Арик (эвла)
Арик (гӀебарт.-чергаз. Борыкъуей, оьрс. Арик) — Российн Федерацин ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Теркан кӀоштара эвла. Муниципалан «Йуьртан меттиг Арик» кхолламан административан йукъ.
Эвла | |
Арик | |
---|---|
гӀебарт.-чергаз. Борыкъуей, оьрс. Арик | |
43°34′48″ къ. ш. 44°07′17″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Республика | ГӀебартойн-Балкхаройчоь |
Муниципалан кӀошт | Теркан кӀошт |
Йуьртан меттиг | Арик |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1839 шарахь |
Хьалхара цӀерш | 1920 шо кхачале Бороково (Борыкъуей) |
Центран локхалла | 233 м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | ↗2768[1] стаг (2010) |
Къаьмнийн хӀоттам | гӀебартой |
Динан хӀоттам | бусалбанаш-суннийш |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +7 86632 |
Поштан индекс | 361 218 |
Автомобилан код | 07 |
Код ОКАТО | 83235000003 |
Код ОКТМО | 83635405101 |
Номер в ГКГН | 0146404 |
Картин тӀехь | |
Географи
бӀаьра нисйанЭвла лаьтта Теркан кӀоштан малхбуза декъехь, Теркан аьтту берда тӀехь. 11 км къилбаседехьа йу кӀоштан йукъ йолчу Терк гӀалан, Нальчик гӀалан 65 км малхбалехьа йу.
Дозанаш ду: Джулатца къилбаседехь, Куянца къилбаседа-малхбалехь, Лаха Акбашца къилба-малхбалехь, Теркца къилбехахь, Псынашхоца къилба-малхбузехь. Малхбузехь, Теркан дехьа берда тӀехь лаьтта Котляревски гӀала а, Майски гӀала а.
Эвла лаьтта таьӀна йолчу ГӀебартойн акъарин тӀехь, Арикан дукъан малхбуза кӀажошкахь, республикин ломан кӀажошкара аренан зоне волучохь. Элан йуккъера локхаллаш хӀордан тӀегӀанера 233 метр йу. Меттиган рельеф, коьртаниг таьӀна тулгӀен кепара акъари йу, малхбалехь цӀеххьана айало Арикан дукъан басеш.
Гидрографин маша гойту Терк эрко. Цул сов эвлахь даьккхина хи дилларан татол. Иштта эвлан малхбален йисташкахула чекхдолу Тамбовн татол, малхбузан йисташкахула Акбашан татол. Эвлан йуккъехула чекхйолу татол дина Куян эркан тогӀе. Иштта йу хиоьцийлаш, куьйга даьхна Ӏаьмнаш а, татолийн хин барам лелорхьама.
Климат бараме тӀуьна. Аьхке йовха. ХӀаваан температуран йуккъера барам июлехь - +23,0°С гергга. Август болалуш абсолютан гайтам кхочу +35°С. Ӏа кӀеда, дахло кхаа батте, сих-сиха йовхонаш а йогӀуш. Температуран минимумаш наггахь охьайовлу −10°С. Январан йуккъера температура хуьлу -2,5°С. ХӀаваан йуккъера температура йерриг лаьрчи +10,5°С. Шеран йочанийн йуккъера барам 630 мм гергга бу. Июлехь а, августехь а дукха хьолахь йокъаллаш хуьлу, уьш йогӀу йовха, йекъа хӀаваан массашца Каспиййистан аренашкара.
Истори
бӀаьра нисйанЭвла кхоьллина 1839 шарахь гӀебартойн элийн тайпано АнзоровгӀара, уьш кхелхина шайн нахаца Теркан аьрру берда тӀиера аьтту берда тӀе, оьрсийн тӀеман чӀагӀо «Пришибски» (хӀинца Майски гӀала) гӀало махкара арататтар бахьнехь. Дехьавала дагадеаниг вара эла Анзоров Бороко Кульчукович. ГӀебартойн Ӏадаташца керла эвлан цуьнан цӀе тиллира — Бороково (Бэрыкъуей).
Бахархойн дукхалла
бӀаьра нисйанБахархойн дукхалла | ||
---|---|---|
2002[2] | 2009[3] | 2010[1] |
2806 | ↘2681 | ↗2768 |
Сахьтан аса
бӀаьра нисйанКхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.
Ссылки
бӀаьра нисйан- Сельское поселение Арик Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
- Сайт правительства КБР
- Коды ОКАТО — Арик
- Код ОКТМО Архивйина 2019-03-23 — Wayback Machine
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Численность населения КБР в разрезе населённых пунктов по итогам Всероссийской переписи населения 2010 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 21 сентябрь. Архивйина 2014 шеран 21 сентябрехь
- ↑ Численность населения Кабардино-Балкарской Республики по сельским населенным пунктам по итогам ВПН-2002 . ТӀекхочу дата: 2016 шеран 11 февраль. Архивйина 2016 шеран 11 февралехь
- ↑ Численность населения по Кабардино-Балкарской Республике на 1 января 2009 года в разрезе муниципальных образований . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 16 март. Архивйина 2015 шеран 16 мартехь
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
ХӀара ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |