Филиппинхой
Филиппинхо́й — Филиппинийн архипелаг тӀехь я политикин агӀора республика Филиппинашкахь (ткъа церан дозанаш цхьатерра аьлча санна ду) еха къаьмнийн тоба. Берриш — 103 млн гергга стаг ву, царна юкъахь Филиппинийн республикин бахархой— 99,9 млн ст. (2010).
Филиппинхой | |
---|---|
ДIасакхалхар |
Филиппинаш: 100 млн |
Мотт | филиппинхойн меттанаш, ингалсхой |
Дин | католикалла, Ламастин динаш |
Гергара къаьмнаш | Австронезийн къаьмнаш |
Этносин тобанаш | висайя, тагалаш, илокаш, моро |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Висайя — 40 %, тагалаш — 21 %, илокаш — 12 %, моро — 7 %. Бахархой тайп-тайпанчу антропологин тайпана бу, коьртаниг къилбамонголоидан тайпанара кавказоидийн компоненташца, я ийна монголоидан-австралоидан тайпанара. Аэта къам австралоидан тайпанара ду.
Дин агӀора 86 % гергга — католикаш, 10 % — бусалбанаш (къилба-малхбузан гӀайренийн бахархой цхьаьнатоьхна бу башха бусалбачеран регион санна). Керсталла ийна ю меттигерачу динашца, иза бахьнехь яьржина синкретин культаш, масала, меттигера филиппинийн аглипаянан килс.
Филиппинийн меттанаш ду филиппинийн зонера малхбуза-австронезийн тобанан австронезийн меттанаш. Уьш гергара ду хӀиндонезийн а, малайн а меттанийн. Филиппинийн республикин пачхьалкхан мотт — филиппинийн мотт, стандарт йина бу тагалийн бух тӀехь.
Филиппинхойн къоман символом сампагита зезаг (хӀиндин ясминан меттигера цӀе) ду.