Нохчийчуьра олхазарш;

Хин олхазарш

бӀаьра нисйан

БесаргӀаз

бӀаьра нисйан
 

БесаргӀезаш йа Ӏаьржа гӀезаш (лат. Branta) — бедийн доьзалера олхазарийн хин тайпа. БесаргӀезех оьрсаша "казарка" олу. БесаргӀезаш — йуккъера барам гӀезел кегийра олхазарш. Церан хуьлу гӀезачул алсама доца лаг а, алсама йоца, амма бух тӀаьхь лекха зӀок. БесаргӀезаш йохаллехь 60 см гергга хуьлу, йозалла 8 кг кхаччалц хуьлу. Ӏаьржа гӀезийн бос алсама Ӏаьржа а, кӀайн а хуьлу. ЦӀен харданг йолу бесаргӀезийн месашкахь хуьлу цӀехо-боьмаша бос.БесаргӀезийн дерриг 6 тайпа ду.

 

Хьийзина масаш йолу пеликан (Pelecanus crispus). Хьийзина месаш йолчу пеликанах оьрсаша «Кудрявый пеликан» олу. Вукху цӀе бос болчу пеликаначул хийцамаш дукха бац цуьнан. Месаш кӀай ю, сиро бос а болуш.

ТӀемаш мокха ду, жимма сиро бос а бетталуш. ГӀортанна тӀиэхьара месаш еха а, хьийзина а ю. ДӀай-схьай даржичи тӀемаш шина метре кхочу. Вукху цӀиэ бос болчу пеликанан санна ду цуьнан дахар. Иза хуьлчу меттигашкахь хуьлуш а ю.

 

ЦӀиэн бос болу пеликан (Pelecanus onocrotalus). ЦӀиэн бос болчу пеликанах оьрсаша «Розовый пеликан» олу. КӀеззиг цӀиэ бос а бетталуш кӀай ю. ТӀемаш йоьххьера Ӏаьржа ду. Коьрта тӀехь жима кӀужал бу. Еха зӀок ю цуьнан. ЗӀакарна кӀелахь тӀаьрсиган тӀоьрмиг бу. ТӀемаш дӀа-схьа даржийчи 2 метр ду. ХӀурдан гӀайрешца, бердащца, хишца, Ӏаьмнашца хуьлуш ю пеликан.

Ӏаьржачу хӀурдан къилбаседа-малхбузехьа хӀурдан йистошца а, Азов хӀурдан йистошца а, Каспийски хӀурдан къилбаседехьа йистощца а, ГӀалмакхойн аренашкарчу Ӏаьмнашкахь а, Казахстанехь а, Малхбезехьа Сибрехахь а ю уьш. Дозанал арахьа Румынехь а, Африкехь а, Сирехь а, Иракехь а, Къилбаседа-Малхбузехьа, Индехь а ю пеликанаш. Вайн республикехь наггахь бен гучу ца йовлу уьш. БӀаьста къилбехьара бовхачу махкара схьайогӀуш а, гурахь юха цига дӀайоьлхуш а вайн хиш, Ӏаьмнаш долчохь; цхьана кӀезигчу ханна сеца уьш. ХӀинцачул хьалха Теркан йистошца а, Ӏаьмнашкахь а баннаш дора цара. Дукха а чӀерий долу меттигаш, буткъа эрз болу тогӀеш еза царна.

Баннаш дечу хенахь яккхийра тобанаш хуьлу церан. Цара баннаш до Ӏаьмнаш долчохь, буькъа эрз болчу, адамашна тӀекхача хала долчу меттигашкахь. Баннаш эрзах а, бацах а диттийн генех а до цара. Хоьаш апрель-май баттахь до. Шиъ до хӀораммо хӀоа. Тойнахь 33-38 дийнахь Ӏа. КӀорнеш йоха июнь-июль баттахь. ТаьӀна мокхачу басахь хуьлу уьш.

ЧӀогӀа ларлуш олхазар ду иза. Стаг юххе ца кхочуьйту цо. ГӀаттар хала ду цуьнан. ТӀемашца гӀоттуш хи тӀоьхула когаш а бетташ йоьду иза. Ядар чехка ду, генна охьа тӀемаш а лестош. ТӀоьхула хьийзаш Ӏедал а ду цуьнан. ГӀеранца хӀаваэхула могӀа бой йоьлху уьш. ГӀарагӀулеш санна са бой а йоьлху. Хи тӀоьхула нека до цара. Амма хи буха ца лечкъа уьш. ЧӀерий доу цара, хи гомхачу дӀа а лоьхкуш, зӀакаршца каде схьа а луьйцуш.

 

ГӀургӀаз (Cygnus cygnus). ГӀургӀезах оьрсаша «Лебедь» олу. ГӀургӀаз шина-кхаа тайпана ю. Юххехьара зӀок можа ю уггаре а йоккхачу гӀургӀезан. Къоначийн зӀакарш цӀечу басахь хуьлу. Тундран Ӏаьмнашкахь хуьлу уьш. ДӀай-схьай йоьлхучу хенахь хӀорднашкахь а хуьлу. Баннаш шишша цхьана къастина до. ХӀоьаш ма баттахь до 4-6. Жимма можа бос бетталуш къайн хуьлу хӀоьаш. Хина бухахула ца лела иза. Кортий, гӀортий хи буха оьхуьйту цо. ТӀемашца гӀаьттина йоьдуш гӀорта хьалха дӀаяхйо. Екар хаза ду цуьнан «гангго… ганг-го» бохуш. Ӏаламехь кӀезиг ю уьш. Цундела царна таллар дихкина.

ЦӀиэн зӀок йолу гӀургӀаз. Цуьнан зӀакаран бухехьа Ӏаьржа маӀа ю. Можа зӀаг ерш санна кӀезиг ю уьш а. Хин берда йистошца эрзалахь до цара хӀоьаш. Тойна май бутт чекхболлуш доккха 6-8 хӀоа до цхьаммо. ТӀемаш жимма хьала а айдой, хаза саттийна латтайо цо гӀорта. ЗӀок нисса охьаерзийна латтайо. Аз гӀоргӀа ду, йиш — хаьлчи санна. Хи буха кхийдаш ежа иза. Хин соьналлаш а цхьацца садолу хӀуманаш а йоу цара.

 

Акха гӀаз (Anser fabalis). Акхачу гӀезах оьрсаша «Дикий гусь» олу. Акха гӀезаш масех тайпана ю, кӀайн а, мокха а. ЦӀахь кхобучу гӀезийчулла ду церан догӀмаш. Цхьаерш кегийро ю. ЗӀакарш а, когаш а цӀиэ хуьлу церан. Юткъа еха хуьлу церан гӀортош. Ӏаьржа зӀакарш йолуш а ду акхачу гӀезийн тайпа.

Хиш, Ӏаьмнаш долчу меттехь, бецан а, ялтийн а аренашкахь, хьаннийн йистошкахь хуьлу уьш. ДӀай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Шишша цхьана хӀуттий до цара баннаш, хин бердан йистошкахь, Ӏаьмнашкахь, эрз болчу тогӀешкахь, тоьлгашкахь, шачйолчу меттехь. Бен буха буц а юьллуш, месийн до а дуьллуш тобо цара. Можо бос а болуш 4-6 хӀоа до гӀезо. Аз чӀогӀа декаш ду акхачу гӀезан. Тобанаш йой лела уьш. Адамах, экханах ларъяла хаьа царна.

 

Мокха акха гӀаз (Anser anser). Мокхачу акха гӀезах оьрсаша «Серый гусь» олу. ЦӀахь кхобучу гӀезал дегӀана жима ю иза. ГӀорта жимма йоца а, стомма а цуьнан, вукху гӀезачул. ЗӀок, можо бос болуш, цӀиэ а, йоца а ю. Когаш можо бос бетталуш цӀиэ бу.

ХӀурдан йистошца а, хищца а, Ӏаьмнашкахь а хуьлуш ю и тайпа гӀезаш. ДӀай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Боьршачой, стечой, шишша цхьана кхетий до баннаш. ХӀурдан йистошца а, хин бердан йистошца а, оьрзалахь, шочалахь, тоьлгашлахь до цара баннаш. ХӀоьаш июнь баттахь до 4-6. ТӀема йовдар хала ду церан. ТӀемаш доцийро хиларна чехка лесто деза. ТӀома евдда лакхахула лела церан гӀеранаш. ХӀурда чохь, хиш чохь, Ӏаьмнаш чохь иштта берда йистошца а карош йолу садолу хӀумнаш, кхоьбарчий, соьналлаш йоу цара.

 

Акха бад (Anas platyrhynchos). Акхачу бедах оьрсаша «Кряква» олу. ЦӀахь кхобучийл догӀмаш долуш ю акха бедаш. Бедан-нӀаьна хаза ю. Баьццаран бос лепаш бу цуьнан корта. Лог кӀело ал бос бетталуш ю. ЗӀок можа ю. ЦӀоганан тӀоьхуле Ӏаьржа ю. Когаш, можа бос а бетталуш цӀиэ бу. Стиэ бад Ӏаьржа тӀедарчий а долуш мокха ю. Акха бедаш дукху а мехкашкахь хуьлуш ю. ДӀай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Ӏаьмнашкахь, хин бердан йистошкахь бецан тоьлгашлахь, оьрзалахь до цара банаш. ХӀоьаш дан юьйлало апрель баттахь. 7-I2 хӀоа до цхьана бедо. КӀорнеш тӀемашца гӀовттало август баттахь. Екар цӀахь кхобучу бедачух тера ду. Яжар хи чохь ду хина буха а ческъаш. ТӀемашца йовдар чехка ду. Хи чохь карош йолу садолу хӀуманаш а, кхоьбарчий а цхьацца соьналлаш а йоу цара.

 

Ӏаьржа акха бад (Anas poecilorhyncha). Ӏаьржачу акха бедах оьрсаша «Черная кряква» олу. ЦӀахь кхобучу бедачулла ду Ӏаьржачу бедан дегӀ. Бедан нӀаьна а, стиэ бад а цхьана басахь ю, мокхачу месаш тӀехь Ӏаьржа тӀедарчий а долуш. Жимма сирло ю чукӀело. ЗӀок Ӏаьржа ю, можа йоьхьиг а йолуш. Хишца, Ӏаьмнашца хуьлуш ю Ӏаьржа акха бедаш. Баннаш дар а хин тогӀешкахь ду. Май баттахь хӀоьаш до 7-10.

 

Мокха акха бад (Anas strepera). Мокхачу акха бедах оьрсаша «Серая утка» олу. ЦӀахь кхобучул дегӀана жимо ю мокха акха бад. Бос мокха бу цуьнан, тӀемаш ал басахь ду. Стиэ бад къорза букъ болуш ю. Некха тӀехь Ӏаьржо бос бетталуш ю цуьнан месаш. ЗӀок а, когаш а можа бу. Вуьш санна хишца, Ӏаьмнашца хуьлу мокха бедаш. Яккхийра гӀеранаш ца хуьлу церан. Баннаш екъчу меттехь, хишна генахьо до цара.

Май бутт юккъе болуш до цара хӀоьаш 7-11. ХӀоьаш можа бос бетталуш, кӀай хуьлу. ТӀемашца йовдар чехка а, атта а ду. Яжар вукху бедийн санна хишца а, аренашца а ду.

 

Хин олхазар (Porzana porzana). Хин олхазарш дукха ду. Вайн махкахь хуьлуш долчех ду алкханчал жимма доккха олхазар. Оьрсаша «Погоныш» олу цунах. ТаьӀначу ал басахь ду иза, букъ тӀехь къорза тӀедарчий а долуш. ЧукӀело стигал басахь ю кӀай тӀедарчий а долуш. Хенашкахь кӀайн, Ӏаьржан пурх могӀанаш ду. ЗӀок юххехьара цӀиэ ю, йоьххьера баьццара бос а бетталуш можа ю. Когаш а баьццара бос бетталуш бу. Баннаш хин тогӀешкахь, Ӏаьмнашкахь, оьрзалахь, бецан тоьлгашкахь, толлан кондаршлахь до цара.

Тойна май-июнь баттахь доккху. 8-10 хӀоа до цо, ал басахь тӀедарчий а долуш. Сарахь а, буьйсанна а тӀахъолий хуьлу иза. Лелар лечкъаш ду. ТӀома дадарна тӀиера дац. ГӀаьттина дедчи а гена далале охьа а хоий, бацалахь, я эрзалахь лечкъий, тӀап олий дов. Дадар чехка ду. Баца тӀехула а, гӀаш тӀехула а ца лела. Хи тӀехь нека дар кӀезиг ду. «Уитъ… уитъ… уитъ» — бохуш ду цуьнан декар. НӀаьний а, кхоьбарчий а, кхин садолу хӀуманаш а йоу цо.

 

Мокха хин олхазар (Burhinus oedicnemus). Кхин цхьа тайпа а ду хин олхазар, даккхийра можа бӀаьргаш а долуш, гӀамаран басахь къорза букъ а болуш, можа зӀок а йолуш. Оьрсаша «Авдотка» олу цунах. И олхазар деддачу заманчохь гучу а йолуш цхьацца гучу а йолуш цхьацца кӀайн моха ю тӀемаш тӀехь. Хиш, Ӏаьмнаш долчу меттехь хуьлуш ду и олхазар. Бен гӀамарлахь а, тӀулган жагӀи тӀехь а бо цо, буха хӀума а ца тосуш, жимма кӀаг а боккхий. Цуьнан бен атта карош бац, я жагӀи а гӀамарлахь а гуш а ца хуьлу. Ца хууш, тӀе ког баккха а тарло цуьнан хӀоьашна. Тойна апрель баттахь доккху 2-3 кӀорни хуьлу цуьнан. Стен — боьршан шишша цхьана хуьлу уьш. Гурахь гӀеранаш йо. «Тар-ли-и… тар-ли-и», бохуш хуьлу цуьнан декар.

 

КӀайн лаг долу хин олхазар — (en. Little Ringed Plover), (Оьрсаша «Малый зуек» олу цунах). Кхин цхьакха жима олхазар а ду хин берда йистошца а, Ӏаьмнашкахь а хуьлуш. Нийса ира Ӏаьржа зӀок ю цуьнан. ЗӀакарна тӀоьхлура коьртан хьалхе а Ӏаьржа ю. БӀаьргашна гондахьа можа хӀоз бу. Когаш жижиган басахь цӀиэ бу. ТӀемаш Ӏаьржа ду, чукӀело кӀайн ю. «Пиу-пиу» олий дека иза. Беса тӀедарчий а долуш, кегийра хуьлу цуьнан хӀоьаш. Тойна апрель баттахь доккху цо. Цуьнан даар садолу хӀумнаш ю.

 

ЦӀога лесто хин олхазар — (en. Sandpiper), (Оьрсаша «Перевозчик» олу цунах.) Бовхачу махка дӀай-схьай кхелхачех кхин цхьакха а ду вайн махкахь хуьлуш хин олхазар. Букъ мокха бу цуьнан, чукӀело кӀайн ю. Кхоьчу хин олхазарийчул йоцо ю зӀок. Когаш а церачийл боцийро бу. Хин тогӀенашкахь Ӏаьмнашкахь хуьлуш ду и тайпа олхазарш. Хин берда йистошца, оьрзалахь а, гӀамаран гӀайреш тӀехь а до цара баннаш, лохо кӀаг а боккхий, цу чу екъа бецаш а йохкуш. Бен къайлехь хуьлу цуьнан я куллан кондарна кӀелахь, я бецан тоьлга кӀелахь. ХӀоьаш жимма цӀиэ бос а бетталуш, цӀиэ тӀедарчий а долуш хуьлу. 4 хӀоа до цо. Додачу хенахь «ти-ти-ти-ти», «пюи-пюи» олий дека иза. Цхьаъ ша хуьлу иза, баннаш ден хан кхаччалц. Дукха хьолахь хи йуккъерчу гоьрга тӀе я чалхаш тӀе хоий Ӏа иза, цӀога а лестадеш. Хи тӀоьхула дадар цкъа тӀемаш ваьшта дохкуш, тӀаккха чехка уьш ластош, хьалий-охьий ийлуш ду цуьнан. Садолу хӀумнаш йоу цо .

 

ТӀулга гӀайренашкара хьоза — (en. Wheatear), (Оьрсаша «Каменка» олу) тӀулган гӀайрешца иза хуьлу дела. Лаьмнашкахь а, лаха аренашкахь а, хин бердан йистошца, тӀулгийн гӀайренашца хуьлуш ду, тӀоьхлара корта а, букъ а цизаьрканан чим санна, сира а болуш, зӀакарна тӀера бӀаьрга тӀоьхула дӀа корти, гӀорти хотталучу кхаччалц Ӏаьржа томмагӀ долуш хьоза.

ТӀемаш Ӏаьржа ду цуьнан. ЦӀоганна шина агӀор кӀай моханаш ю чекхъяла герга яххалц. ЦӀога йоьххьера хадийчи санна нийса а, Ӏаьржа а ду. Цунах хотталуш цӀоганна юккъе кхаччалц дегӀ долчу агӀор схьадогӀа Ӏаьржа сиз. ЧукӀело а лаг а кӀай ду цуьнан. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу и тайпа олхазарш. ХӀоьаш 4-7 до.

Даккхий олхазарш

бӀаьра нисйан
 

Дарта (Otis tarda). Оьрсаша «Дрофа» олу дартах. Доккха олхазар ду иза. Корта а, гӀорта а овкъаран басахь ю цуьнан. Букъ хьаьрса бу, пурхалхьаша Ӏаьржа сизаш — тӀедарчий а долуш. ЧукӀело сира ю, тӀемаш кӀай ду Ӏаьржачу месийн йист а йолуш. Боьршачу дартан лог кӀел Ӏаьржа мас ю.

Дарташ хин тогӀешкахь а, буц-аренашкахь а, хьаннийн йистошкахь а хуьлуш ю. Адамаш кӀезиг лелачу меттехь до цара баннаш, жимма лаьттах кӀаг а боккхий, буха хӀума а ца юьллуш. Тойна апрель баттахь доккху. ХӀоа шиъ я кхоъ до дарто. Баьццара бос а болуш, Ӏаьржа тӀедарчий а долуш хуьлу цуьнан хӀоьаш. Тойна доккхачу хенахь нӀаьна юххехь ца соцу. Тойнахь Ӏеш йолу дарта шен басца бецех дӀаоьй хуьлу. Цундела адамийн а, акхаройн бӀаьрг тӀе ца кхуьу цунна. КӀорнеш кхианчул тӀаьхьа гӀеранашца хуьлу дарташ. Лаьттара хьала гӀовттар хала ду церан. ГӀевттина евллачул тӀаьхьа йовдар чехка ду. Генна хьалий, охьий кхочуьйтуш ластабо цара тӀам. ХӀаваэхь могӀа бой ца йоьлху уьш. Даар соьналлаш а, садолу хӀумнаш а, бецан хӀу а ду. Уьш Ӏаламехь кӀезиг йолу дела, царна таллар дихкина.

 

ГӀаргӀули (Grus grus). Оьрсаша гӀарагӀулих «Журавль» олу. Хаза а, доккха а, когаш тӀехь лекха а олхазар ду иза. БӀаьста яьлча, апрель беттан деношкахь, вайна го стиглахь могӀанаш дина схьаоьхчу гӀарагӀулин гӀеранаш. Церан зевне а «къар-р-р-р! Къар-р-р-р!» бохуш гӀоргӀачу декаро адамийн дегнашка бӀаьстенан бовха кхаъ бахьа. Гуьйранна сентябрь кхилбехьа бовхачу махка юха дӀакхелха гӀарагӀулеш. Екхначу стиглахь Ӏаламан исбахьа сурт хӀоттадо могӀанаш хуьйцуш йоьдучу гӀарагӀулин гӀерано а, церан зевнечу аьзнаша а.

ГӀарагӀулин зӀок нийса а, еха а, ира а ю. ГӀортош еха ю. Настарш лекха а, юткъий а ю цуьнан. ЦӀога доца ду, месаш охьайирзина кхозуш а йолуш. ГӀарагӀулеш ялх тайпана ю вайн мехкашкахь. Церан дахар дӀай-схьай кхелхаш ду. БӀаьста бовхачу мехкашкара къилбаседехьа хьала йогӀу уьш, гурахь къилбехьа бовхачу мехкашка юха йоьлху. ГӀарагӀулин коьрта туьтан тӀехь мас йоцуш меттиг ю. Нилхха чо а болуш. И ялхе а тайпа гӀарагӀули шен-шен беса ю. Масала, уггаре а йоккханиг мокхачу басахь ю тӀеман йоьхьигаш Ӏаьржа а йолуш. Цуьнан лаг а Ӏаьржа ду, бӀаьрга тӀера охьа шина а агӀор кӀайн сиз а долуш. И шиъ сиз гӀорта кхаччалучохь букъ тӀехь вовшаххоттало. Коьртан туьтанна тӀиэхьа цӀиэ тӀеда бу цунна. Когаш Ӏаьржа бу.

ГӀарагӀулин яхар тундрехь хьаннашкахь а, буц-аренашкахь а лаьмнашка кхаччалц ду. Боьршан, стен шиъ цхьана хуьлу гӀарагӀули. Баннаш дечу хенахь гӀеранаш хуьлу церан. Хиш, Ӏаьмнаш долчу меттехь совцу уьш. Баннаш лаьттахь до цара бацах, кхин йолчу соьналлехь, оьрзалахь а, шач йолчу тоьлгашкахь а, диттан кондаршлахь а. ХӀоа шиъ до гӀарагӀулино, вайн цӀерачу котаман хӀоьан кепехь. Баьццаро бос а бетталуш, цӀиэ тӀедарчий а долуш хуьлу цуьнан хӀоьаш. Тойна апрель, май беттанашкахь доккху цо. ЧӀогӀа ларлуш Ӏедал ду гӀарагӀулин. Адам аьттехьа гӀоьртича бенара гӀоттий дӀайоьду иза. ТӀома гӀаьттина йоьдучу хенахь дӀаяхйина гӀорта а, тӀиэхьаша дӀахецна ши ког а цхьана могӀара нисбо цо. Цундела хӀавао доьхьало яр кӀезиг ду. Баннаш дечу хенахь масех гӀарагӀули цхьана а кхетий рогӀ-роггӀана охьахууш, хьалагӀоттий кхиссалуш, тӀемаш охьа а охкадой маьхьарий хьоькхуш «хелхар» до цара. ГӀарагӀулин даар борц а, горох а, кӀа а, бецан хӀу а, бецан соьналлаш а, садолу хӀуманаш а, цхьацца акха стоьмаш а ду. Ал-басахь а, кӀай а, Ӏаьржа а хуьлу гӀарагӀулеш. Ӏаламан хазна еш уьш хиларе терра гӀарагӀулеш ларо декхар ду адамийн.

 

Мокха ГӀарагӀули — (en. Crane), (Оьрсаша Мокха гӀарагӀулих «Серый журавль» олу). Хаза а, доккха а, когаш тӀехь лекха а олхазар ду иза. БӀаьста яьлча, апрель беттан деношкахь, вайна го стиглахь могӀанаш дина схьаоьхчу мокха гӀарагӀулин гӀеранаш. Церан зевне а «къар-р-р-р! Къар-р-р-р!» бохуш гӀоргӀачу декаро адамийн дегнашка бӀаьстенан бовха кхаъ бахьа. Гуьйранна сентябрь кхилбехьа бовхачу махка юха дӀакхелха мокха гӀарагӀулеш. Екхначу стиглахь Ӏаламан исбахьа сурт хӀоттадо могӀанаш хуьйцуш йоьдучу гӀарагӀулин гӀерано а, церан зевнечу аьзнаша а.

 

Акха боргӀал (я нӀаьна) (Phasianus colchicus). АкханӀаьнех оьрсаша «Фазан» олу. ЦӀахь кхобачу нӀаьнин дегӀахь ю иза. ЦӀога, нисса дӀадахана, деха ду. БӀаьргашна гондахьара йоьхь, мас йоцуш, ерзина а цӀиэ а ю. Коьрта тӀехь шина а агӀор жимма еха месаш йохку. Деши а, цӀеста а санна лепаш хаза бу акханӀаьнин бос, букъ тӀехь а, некха тӀехь а, хенашкахь а Ӏаьржа тӀедарчий а долуш. Корта сийна а, баьццара а бос лепаш хаза бу. Логах гобоккхуш доьхка санна кӀай сиз ду. Котаман бос мокха бу Ӏаьржа тӀедарчий а долуш. ЦӀога нӀаьничул доца ду.

Коьллашкахь, хин тогӀешкахь еха уьш. Дахар цхьана меттахь ду. ДӀай-схьай кхелхаш, Ӏедал дац церан. Цхьацца йолий лела уьш. Цкъацкъа вовшахкхетий кӀезиг гӀера а йо. КӀохцалан куллах а, эрзалахь а, цанашлахь а до цара баннаш. Лаьттахь екъчу меттехь, я кулла кӀел, я кондаршлахь къайлехь хуьлу церан баннаш. Апрель баттахь до котамо хӀоьаш. Баьццара бос а бетталуш хуьлу уьш. 8-I2 хӀоа. Тойна котамо доккху. Тойнахь Ӏаш йолу котам сарахь а, Ӏуьйранна а тойнара гӀоттий, гена ца йолуш, ежа.

ЧӀогӀа лечкъана, ларлуш хуьлу акханӀаьна. ТӀома гӀаьттича гучуер йолу дела, лаьттахула лела иза. ГӀаш ядар чехка ду цуьнан. Дитта тӀе хоий а Ӏа иза. ТӀемаш тоьхна йодачу хенахь цкъа ирах хьала а йоьдий, тӀаккха раз дӀайоду. Охьахаале хьалха гонаш туьсу цо. Екар чӀогӀа ду цуьнан «Ва-а кӀант!», «Ва-а, кӀант!» бохуш санна. ТӀемаш а тухуш ека иза. Яжар вукха котамийн санна ду. Бецан хӀу а, ялта а доу цо, соьналлаш а, садолу хӀуманаш а йоу.

 

Сарсал (я Акха котам) (Tetrao mlokosiewiczi, Lyrurus mlokosiewiczi). Оьрсаша, «Тетерев» олу цунах. Бос кхокханчух тера бу. ЦӀога шина агӀор дӀа-схьа хьаьвзина ду. Котам хьаьрса бос болуш ю пурхалхьа Ӏаьржа сизаш а долуш. Лаьмнашкахь хуьлаш ю уьш. Ӏаф хьуьн чу охьайогӀу. Цхьана меттахь ду церан дахар. ДӀай-схьай кхелхаш меттигаш а йо цара, Ӏаламан хьелашка хьаьжжина. КӀезиг ю уьш. Цундела наггахь бен гуш йац. Баннаш къайлехь до цара, диттийн кондаршлахь, тӀулган чхара кӀел йисначу херонехь. Тойна май баттахь доккху. ХӀоьаш 5-8 до, мокха тӀедарчий а долуш. Бецаш, дечагийн чӀенгаш, бецан хӀуш доу цара. Лечкъий хуьлу сарсал. Бацалахь къайлайолий, адамана ца тосалуш, когаш кӀелхьара, цӀеххьана хьалаэккха иза. Аьхка цхьацца йолий хуьлу уьш. Ӏай цхьанакхетий гӀеранаш йо. котамаш, нӀаьнеш шаьш-шаьш къаьстий лела. Ӏаьнан заманчохь акха стоьмаш лоу цара. Уьш кӀезиг йолу дела, царна таллар дихкина ду.

 

Къоракуотам (инг. Tetrao urogallus, оьрс. Глухарь) — НӀаьна лог кӀело Ӏаьржа а йолуш, къокханан басахь накха а болуш, ал тӀемаш а долуш ю. ЧукӀело кӀай тӀедарчий а долуш, къорза ю цуьнан. ЗӀок кӀай бос болуш ю. Котам Ӏаьржа тӀедарчий а долуш хьаьрса ю. КӀезиг ю уьш. Ламанца а, лахенца а хьаннашкахь хуьлуш ю уьш. Шишша цхьана кхеташ Ӏедал дац церан. Баннаш диттийн кондаршна кӀелахь до. Тойна май баттахь доккха. ХӀоьаш ал тӀедарчий а долуш хуьлу 5-9. ДӀай-схьай кхелхаш дац церан дахар. Цхьана меттехь хуьлу уьш. Котам тойна хиъначу хенахь меттах а ца йолу. Бос дӀадаханчу шеран екъчу бацах, гӀах дӀатарлой хуьлу цуьнан. Цундела атта бӀаьрг тӀе ца кхуьу цунна.

Хаза мукъам болу олхазарш

бӀаьра нисйан
 

Берцанкхокха[1], йа лат. Pyrrhula pyrrhula — (лат. Pyrrhula pyrrhula) вьюрокан доьзалера берцанкхокхарчийн тайпана (Pyrrhula) дека олхазар.

 

Зарзар (ду), дукх.тер. Зарзарш (ду) (лат. Luscinia) — хьозанах терадолчеран тобанах олхазар. Зарзар даьржина ду Европехь, Малхбузе Азехь, Кавказехь а. Зарзар бовхачу махка Ӏадаккха доьдучех олхазар ду. Мукъам хаза болучарех ду Зарзар. И бахьанехь культурехь доьвзаш а, дезаш а ду иза.

 

ЦӀир-цӀир — (en. Luscinia), (оьрсаша «Соловей» олу). Цуьнан бос таьӀна мокха бу. Иза хуьлу хьаннашкахь, бошмашкахь, хин тогӀешкахь, хиш долчу меттехь. ДегӀ вукха хьозанчулла бен дац цуьнан. ЦӀога дехо ду. Декаран аз хаза ду. Бен лаьттахь бо цо. ХӀоьаш 4-5 до май-июнь баттахь. Цуьнан хӀоьаш ал бос болуш хуьлу.

 

КӀуж болу хьоза — (en. Northern Lapwing) (Оьрсаша «Чибис» олу цунах) Йоца зӀок а йолуш, боцийра когаш а болуш ду иза. ТӀемаш шуьйра ду цуьнан. Букъ баьццарчу дарийн бос бетталуш бу. ЧукӀело кӀайн ю. Лога кӀело Ӏаьржа ю. Корта а Ӏаьржа бу, бӀаьргашна гондахьара кӀайн ю. Хиш, Ӏаьмнаш долчу тӀуьнчу меттигашкахь хуьлуш ду и олхазар. Къилбехьа бовхачу мехкашка дӀай-юхий оьхучех иза. Бен лаьттахь бо бецан хаьлгехь. Тойна апрель, май беттанашкахь доккху. ХӀоа диъ хуьлу цуьнан, мокха тӀедарчий а долуш. Дадар тӀемаш ваьштадохкий охьадогӀуш, чехка тӀемаш тухий айлуш, хьалий-охьий ийлуш ду. Адам юххе гӀоьртича цунна чу а хехкалуш бен чӀогӀа ларбо. Садолу хӀумнаш йоу цо.

 

ЦӀиэкогашберг — (en. Redshank), (Оьрсаша «Травник» олу цунах). Кхин цхьа тайпа а ду вайн кхузахь хуьлуш хин олхазар. Хи чохь нека дан а хууш хин йистошка хуьлуш долчух олу хин олхазар. Царех ду кхин цхьакха тайпа олхазар цӀиэ когаш а болуш. Ехийра ю цуьнан настарш. ЗӀок ира а, нийса а ю цуьнан. Букъ мокха бу луьста Ӏаьржа тӀедарчий а долуш. Чукъело кӀай ю, цӀога а тӀоьхлара кӀай ду цуьнан. Шина а тӀома тӀехь кӀайн моханаш ю, гӀаьттича гуш. ЗӀок юххера цӀиэ ю. Хин берда йистошкахь Ӏаьмнашкахь, тӀуьнчу тогӀешкахь ду цуьнан дахар. Бовхачу махка дӀай-схьай доьлхачех ду иза а. Цхьайолчу меттигашкахь яккхийра гӀеранаш хуьлу церан. Бецан тоьлгашлахь до цара баннаш. ХӀоа диъ хуьлу тӀехь тӀедарчий а долуш. Тойна май баттахь, июнь юккхе кхаччалц а йолчу хенахь доккху. Декар «тю-ли, тю-ли», бохуш ду.

 

ХӀуттут (Upupa epops). ХӀуттутах оьрсаша «Удод» олу. Кхокханал жимо хаза олхазар ду иза. ЗӀок юткъа ю, еха а, жимма охьасеттина а ю цуьнан. Коьрта тӀехь, мох ласториг санна могӀара пелагаш а долуш, кӀужал бу. ТӀемаш шуьйра ду. ТӀемаш Ӏаьржан, кӀайн могӀарш долуш къорза ду цуьнан. КӀужалан йоьххьехула Ӏаьржа сиз доьду, аьлчи а кӀужалан хӀора мас йоьххьера Ӏаьржа ю. Цунах зӀакар тӀера дуьйна кӀесаркӀог тӀе кхаччалц хьаьвзина Ӏаьржа ах хӀоз хӀутту. Корта а, гӀорта а, чукӀело а можа ю. Яхар яьсса аренашкахь, бошмашкахь, хин тогӀешкахь ду. Къилбехьа бовхачу махкара бӀаьста схьа а йогӀу, гурахь дӀа а йоьду. Бен дечиган хари чохь а бо, бердах а боккху. ХӀоьаш 3-9 до. Тойна апрель-июнь баттахь доккху. Цхьаъ ша а лела, шиъ цхьаьна а хуьлу. Цхьа кӀеззиг цхьанакхетий гӀера а хуьлу церан. Адамаш долчохь ярташкахь а хуьлу уьш. Яжар лаьттахь ду цуьнан, садолу хӀумнаш йоу цо. Екар «хӀуп-хӀуп-хӀуп-хӀуп, пӀиж-ж-жакъ» бохуш ду.

 

Селаст (Oriolus oriolus). Оьрсаша селасатах «Иволга» олу. Боьршачу селасатан тӀемаш а, цӀога а зӀакара тӀера дуьйна бӀаьрга тӀе кхаччалц, дехьий, сехьий шиъ сиз а Ӏаьржа ду. Важа долу дегӀ къеггина можа ду. Стечу селасатан букъ, можа бос а бетталуш, баьццара бу. Чукъело, можа бос а бетталуш, кӀай ю, мокха тӀедарчий а долуш. Нилхочу хьуьн чохь а, стоьмийн бошмашкахь а хуьлу уьш. Селсаташ дӀай-схьай кхелхаш ю. БӀаьста яьлчи апрель баттахь, бовхачу махкара вай долчу схьайогӀу уьш, гурахь сентябрь баттахь къилбехьа бовхачу махка дӀайоьлху. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а лела уьш. Лаьтта охьахууш, гӀиллакх дац церан. Цхьана дитта тӀера гӀевттича кхоьчу дитта тӀе ховшу уьш. Екар зевне ду церан. Цкъацкъа «чӀий-и-йкъ» «пӀаьв-плаьв» олий ека. Цкъацкъа «плю-тиу-лиу» бохуш ека. Бен дитта боьххьехь бо селасата. ХӀоьаш май-июнь баттахь до 3-4. Бос кӀайн бу хӀоьийн, Ӏаьржа тӀедарчий а долуш.

 

Ӏаьржа корта болу селаст — (en. Black Oriole), (Оьрсаша «Черноголовая иволга» олу цунах). Изза бен кхин башхо йоцуш, вукху селасатах тера ю иза. Башхо цхьаъ ю, зӀакарна тӀера дуьйна бӀаьргашна юххехула гӀортанна тӀиэхьа кхаччалц Ӏаьржа ю месаш. Вуьш санна цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу. Баннаш дитта боьххьехь до. ХӀоьаш май-июнь баттахь до 3-4. КӀай хуьлу уьш, жимма цӀиэ бос а бетталуш, ал тӀедарчий а долуш. Садолу хӀумнаш йоу цара.

 

Оьрсаша жӀалин-къоьргах «Щурка» олу. Цхьацца йолчу яртийн бахархоша «къоьрг» олу цунах. «Къоьр, къоьрг» бохуш ду цуьнан декар а. ДегӀана алкханчалла ду и хаза олхазар, жимма охьахьаьвзина юткъа еха зӀок а йолуш, деха ира тӀемаш а долуш, деха цӀога а долуш. ЦӀоганна тӀера къаьсташ дӀаяхна ю, юнаш санна, ира, шиъ мас. Когаш боцийра бу цуьнан. ЗӀакар тӀера бӀаьрга тӀоьхула коьрта туьтан тӀе кхаччалц Ӏаьржа сиз ду цуьнан. Логан го а Ӏаьржа бу. Лаг можа ду. Корта а, букъ а дешин бос бетталуш хьаьрса бу, жимма сийна бос а бетталуш. ТӀемаш сийна, цӀога баьццара ду, хьаж кӀайн ду. ЧукӀело стигалан басахь ю. Хаза олхазар ду иза.

Дахар ламанан лахенашкахь, аренашкахь, хин бердан йистошкахь, хинтогӀешкахь, боьранашкахь, баьрзнашкахь ду церан. ЖӀаьлин-къоьргаш дукха ю. БӀаьста яьлчи апрель баттахь Къилбехьарчу бовхачу мехкашкара схьайогӀу уьш, гурахь цига юха дӀакхелха. Баннаш дар гӀеринашца ду. Баннаш берд охкуш доху цара. Дукха хьолехь бердан лакхарчу чкъурах доху цара Ӏуьргаш. Цхьа метар ца кхоччуш кӀорга цу охку жӀаьлин-къоьрго. ТӀ аккха кӀеззиг охьаохкий, горга ор доккху. Цу чу бецан хаьлгаш, месаш йохкуш мотт кечбо. 5-8 кӀай хӀоа до цо. Тойна май-июнь баттахь доккху. Дадар чехка а, атта а ду. ГӀеранаш йой лела уьш. ЗӀенан сераш тӀе а дечиган декъачу генаш тӀе а ховшу уьш. Декаран аз терсаш ду. «Къорг-къорг» бохуш. ХӀаваэхь едда йоьддушехь лоцу цо садолу хӀума, чуьрк а, моз а. Накхараш лелочарна зенаш до цара. Уггаре а церан мерза даар накхаран мозий ду.

 

Баьццара а хуьлу жӀалин-къоьрг. Оьрсаша «Зеленая щурка» олу цунах. Вукха жӀалин-къоьргах тера ю иза. Бос жимма хийцабелла баьццаро хилар бен кхин бошхо йоцуш. ЗӀакарна тӀера дуьйна бӀаьргана тӀоьхула кӀесаран кӀог тӀе кхаччалц Ӏаьржа сиз доьду цунна. Хьаьжа йукъ а, бӀаьргана лакхара а стигалан басахь ю. Логан кӀело хьаьрса ю можо хеталуш.

Хинбердан йистошкахь, тогӀешкахь, буц-аренашкахь хуьлу уьш. Дахар дӀай-схьай кхелхаш ду. Баннаш бердах доху цара. ХӀоьаш май-июнь баттахь до 5-8. ГӀеранаш йой лела жӀалин-къоьргаш.

ГӀира олхазарш

бӀаьра нисйан
 

Аьрзу — (en. Aquila (genus)), (оьрсаша «Орел» олу), Аьрзу уггаре а доккха олхазар ду. Аьрзунийн ворхI тайпа ду. Вайн махкахь хуьлаш ю царех цхьаерш. Ламанан аьрзу. Йоккха аьрзу ю иза. Ал-Ӏаьржа бос бу цуьнан. МӀараш яккхийра ю. Онда ю зӀок а йоьххьера охьа а хьаьвзина. Ламанца а, охьанехьа хьаннашкахь а хуьлуш ю иза. Ӏер, дахар цхьана меттехь хуьлу. Я ижонна, я кхоьчу бахьнашца меттигаш а хуьйцу. ТӀекхача аьтту боцчу ламанан даккъашкахь, диттийн генех бо ца бен. Чу мас а, кхин кӀеда хӀума а юьллуш тобо цо иза. Цхьаъ я шиъ бен ца до цо хӀоа. Апрель баттахь тойна хоу. Екар-аз гӀоргӀа ду «кхекъ-кхеъ-кхеъ». Ижонна пхьагал а, цхьогал а, кхин долу экха а, олхазар а лоцу цо.

 

Аренашкара аьрзу — (en. Steppe Eagle), (оьрсаша «Степной орел» олу), Аренца а хуьлу аьрзу, Ӏаьржачу басахь. Бен синтарех бо цо. Бен кӀадбеш чуйохкий хуьлу, кхакханан кердигаш, бехчалгаш, месаш. Бен чан я элан рогӀа тӀехь а, лекхчу гу тӀехь а бо цо. Тойна апрель-май беттанашкахь доккху. Шиъ я кхоъ хуьлу кӀорни. Телеграфни бӀегӀнашна тӀехь а чан рогӀа тӀехь а хевшина Ӏаш хуьлу уьш. Адамех къахкар вукху аьрзунийн санна дац. Дикка герга гӀортталц дӀа ца йоду аренгара аьрзу. Ижонна таллар — гӀаьттина йоьдуш а хиъна Ӏеш бӀаьрг кхарстош а ду. Дехкий а, ялташна зуламе садолу хӀуманаш а яарна пайдехь лерина аренгара аьрзош.

 

КӀайн корта болу аьрзу — (en. Griffon Vulture), (оьрсаша «Сип белоголовый» олу) И тайпа аьрзунаш кӀезиг ю. ДӀайовш лаьтта уьш. Бос мокха бу цуьнан, чукӀело хьаьрса ю. Лаг дерзина ду, кӀайчу дон кач бу логехь. ТӀемаш дӀа-схьа даржичи 2,5 метр ду.

Уьш хуьлу меттигаш Лаьттайуккъера хӀорд, Йуккъера а, Жима а Ази, Иран, ОвхӀан, Пакистан, ГӀирма, Кавказ. Вайн лаьмнашкахь а хуьлу и тайпа аьрзу. Уьш дукху а йолчу хенахь гӀеранаш хуьлура. ХӀинца цера гӀеранаш йац. Баннаш адам тӀе ца кхачалучу меттигашкахь, ламанан лекхачу даккъашкахь, тӀулган, мокхазан чхерашкахь до цара. Баннаш даккхийра хуьлу, дечиган синтарех дой. Февраль баттахь доккха кӀай цхьа хӀоа до цо. Тойнахь цхьана баттахь, кхаа кӀирнахь Ӏа (50-52 дийнахь). КӀорни кхаа баттахь эха баттахь кхуьу. Деллачу акхаройн, бежнийн дилх доу цара. ХӀаваэхь тӀам ца ластош гонаш туьйсу цо. ТӀемаш хьалагӀоттош хӀаваэ хьала йаллалц бен ца лестадо цо. ХӀаваэхь дукха лакхахула кхерста иза тӀам ца ластош. Шарой-Органехь, ЧӀаьнти-Органехь бен гуш йац уьш. Цигахь гуш билгалъяьлларг иттех бен йац. Уьш доь ца дайта ларо езаш ю.

 

Ӏаьржа аьрзу — (en. Cinereous Vulture), (Оьрсаша «Черный гриф» олу), Шуьйра, дехий тӀемаш а долуш, йоккха аьрзу ю иза. Коьрта тӀехь мокха до ду цунна. ГӀорта ерзина ю. Сийна бос болуш ду дерзина лаг. И лаг дегӀах дӀахотталучохь мокхачу месийн кач бу. Горга ю цуьнан зӀакартӀера мерӀуьргаш.

Яхар ламанца а, ламанан лахенца а ду. Ӏер цхьана меттехь а, дӀай-схьай кхалхарца а ду. Дукха йац и аьрзош. Йелла бежна, я говр йолчохь цхьакӀеззиг цхьана кхета уьш. Баннаш ламанан даккъашкахь до цара. ХӀоа цхьаъ до март баттахь. Ижо лоху вуно лакхара охьа а хьоьжуш, тӀам ца ластош, хӀаваэхь го а туьйсуш. Церан коьрта даар еллачу хӀуманан дилх ду. Цундела «декъий дуург» олу цунах. КӀезиг уьш хиларна ларо хьакъ долуш ю и аьрзу.

 

Лаьхьарчий дуу аьрзу — (en. Short-toed Eagle), (оьрсаша «Змееяд» олу), Дехийра тӀемаш а долуш, боккха корта а болуш олхазар ду иза. Букъ Ӏаьржа бу цуьнан, моккха бос а бетталуш. ЧукӀело кӀай ю Ӏаьржа хийцалуш томмагӀнаш а долуш. ТӀемийн йоьхьигаш а Ӏаьржа ю. Цуьнан цӀоганан дохалла 3-4 сиз ду. БӀаьргаш можа а, баккхийра а бу. Месаш нилха а до долуш а ю. ТӀемаш дӀай-схьай даржичи I,8 м.

И тайпа аьрзунаш ю Европин декъехь а Къилбаседехьа Ленинграде а, Рыбинске а, Казани а кхаччалц, Сибрехьа къилбаседа-малхбузехьа кхаччалц болчу мехкашкахь а, Йуккъерчу Азехь а, Кавказехь а, Закавказехь а, дозанал дехьа къилбехьа Европехь а, Африкехь а къилба-малхбузехьа Азехь а. Вайн Нохч-ГӀалгӀайн республикехь и тайпа аьрзунаш ю ламанца а, лаха аренашкахь а, хьаннийн хотешкахь а, хин тогӀешкахь а. Баннаш нилха синтарш а дохкуш, диттийн баххьашкахь до цара. Цхьа хӀоа до апрель я май баттахь. Иза кӀай хуьлу. Тойна 45 дийнахь доккху. КӀорни хӀоьачуьра схьаяьккхинчул тӀаьхьа шиъ бутт баьлчи, тӀемашца гӀотту. Ядар атта ду цуьнан. ХӀаваэхь тӀам ца ластош готуьйсу цо. Ижонна лаьтта охьа хьоьжуш, тӀемаш а лестош, цхьана меттехь лаьтта иза. ТӀома гӀаьттина иза йоьдучу хенахь, дика го некъа тӀехь Ӏаьржа томмагӀ. Екаран аз дахдеш ду. Масала, иштта «хиий-о». Цуьнан коьрта даар лаьхьарчий ду. Наггахь моьлкъа а боу цо, пхьид а йоу. Уьш кӀезиг хиларна ларо езаш ю.

 

Маж йолу аьрзу — (en. Bearded Vulture), (оьрсаша «Бородач» олу).

Йоккха аьрзу ю иза готтийро деха тӀемаш а долуш, деха йӀога а долуш. ЧӀениг кӀел морсачу месийн маж ю цуьнан. Настаршна тӀехь а, пӀелгашна тӀе кхаччалц месаш ю. Букъ Ӏаьржа бу. ЧукӀело сирло ю, ал бос а бетталуш. Корта кӀай бу, бӀаьргашна тӀоьхула Ӏаьржа томмагӀ а долуш. Шок етташ санна ду цуьнан екаран аз.

Уьш хуьлу Кавказан лаьмнашкахь, Йуккъерчу Азехь, Алтайхь, дозанал арахьа кхилбехьарчу Европехь, Африкехь. 5-6 шо кхаччалц кӀорни ца доккху маж йолчу аьрзуно. Стен, боьршан ши аьрзу даиманна цхьана хуьлу. Баннаш адам тӀе ца кхочехь, ламанан даккъашкахь, мокхазан, тӀулган бердашкахь до цара.

Маж йолчу аьрзунан бен боккха хуьлу, цхьа метр стомма а ши метр го болуш а. Баннаш до диттийн генех, кердагех, тӀергах. И цхьа бен дукху а шерашкахь лаьтта. ХӀоьаш 1 я 2 хуьлу ал басахь, мокха тӀедарчий а долуш. Шина, кхаа баттахь гӀовтту кӀорнеш. Ижонна таллар хӀаваэхь го туьйсуш ду. Еллачу бежанан дилх а, даьӀахкаш а, акхарой а, олхазарш а доу цо.

 

КӀайн цӀога долу аьрзу — (en. White-tailed Eagle), (оьрсаша «Орлан-белохвост» олу).

КӀайн цӀога долу аьрзу яккхийрчех аьрзу ю. Цуьнан цӀога дечиг йоькъачу зайлан кепехь ду. Бос мокха бу, кортий, лахара деггӀий жимма сирло ду цуьнан. ЦӀога кӀайн ду, зӀок можа ю.

Тундрера дуьйна есачу аренашка, лаьмнашка кхаччалц массо а мехкашкахь ю и тайпа аьрзунаш.

Церан дахар хӀурдан йистошкахь, хин бердашкахь, тогӀешкахь, ламанийн даккъашкахь ду. Ӏа доьлчи къилбаседехьара йовхачу метте охьайогӀу уьш. Иштта ду церан дӀай-схьай кхалхар. Яккхийра шелонаш йоцчохь цхьана меттехь ду церан дахар. Диттийн генех, синтарех боккха бен бо оцу аьрзуна доккхачу диттан боьххьехь. Дуккху а шерашкахь оцу цхьана бенахь йоху цо кӀорнеш. Бен атта дӀа ца тосу цо шена адамаша новкъарло ца йичи. Бен бар доладо март-апрель баттахь. ХӀоа 2-3 до. КӀайн хуьлу уьш. Ларлуш ю иза. Адама герга ца кхочуьйту. Дукъа лекха хьалайолий дац цуьнан хӀаваэхь хьийзар. Лахахула хӀаваэхь го туьйсуш лоху цо ижо: моьлкъарчий, дехкий, чӀерий, пхьагалаш, акха бедаш, кхин долу олхазарш. Ламанан чхар тӀехь, я дечиган юьхка тӀехь хохий а Ӏа иза ижо ларош. Вукху аьрзунийчул ядар хала ду цуьнан. Екаран аз иштта ду «кра-кра-кра!» я «кий-кий-кий!». ЗӀок йоккха хиларна а цӀога кӀай хиларна а, кхоьчу аьрзонех къаьсташ ю иза.

 

Можа беснеш йолу аьрзу — (en. Egyptian Vulture), (оьрсаша «Стервятник» олу). Шуьйра, деха тӀемаш а долуш йоккха аьрзу ю иза. МӀараш аьрта ю. ЗӀок кӀезиг чухьаьвзина еха ю. Беснеш цӀиэ бос а бетталуш можа ю, тӀехь чо а боцуш. КӀесаран кӀог тӀера гӀортанна го боккхуш месийн кач бу. Аьрзу ша кӀай ю, тӀемаш — йоьххьера Ӏаьржа ду. ДӀай-схьай даржийчи 1,7 м шуьйра ду.

Кавказан лаьмнийн къилбаседехьа йолчу агӀор ю и тайпа аьрзунаш. Вайн махкахь наггахь бен гуш йац и тайпа аьрзу. Уьш хуьлу Йуккъерчу Азехь а, Казахстанехь а, Закавказехь а. Дозанал арахьа Къилбехьа Европехь а, Жимчу Азехь а, Йуккъерчу Малхбалехь а, Индехь а, Африкехь а. Вайн республикехь и тайпа аьрзу тосало Макажахь, Итон-Кхаьллахь, Ялхарахь, ГаланчӀожахь, Таргимехь, Джейрахахь. — Баннаш до ламанан даккъашкахь шишша цхьана хӀуттий. Бен тобеш, кхакханан кердигаш, тӀаргӀа я кхин йолу кӀеда хӀумнаш йохку буха. ХӀоа шиъ до, мокха тӀедарчий а долуш. ХӀоьаш апрель баттахь до. Тойна май баттахь доккху. Июль бутт чекхболлуш гӀовтту кӀорнеш. Ижу лоху хӀаваэхь тӀоьхула хьийзаш, я ламанан даккъаш тӀе хоий гондахьа бӀаьрг кхарстош. Даар йеллачу хӀуманийн дилх, лаьхьарчий, моьлкъарчий ду.

 

Можа тӀуьска олу аьрзу — (en. Eastern Imperial Eagle), (оьрсаша «Могильник» олу). Шуьйра тӀемаш а долуш йоккха аьрзу ю иза. ЦӀога доца ду цуьнан. Бос мокха бу. Бос таьӀӀана-мокха хиларна Ӏаьржо ю ала мегар долуш ю иза. Коьртан тӀуьска можа ю цуьнан. Белашкахь кӀайн тӀедарчий ду. МӀараш дартананчул кегийра ю. ТӀемаш дӀай-схьай даржийчи 2 метр гергга ду.

И тайпа аьрзунаш ю вайн мехкан хьаннашкахь, буц-аренашкахь Малхбалехьа Байкал Ӏома тӀе кхаччалц йолчу меттигашкахь, Йуккъерчу Азехь, цуьнан къилбаседехьарчу дазоне кхаччалц Закавказехь, Туркменехь, Таджикистанехь. Дозанал арахьа малхбузе Европехь, Къилбаседа-Малхбузехьа агӀор Африкехь, Жимчу Азехь, Иранехь. Вайн республикехь и тайпа аьрзунаш лаха аренашкахь хуьлу. Шишша цхьана хуьлу уьш. Баннаш синтарех до, диттийн баххьашкахь. ХӀоьаш апрель баттахь до I-3. Мекханан басахь ал тӀедарчий а долуш кӀай хуьлу хӀоьаш. Тойна 45 дийнахь доккху стен а, боьршан а аьрзу рогӀ-роггӀана тӀе а хуьйшуш. КӀорнеш бенара гӀовтту июль бутт чекхболуш я август бутт болалуш. Церан даар: пхьагалаш, дехкий, олхазарш — еллачу хӀуманийн дилх ду. Вайн республикехь кӀезиг ю уьш. Шелковской, Наурский, районехь наггахь тосало и тайпа аьрзу.

Йолу меттиг билгал а йоккхуш ларо еза уьш.

 

ГӀиргӀа — (en. Golden Eagle), (Оьрсаша «Беркут» олу). Готтийро тӀемаш а долуш, деха цӀога а долуш йоккха аьрзу ю иза. И тайпа аьрзунаш ю дозанал арахьа Малхбузехьа Европехь а, Азехь а, Гималайна къилбаседехьа агӀор а, Къилбаседехьарчу Ӏамерикехь. Вайн Нохч-ГӀалгӀайн республикехь а ю дарта-аьрзунаш. Баннаш а дина тойна доккхачу хенахь ламанца хуьлу уьш. Цул тӀаьхьа лаха аренашкахь а, хьаннашкахь, хин тогӀешкахь массо а меттехь хуьлу. Наггахь бен гуш йац уьш.

Баннаш адам тӀе ца кхочехь ламанан даккъашкахь, я лекхачу диттийн баххьашкахь до цара. Даимана шишша цхьана хуьла дарта — стен, боьршан. Дарта тойна даккха йолало 4-5 шо кхаьччи. Бен дакъаделлачу диттийн синтарех бо цо. ХӀоьаш март-апрель баттахь до I-2. КӀай хуьлу уьш, ал бос бетталуш цӀиэ тӀедарчий а долуш. Тойна 45 дийнахь доккху. 2 бутт баьлчи йовддург хуьлу кӀорнеш. Даар котамаш, кхин долу олхазарш, пхьагалаш, цхьогалаш ду церан. Ӏай еллачу бежанийн дилх доу цара.

Вайн республикехь наггахь бен йац дарта. ЧӀаьнтийн-Органе новкъахь шиъ тосаелла, Рошничохь цхьаъ, Эвтар юьртана лакххьа цхьаъ тосаелла. Теркал дехьа гӀамаран аренашкахь шишша цхьана йолуш итт гина. Ламанан лакхенашкахь Таргим олучу меттехь шиъ тосаелла. Ламанца баннашкахь 10-12 тосаелла. Уьш кӀезиг хиларна ларо езаш ю. Мегар дац и тайпа аьрзунаш йолчу метте дӀовш дилла а гур богӀа а.

 

Маккхал — (en. Kite (bird)), (оьрсаша «Коршун» олу). Маккхалш бес-бесара хуьла, таьӀӀана ал басахь тӀемаш долуш, чукӀело къорза йолуш а. Йоьххьера хадийчи санна нийса а, деха а цӀога, готто тӀемаш долуш. Уьш хуьлу ялтийн аренашца а, хин бердан йистошца а, хьаннашкахь а. Баннаш до дитташ тӀехь, ламанан даккъашца тӀулган чхарийн херонашкахь. Бен тобеш буха йохку бехчалгаш, кхакханан кердигаш, тӀаргӀа, кхин йолу кӀеда хӀумнаш. ХӀоьаш до апрель бутт чекхболлуш — май бутт болалуш. Шиъ я кхоъ хӀоа до гӀиргӀано мокха тӀедарчий а долуш. Цкъацкъа гӀеранаш йой а лела гӀиргӀанаш. Декар терсаш ду. Генаро дека хезчи бокъан терсарх теро хета. Ижо лахар лакхара охьа бӀаьрг тухуш ду, наггахь бен тӀам ца ластош, цхьана метта го туьйсуш. Иштта хӀаваэхь го туьйсуш генна дӀадоьду гӀиргӀа. Церан даар ду къиэелла хӀума, хе юьстахтесна белла чӀара. Цара дехкий а, моьлкъарчий а доу. Кхеллеш, нехаш дӀакхиссанчохь а карадо царна напгӀа.

 

Ӏаьржа маккхал — (en. Black Kite), (оьрсаша «Черный коршун» олу). Доккха олхазар ду иза, готтиро тӀемаш а долуш. ЦӀога йоьххьера жимма шалго дирзина ду, тукарца хадош юкх чу яьхьчи санна. Генара бӀаьрг кхетчи Ӏаьржа хеталуш бу цуьнан бос. Цундела «Ӏаьржа гӀиргӀа» олу цунах. Амма цуьнан бос таьӀна ал бу. ЧукӀело хьаьрса ю, таьӀна ал тӀедарчий а долуш. Корта басна сирло бу. И тайпа гӀиргӀанаш хуьлу Европехь, Азехь, Африкехь, Мадагаскарехь, Индо-Австралийски архипелагехь, Австралехь. Вайн Нохч-ГӀалгӀайн республикехь а ду и тайпа гӀиргӀанаш, массо а меттехь бохург санна. Бакъду, ламанийн даккъашкахь ца хуьлу уьш. Хин тогӀеш, Ӏаьмнаш долу меттигаш еза царна. ГӀалина а, ярташна а гергахьа даан напгӀа долчохь хуьлу уьш. ДӀай-схьай кхелхаш олхазар ду иза. Вайн махка схьадогӀу февраль-март баттахь. Баннаш диттийн баххьашкахь до. Бен тобеш тӀаргӀа а бехчалгаш а кхин тайпа кӀеда хӀуманаш а йохку. ХӀоьаш апрель баттахь до 2-3. Мокха тӀедарчий а долуш, кӀай хуьлу хӀоьаш. КӀорнеш июль баттахь бенара гӀовтта. Сентябрь, октябрь баттахь бовхачу махка дӀакхелха уьш. Лаккха хӀаваэхь готуьйсуш лоху цара ижу. Еллачу бежнийн, кхин йолчу хӀуманийн дилх, кегийра олхазарш, дехкий, моьлкъарчий, лаьхьий доу цара. Ялтийн хасстомийн аренашка тухучу дӀовшо хӀаллакдо уьш. Юьртабахамна пайдехь а хиларна, кӀезиг а хиларна ларо дезачех ду Ӏаьржа маккхал.

 

ЦӀен маккхал — (en. Red Kite), (оьрсаша «Красный коршун» олу). ЦӀен маккхал вукха тайпанел онда ду. Букъ ал бу цуьнан. ЧукӀело сирла лепаш цӀиэ бос бетталуш ю. Цундела «цӀен маккхал» олу цунах. ЦӀога, йоьххьера тукарца хадош йукъ яьккхачи санна, шалга ду цуьнан.

Дахар хьаннашкахь, хьуьнан-кортехь ду, церан. Баннаш диттийн баххьашкахь до цара. ХӀоьаш апрель бутт чекхболуш до шиъ я кхоъ. ТӀедарчий долуш къорза хуьлу уьш. Декар хӀокху кепара ду: «Къий-я!» «Къий-къий-къий-къий-я!». Цуьнан даар моьлкъарчий, лаьхьарчий, дехкий кегийра олхазарш ду. Къиэеллачу хӀуманан дилх а доу цо.

 

ЗӀугарчий йуу гӀиргӀа — (en. Honey Buzzard), (оьрсаша «Осоед» олу). Деха цӀога а долуш, готтий тӀемаш а долуш, лечанах тера гӀиргӀа ду иза. Букъ мокхачу басахь бу цуьнан, чукӀело сирло ю, ал тӀедарчий а долуш. Декаран аз иштта ду: «кии-е!» я чахко "ки-ки-ки-ки! " Европехь хьаннаш йолчу меттехь а, буц аренашкахь а, Малхбузехьа Сибрехахь а, Жимчу Азехь а вайн лаьмнашкахь а, лахарчу аренашкахь а ду и тайпа гӀиргӀанаш. Баннаш лекхачу диттийн баххьашкахь до цара. Май бутт болалуш до цара баннаш, шен гӀашца схьадаьхначу диттийн маргӀалех. ХӀоа I-2 до жимма цӀиэ хеталуш ал басахь хуьлу уьш. КӀорнеш дас, нанас шиммо а кхобу. Гурахь октябрь баттахь кхузара йовхачу метте дӀакхелха уьш. БӀаьста апрель баттахь юха догӀу. Даар накхаран мозий, зӀуганаш, церан кхоьбарчий.

 

Куьйра — (en. Accipiter gentilis), (оьрсаша «Тетеревятник» олу). Куьйранаш а хуьлу бес-бесара. Къийгал доккха, букъ тӀера сиро бос болуш, мокха, корта таьӀночу басахь болуш, кӀай цӀоцкъам долуш, чукӀело сирла а, пурхалхьа луьстта Ӏаьржа сизаш долуш а ду цхьа шамайпа куйра. Дахар цхьана меттахь а, дӀай-схьай кхелхаш а ду. Баннаш дечагийн баххьашкахь до цара.

  • ХӀоьаш кӀай хуьлу кхоъ я диъ. Диэкар зевне ду «къяк-къяк-къяк» я «хи-хи-хи». ТӀемаш доцийро ду, цуьнан цӀога деха ду. Оцо аьтту бо дадар сихдан а, дитташ юккъехулу дӀай-схьай дерза а, дедда доьддушехь хьоза лаца а. Куьйрано котаман кӀорнеш а луьйцу, кхокха а лоцу, беца-меъ а, лекъ а, кхин долу олхазарш а, дийнаташ а луьйцу. Адамех ларлуш а, къаьхкаш а ду иза.
 

Жима куьйра (en. Accipiter brevipes), (оьрсаша «Тювик» олу). Кхокханалла ду иза. КӀай ю цуьнан логакӀело. БӀаьргаш цӀиэ ду. Хаьндарг йолчуьра дуьйна чукӀело албасехь ю, пурхалхьа юткъий Ӏаьржо моханаш а йолуш. Дахар буц-аренашкахь а, хьаннийн хотешкахь а, хин тогӀешкахь а, бошмашкахь а ду цуьнан. Цхьана меттера кхоьчахьа кхелхаш ду иза. Бен дитта тӀехь бо цо. ХӀоьаш жимма сийна бос а бетталуш кӀай хуьлу.

Тойна май бутт чекхболуш, июнь бутт болалуш доккху. Кхоъ я диъ кӀорни доккху цо. Декар дахдой хуьлу «тью-ю-вик, тью-ю-вик» бохуш. Цундела аьлла цунах оьрсаша «тювик». Дехкий, моьлкъарчий, кхин йолу садолу хӀуманаш йоу цо. Ялташна зуламе, садолу хӀумнаш цо яарна пайдехь лоруш олхазар ду иза. Цундела уьш хуьлучу меттехь дӀовш тийсар дика дац. ДӀовшо бийна дахка а кхин йолу садолу хӀума а йиъчи иза ле.

 

Къорза куьйра (Accipiter nisus). Къорза чукъело йолу куьйра кхокханал жима ду. Оьрсаша «Малый перепелятник» олу цунах. Боьршачуьнан букъ овкъаран басахь бу, чукӀело хьаьрса ю, пурхалхьаша кӀай сизаш а долуш. ЦӀога а пурхалхьа шуьйро моханаш йолуш ду. БӀаьргаш можа ду цуьнан. Дахар хин тогӀешкахь ду. ДӀай-схьай кхелхаш а, кӀезгачех а олхазар ду иза. ХӀоьаш июньехь до диъ я пхиъ. ХӀоьаш цӀиэ тӀедарчий а долуш кӀайн хуьлу оцу олхазаран. Цуьнан даар кегийра олхазарш ду. Кхин цхьа тайпа а ду куьйра. Оьрсаша «Перепелятник» олу цунах. ТӀемаш таьӀначу ал басахь ду. Логера дуьйна охьа накха а чукӀело а, пурхалхьа кӀайн, хьаьрсан сизаш а долуш къорза ю цуьнан. Стечуьнан таьӀна ал бос болуш ю. БӀаьргаш можа ду.

Дахар хин берда йистошкахь, хин тогӀешкахь, хьаннийн кортошкахь ду. Бакъду, луьста юькъа хьаннаш ца еза царна. Цхьана меттехь ду церан дахар. Цхьацца новкъарлонаш йичи дӀай-схьай а кхелха уьш. Баннаш дитташ тӀехь до цара. ХӀоьаш кхаанне тӀера ялхан тӀе кхаччалц до. ХӀоьаш кӀай хуьлу, цӀиэ тӀедарчий а долуш. Тойна июнь баттахь доккху. Даар вукха куьйранийн санна ду. Декар чӀогӀа зевне ду: «къив-къив-къив-къив!» Кегийра хьозий цо дайарна зуламе лоруш олхазар ду иза.

 

КӀайн куьйра — (инг. Pallid Harrier, оьрс. Степной лунь). Ялтийн аренашкахь, буц-аренашкахь хуьлуш ду иза. Бен латтахь, я бецан тоьлга тӀехь бо цо. ХӀоьаш апрель-май баттахь до 4-6 стиглан бос бетталуш кӀай. Додуш чехка дац иза. Боьрша куьйра хӀаваэ лекха хьала а долий агӀу а берзабой бен болчухьа чухахкало. Аз декаш ду: «пир-р-р», «гик-гик-гик».

Цуьнан даар дехкий, моьлкъарчий, кхин йолу садолу хӀуманаш ю.

 

Леча (Falco peregrinus) Оьрсаша лечанах «Сокол» олу. Вай ламанан леча олу, лаьмнашкахь леча хуьлу дела. Амма леча лахарчу аренашкахь а, хьаннашкахь а хуьлуш ду. Ира а, деха а ду цуьнан тӀемаш. ЦӀога деха ду цуьнан. Когаш тӀехь месаш йац. ЗӀок хӀотталучохь чохчаман шед бу. Ядар сиха ду, чехка тӀам а тухуш. ХӀаваэхь накха тухий дожадо цо муьлхха а олхазар, къиг а, бад а, кхокха а. Бен ламанан даккъашкахь тӀулган бердашкахь бо лечано. Дукха хьолахь кхоьчу олхазаран бен схьабоккху цо. ХӀоьаш апрель-май баттахь до я шиъ, я кхоъ, я диъ. ХӀоьаш, цӀиэлла а етталуш, ал басахь хуьлу. Ӏаьржа а, сира а, бероза а, ал а бос болуш хуьла лечарчий. БӀаьргаш кӀелахь Ӏаьржа томмагӀ хуьлу цунна микх ду а моьттур долуш. Когаш можа бу. Леча — олхазар зуламе лерина дац. Цундела иза ларор вайн декхар ду.

 

БухӀа (Asio otus). БухӀанах оьрсаша «Сова» олу. Вайн махкахь I2 тайпа ю бухӀанаш. Куц а, хатӀ а, бос а хилар I8 кепар ду. БухӀанаш яккхийра а, кегийра а ю. ТӀемаш шуьйра, цӀога доца ду церан. Мас нилха а, кӀеда а ю. Когаш баьлла бу, мӀараш тӀе кхаччалц. ЗӀок йоца а, йоьххьера цӀеххьана охьахьаьвзина а ю. МӀараш ира а, чухьаьвзина а ю. БӀаьргаш даккхийра ду. Цхьайолчу бухӀанийн лергаш тӀоьхула ирах йоьлхий маӀанаш санна, месаш хуьлу («Лергаш»). Хиъна Ӏер, дегӀ нисса ирах дирзина а долуш хуьлу цуьнан. БухӀа буьйсанна сема хуьлу. Дийнахь наб еш санна, тап олий тийна Ӏа иза. ХӀоьаш, котаман хӀоьан кепехь доцуш, царел доцийро хуьлу. Котаман хӀоьал кегийра, кхокханан хӀоьал даккхийра. Бос хьаьрса бу Ӏаьржа тӀедарчий а долуш.

Баннаш, ламанан даккъашкахь, юькъчу хьаннашкахь, боьранашкахь до цара. ХӀоа 2-3 до бухӀано. Тойна апрель баттахь доккху. Ижо тӀома тӀаьттина йоьдуш а хиъна Ӏечу заманчохь, гондахьа бӀаьрг кхарстош а, лоху цо. ТӀома ядар меллаша а, гӀар-тата доцуш лахахула а ду цуьнан. Екар сингаттаме ду: «бу-у-х» бохуш. БухӀано пхьагал а, беца-меъ а, лекъ а, кхин долу олхазар а лоцу. Хьозий а, дехкий а доу цо. И тайпа олхазарш цо хӀаллакдеш хиларна зуламе лерина ю бухӀа. Бакъду, бухIнаш кӀезиг хиларна, Ӏаламан хазна ларор доьхьа, уьш яйар магош дац.

 

Жима бухӀа (Athene noctua). Жимачу бухӀанах оьрсаша «Домовый сыч» олу. Вукха бухӀанийн басахь ю иза. Даккхийра бӀаьргаш а, бӀаьрган хӀазарш а ду цуьнан. Амма лергаш дац. Къора а, тийна а яьсса меттигаш еза царна.

ТогӀешкахь, боьранашкахь, адам ца дехаш дӀатесна йитначу гӀишлошкахь ду церан Ӏер-дахар. Бердах охкуш а доху цара баннаш. Тойна апрель-май баттахь доккху. ХӀоа 4-8 хуьла. Даар вукха бухӀанийн санна ду. ЗӀенан бӀогӀашна тӀехь Ӏеш а хуьлу уьш. ТӀома ядар чехка ду. Екар «ку-вить, ку-вить» бохуш ду.

 

Лергаш долу жима бухӀа (Otus scops). Оьрсаша «Сплюшка» олу жимачу бухӀанах. Бос вукха бухӀанийн санна бу цуьнан а. Йоккхачу бухӀанан санна ши лерг а ду. Яхар ширчу, дӀатесна йитначу бошмашкахь, тогӀешкахь, хьаннийн хотешкахь ду цуьнан. ХӀоьаш дечиган хари чохь, я бердах баьккханчу бенахь до цо. Тойна май баттахь доккху. ХӀоа 4-6 до. КӀай хуьлу цуьнан хӀоьаш. Ижо, садайначул тӀаьхьа, буьйса йоьлчи лоху цо. Дийнахь, диттан гӀодах дӀа а таьӀий, Ӏадда Ӏа иза. Екар сингаттаме ду цуьнан «сплю-ю» бохуш. Цундела аьлла хила а там бу цунах оьрсаша «сплюшка».

Дехкий а, кегийра хьозий а доу цо. Кхин йолу садолу хӀуманаш а йоу.

Ялташна зуламе садолу хӀуманаш цо яар бахьана долуш пайдехьчу олхазарех лерина иза.

Хьаьттан олхазарш

бӀаьра нисйан
 

ХьаргӀа (Corvus corax). ХьаргӀа Ӏаьржа ю. Оьрсаша «Ворон» олу цунах. Вай Ӏаьржачу хӀуманна олуш ду «хьаргӀа санна Ӏаьржа». Сийна кӀур билличи санна Ӏаьржа бас лепа цуьнан. Цхьана меттахь а, дӀай-схьай кхелхаш а ду церан дахар. Баннаш дечу хенахь шишша цхьана хуьлу уьш. Важа йолчу хенахь гӀеранашца хуьлу. Яжар лаьттахь ду церан. Баннаш дитташна тӀехь до. ХӀоьаш 4-5 до хьаргӀано. Баьццара бос а бетталуш, мокха тӀедарчий а долуш, сийна хуьлу уьш. Аз гӀоргӀа ду церан «къар-р-р» бохуш. ХӀоьаш март-июнь баттахь до.

 

Кхаллакъ (Corvus cornix). Кхаллакъ олу корта а, хаьндарг а, тӀемаш а, цӀога а, Ӏаьржа а долуш, дегӀ сира а долуш йолчу йоккхачу къийгах. Оьрсаша «Ворона» олу цунах. ЗӀок стомма а, еха а ю цуьнан. Ялтийн аренашкахь а, хьаннашкахь а хуьлу уьш. Ӏаьнан заманчохь ярташна, гӀалина гергахь еха уьш. Цхьана меттехь ду церан дахар, гена дӀай-схьай ца кхелхаш. Яжар лаьттахь ду. Баннаш дитташна тӀехь до. ХӀоьаш 5-6 до апрель-май баттахь. Баьццаро бос а бетталуш стигалан басахь хуьлу уьш, мокха тӀедарчий а долуш. Екар зевне ду «кра-а, кра-а» бохуш.

 

Човка (Corvus frugilegus). Оьрсаша къийгах «Грач» олу. Бос Ӏаьржа бу цуьнан, сийна кӀур биллачи санна лепаш. ЗӀакарна юххехь кӀай томмагӀ хуьлу цуьнан. Буц-аренашкахь, ялтийн аренашкахь, нилхачу хьаннашкахь ду церан дахар. Ӏаьнан заманчохь ярташна, гӀалина гергахь хуьлу уьш, яккхийчу кӀеранашца. Цхьана меттахь еха уьш гена дӀай-схьай ца кхелхаш. Яжар лаьттахь ду. Баннаш дитташна тӀехь до. ХӀоьаш апрель-май баттахь до 5-6 баьццаро бос а болуш, стигалан басахь, мокха тӀедарчий а долуш. Екаран аз гӀоргӀа ду «крааа-крааа» бохуш. Ялташна зуламе йолу садолу хӀуманаш а, кхоьбарчий а цара яарна пайдехь лору човка.

 

ЖагӀжагӀа (Corvus monedula). ЖагӀжагӀах оьрсаша «Галка» олу. Коьрта тӀера а, гӀорта а сира ю цуьнан. Важа долу дегӀ Ӏаьржа ду кӀур биллича санна сийна бос а лепаш. Нилхачу хьаннашкахь а, хин бердашкахь а, аренашкахь а хуьлу уьш. ДӀай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Цхьана меттехь совций а еха уьш. Яккхийра гӀеранаш йой а лела уьш. Баннаш дитташ тӀехь а, дичиган харанаш чохь а до. Бердах а доху цара баннаш. ХӀоьаш апрель-июнь баттахь до 4-6. Айсина, баьццара бос а бетталуш, мокха тӀедарчий а долуш хуьлу уьш. Екар «кха-а, кха-а» бохуш ду.

 

Къорзакъиг йа чӀегӀаг йа суьлийн къиг (Pica pica). Къорзакъийгах оьрсаша «Сорока» олу. Киртигаш а йолуш, деха ду цуьнан цӀога. ДегӀ вукха къийгийчулла ду. Корта а, гӀорта а, некха хьалхе а Ӏаьржа ю. Букъ а, цӀога а, тӀемаш а Ӏаьржа ду, кӀур биллича санна лепаш. ЧукӀело а, тӀемаш долчу тӀоьхлара а кӀай ю.

Кегийрачу хьаннашкахь, диттийн кондаршкахь, бошмашкахь хуьлуш ю кърза-къийкаш. Нехан бошмашкахь а, некъаца доьгӀначу дитташца а хуьлу уьш. Яккхийра хьаннаш ца еза царна. Цхьана меттехь Ӏер долуш а, дӀай-схьай кхелхаш а ду церан дахар. Цхьаъ ша а, шишша цхьана а хуьлу уьш. Ядар хала ду къоркъийган, чехка доцийра тӀемаш а лестош. Лаьттахула цӀога ирах а дохийтий йолало иза. Баннаш дитташна тӀехь а, диттан кондаршна тӀехь а до цара, тӀоьхула тхов а беш. ХӀоьаш апрель-июль баттахь до 5-8. Сийно-баьццара бос а болуш, мокха тӀедарчий а долуш хуьлу церан хӀоьаш. Екаран аз зевне гӀаргӀаш беш ду.

Адам толлу олхазарш

бӀаьра нисйан
 

Моша' (Perdix perdix). Моша оьрсаша «Куропатка» олу цунах. Ӏай кӀай бос болуш хуьлу иза. Аьхка нӀаьно а, мео а хьаьрса бос оьцу пурхалхьа Ӏаьржа томмагӀнаш а долуш. ТӀемаш а, чукӀело а кӀай хуьла. ЦӀоцкъамаш цӀиэ ду. БӀаьста шишша цхьана хуьлу уьш, нӀаьни, меъ. Гурахь а, Ӏай а цхьанакхетий гӀеранаш йо цара. Баннаш лаьттахь, екъчу меттехь коьллаш кӀел до цара. Тойна май баттахь доккху. Ялх а — шийтта хӀоа до цхьана мео. Ал тӀедарчий а долуш, хуьлу бецамеан хӀоьаш. Котам тойнахь Ӏеш йолчу хенахь нӀаьна а, котам а лаьттахь хуьлу. Дитта тӀе а йолу и шиъ. Ядар, чехка тӀемаш а тухуш, сиха ду. Яжар цӀерачу котамийн санна ду. Диттийн чӀенигаш а, соьналлаш а, бецийн хӀу а доу цара.

 

Лекъ (инг. Common Quail, оьрс. Перепел) — Котамийн тайпанах уггаре а жимах дерг лекъ ду. Ӏаьржа тӀедарчий а долуш, ал бос бу цуьнан. ЦӀога доца ду. ЧукӀело сирла ю. НӀаьнин лог кӀело Ӏаьржа ю. Меан хаьндарг къорза ю. Лекъаш ялтийн аренашкахь, цанашлахь хуьлуш ду. Шиъ цхьана кхетий ца лела уьш. Бен бацалахь а, ялташна юккъехь а бо лекъо, жимма ор а доккхий, чу бецаш а йохкий. Тойна май баттахь доккху. ХӀоьаш даккхийра тӀедарчий а долуш хуьлу 7-I5. Дукхах йолу хан лаьттахь йоккху лекхаша. Бацалахь лечкъий хуьлу уьш. Дитташ тӀе ховшуш Ӏедал дац церан. ТӀома гӀаьттича гена далале охьахоу лекъ. ТӀемаш тохар чиха а, дадар чехка а ду. Декар иштта ду боьршачу лекъан «пит-пипить, пить-пипить». Лекъийн даар коьртачу декъана бецан хӀу ду. Садолу хӀумнаш а йоу цара.

Беша хьийза олхазарш

бӀаьра нисйан
 

Хьоза — Ингалсан а оьрсийн маттаь олу (en. Sparrow), (ru. Воробей). Хьозий тайпа олхазарш вайн махкахь 3I2 беса а, кепа а ду. Церан тайпанаш 96 ду. Кхоъ хьалха, цхьаъ тӀиэхьа биъ пӀелг хуьлу оцу тайпанех долу олхазарийн. ХӀоьаш кхин долчу олхазарийн кепара ду. ТӀедарчий долуш а, доцуш а. КӀайн а кхоьчу басахь а. Церан дахар тайп-тайпанарчу хьелашкахь, мехкашкахь, меттигашкахь ду, адамаш дехачу ярташкахь, гӀаланашкахь, лаьмнашкахь, хьаннашкахь хин-бердан йистошкахь, Ӏаннашкахь, тогӀешкахь, цанашкахь, ялтийн, бецан аренашкахь. Ялташна зуламе садолу хӀумнаш цара хӀаллакьярна, пайдехь лерина уьш. Аса хӀинца дуьйцар ду вайн кхузахь Къилбаседа Кавказехь долчех лаьцна.

 

Бешара хьоза — (оьрсаша «Лазаревка» олу). ТӀемаш а цӀога а сийна ду букъ баьццара бу, хьаж кӀай ду цуьнан, беснеш а кӀай ю, лаг Ӏаьржа ду, хандаргана тӀоьхула а Ӏаьржа мас ю. Накха можа бу, чукӀело а можа ю. Хьуьн чохь а бошмашкахь а хуьлуш ду и тайпа хьоза. Баннаш дечу хенахь цхьана хуьлу стен боьршан шиъ. Диттан гаьннаш тӀера каде ду гӀаттар, кхечу гаьн тӀе хаар. Бен диттан хари чохь бо. ХӀоьаш апрель-май баттахь до 5-10. ХӀоьаш кӀай хуьлу, цӀиэ бос бетталуш, ал тӀедарчий а долуш. Декар иштта ду: «Ци-ци-цӀир-р-р».

 

Ӏаьржа хьоза — (en. Common Blackbird), (Оьрсаша «Черный дрозд» олу). оцу Ӏаьржачу олхазарх. Вукха хьозанел доккха ду иза, алкханчал жима ду. Боьршачу хьозанан зӀок а, бӀаьрган хӀазарш а можа ду цӀиэ бос а бетталуш, дерриге а дегӀ Ӏаьржа ду. Стечу хьозанан таьӀна мокха бос бу, зӀок Ӏаьржа ю.

Дахар хьаннашкахь, хьаннийн хотешкахь, тогӀешкахь стоьмийн бошмашкахь ду Ӏаьржачу хьозанан.

Гурахь къилбехьа бовхачу мехкашка дӀакхелха Ӏаьржа хьозий, бӀаьста, апрель баттахь вай долчу юха догӀу. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу уьш. ГӀеранахь лелар кӀезиг ду церан. Лаьтта а, куллан кондарш тӀе а, диттан генаш тӀе а ховшу уьш. Когаш тӀехь кхиссалуш ду цуьнан болар. Боьрша хьоза дитта боьххье хьала а долий дека, дегӀ меттах а ца доккхуш. Декар сингаттаме ду цуьнан «чок-чок» «терре-чок-чок». Бен лаьттахь, я диттан кондаршлахь бо. 4-7 хӀоа до Ӏаьржачу хьозано баьццаро бос а бетталуш, мокха тӀедарчий а долуш, стигалан басахь сийна. Тойна апрель-июнь баттахь доккху.

 

Кхокха (инг. Rock Pigeon, оьрс. Голубь) — Горга, дуьзна дегӀ а долуш, луьста, шера дегӀа тӀе йийшина месаш а йолуш ду кхокхий. Кхаа тайпана а, шийтта беса а ду уьш.

Оьрсаша «оьрс. сизый голубь» олуш бу вайн цӀахь, адамаш дехачохь гӀаланашкахь а, ярташкахь а хуьлуш болу кхокха. И тайпа кхокхий дукха а ду. Яккхийчу гӀеранашца хуьлу уьш ялташ лелочу меттехь. Элеваторшкахь, амбарашкахь, хьаьттанашкахь. Букъ тӀе кхаччалц гӀорта а, хаьндарг а, таьӀно сийна а, баьццара а бас бетталуш, арий санна лепаш хуьлу кхокханан. «Кхокханан басахь» лоу вай цуьначух тера бос болчу хӀуманах. Шина а агӀор тӀома тӀехь шалха Ӏаьржа мозанаш ю цуьнан, тӀомана пурхалхьа, тӀам буткълучу меттехь. Кхокханан когаш а, бӀаьргаш а цӀиэ ду. ЗӀок хотталучохь чохчам ю цуьнан. Кхин бос болуш а хуьлу адамаш дехачохь долу кхокхий.

Цхьана метта дехаш а, дӀай-схьай кхелхаш, Ӏен меттиг хуьйцуш а хуьлу кхокхий. Ах акха а, ах адамех доьлла караӀемина а ларалуш ду уьш. Кхокхаша баннаш до тӀулган я сацкъаран бердашца, дӀатесна йитначу тишчу гӀишлош чохь, цӀенойн тхевнашкахь, карнизашкахь. Кхокханан бен башха лерина бой а ца хуьлу. Цхьа кӀеззиг синтарш а гулйой, буха масс а тосий бо кхокхано бен. Февраль, март баттахь болало кхокха хӀоьаш дан. Кхокхано шиъ до хӀоа. КӀорнеш шарахь кхузза, доьазза йоху цо. Кхокханан бадар чехка ду. ТӀемаш сиха детта цо. Бекар «Кхур-кху-у-кх, кху-у-кх» бохаш ду цуьнан. Цкъацкъа «къу-у-у, къу-у-у», бохуш, узарш деш санна бека иза. Дитта тӀе хууш

 

Кечал-кхокха (Columba palumbus). Оьрсаша «Вяхир» олу кечал-кхокханах. ЦӀахь хуьлуш болчу кхокханах тера бу иза, цхьа кӀеззиг башхонаш хилар бен кхин хийцамаш боцуш. Кечал-кхокханан гӀортан тӀехь а, тӀемашна тӀехь а кӀай томагӀнаш ду. ТӀемашна тӀехь вукха цӀахь хуьлачу кхокханан санна шолха, Ӏаьржа моханаш йац цуьнан. ЦӀоганна тӀоьхула дӀайоьдуш шуьйро Ӏаьржа моха ю. ЗӀок можа ю цуьнан, когаш цӀиэ бу. ЦӀахь хуьлуш болчу кхокханал дегӀана боккха бу иза. Бос а цуьначух тера бу. Кечал-кхокхийн дахар хьаннашкахь, бецан аренашкахь, ялтийн аренашкахь ду. Цхьана меттехь дац церан дахар. ДӀай-схьай кхелха уьш. Баннаш стен, боьршан — шишша цхьана а кхеташ дитташ тӀехь до цара. Чекх са а гуш сиргӀатех бой хуьлу церан бен. Тойна апрель баттахь доккху. КӀайн шиъ хӀоа до кечал-кхокхано. Баннаш ден хан дӀаяьлчи гӀеранашках лела уьш. Бадар вукха кхокханан санна чехка ду. Аьхка де дохделлачу хенахь дитта тӀехь набарш еш Ӏеш хуьлу уьш. Бекар чӀогӀа ду цуьнан гӀоргӀачу озанца «кху-у-ру-ра… кху-у-рура» бохуш. Дажар ялтийн аренашкахь, кхаш тӀехь ду церан. Ялта а, бецан хӀу а доу цара.

 

Къор-кхокха (Streptopelia turtur). Оьрсаша «Горлица» олу къор-кхокханах. Вукха кхокханал дегӀана жима бу иза. ДегӀ цуьначул куьцехь ду. Хаьндарг жимма цӀиэ бос а бетталуш овкъаран басахь ю цуьнан, чукӀело сийно бос бетталуш сира ю. ТӀемаш ал бос болуш ду, Ӏаьржа тӀедарчий а долуш. ЦӀоганна йоьххьера месаш кӀай ю. Когаш цӀиэ бу цуьнан. ГӀортан тӀехь Ӏаьржа а, кӀай а раз-пурх сизаш ду.

Дахар хьаннашкахь, хин тогӀешкахь, стоьмийн бошмашкахь ду церан. Стен боьршан шишша цхьана а кхеташ до цара баннаш хьаннийн йистошца а, бошмашкахь а. Баннаш дитташ тӀехь до цара. Нилхха синтарш а йохкуш, чекх са а куш. Тойна май баттахь доккху. ХӀоа 2 хуьлу цуьнан. Бадар вукха кхокханан санна ду. Амма цуьначул атта ду. Лечкъана лелаш бац къор-кхокха. Ардаш юккъехула дӀабоьдачу некха тӀехь а, телеграфни сераш тӀехь а хоий Ӏеш хуьлу къор-кхокха. Бекар хаза ду цуьнан, эшаран аз санна дагах кхеташ. «Къур-кхурр… кхур-кхурр…» бохуш.

Бажар лаьттахь ду цуьнан, ардаш тӀехь, некъаш тӀехь а. Ялта а, бецан хӀу доу цо.

 

ЧӀегӀардиг — (en. Wire-tailed Swallow), (Оьрсаша «Ласточка» (Нитехвостая ласточка) олу чӀегӀардигах). Букъ Ӏаьржа сийна бу цуьнан. ЦӀога кӀелахула хаьндарга тӀоьхула пурх шуьйра Ӏаьржа моха ю цунна. ТӀемаш а, цӀога а лиэпаш сийна-Ӏаьржа ду. Хьаж а, лаг а мекханан басахь ал ду. Накха, чукӀело кӀайн ю. ЦӀоганан шалгу — ши мас еха а, юткъа а ю. Дахар ярташкахь, гӀаланашкахь а, ярташна, гӀаланашна юххехь а ду. ГӀеранца хуьлу чӀегӀардигаш. ЗӀенан серашна тӀехь йоккха гӀера хуьлу церан Ӏеш. Баннаш поппарх до цара юккъе (бен вовшах ца балийта) чемхалгаш а дохкуш. Баннаш, нехан сеннеш чохь, рагӀош кӀелахь, тӀай кӀелахь, догӀа ца кхетехь до. 4-6 кӀайн хӀоа до чӀегӀардиго, цӀиэ тӀедарчий а долуш. Тойна май-июнь баттахь доккху. КӀорнийн когаш вовшахбоьхку чӀегӀардиго, уьш бенара охьа ца эгийта, говран кхесах я цӀоганах боьжна мерз бахьа цо церан когаш бехка. ЧӀегӀардиган кӀорнеша бен ца бехбо. ТӀиэхье бенал арахьа а йоккхий бехло уьш. ЧӀегӀардиган декар иштта хуьлу: «Цхьа-коьна, ши коьна-коьна-коьштара, чӀамаргӀана чӀиж-ж-жикъ» бохуш санна.

 

Буьйсанан мокха хьоза — (en. European Nightjar), (Оьрсаша «Козодой» олу цунах). Деха цӀога а долуш, деха тӀемаш а долуш, кхокханал жимо мокха хьоза ду вайн махкахь хуьлуш. ТӀера мас нилха а, кӀеда а ю цуьнан, когаш боций, бӀаьргаш баккхий бу. ЗӀок йоца ю, бат шуьйра ю цуьнан. ЗӀакара юххехь шина а агӀор ча санна юткхий месаш ю. Буьйсанна ду цуьнан кхарстар, лелар. Дийнахь диттан гаьн тӀехь, я лаьттахь Ӏадда хоий Ӏа иза. Коьрта тӀехь а, белаш тӀехь а, дегӀан дохалла а Ӏаьржа могӀанаш ду цуьнан. Дахар хьаннашкахь, буц-аренашкахь, лаьмнашкахь ду цуьнан. Цхьаъ ша а, шишша цхьана а хуьлу уьш. ДӀай-схьай кхелхачу хенахь гӀеранаш хуьлу церан. Баннаш лаьттахь до цара буха хӀума а ца тосуш. Тойна май-июнь баттахь доккху. ХӀоа 2 хуьлу цуьнан сирчу басахь, беса тӀедарчий а долуш. ТӀома дадар раз лелхаш, хьийзаш ду, «кувык, кувык» бохуш ду цуьнан декаран аз. Буьйсанна полларчий а, чуьркаш а кхин йолу садолу хӀуманаш а йоу цо, дедда доьддушехь хӀаваэхь схьа а лоьцуш.

 

ЧӀоб (Coracias garrulus). Оьрсаша чӀоьбах «выпь» олу. Кхокханалла олхазар ду иза. Баьццаро бос бетталуш стигалан басахь ду цуьнан дегӀ. ТӀемаш таьӀночу басара сийна ду. ЦӀога а оццу басахь ал ду цуьнан. ЧӀоьбан дахар аренашца ду. Къилбехьа довхачу мехкашка дӀай-схьай кхелхачех ду иза. ЧӀоьбаша баннаш диттийн харанаш чохь а, хин тогӀийн кортошкахь а, хин бердашца а до. ЗӀакарца а, мӀарашца а охкуш бердах а боккху чӀоьбо бен. ХӀоа 4-6 до цо. Тойна май-июнь баттахь доккху. Цхьаъ ша а, шишша цхьана кхетий а хуьлу уьш. Телеграфан сераш тӀехь, я диттан дакъаделлачу гена тӀехь цхьаъ ша Ӏеш го чӀоб дукха хьолахь. Гуьйранна къилбехьа бовхачу мехкашка дӀакхелхаш, цхьанакхетий, гӀера йо цара. Церан даар моьлкъарчий, дехкий, кхин йолу садолу хӀумнаш ю. ЧӀоб буьйсанна дека «ЧӀо-об, чӀо-о-об» бохуш, цхьана эшарехь шиъ-кхоъ секунд йукъаюлуьйтуш.

 

ХенакӀурах оьрсаша «Дятел» олу. Боций когаш а болуш, сто санна ира зӀок а йолуш, шиъ хьалхаша дӀай, шиъ тӀехьа бирзиний биъ-биъ пӀелг а болуш олхазар ду иза. ТӀемаш шуьйра ду цуьнан. ЦӀога чӀогӀа а, декъа а, йоьххьера ира а ду.

ХӀоьаш, хӀоьа кепел доцийра ду. Боьршачу хенакӀеро декъачу диттан гӀодах зӀок етта, автомат санна чехка. Вайн махкахь 5 тайпа , I4 беса ю хенакӀур. Хьаннашна зуламе йолу садолу хӀуманаш цара хӀаллакъеш хиларна пайдехь лерина уьш.

 

Баьццарчу хенакӀурах оьрсаша «Зеленый дятел» олу. Букъ баьццара бу цуьнан, цӀога тӀоьхалара деши басахь можа ду, лахара дегӀ баьццара бос а бетталуш кӀай ду. ТӀемаш а, цӀога а мокха ду пурхалхьа моханаш а йолуш. Хьаж а, мекхаш а Ӏаьржа ду (боьршачуьнан цӀиэ тӀедарчий хуьлу), коьрта тӀера а, логера а месаш цӀиэ ю. ЗӀок Ӏаьржа ю.

Дахар хьаннашкахь, тогӀешкахь бошмашкахь ду. Баннаш дечиган хари чохь до. ХӀоа 3-6 хуьла. Тойна апрель-июнь баттахь доккху. Цхьацца а, шиъ цхьана кхетий а хуьлу уьш. Охьахаар доккху. Цхьацца а, шиъ цхьана кхетий а хуьлу уьш. Охьахаар лаьттахь а, диттан гӀодца а ду. Церан коьрта даар зингатий ду.

 

Оьрсаша къорзачу хенакӀурах «Пестрый дятел» олу. Ӏаьржан, кӀайн, цӀиэн кхаа басара ду цуьнан дегӀ хазчу куьцехь, иза къарзъеш, Ӏаьржачу тӀома тӀехь кӀайн тӀедарчий ду цхьа хаза зезаган куц а хӀоттош. Боьршачуьнан кӀесара-кӀаг болу меттиг цӀиэн ю, корта Ӏаьржа бу. ЗӀакарна тӀера коьрта тӀехьа кхаччалц Ӏаьржа сиз ду шина а агӀор. Цу тӀера хенашка кхаччалц охьадогӀу Ӏаьржа га. БӀаьргашна тӀера охьа кӀайн беснеш ю.

ТӀиэхьа агӀор чукӀиэло а цӀиэ ю цуьнан. Вукха хенакӀуран санна ду цуьнан дахар. Вукха хенакӀуро санна бен диттан хари чохь бо. Тойна апрель-май баттахь доккху, 4-6 хӀоьах. Дадар чехка ду. Цхьаъ ша а хуьлу иза, шиъ цхьаьна а хуьлу. Декар «кик-кик-кик» бохуш ду. Садолу хӀуманаш йоу цо. Ӏай акхачу стоьмийн хӀуш доу.

 

Буьйсанна дитта тӀе а хоий декаш ду кукмӀаьв олхазар. Иза декар адамашна дезаш дац. Уггаре а иза гергахь декначу цӀенна тӀе сингаттам богӀу олуш ду, чуьра доьзалхо кхелхина. Дийнахь атта гуш дац и тайпа олхазар. Наха «Олхазарх тарделла деъна са оьцу малик ду» олу цунна.

Можа чукӀело а йолуш, Ӏаьржа тӀемаш а долуш селасатах тера олхазар ду иза. Цуьнан дахар муха ду, иза хуьлуш йолу меттиг зийна йац.

Бердах баннаш доху олхазарш

бӀаьра нисйан
 

Оьрсаша алкханчах «Скворец» олу. Хьозанал доккха олхазар ду иза. Бос Ӏаьржа бу сийна кӀур биллича санна лепаш. ТӀемаш а, цӀога а кхоьлано ду. Гурахь кӀайн тедарчий хӀуьтту цуьнан дегӀа тӀе. Ярташна аьттехьа, ялтийн аренашца ду алкханчийн дахар. БӀаьста, апрель баттахь бовхачу махкара схьайогӀу уьш вай долчу. Гурахь, октябрь баттахь къилбехьа бовхачу махка дӀайоьлху уьш.

Церан яжар лаьтта тӀехь ду. Дитташ тӀера стом а, садолу хӀума а йоу цара. Алкханчаш гӀеранаш йой лела. Баннаш бердах доху цара. Дечиган хари чохь а до цара баннаш. Адамаша бошмашкахь аннех баннаш до царна. ХӀоьаш апрель-июль баттахь до 5-7. Стигалан басахь сийна хуьлу уьш. Аз кхоьчу олхазарийнчух тардеш ду декар.

Хьаннийн олхазарш

бӀаьра нисйан
 

НӀаьвла — (en. Lark), (Оьрсаша «Жаворонок» олу цунах). НӀаьвларчий а бес-бесара ю. Царех цхьа тайпа ардашкахь, ялтийн аренашкахь хуьлуш ю. Цундела оьрсаша «полевой жаворонок» олу цунах. ЦӀахь хуьлучу хьозанал жимма йоккха ю иза. Бос сира бу цуьнан. Букъ тӀера кхоьлина чукӀелара сирла, мокха тӀедарчий а долуш. Коьрта тӀехь кӀужал бу.

Дахар хьаннийн кортошкахь аренашкахь ду. Дажар лаьттахь ду. Наггахь дитта тӀе а, диттан кондар тӀе а хоу. Шишша цхьана а хуьлу, гӀеранашца а хуьлу. ГӀаш-некъахочунна тосало нӀаьвларчий новкъахь ежаш. ТӀома хӀаваэ хьала а юьйлуш ека нӀаьвларчий. НӀаьвланан екар иштта ду: «юьли-юьли-юьли, юьл-юьлу-юьлу». Бен лаьттахь бо нӀаьвлано. 5-6 хӀоа до цо. ХӀоьаш кӀайн ду, цӀиэ тӀедарчий а долуш. Тойна а апрель-июнь баттахь доккху. КӀужал боцуш а ю нӀаьвларчий. Церан дахар а кӀуж болчийн санна ду. Амма екар жимма кхечу азанца ду. «Витти-витти, витти, тирий-ти-ти-ти» олий ека и. Цунах терра кхин цхьакха а ю нӀаьвла. Басна а иштта ю. Делахь а, цхьа кӀеззиг башхо ю цуьнан. ТӀам хотталучу хьалха, хаьндарг йолччохь шина а агӀор томмагӀ ду.

 

Баьцхалг[2] (лат. Chloris chloris) — вьюрок доьзалера олхазар.

Бебунаш, йа бебу йа аттйокх (лат. Cuculidae)хьозакепарчеран гергара бебукепара тобанера олхазарийн доьзал.

 

Шоршал — (en. Song Thrush), (Оьрсаша «Певчий дрозд» олу цунах). БӀаьста дитташна гӀа даьллачу хенахь, хьаннийн кортошкахь хаза декаш хуьлу хьуьнан хьоза. Эрза шедаган аз санна зевне хуьлу цуьнан аз. «…Чукаричу-у-къ» «хӀинц-хӀинц». Ира йоца зӀок а йолуш, мокха хьоза ду иза, чукӀело къорза а йолуш. Хьаннашкахь а, аренашкахь а, лаьмнашкахь а хуьлу и тайпа хьозий. БӀаьста баннаш дечу хенахь шишша цхьана хуьлу уьш стен, боьршан. Важа йолчу хенахь гӀеранашца хуьлу. Лаьтта а, диттан кондарш тӀе ховшу уьш. Баннаш дитта тӀехь а, диттин кондарш тӀехь а до цара. ХӀоьаш стигалан басахь сийна хуьлу, Ӏаьржа тӀедарчий а долуш. Тойна апрель-июнь баттахь доккха. 4-5 кӀорни доккху цо.

 

Ӏаьржа хьоза — (en. Common Blackbird), (Оьрсаша «Черный дрозд» олу). оцу Ӏаьржачу олхазарх. Вукха хьозанел доккха ду иза, алкханчал жима ду. Боьршачу хьозанан зӀок а, бӀаьрган хӀазарш а можа ду цӀиэ бос а бетталуш, дерриге а дегӀ Ӏаьржа ду. Стечу хьозанан таьӀна мокха бос бу, зӀок Ӏаьржа ю.

Дахар хьаннашкахь, хьаннийн хотешкахь, тогӀешкахь стоьмийн бошмашкахь ду Ӏаьржачу хьозанан.

Гурахь къилбехьа бовхачу мехкашка дӀакхелха Ӏаьржа хьозий, бӀаьста, апрель баттахь вай долчу юха догӀу. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу уьш. ГӀеранахь лелар кӀезиг ду церан. Лаьтта а, куллан кондарш тӀе а, диттан генаш тӀе а ховшу уьш. Когаш тӀехь кхиссалуш ду цуьнан болар. Боьрша хьоза дитта боьххье хьала а долий дека, дегӀ меттах а ца доккхуш. Декар сингаттаме ду цуьнан «чок-чок» «терре-чок-чок». Бен лаьттахь, я диттан кондаршлахь бо. 4-7 хӀоа до Ӏаьржачу хьозано баьццаро бос а бетталуш, мокха тӀедарчий а долуш, стигалан басахь сийна. Тойна апрель-июнь баттахь доккху.

 

Дургале — (fr. Martinet), (Оьрсаша дургалех «Стриж» олу). ЧӀегӀардигах тера ду иза. Лог-кӀело кӀайн ю цуьнан. Ша мокхо бос бетталуш Ӏаьржа. Азехь Ӏаш 4 тайпа (Hemiprocnidae) йа дечиг дитташ тӀехь Ӏаш долу дургалеш ду, (Apodidae) — 74 тайпа даьржина ду массанхьа, шийла меттиг йоцучехь. Уьш ду декъалуш, цхьадерш тӀема а довле дӀадоьлхурш ду, амма йох елча йуха схьадогӀу. ТӀе хьаьжча чӀогӀа чӀегӀардигех тера а ду уьш. Дахар хьаннашкахь, есачу аренашкахь, гӀаланашкахь, ярташкахь, адамаш дехачу кхин йолчу меттигашкахь ду. БӀаьста бовхачу махкашкара схьадогӀу дургалеш, гурахь цига юха кхелха уьш. Баннаш дар яккхийрачу гӀеранашца ду церан. Баннаш дечигийхаранаш чохь а, тӀулга даккъийн херонашкахь а, саз-лаьттан бердах а хуьлу церан. Тойна июнь баттахь доккху. ХӀоа 2-3 хуьлу. Дадар чехка ду, чехка тӀемаш а детташ. Декаран аз «виз…виз-з-з» бохуш ду. Мозий, чуьркаш йоу цара, дойдда доьлххушехь хӀаваэхь схьа а лоьцуш. ЦӀога чӀерачух тера шалгу доьрзуш хаьдда ду. ТӀемаш марс санна чоьхьахьаь ду. Цара садолу хӀумнаш юу дела пайдехь лерина уьш.

 

Оьрсаша шоршалах «Синяя птица» олу. Амма цуьнан бос ша-шах сийна бац. Генаро хьаьжчи Ӏаьржа хетало цуьнан бос. Юххера хьаьжчи кӀур биллича санна лиэпаш сийна бос беттало. Къийгалла олхазар ду иза. ЦӀога деха ду цуьнан, тӀемаш доцийра ду.

Лаьмнашкахь а, охьанехьа хьаннашкахь а ду и тайпа олхазар. Цхьаъ ша хуьлу иза дукхах йолчу ханна. Шиъ цхьана а хуьлу. Екар зевне ду «къи-къи-къи-къи!» шок тухуш санна. Ша хьалаэккхаш туху цо и мохь. Хьаннаш кӀелахула ду цуьнан ядар. Едчи а гена ца йолуш охьахоу иза. Бен диттан Ӏеханах, бецах бо цо. ХӀоьаш 4-5 до. Жимма баьццара бос а болуш кхоьллано цӀиэ тӀедарчий а долуш хуьлу цуьнан хӀоьаш. ХӀоьаш май-июнь баттахь до.

 

Суьйлин-чӀегӀагах оьрсаша «Сойка» олу. Кхокханалла олхазар ду иза шуьйро хьаж а долуш, доцийро тӀемаш а долуш. ЦӀога нийса а, шера а ду. ЛогакӀело кӀайн ю цуьнан. ЗӀакарна бухехьара схьа бӀаьрга кӀелахула лога тӀе кхаччалц Ӏаьржа томмагӀ ду. ТӀемийн юьхкаш тӀехь кӀайн тӀедарчий а долуш сийна месаш ю. «Куьзга» олу цунах. ДегӀ, хьаьрсо бос болуш, ал ду. Хьуьн чохь хуьлуш ду и тайпа олхазарш.

Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а гӀера йой а лела уьш. Охьахийшар диттийн генаш тӀехь а, лаьттахь а ду. Ядар хало ду цуьнан. Бен диттийн генаш тӀехь бо. ХӀоьаш 5-7 хуьлу, баьццаро бос а болуш, мокха тӀедарчий а долуш. ХӀоьаш апрель-май баттахь до. Декар зевне ду «чӀие-чӀикеъ» бохуш.

 

Кхор-бӀелиг — (en. Red-breasted Flycatcher), (Оьрсаша кхор-бӀелигах «Малая мухоловка» олу). Кхор-бӀелиг жима хьоза ду. Вайн ярташкахь хуьлучу стечу хьозанах тера ду иза. Цул жима доца дегӀ ду цуьнан. Дитташ тӀехь цхьана гена тӀера вукха гена тӀе а хуьйшуш лела иза. Чуьркаш, мозий луьйцу цо. ХӀоьаш апрель-май баттахь до. Бен диттан генаш тӀехь бу. ГӀа меттах даьккхина а ша долу меттиг билгал ца йоккху цо. Дека хезаш а дац иза. Тилкхазбелла бӀаьрг ца кхетчи, иза дитта тӀехь ду дац а ца хаьа.

Аренашкара олхазарш

бӀаьра нисйан
 

ХӀуьрцӀалдиг — (en. Wagtail), (оьрсаша «Трясогузка» олу). Можа а, кӀайн а хуьлу хӀуьрцӀалдиг. Шен дегӀалла деха ду можачу хӀуьрцӀалдиган цӀога. Боьршачунан корта я сира, я Ӏаьржа хуьлу. Букъ баьццара бос а бетталуш можа бу. ТӀемаду. ЦӀога нисса дӀа догӀаделла ду шина агӀор кӀайн сизаш адолуш. Стечуьнан дегӀ можа ду, букъ тӀера бос кхоьлано бу. Можачу хӀуьрцӀалдиган дахар цанийн аренашкахь а, Ӏаьмнашкахь а, хин тогӀешкахь а, лаьмнашкахь а ду.

Цхьайолчу меттигашкахь дуккха а ду и тайпа олхазарш. Дажар лаьттахь ду церан. Куллан кондар тӀе а, дакъаделлачу синтар тӀе а ховшу уьш. Адам шен бенна аьттехгӀоьртича дека а декаш тӀоьхула хӀийза хӀурцӀалдиг, я цхьана кондар тӀера вукха кондар тӀе хуьйшуш, синтем байна хьийза. Баннаш лаьттахь до цара, я бецан тоьлгакӀеллахь я бецан кондаршлахь. ХӀоьаш 5-6 до баьццара бос а болуш, кхоьлано тӀедарчий а долуш. Тойна май-июнь баттахь доккху.

 

Ӏаьржа хьоза — (en. Common Blackbird), (Оьрсаша «Черный дрозд» олу). оцу Ӏаьржачу олхазарх. Вукха хьозанел доккха ду иза, алкханчал жима ду. Боьршачу хьозанан зӀок а, бӀаьрган хӀазарш а можа ду цӀиэ бос а бетталуш, дерриге а дегӀ Ӏаьржа ду. Стечу хьозанан таьӀна мокха бос бу, зӀок Ӏаьржа ю.

Дахар хьаннашкахь, хьаннийн хотешкахь, тогӀешкахь стоьмийн бошмашкахь ду Ӏаьржачу хьозанан.

Гурахь къилбехьа бовхачу мехкашка дӀакхелха Ӏаьржа хьозий, бӀаьста, апрель баттахь вай долчу юха догӀу. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу уьш. ГӀеранахь лелар кӀезиг ду церан. Лаьтта а, куллан кондарш тӀе а, диттан генаш тӀе а ховшу уьш. Когаш тӀехь кхиссалуш ду цуьнан болар. Боьрша хьоза дитта боьххье хьала а долий дека, дегӀ меттах а ца доккхуш. Декар сингаттаме ду цуьнан «чок-чок» «терре-чок-чок». Бен лаьттахь, я диттан кондаршлахь бо. 4-7 хӀоа до Ӏаьржачу хьозано баьццаро бос а бетталуш, мокха тӀедарчий а долуш, стигалан басахь сийна. Тойна апрель-июнь баттахь доккху.

 

ЦӀик-цӀик хьоза — (en. Sedge Warbler), (Оьрсаша «Камышовка барсучок» олу). Генарчу малхбалехь Хьасан Ӏоман берда йистошца ду ЦӀик-цӀик хьоза. Кхин иза хуьлуш меттиг йац билгалъяьлла Ша1ми-Юьртана къилбаседехьа Ӏаьсан тогӀий йоцург. Оцу Ӏаьсан тогӀи чохь Ӏаьржачу толлан кондаршна тӀехь декаш хуьлура и тайпа хьозий. Дакъаделлачу синтарна тӀе а хоий декара иза иштта. «ЦӀик-цӀик-цӀик-цӀир-р-р-р!» олий. Дуткъа дегӀ а долуш, мокха хьоза ду иза. Баннаш толлан кондаршна юккъехь, бацалахь до цара. ХӀоьаш кӀайн хуьлу ал тӀедарчий а долуш 4-5. ХӀоьаш апрель-май баттахь до. Чуьркаш а, мозий а кхин йолу садолу хӀумнаш йоу цара. Ӏаьсан тогӀийна лаххьа Шалажца йолчу ДалинтогӀи чохь а, Бекшан тогӀи чохь а хуьлуш ду и тайпа хьозий.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. А.Исмаилов, «Дош», Нохчийн-оьрсийн дошам, Соьлжа-ГӀала, 2009, стр. 36
  2. Бёме Р. Л., Флинт В. Е. Пятиязычный словарь названий животных. Птицы. Латинский, русский, английский, немецкий, французский / Под общей редакцией акад. В. Е. Соколова. — М.: Рус. яз., «РУССО», 1994. — С. 434. — 2030 экз. — ISBN 5-200-00643-0.

Литература

бӀаьра нисйан
  • Берсанов Х.А. Вайн махкан акхарой а, олхазарш а.(нох.). — Соьлжа-ГIала (Грозный), 1992.