Олхазар-КӀотар

Хьалха-Мартанан кӀоштар йурт, Нохчийчоь

Олхазар-КӀотар[1][2] — Нохчийчоьнан Хьалха-Мартанан кӀоштан кӀотар йу. Олхазар-кӀотаран йуьртан меттиган административан йукъ йу. Эвла лаьтта 12 километр къилба-малхбалехьа кӀоштан йукъ йолчу Хьалха-Марта гӀалан.

КIотар
Олхазар-КӀотар[1][2] йа Алзур-КIотар
Энгал-Чу
Сурт
43°03′46″ къ. ш. 45°39′04″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Хьалха-Мартан
Истори а, географи а
Центран локхалла 352 м
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 5440 стаг (2002)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусулбанаш
Официалан мотт Нохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Поштан индекс 366505
Автомобилан код 95
Картин тӀехь
Олхазар-КӀотар[1][2] йа Алзур-КIотар картан тӀехь
Олхазар-КӀотар[1][2] йа Алзур-КIотар
Олхазар-КӀотар[1][2] йа Алзур-КIотар картан тӀехь
Олхазар-КӀотар[1][2] йа Алзур-КIотар
Олхазар-КӀотар[1][2] йа Алзур-КIотар картан тӀехь
Олхазар-КӀотар[1][2] йа Алзур-КIотар

Гуонанахь йолу нах беха меттигаш: къилбаседехьа — ГӀойтӀа, малхбалехьа — Чуьйри-Эвла къилбседа-малхбалехьа — Йоккха АтагӀа, къилбседа-малхбузехьа — ГӀой-Чу а, ГӀой-Йист а, къилба-малхбалахьа — Лаха-Варанда, Дуби-Эвла, ЧӀишка а, Дочу-Борзе а, малхбузехьа — Мартан-Чу а, Таьнги-Чу а[3].

XVIII-XIX бӀешерашкахь, архиван хьосташца а, оьрсийн тӀеман операцийн карташца а ГӀой-Хин а, Энгел-Хин а йукъахь йаккхий эвланаш ца хилла. Амма оцу меттигехь, йуькъачу хьаннаш йукъахь хилла, Устарханан олуш йолу кӀотарш, дерриг а 3 эзар гергга цӀа долуш. Оьрсийн эскарша таӀзаран операцеш еш, 1847-1849 шерашкахь, уьш йерриг хӀаллакйира, ткъа дийна бисина нах кхалхийра Хьалха-Марта, ГӀойтӀа, БухӀан-Йурта, кхечу эвланашка а. Кавказан тӀом чекхбаьлчи паччахьан администрацис и латташ совгӀатан делира тӀаьхьенийн а бакъо йолуш оьрсийн гӀуллакхера нохчийн эпсаршна: Ганжуев Олхазарна, Джукаев Дубина, Мустафинов Довтмарзийна, Ногаев Канина, Цутиев Витушна, Чуликов Уллубийна, кхечарна а. Оцу лаьттан цхьа дакъа тӀаьхьа доьхкина керлачу дайшна. 1917 шеран революцил хьалха а, гражданийн тӀом чекхбаллалц и кӀотарш лаьтташ йара шен долара латта санна. Советийн Ӏедал хӀоьттинчул тӀаьхьа йолийра эвланаш йаккхий йаран политика. Уггаре йоккха кӀотарх эвла йина Олхазар-КӀотаран сельсоветан йукъ йира, оцу чу еира иттаннаш кӀотарш – Энгал-Чу, Йисехьатан кIотар, Берсин кIотар, Дубин кIотар, Хилдехьаройн кIотар, Заурбекан кIотар, Чайройн кIотар, Дацин кIотар, Эдалбийн кIотар, Элмарзин-мохк, БухIин кIотар, Юьспан кIотар, Калин кIотар, АгIин кIотар, Шалин кIотар, Жамолин кIотар. Уггаре а нийса оцу меттигийн цӀерийн истори гайтина Олхазар-КӀотаран микротопонимихь, цуьнан уггаре гӀараваьллачу йуьртахочо, гӀараваьллачу Ӏилманчо Сулейманов Ахьмада[1][2].

Йуртахь бинарш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 Нохчийчоьнан йартийн цIерш.
  2. 1 2 3 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006
  3. Карта Чечни Объём 8 МБ.