Урданера нохчий
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Урданера нохчий — Урданехь бехаш болу нохчий. 1865 шарахь Кавказан тӀом чекхбаьлча 5000 герг нохчийн доьзал Хункар-махка кхелхира, оцу кхалхаран мухаджиралла аьлла цӀе тиллира[1]. Иштта кхоллайелира Нохчийн диаспораш Туркойчохь, Шемахь, Урданехь[2].
Урданера нохчий | |
---|---|
Шен цӀе | Нохчий |
Дукхалла а, ареал а | |
Дукхалла |
|
Хаам | |
Мотт | нохчийн, Ӏаьрбийн |
Дин | бусулба |
Йукъабоьду | нохчий |
Гергара къаьмнаш | гӀалгӀай |
Схьабалар | Нохчийчоь (Нохч-Мохк, Ӏовх) |
Махкахбахар
бӀаьра нисйан1865 шарахь Хункар-махка нохчий дӀакхалхаран коьрта бахьна дара, Российн империн колонеш кхуллуш политика хилар а, нохчашкара латтанаш схьадохуш хилар а, оцу хенахь Хункар-мехкан йукъайогӀуш йара Шема, Урдан, Ливан, Ӏиракъ, ПалестӀина, Мисар кхин Ӏаьрбийн пачхьалкхаш а, Империн политика бахьнехь нохчий катастрофан гена бацара, латтанаш схьадахар бахьнехь махкахь тӀемаш хиларан кхерам бара. ХIХ бӀешеран 60 шерашкахь нохчий Герга Малхбале махкахбахар тӀедиллина дара Лорис-Меликовн, ткъа нохчий махкахьбаха беза аьлла дага деънера хӀирийн оьрсийн инарла а волуш волу элан Муса Кундуховн[3].
Дахар
бӀаьра нисйанУрданан парламентехь нохчашкахь шиъ гӀан ду[4].
2018 шарахь Урдуне бахначу нохчийн Ӏилманхоша Урданехь 20 тайпанаш ду аьлла йаздина, нохчийн массийта тукхамийн йукъара. Царна йукъахь уггаре дукха бу аьлла билгалбаьхна беной (Онжби, Доьйши, Чополой, Эди, Гуьржи-Махкахой, Джоби), Ӏовхой (Шинрой, Пхьарчхой, Кхархой, Барчхой, Ноккхой)[5].
Цул совнах мухаджирийн йукъахь карина кӀезга гӀалгӀайн евлой тайпана нах, иштта нохчийн гӀумхой тайпана нах а[5].
Нохчий хьалха дуьйна Ӏедалан массо кхочешкахь болхбеш бу. Нохчийн-мухаджирийн баккхий кхиамаш бу тӀеман гӀуллакхехь. Урданехь доцуш, кхечу Ӏаьрбийн пачхьалкхашкахь а вевзаш ву нохчийн духхьара инарла, Урданан Турпалхо Ахьмад Рамзи Беной (Онжби) тайпана волу[5].
ГӀарабаьлларш
бӀаьра нисйан- Ӏабдулатиф Сайед Батал — Урданан эскаран инарла;
- Ахьмад Арслан Алауддин (1942—2014) — эскаран хьаькам, бронтанкийн эскаран дивизин инарла, Ӏаьрбийн-жугтийн тӀемийн 1967 а, 1973 а шерийн декъашхо, Урданан шозза Турпалхо;
- Бадер Шишани — Урданан профессор;
- Бено, СаӀид Юнис (1928) — БагӀдадехь Инженерийн колледж, Вашингтонан университет (гӀ. Сиэтл), Паччахьийн Ӏилмана-технологин колледж Глазгохь (Шотланди) чекхйаьккхина. Бакалавр (1950) а, гӀишлошйаран магистр (1958). 1950—1964 шарашкахь инженер, Некъийн департаментан Министерстван йуккъараллин белхийн директор, 1964—1976 шерашкахь йуккъаралин белхийн министран гӀовс. 1976 шарахь йукъаралин белхийн министр дӀахӀоттийна. Урданан ассоциацийн гӀишлошйаран, Урданан некъийн йукъараллин, Ӏаьрбийн гӀишлошйархойн йукъаралин декъашхо;
- Мохьмад Башир Исмаил — Урданан эскаран генерал-майор;
- Ӏабдул-Бакъи Джамо (1922, Эз-Зарка — 2016 шеран 12 май, Эз-Зарка) — Урданан пачхьалкхан а, йукъараллин а гӀуллакххо, юристийн а, парламентан гӀуллакхийн министр[6], цул тӀехьа Урданан динан гӀуллакхийн министр. Иза вара Нажи-Йуьртан кӀоштара Гилнар.
- Рамзи, Ахьмад — Урданан эскаран инарла;
- Шишан, Фарид Ӏабдель-Хьамид — эскаран хьаькам, Шеман а, Урданан а турпалхо, ГIаттаманденна тӀеман декъашхо, дӀавоьллина ву Димашкъехь;
- Ашраф Шишани — Урданан тренер.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Мухаджирство или переселение вайнахов на Ближний Восток Архивйина 2011-03-10 — Wayback Machine
- ↑ Чеченский квартал, Амман, Иордания
- ↑ Миграционные процессы в чеченском обществе:история и современность 29 июля 2009 г. Ислам Хатуев, кандидат исторических наук, доцент ЧГУ (2009). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 1 июнь.
- ↑ Заграница, заграница — там друзей любимых лица
- ↑ 1 2 3 Командировка в Иорданию . «Академия Чеченской Республики» (2018 шеран 13 март). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 10 август.
- ↑ Чеченский лев арабской пустыни Архивйина 2016-06-10 — Wayback Machine
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Командировка в Иорданию . «Академия Чеченской Республики» (2018 шеран 13 март). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 10 август.