Грозни гӀап Соьлжин чӀагӀйинчу асин юкъахь яра, иза йинера Российн империс Кавказан тӀамехь российн коммуникацеш ларъярхьама а, оьрсийн эскаран чохь са латто а. ЙоьгӀна 1818 шарахь къастина Гуьржийн корпусан баьччо, инфантерин инарло А. П. Ермоловс.

ГӀап
Грозни гӀап
43°18′43″ къ. ш. 45°41′20″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Российн импери
Лаьтта меттиг Соьлжа-ГӀала
Йиллинарг А. П. Ермолов
Дуьххьара хьахор 1818 шо
Хьал ДӀаяьккхина
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Хьалхара истори

бӀаьра нисйан

Хьенакхаьллин чӀоже воьдийлин терго хӀотторхьама цхьа экспедици хьажайо оьрсий эскарша 1807 шарахь. 1807 шо долалуш оьрсийн эскар кхо могӀа бина чубовлу Нохчийчу Хьенакхаьллин чӀож долчу агӀора: баьччаллехь бу инфантерин инарла С. А. Булгаков, БуритӀен гарнизонан полкан баьчча инарла-майор граф П. И. Ивелич, инарла-лейтенант П. К. Мусин-Пушкин[1].

Хьенакхаьллан чӀагӀо тӀетаьӀӀа 9 сахьтехь тӀелетта, российн эскаран дукха иэшамаш хуьлуш, дӀалецира баьччаллехь инарла-майор С. А. Булгаков волу 16-гӀа иччархойн полко. Амма оцу тӀамо хета жамӀ ца дира, ломанхоша терго латтош яра ломан кӀажошкачу меттигашкахь[2].

Грозни гӀап юьйгӀира стратегин агӀора ладаме меттигехь: Хьенакхаьллин чӀожехь, цунна коьрта чуволийлан 6 чакхарма гергга генахь. 1817 шарахь дуьхьалонан аса Теркан тӀийра Соьлжан тӀеялийра. ГӀап хӀоттийра Хьенакхаьллан чӀож чуволийла къовла. Ӏалханчуртан атагӀин чухула къилбаседа-малхбузехьара къилба-малхбалехьа боьдура шира Чергазийн некъ, цуо Ӏаьржа хӀордан уьйр латтайора Каспий-хӀордаца, ткъа ГӀирминДегӀастанца а, ГӀажарчоьнца а. Оцу муьрехь цунна гуонаха лаьттара ткъеха гергга нохчийн кӀотарш а, эвланаш а. 1820 шеран августехь дуьйна гӀопах хуьлу къаьстина Кавказан корпусан полкаш а, бригадаш а совцу коьрта пункт, шайн коьрта Ӏалашо Хьенакхаьллан Ӏин къовлар йолу. Кавказан тӀеман муьрехь гӀопахь яра Кавказан асанан аьрру фланган коьрта операцин штаб[3].

 
ГӀопан карта-схема (1911)

1818 шарахь инфантерин инарлас А. П. Ермоловс тӀедожийна Къилбаседа Кавказехь оьрсийн форпост — гӀап Грозни кхолла. Цуьнан бух буьйгӀира 1818 шеран 22 июнехь лохачу шина дукъ юкъахь (Теркан дукъ а, Соьлжан дукъ а). Пхи эзар оьрсийн салтийчо гӀап йира 4 баттахь. И меттиг оцу хенахь лорура уггаре «йовханиг» Къилбаседа Кавказехь, цундела гӀопах элира Грозни (нохчийн маттахь «Буьрса»). ГӀап яра нийса ялхсаберг кепара, гуонаха кӀорга саьнгар яра 20 метр шуьйра. Ялхсаболчун хӀора са бара бастион, тӀехь шиъ йоккха топ а йолуш. ГӀопан вал бинера адамал кӀеззига лекха латтанах, чӀагбинера кертаца. Коьртачу кевнашкара саьнгар тӀехула кхоьссинера тӀай, Оьрза-ГӀалан агӀора. ГӀопан дуьхь-дуьхьала болу шина валан юкъаметтиг яра 400—500 метр[4]. ГӀопан а, гӀуллакхийн гӀишлойн а коьрта гӀишлошъяран гӀирс бара поппар а, дечиг а[5].

Оцу хьокъехь А. П. Ермоловс шен «Йозанашкахь» яздо:

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. А.В.Потто, «Кавказская война», т.1. - БУЛГАКОВ. www.vehi.net. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 18 февраль.
  2. ЭСБЕ/Ханкальское ущелье — Викитека. ru.wikisource.org. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 18 февраль.
  3. Мировая история. История России. XVIII-XIX вв. Книга 1. — ОЛМА Медиа Групп. — 328 с. — ISBN 978-5-94849-645-0.
  4. Казаков, 1984, с. 11.
  5. Шабаньянц, 1964, с. 8.

Литература

бӀаьра нисйан
  • Город Грозный : страницы истории (1818—2003 гг.) Адиз Кусаев. — Элиста : Джангар, 2012. — 342, с.; ISBN 978-5-94587-526-5
  • Казаков А. И. (составитель). Город Грозный. — Гр.: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1984. — 190 с. — 15 000 экз.
  • Шабаньянц Н. Ш. Грозный. — М.: Стройиздат, 1964. — 68 с. — (Архитектура городов СССР).