1565 шо
1565 (эзар пхи бӀе кхузткъа пхеалгӀа) шо Юлианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу оршотахь. Иза вайн эран 1565 шо ду, 565 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 65 шо бӀешеран, 5 шо 7-гӀа иттаннаш шерашкахь XVI бӀешеран, 6 шо 1560-гӀа шерийн.
ХиламашНисйе
РусьНисйе
- 3 январь — Иван Грозни къайлаваьлла Александровн Слобода, кхайкхийна ша Iарш йитар.
- Русехь юкъаяьккхина опричнина.
- 7 август — дуьххьара зорба тоьхна Иван Фёдоров а, цуьнан гIоьнча Пётр Мстиславхо а буьйлабелла шолгIа оьрсийн зорба тоьхна жайна арахеца — «Часовник».
- 1565—1566 — Колан ахгӀайрен тIехь (Кола, Печенган килс) оьрсий хевшинчу меттигашкахь гучубевлла антверпенан совдегархой.
- Архиван хьосташкахь дуьххьала хьахийна Подгорни Тимяш юрт, хIинца Янтиково.
ЕвропаНисйе
- Испанехь картол гучуяьлла ботаникан культура санна.
- Ноябрь — Нидерландашкара элийн оппозицис «Барт» я «Компромисс» цIе йолу барт кхоьллина.
АфрикаНисйе
АзиНисйе
- 1565—1571 — Испанхоша тIемца даьхна Филиппинан гIайренаш.
- Виджаянагаран эскар эшна Таликотера (Ракшас-Тагди) тIамехь Биджапуран, Ахьмаднагаран, Бидаран, Голкондан коалицел. Бартхойн эскарш схьаяьккхина коьрта шахьар, талораш дина, йохийна иза. Виджаянагарах дIакъаьстина куьйга кIелира олаллаш, цунах хилла жима олалла, коьрта шахьар Пенуконда гIалахь а йолуш.
АмерикаНисйе
- Флоридехь испанхоша кхоьллина Сент-Огастин гӀала — дуьххьарлера гуттаренна йолу Америкера колони.
БинаНисйе
Хьажа иштта: Категори:Бинарш 1565 шарахь
- Кирос, Педро Фернандес — португалихойх схьавалар долу Испанин хӀордахо.
- Мики, Павел — Руман-Католикийн Килсан веза стаг, Ӏазапхо, канонизации йина японин политикин гӀуллакххо Тоётоми Хидэёси волучу хенахь, шайн дин бахьнехь кхелхинчу кхин а японин Ӏазапхошца цхьаьна.
- Роберт Деверё, Эссексан 2-гӀа граф — уггаре гӀараваьлла Эссексан графех, тӀеман баьчча а, везар а ингалсан паччахь-аьзнин Елизавета I-рачун. ДӀатеттина 1599 шарахь Ирландица аьттонза тӀемаш бинчул тӀехьа, гӀоьртина пачхьалкхан харцам бан, ямартлонах бехке вина, виеран кхелйина.
- Хаутман, Корнелис де — голландин хӀордахо а, керла некъаш дехкинарг а, биллина Европера хӀинцалерачу ХӀиндонезин гӀайренашка хӀордачухула керла некъ, Къилба-Малхбалера Нидерландашка чамбийриш кхехьаран болх тобинарг, хьалхара голландин Индонезе йоьду йохк-иэцаран экспедицин куьйгалхо (1595—1597).
БеллаНисйе
Руман папин Пий IV-гӀачун сурт
Хьажа иштта: Категори:Белларш 1565 шарахь
- Амсдорф, Николаус — уллера доттагӀ а, белхало а Лютер Мартинан.
- Асикага Ёситэру — Японин Асикага тайпанара 13-гӀа сёгун (сэйи-тайсёгун).
- Геснер, Конрад — швейцарин Ӏилманча-энциклопедихо, адамалло гулбина дийнаташха а, ораматех а хаамаш систематизаци ян гӀоьртинчарех дуьххьарачарах цхьаъ ву.
- Лаинес, Диего — иезуитийн орден кхоьллинчарех цхьаъ, цуьнан статут хӀоттийнарг а, статут (declarationes) хьехнарг а.
- Пий IV — руман папа 25 декабрь 1559 ш. - 9 декабрь 1565 ш..
- Чиприано де Роре — фламандхойх схьавалар долу италин композитор.
- Тургут-реис — гӀараваьлла бусалбан хӀордан талорхо (приватир) а, Хункар-мехкан адмирал. Сулейман султанан гӀуллакхехь лаьттина даржашкахь: Джербан губернатор, Хункаран тӀеман-хӀордан ницкъийн коьрта баьчча, Алжиран а, Лаьттанюккъерачу хӀордан а бейлербей, Триполин санджакбей а, паша а.
- Фарель, Гийом — гӀараваьлла французийн а, Швейцарин а реформатор.
- Феррари, Лодовико — италин математик, карийна йукъара яр ДоьалгӀа тӀегӀанера уравнени.
Хьажа ишттаНисйе
1565 шо Викиларма чохь |
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
Юлианан рузма 1565 шо | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Январь
|
Февраль
|
Март
| |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Апрель
|
Май
|
Июнь
| |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Июль
|
Август
|
Сентябрь
| |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Октябрь
|
Ноябрь
|
Декабрь
|
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |