Хьач-хи
Хьач-хи [2] (оьрс. Нефтянка) — Российн эрк, охьадогӀу Нохчийн Республикин Соьлжа-ГӀалин кӀоштахула. Дохалла — 29 км , хьост — Ӏалханчуртан татол.
Хьач-хи | |
---|---|
оьрс. Нефтянка | |
Амал | |
Дохалла | 29 км |
ДӀаэхар | |
Хьост (B) | |
• Эрк долу меттиг | Ӏалханчурт татол Нохчийчоьнан Соьлжа-ГӀалин кӀошт |
• Локхалла | 191 м |
• Координаташ | 43°24′38″ къ. ш. 45°28′38″ м. д.HGЯO |
Хикхоче (B) | Соьлжа |
• Эрк чекхдолу меттиг | 46 км аьрру бердаца |
• Локхалла | 102 м |
• Координаташ | 43°21′48″ къ. ш. 45°45′58″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 3 м/км |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд |
Пачхьалкх | |
Регион | Нохчийн Республика |
Код ПХР чохь | 07020000212108200003084[1] |
Географи
бӀаьра нисйанХьач-хи къаьста Ӏалханчуртан татолах Мамакхин-КӀотарна малхбузехьара. Хи доьду малхбалехьа Соьлжа-Теркан шин регӀа йуккъехула. ОхьадогӀу Соьлжа-ГӀалин консервийн завод лаьттинчу меттиган тӀехьа[3]. Хин йуххехь йу мехкдаьттан меттигаш, цундела хи цӀена ца лору хин йисттера бахархоша[4]. Эркан хикхоче йу Соьлжа-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьа Соьлжан хикхочел 46 км лакхахь, аьрру бердаца[5].
Эркан хиш бедина мехкдаьттан сурсаташа[6].
Истори
бӀаьра нисйанХьач-хин аьтту бердаца эркан тӀехула тӀай долучу меттигехь йу Мехкдаьттан бӀов олу меттиг. БӀов йоьгӀна Соьлжа-ГӀала гӀопан а, Коьрте гӀопан а йукъарчу новкъахь 1849 шарахь[7].
Хин реестран хаамаш
бӀаьра нисйанРоссийн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъадоьду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуон, эркан хин бахаман дакъа — РФ Гуьржийчоьнца дозанера Терках Ардон а доцуш, Урсдон кхетталц, эркан бухара бассейн йац. Эркан бассейн — Каспий-хӀордан бассейнан Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъара эркаш[5].
Пачхьалкхан хин реестран объектан — 07020000212108200003084[5].
Хьач-хин тӀиера нах беха меттигаш
бӀаьра нисйанХьачхин тӀехь йу:
- гӀаланаш – Соьлжа-ГӀала
- йарташ – Хьач-ХитIе, Мамакхин-КӀотар, Ӏалхан-Чурт.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 8. Северный Кавказ / под ред. Д. Д. Мордухай-Болтовского. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 309 с.
- ↑ Топонимический словарь Кавказа Архивйина 2017-09-19 — Wayback Machine
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 485,493-494.
- ↑ Нефтянка // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ 1 2 3 «Нефтянка» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
- ↑ Гидробиологическая характеристика реки Сунжа (Чеченская Республика) в современных условиях
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 495.