергаш. Iаьнан заманчохь шина берга юккхе морса чо болу цунна. Iай тIа детташ ло дIа а хьокхуш бежа сай.
Къилбаседерчу стечу сайн маIаш хуьлу. Кхечанхьа долчийн уьш хуьлуш йац. ХIора шарахь кур бужу цуьнан а. Сен докъар аьхка а, гурахь а - буц, жIалин нускалаш а ду, Iай - дечиган корсамаш, синтарш, диттийн чIенигаш йоу цо.
Акха сеш кхаа декъе декъало: тундрехь, хьаннашкахь, лаьмнашкахь. Тундрехь дукхах ду уьш. Цхьана метарал тIех ло кIорга диллича сай бажа ницкъ боцуш буьсу. Цундела цхьана меттехь дац церан дахар. Iаламан хьелашка хьаьжжина хуьйцу цара меттигаш. И меттигаш хийцар, шетан замане хьаьжжина, Къилбаседехьара Къилбехьа а, Къилбехьара Къилбаседехьа а ю. Къилбаседехь ло бергаца дIа ца хьакхалуш чIагIделчи Къилбехьа кхелха уьш. Хьаннашна юккъехь ло кIорга диллахь а семса хуьлу шерачу арахьчул. Цундела Iай хьаннашкахь хуьлу церан дажар.
Аьхка йовхо хIоьттича тундре хьала доьлху сеш. ХIунда аьлчи чуьркаший, кхин йолчу садолчу хIумнаший цIий молу церан. Царах къаьхкий шийлачу метте кхелха уьш. Шабинчу океанан берда йистошка кхаччалц. Сеш дика дежа хин тIогIешкахь. Цигахь дежийлаш дика хуьлу ховха буц а, диттийн кондарш а. Хьаннашкара сеш бIаьста яьлчи хин берда йистошкахь, хин тогIешкахь дежа, юха а цигахь механ хIо алсам хиларна. Гурахь уьш хьуьнчу доьрзу жIаьлин-нускалаш лоьхуш. Iай цара цигахь корсамаш а, гIовда а, диттийн чIенигаш а йоу.
Сешан уггаре а дика хьелаш кхоллало хьун йоцчу ламанан даккъашкахь. Цигара ло мохо дIадоккху, малх хьаьжчи деша. Сешна уггаре а кхераме берзалой ю. Царна тIаьхьа йовлий толлуш лела уьш, цхьана а хенахь синтем хила меттиг ца буьтуш. Цу тIоьхула тIе адамаш а ду царех пайдаэца тIаьхьадевлла. Берзалойх, адамех кхерам массо а хенахь лаьтта царна. Ткъа, йовхачу хенахь чуьркаша, горнаша кхин йолчу садолчу хIуманаша хьийзадо уьш. Церан дебар кIезиг хиларе хьаьжчи дика дисна уьш хIу кхача ца луш. Шарахь цхьа эса до стечу сайно. Шиъ эса дар наггахь бен хуьлуш дац.
Къилбаседера сай адамашна караIема. Цигарчу адамаша цIахь кхобуш леладо сеш. Уьш дIа а дужу цаьргара шура а йокху. Аьттачул хьена ю цуьнан шура. I8 процент хьоналла ю цуьнан шурица. Ткъа, аьттан шурица 4 процент бен йац. Церан цIокарчех боккха пайдаоьцу адамаша. Гоьнан меттина кIела а юьлла, юргIин меттана тIе а тосу, цунах тIеюху кетарш а йо, кога юху мачаш а йо.
Оьрсаша боккхачу сайх "Лось" олу. Хьайбанех уггаре а доккха хьайба ду боккха сай. Шиъ, ах метар лекха а, кхоъ метр деха а ду цуьнан дегI. Шовзткъа пунт гергга ю цуьнан йозалла. Цхьана хенахь Европин, Азин, Iамерикан хьаннашкахь хуьлуш бара и шатайпа боккха сай. Ткъа хIинца, Малхбузера а, Юккъерчу Европера а хIаллакдина дIадевлла уьш, Швецехь а, Норвегехь а дуккха а долуш ду. Вайн махкахь дукха ю уьш долуш меттигаш. Европехьа долчу мехкашкахь а, къилбаседехь а Черниговски, Киевски областашка кхаччалц къилбехь а, Уралехь а, Генарчу Малхбалехь а, Уссурийски крайхь а ду уьш.
Боккха сай иза хьуьнан хьайба ду. Цхьана меттехь дац церан дажар. Хьаннашца кхерста уьш. КIорга ло диллича, дIай-схьай лела хала хиларна Iа доккхуш цхьана меттахь совцу уьш. БархI а, итт а корта хуьлу церан цхьанакхетта бажа. Шешан руьйта даа гIа а, генаш а долчу метте, хьуьн чохь хIоттайо цара. Толлан чкъор дукха деза оцу хьайбанна. Хьун хьаькхначу меттехь тIекIел йехкина дечигаш ерриге а йожу цара дIай-схьай а керчош. Цундела хьун хьокхуш болчара, гIулчаш а ца еш, шаьш охьа ма-еттара юьту уьш. Аьхка буц цоу оцу хьайбанаша. Къаьсттина дарбане бецаш йоу цара. Ялташна новкъарло а ца йо, адмаша кечдина цхьа а тайпа докъар а ца доу оцу шатайпачу хьайбанаша. Ша мел меца хиларх адамаша бинчу элан холанна тIе ца кхевда боккха сай. Оццала акха бу иза. Цхьаллехь ду цуьнан дахар. Ша цхьаъ къаьсттина кхерсташ Iедал ду цуьнан. Хиш, Iаьмнаш лаьттинчу тогIешкахь, диттийн кондарш, маргIал долу меттигаш еза цунна. Адам а, говр а чекхдалалур доцчу Iаьмнашкахула хотталхула атта лела иза. Лекхачу настарша а, шуьйра яьржаш йолчу бергаша а гIо до цунна ишттачу меттигашкахула лела.
Хи дезаш хьайба ду боккха сай. Иза хи буха а лечкъа. Цунна нека дан а хаьа. Уггаре а цуьнан къиза мостагIий чуьркаш, горанаш, веччаргаш ю. Горнах чIогIа кхоьру иза. Цхьа гора йукъа яьлчи динна бажа бодий хIора-хIо бола. Чуьркех мозех кIелхьарадала аьтто ло цунна хе. Аьхка дукхах йолу хан хи чохь йоккха цо.
Бакъду, горанах кIелхьара бала аьтту бац боккхачу сен хи чохь а, я екъачохь а. Гора мерIуьргаш чу йоьду цунна къамкъаргашка кхаччалц. Циггахь зирх тосу. Оцу зирхах кхоьбарчий хуьлу 60-70. Оцу кхоьбарчаша чIогIа сагатдеш ницкъ бо цунна. 4 сантиметр еха хуьлу и кхоьбарчий. Юха аьхке йоллалц мер чохь а садоIучу къамкъаргаца а тасалой йохку уьш. Церан ачонна "кхахь" бохуш сагатдо цо. СадеIарна новкъарло а йо. Царех садукълой леш меттиг а хуьла. И кхоьбарчий кхиъна евлича дIатасаеллачуьра охьаоьга. Царех, тIемаш а довлий, юха горанаш хуьлу. Цу кеппара оцу хьайбанна массо а ханна мостагI ю гора. Кхоьбарчий хи чу эгчи ле. Цундела аьхкенан заманчохь оцу хьайбанийн хи чохь хиларо лагIдо горанийн хIу. Йиъ метар шуьйрачу саьнгарх а ши метар лекхачу кертах а тIехъэккха боккха сай. Берзалойх хIумма а кхоьруш бац иза. Берзалой гондахьа евлича, дечигах букъ а тухий, дIахIутту иза. Цуьнан хьалхара когаш шайна мел кхераме бу хаьа царна. Цундела цхьа а борз а юххе гIорта ца яьхьа. Цо цкъа ког тухий борз йоь. Сибрехарчу таллархойн кица ду, "Чана талла водахь мотт кечбе, боккхачу сена талла водахь каш кечде".
Боккха сай адамах къаьхкаш бу. Бакъду, царех оьгIазъяхна эра бугIа тIеIоттаелчи цо динна обоз о йохайо. Иза а наггахь хилла хIума ду. Боккха сай ган атта дац. ЧIогIа само йолуш хьайба ду иза. Эса шиъ до цо хIора шарахь. Атта кара а Iема уьш кегийра долуш. КараIамийна кхиънарш аьхка ворданна а, Iай салазна а дужуш леладо. Iаьнна докъар Iалашдан а ца деза царна, чудохка божал дан а ца деза. Муьлхха а шело а, дарц а, йочана а лало цаьрга.
Хьажа. кхин
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйан- Берсанов Х.А. Вайн махкан акхарой а, олхазарш а.(нох.). — Соьлжа-ГIала (Грозный), 1992.