Оьрза-ГӀала

Мохне кӀоштара йурт, Нохчийчоь.

Оьрза-ГӀала (оьрс. Червленная[6]Нохчийчоьнан Шелковскан кӀоштан эвла. Кхуллу Оьрза-ГӀалан йуьртан меттиг[7].

Эвла
Оьрза-ГӀала
оьрс. Червленная
Сурт
43°29′55″ къ. ш. 45°52′55″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Республика Нохчийчоь
КӀошт Шелковскан
Йуьртан меттиг Оьрза-ГӀалин
Истори а, географи а
Йиллина 1567 шо
Хьалхара цӀерш Новомлинск, Новые млы, Новые мельницы, Новомлинская[1].
Центран локхалла 48-49[2] м
Климатан тайпа барамера йовха тӀуьна (Cfa)[3]
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 10 925[4] стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий, оьрсий, гӀумкий, ногӀий
Динан хӀоттам бусалбанаш-суннийш, православин
Официалан мотт Нохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код 87136[5]
Поштан индекс 366110
Автомобилан код 20, 95
ОКАТО 96240831001
Картин тӀехь
Оьрза-ГӀала картан тӀехь
Оьрза-ГӀала
Оьрза-ГӀала картан тӀехь
Оьрза-ГӀала
Оьрза-ГӀала картан тӀехь
Оьрза-ГӀала

Лаьтта Теркан аьрру бердаца, Соьлжа-ГӀалан (новкъахула) 38 километр[6] къилбаседа-малхбалехьа, Р262. СтавропольКрайновка новкъаца. Оьрза-ГӀалара болало автонекъ Р308. Оьрза-ГӀала—Соьлжа-ГӀала, чекхболу Оьрза-ГӀалан Теркан тӀехула диллинчу тӀайн тӀехула (лаьтта къилба-малхбузехьа эвлан). Червлённая цӀе йолуш Къилбаседа-Кавказан цӀерпоштнекъан станци а йу. Масех километр къилбаседа-малхбалехьа, Оьрза-Эвлан кӀоштахь, йу Ӏаламан иэсАрнаутан зезан боьлак, цуьнан республикин маьӀна долу башха Ӏалашбе Ӏаламан мохк статус йу.

Микротопонимаш

бӀаьра нисйан

КӀотарш, эвланаш

бӀаьра нисйан
  • Баклазан кӀотар – ваха аьтто болуш ногӀий беха белхан поселок. Лаьтта Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбузехь, Бурунске боьдучу новкъахь.
  • Баклашкинан кӀотар – Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбузера хьалха хьал долчу гӀазакхийчун кӀотар лаьттина меттиг.
  • Бурунски – эвла, хьалха хилла 6-гӀа совхозан белхан поселок, лаьтта Оьрза-ГӀалан 52 км къилбаседехьа, Шелковскин – 88 км гена.
  • Власовн кӀотар – Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбузера хьалха кӀотар лаьттина меттиг,
  • Зелени – эвла, йукъайоьду Бурунскан йуьртан меттиган. Лаьтта Оьрза-ГӀалан къилбаседехьа, хьалха цигахь лаьттина «Бурунни» уьстагӀийн совхозан УьстагӀийнсурсатийн № 3 йолчу ферма.
  • Лугови – эвла, лаьтта 13 км Оьрза-ГӀалан къилбаседехьа, хьалхалера цӀе Красни ударник кӀотар хилла. Беха кхузахь коьртаниг ногӀий.
  • Песчани – эвла, йукъайоьду Бурунскан йуьртан меттиган. Лаьтта Оьрза-ГӀалан 57 км къилбаседехьа, хьалха цигахь лаьттина «Бурунни» уьстагӀийн совхозан УьстагӀийнсурсатийн № 1 йолчу ферман белхан поселок.
  • Рунни – эвла, йукъайоьду Бурунскан йуьртан меттиган. Лаьтта 30 км къилбаседа-малхбалехьа Бурунскин, 120 км Оьрза-ГӀалан къилбаседехьа, хьалха цигахь лаьттина «Бурунни» уьстагӀийн совхозан УьстагӀийнсурсатийн № 1 йолчу ферман белхан поселок.
  • Старофролово – Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара меттиг, хьалха иштта цӀе йолуш хьал долчу гӀазакхийчун Фроловн кӀотар лаьттина[8].
  • Антоновн кош – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара гӀамаршкара хьалха кӀотар лаьттина меттиг, цигахь хьал долчу гӀазакхаша кхиадора шайн даьхний, латтабора ялхой. Бели кӀотаран къилбаседехьа. Байданаш.
  • Бели кӀотар – баха хевшина гӀазакхийн атаманаша шайн даьхний а, ялхой а латто гӀалан къилбаседехьара меттиг.
  • Семь колодцев кӀотар (ВорхӀ гӀу кӀотар) – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара Черкогаез меттиган кӀоштера меттиг[9].
  • Кармышкинан кӀотар – лаьттина Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбалехь.
  • Сарсакай – кӀотар, лаьтта Оьрза-ГӀалан 22 км къилбаседа-малхбузехьа. ЦӀе тюркийн меттан (ногӀийн) бух тӀехь йу. Беха кхузахь коьртаниг ногӀийн къаьмнийн векалш[10].
  • Фроловн кӀотар – Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбузехьара меттиг, лаьтта КасаевгӀеран кӀотарийн кӀоштахь, байданаш[1].
  • Гулаевн кӀотар, Гулаевн меттиг йа Гулаево – гӀалан къилбаседехьара меттиг, цигахь шайн кӀотарахь бехаш бара ГулаевгӀар, цара шеш девдда нохчий ду олура.
  • Семенкинан кӀотар йа Семкинан меттиг – дуккха а ваьхна кхузахь гӀазакхий Семенкин. Цунна тӀебаьхкира кхин а Оьрза-ГӀалара гӀазакхий, иштта кӀотар кхоллайелира[11].
  • Бочагыревн кӀотар йа Бочагыревн меттиг – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара хьалха кӀотар лаьттина меттиг.
  • Доценкон кӀотар – Оьрза-ГӀалан гена къилбаседехьа лаьтта иштта цӀе йолу меттиг.
  • Кхары-Баглы – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара гӀамаршкара меттиг. Иштта цӀе йолуш кӀотар лаьттина кхузахь хьалха – кхерстачу ногӀийн аьхкенан-Ӏаьнан меттаметтиг. Кхары-Баглы ногӀийн дош ду.
  • Урзановн кӀотар – Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбузехьара меттиг, «Степни» заказникан кӀоштахь, цигахь хьал долчу гӀазакхаша латтадора шайн даьхний а, цаьрга хьовсу ялхой а.
  • Хавичевн кӀотар – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара меттиг, «Степни» заказникан кӀоштахь, цигахь лаьттина даьхнийлелорхочун Хавичевн кӀотар. хӀинца байданаш[12].
  • Кирилкинан кӀотар йа Кирилкинан меттиг[13].
  • Баммат кыслау кӀотар – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара меттиг. ЦӀеран маьӀна: Баммат – ногӀийн цӀе, кхыслау – Ӏалара[14].
  • Попан гӀайре (Остров Буковский) – Оьрза-ГӀалан къилба-малхбален агӀора йолу хьуьнан йуккъера меттиг.
  • Синари – Оьрза-ГӀалан къилба-малхбален агӀора йолу хьуьнан йуккъера меттиг. Баккхий нахе а этимологин маьӀна ца даккхаделира, цӀеран маьӀна дайна.
  • Сумскийн хьун (Сумский лес) – хьун лаьтта гӀалан а, Теркан бердан а йукъарчу меттигехь, къилба-малхбален агӀора. Сумский, хьун долахь йолчуьн фамили хила тарло.
  • Шапталан гӀайре (Остров Шаптильный) – хьун йа хьуьнан дакъа, гӀайре санна ша лаьтташ акха девлла шапталан дитташ а долуш, цигара ду цӀе схьайалар. «Шапталан» бохучу цӀаро гойту аьрру бердаца нохчий хьалха дуьйна Ӏаш хилар.
  • Хьерадаьлла гӀайре (Бешеный остров) – Оьрза-ГӀалан къилба-малхбален агӀора йолу хьуьнан йуккъера меттиг. «ГӀайре» – кхузахь дустаран кхетам бу, «хьерадаьлла» - уллехула доьду эркан цӀарах олура.
  • Хара поп, Хара поп долчохь (Дуплатый дуб, У дуплатого дуба) – иштта олура меттигерачу гӀазакхаша Теркан а, Оьрза-ГӀалан а йукъарчу хьуьнан йуккъерачу меттигах[15].
  • Хьалхара аптеска (Первая аптеска) – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара хьуьнхара меттиг, байданаш. Этимологин маьӀна дайна, амма, хила тарло, «аптеска» - оьрсийн маттахь дечиг хьакхар боху маьӀна.
  • ЦӀийдар (Марена) — цӀийдаран коьллаш евлла хьун, церан орамех басар доккхура, иза шуьйра леладора хьалха гӀазакхийн а, нохчийн а бахамехь. Революцил хьалха цӀийдарш кхиадора промышленностан Ӏалашонна, цуьнан орамаш духкура ГӀизларан, Салт-ГӀалан, Соьлжа-ГӀалан, Мазалкан базаршкахь.
  • ШолгӀа аптеска (Вторая аптеска) – Хьалхарчу аптескан гергахь[16].
  • Касаевн базар (Касаев рынок) – Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара хьуьнхара меттиг. Хьалха КасаевгӀеран хилла.
  • Чакинан ирзу (Поляна Чакина) – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара хьуьнхара меттиг. ЦӀе тиллина оцу меттиган да волчу гӀазакхийчун Чакинан цӀарах[17].
  • Арнаутовн хьун (Арнаутский лес) – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара Арнаутовн долара хьун йолу меттиг. ХӀинца байданаш а, оханаш а ду[18].
  • Зезан хьун (Сосновый бор) – Арнаутовн хьун ерриг йу иза а. Дукха шераш хьалха Арнаутовс зезан маргӀалаш дийна чӀогӀа дика зезан хьун йаьлла кхузахь[19].
  • Бобковн ирзу (Бобкова поляна) – Теркан а, Оьрза-ГӀалан а йуккъера хьуьнан ирзу.
  • ГӀамаран ирзу (Песчаная поляна, Поляна песчаная, Песчаная) – иштта олу хӀинца а Теркан а, Оьрза-ГӀалан а йуккъерачу хьуьнан ирзунах.
  • Дозанан гӀайре (Остров Рубежный) – Оьза-ГӀалан а, Новощедринскин а йуккъера хьуьнхара ирзу. Оцу меттигехула хьалха доза хилла гӀалашна йукъахь.
  • Минаковн ирзу (Поляна Минаковская) - Теркан а, Оьрза-ГӀалан а йуккъера хьуьнан ирзу.
  • Митькин гӀайре (Остров Митькин, Митькин остров, У Митькина острова, На Митысине) – иштта олу гӀалахоша Оьрза-ГӀалан къилба-малхбален агӀора йолу хьуьнхарчу меттигах.
  • Мураван ирзу (Поляна Мурава, У Муравы) – Оьрза-ГӀалан къилба агӀора Теркан йистехь йолу хьуьнхара меттиг.
  • Шевелевн ирзу (Шевелева поляна) – Оьрза-ГӀалан къилба-малхбален агӀора йолу хьуьнан йуккъера меттиг.
  • Яхтински гӀайре (Остров Яхтинский, Яхтинский, У Яхтинского) – Оьрза-ГӀалан къилба агӀора Теркан йисттехь йолу хьуьнхара меттиг. Хьалха лаьттина Яхтински гӀаролийн пост[20].

ГӀаролийн посташ

бӀаьра нисйан
  • Ломакинан пост йа Ломакинан меттиг (Ломакинский пост, Ломакинское местечко) – Теркан аьрру берда тӀиера гӀалан 4 км лахахь. Ломакин – хетарехь, гӀаролийн постан хьаькаман фамили хилла.
  • Прогонни пост (Прогонный пост) – Теркаца Ломакинан постан 2 км лахара меттиг, цигахь хьалха хойн гӀаролийн пост лаьттина.
  • Буковскийн пост (Буковский пост) – Теркаца Прогонни меттигал 3 км лахара меттиг, цигахь хьалха хойн гӀаролийн пост лаьттина, Буковский хьаькам а волуш[15].
  • Роговицкийн пост (Роговицкий пост) ) – Теркаца Буковскийн меттигал 4 км лахара меттиг, цигахь XIX бӀешарахь гӀазакхийн гӀаролийн пост лаьттина, Роговицкий хьаькам а волуш.
  • Ключевскийн пост (Ключевский пост) – Теркаца Роговицкийн меттигал 11 км лахара меттиг, цигахь XIX бӀешарахь хойн гӀаролийн пост лаьттина, гӀазакхий Ключевский хьаькам а волуш.
  • Банни пост (Банный пост) – Теркаца Ключевскийн меттигал 3 км лахара меттиг, цигахь XIX бӀешарахь иштта цӀе йолу гӀаролийн пост лаьттина.
  • Монастырскийн пост (Монастырский пост) – Теркаца Яхтинскийн меттигал 2 км лахара меттиг, цигахь XIX бӀешарахь хойн пост лаьттина, гӀазакхий Монастырский хьаькам а волуш[21].
  • Антиповн пост (Антиповский пост) – Теркаца Рогожни постан меттигал 3 км лахара меттиг, цигахь XIX бӀешарахь гӀазакхий гӀарулийн пост лаьттина, Антиповский хьаькам а волуш.
  • Соьлжан пост (Сунженский пост) – Теркаца Антиповский постан меттигал 4 км лахара меттиг, цигахь XIX бӀешарахь гӀазакхий хойн пост лаьттина, Соьлжан хикхочен дуьхьала.
  • Ишорен пост (Ищерский пост) – Теркаца Соьлжан постан меттигал 2 км лахара меттиг, цигахь гӀазакхий гӀаролийн пост лаьттина.
  • Рогожныйн пост (Рогожный пост) – Теркаца Монастырскийн меттигал 2 км лахара меттиг, цигахь XIX бӀешарахь хойн гӀазакхийн пост лаьттина, гӀазакхий Рогожин хьаькам а волуш[21].
  • До́гӀанан пост (Ключик, Ключевский пост) – Теркан аьрру берда тӀиера Оьрза-ГӀалан 10 км генара, хьалха гуттаренна а хойн пост лаьттина меттиг. Дийцарехь, хьалха кхузахь эскарера мукъабевлла гӀазакхийн пост хилла. Шеш эскаран гӀуллакхехь боцушехь гӀазакхаша дора хойн гӀуллакх. Уьш бехара гӀаролийн посташкахь, цигахь лаьттара лекха тергонан чардакхаш, ткъа доьзалаш шайн бахамца Ӏара гӀаланашкахь. ГӀазакхийн хила йезара тӀехуу говр а, гӀирс а, уьш латто дезара гуттаренна а кийча[22].
  • Евтейн Ӏаьнаран хьер (Паровая Евтея мельница) – долахь йара Тихонов Евтей Ивановичан, Оьрза-ГӀалан йукъахь йара.
  • Евтейн хин хьер (Водяная мельница Евтея) – лаьттара Теркан тӀиера далийначу татол тӀехь. Болх бора ялхоша а, ТихонгӀеран доьзало а.
  • Кириллов Федоран хьер (Просорушка Кириллова Федора) – хьер хьовзайора говрашца, Оьрза-ГӀалан йукъахь йара.
  • Кириллов Федоран Ӏаьнаран хьер (Паровая мельница Кириллова Федора) – лаьттара Оьрза-ГӀалан йукъахь.
  • Скляров Александран Ӏаьнаран хьер (Паровая мельница Александра Склярова) – лаьттара Оьрза-ГӀалан йукъахь. Хьеран дайша белхана бораха ялхой лелабора[21].
  • Рогожинан Ӏаьнаран хьер (Паровая мельница Рогожина) – лаьттара Оьрза-ГӀалан йукъахь.
  • Скляров Степанан Ӏаьнаран хьер (Паровая мельница Степана Александровича Склярова) – лаьттара Оьрза-ГӀалан йукъахь[9].

Хин топонимаш

бӀаьра нисйан
  • Хьере-эрк (Бешенка) – Оьрза-ГӀалан къилба-малхбалехь Теркан а, хьуьнан а йукъахула доьду эрк, шен цӀе йелла чехка хиларна[10].
  • Ломакинан гечо (Ломакинский брод) — Ломакинан гӀаролийн постан кӀоштара Теркан гечо[15].
  • Власовн Ӏам (Власово озеро) – йочанех хилла Ӏам болу меттиг, гӀалан къилбаседа-малхбузехьа [10].
  • Салтийн гӀу (Солдаткхую) – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара меттиг, хьалха цигахь лаьттина хин хьост Салтийн гӀу. Дош «содаткую» лаьтта оьрсийн дашах «солдат» - салти, ногӀийн дашах «кхую» - гӀу. Баккхийчара дийцарехь, оцу меттигехь оьрсийн салташа гӀу йаьккхина хилла. Топонимехь йисина ногӀийн гӀун цӀе[23].
  • Болат Ӏам – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара меттиг, Чанглы меттиган герга. ЦӀе ногӀийн доларчу Болат цӀарах йаьллачух тера ду.
  • Каир-чаклы – Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара меттиг Иэс меттиган малхбузехьа. ЦӀе туьркийн меттанийн бух тӀехь йу. Байданаш, оханаш.
  • Кхарасу – иштта цӀарца Ӏам болу меттиг, лаьтта Иэс меттиган къилбаседа-малхбалехь. Меттиган цӀе – туьркийн меттанийн бух тӀехь йу: кхара - Ӏаьржа, су - хи, эрк. «Ӏаьржа эрк». Байданаш, оханаш.
  • Чанглы Ӏам – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара Ӏам болу меттиг, Болат Ӏоман гергахь. Оцу Ӏоман гергахь чагӀалкхаш хуьлу, иза цӀеро а гойту: чанглы (туьрк.) – чагӀалкх. Ма-дарра: «ЧагӀалкхийн Ӏам»). Байданаш.
  • Шелкатикли Ӏам – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара Ӏам болу меттиг. НогӀийн цӀе йу[1]..
  • Невран-Шелковскин хидилларан татол – далийна Теркан-Куман хидилларан татол тӀиера, догӀу малхбузера малхбалехьа, Ленинан цӀарах долу хидилларан татолан уллехула Оьрза-ГӀала а, цӀерпоштан станци Червлени-Узлови кхаччалц, кхин дӀадоьду къилбаседа-малхбале, хи дуьллуш Шелковскан кӀоштан оханашна а, кемсашна а, аренашна а, бошмашна а Оьрза-ГӀалан къилба йисташкахула, Новощедринскин къилба-малхбален агӀора, Парабочевскан заказник чухула, Кобин, Шелковскин, Гребенскин, Старогладовскин, Курдюковскин, Каргалинскин къилбаседа-малхбуза агӀора, тӀаккха доьрзу нисса къилбаседехьа, чекхдолу Сары-Сун уллехула, иза малхбален агӀора а йуьтуш. Оцу татолийн хиш денйина гӀамаршкара аренаш, йина царех дика кхиина даьхнийлелоран, кемсийн, ялтийн кӀошташ. Советийн Ӏедал тӀедаллалц, баккхийчара дийцарехь, НогӀийн аренашкахь мала а, йуург йан а мегаш хин цхьа хьост дацара, массо а кӀорга йоцучу гӀунаш чохь хи дуьра дара, ткъа гӀун хи доцучехь дийнаташ а, адамаш а тоам бора уьшалан а, Ӏаьмнийн а хишшах, ткъа гӀалагӀазкхаша хи Теркан тӀиера кхоьхьура 3-5 км генара. Тахана массо а адам дехачу меттигехь йаьхна артезианан гӀунаш, чӀогӀа дика хи а долуш[24].
  • Арнаутийн Ӏам – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара Ӏам болу меттиг. ЦӀе йаьлла оьрсийн фамилех. Арнауташ олу албанхойх даьллачу къомах, тӀаьхьо ала долийра туркойн дозанан эскаран салтех. Оьрсийн-туркойн тӀом болучу хенахь цунах гӀуо дош хилла, маьӀна: экхан кепара, гӀуон стаг. Тахана байданаш[25].
  • Семенкинан Ӏам (Семенкино озеро) – Ӏам, кхоллабелла йочанийн хих, лаьтта Оьрза-ГӀалан къилбаседехьа. ХӀинца байданаш. Семенкин – оьрсийн фамили йу[26].
  • Шал кхошкар Ӏам (Озеро Шал кошкар) – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара Ӏам болу меттиг. ЦӀе лаьтта шина декъах, хьалхара дакъа – Ӏам, шолгӀа дакъа – чӀогӀа хийцина «шала-кхошкхар» - туьркийн маттара ду[27].
  • Беркате ирзу (Богатая поляна) – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьа. Беркате – дика ялта кхуьу дера. ДӀадуьй латта а, байданаш а.
  • БузавялгӀан (Бузавялган) – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара меттиг. БузавялгӀан – туьркий бух тӀиера дош. Шуьйра байданаш.
  • Евтеичан ор (Евтеича яма) – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара меттиг, цигахь лаьттан дакъа дара хьал долчу гӀазакхийчун Савелий Евтеичан. ХӀинца цигахь Бурунски эвлан байданаш йу.
  • Култай – Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбузехьара меттиг, туьркий бух тӀиера дош, байданаш.
  • СовгӀат (Совкатово) – Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбузехьара меттиг. Байданаш[10].
  • Аьхкина барз (Раскопанный бугор) – Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбузехьа кошан барз лаьтта меттиг. ЦӀе, йоьзна йолчух тера ду барз тӀехь дина археологин ахкаршца[28].
  • Ши барз йа Ши ваша (Два бугра или Два брата) – йуккъера бӀешерийн гергахь болу ши кошан барз, лаьтта Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбузехьа[29].
  • Алтыкую барз (Курган Алтыкую) – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара меттиг, байданаш. ЦӀе лаьтта шина декъах: хьалхара «алты» - ял, шолгӀа «кую» - гӀу.
  • Балтубе барз (Курган Балтубе) – Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбузехьара кошан барз лаьтта меттиг. НогӀийн маттахь «Мозан барз».
  • Власовн барз (Курган Власова) – Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбузехьара меттиг Власовн Ӏам болчу меттиган кӀоштехь.
  • Кхарт кхожа улген барз (Бугор карткожулган) – йуккъера бӀешерийн Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара кошан барз болу меттиг.
  • Ливалы – йуккъера бӀешерийн кошан барз, Оьрза-ГӀалан къилбаседехьа. Этимологи бодане йу[30].
  • Баклашкинан некъ (Баклашкина дорога) — иштта олура йуьртан арахьара Оьрза-ГӀалара къилбаседехьа, гӀазакхийчун Баклашкинан кӀотара боьдучу новкъах.
  • Власовн некъ (Власова дорога) — иштта олура йуьртан арахьара Оьрза-ГӀалара Власовн кӀотара боьдучу новкъах[8].
  • Ӏовдалан некъ (Дурной проезд) – иштта олура Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара йуькъа хьанашкахула болучу некъан декъах. Оцу меттигехь сих-сиха талораш дора Ӏедалан ворданашна а, поштан а, совдегаршна а, элашна а, паччахьан хьаькмашна а[9].
  • Кулебякинан пхьалгӀа (Кузня Кулебякина Леонтия Ефимовича) – лаьттара Оьрза-ГӀалан йукъахь[21].
  • Кохтевн пхьалгӀа (Кузня Василия Ивановича Кохтева) – лаьттара Оьрза-ГӀалан йукъахь[9].
  • Доккха Сары-Су – иштта олу Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара гӀамаршкара меттигах, хьалха цигахь хилла ногӀийн аьхкенан меттамотт[31]. ХӀинцалерачу ногӀийн Сары-Су йуьртан малхбузехьа. ЦӀе лаьтта шина бух тӀаьхь: доккха (нохч.) + сары-су (ногӀ.) «Доккха можа хи» [10].

Кхин топонимаш

бӀаьра нисйан
  • Нохчийн жоьла (Кош Чеченский) – лаьтта Оьрза-ГӀалан къилбаседехьа, Касаевн жоьлин гергахь.
  • Берзан барз (Бирючий бугор) – йуккъера бӀешерийн кошан барз, лаьтта гӀамаршкахь Оьрза-ГӀалан къилбаседехьа[9].
  • Карьер-барз (карьер-бугор) – гӀамар-ор долу меттиг, цигахь луларчу гӀаланашкара гӀазакхаша гӀум а, жагӀа а боккхура. Оьрза-ГӀалан йисташкахула [10].
  • Гришинан тӀаьрсиган завод (Кожзавод Гришина) – Оьрза-ГӀалан йукъахь йара, цигахь болх бора ялхоша а, къиебелла гӀазакхийн пхьераша а.
  • Гришинан бепиг доту меттиг (Хлебопекарня Гришина Егора Терентьевича) – Оьрза-ГӀалан йукъахь йара, цигахь доттура дика «лаваш» олу бепиг, иза духкура бахархошна. Гришинан бепиган баккхалаш йара Соьлжа-ГӀалахь, Оьрза-ГӀалахь, Салт-ГӀалахь, кхечухьа а[21].
  • Власовн меттиг – революци хилале Власов фамили йолу гӀазакхий ваьхна меттиг. Оьрза-ГӀалан къилбаседехьа, кӀайн латта тӀаьхь.
  • Ивин барз – Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара, йуккъера бӀешерийн кошан барз болу меттиг. Байданаш, оханаш.
  • Иэс (Памятник) – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара меттиг, дийцарехь цигахь лаьттина мичара йу а ца хуу иэс. Цхьанне дага ца догӀу цуьнан сурт а, барам а. Каир-чаклы Ӏоман малхбалехьа лаьтта. Байданаш, оханаш.
  • Касаевн кош – Касаевн кӀотарш меттиган кӀоштара къилбаседехьара меттиг.
  • Реманийн ор – Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара меттиг, Каир-чаклы Ӏоман къилбехьа лаьтта, хаам бинчара дийцарехь цигахь буса говран реманаш совцайора, аренан мохах а, акхаройх а ларъеш. Байданаш, оханаш.
  • КӀайн латта (Солонцы) – иштта ола Невран-Шелковскин хидилларан татол тӀекхаччалц йолчу НогӀийн аренан шуьйрачу декъах[1].
  • Семкинан меттиг – Оьрза-ГӀалан къилбаседа-малхбузехьара меттиг, цигахь дара Теркан гӀазакхийн эскарера ваьллачу гӀазакхийчуьн Семкина жима лаьттан дакъа.
  • Урзаликинан меттиг – Оьрза-ГӀалан къилбаседера меттиг, цигахь лаьттира ногӀийчун Урзаликин кош[25].
  • Жима Сары-Су – хьалха хӀинцалера Сары-Су лаьттина меттиг. Сары-Сун малхбузехьа, Оьрза-ГӀалан къилбаседехьа.
  • КӀайн (Белые) – иштта олу Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара гӀамаршкара меттигах. Шен цӀе йелла гӀамаран бесах.
  • Чанглы – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара гӀамаршкара меттиг.
  • Ӏаьржа вал (Черный вал) – иштта олу Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара геннара меттигах, хӀинцалера ногӀийн поселок Сарсакай лаьттачу кӀоштахь[32].
  • Батыр кхаракхыр боьра (Батыр каракыр балка) – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара меттиг. Байданаш. ЦӀе туьркийн маттара йу.
  • Кадриш – Оьрза-ГӀалан къилба-малхбалехьара меттиг. Этимологи бодане йу. Байданаш.
  • Ломакинан меттиг (Ломакино место) – Оьрза-ГӀалан къилба-малхбалехьара меттиг, цигахь лаьттара хьуьнан а, лаьттан а дакъош гӀазакхийчун Ломакинан.
  • Сулейманово – Оьрза-ГӀалан къилба-малхбалехьара меттиг. Хьалха кхузахь жимачу кӀотарахь ваьхна Сулейман цӀе йолу стаг.
  • Сулейманан гӀота (Сулейманов кутан) – Оьрза-ГӀалан къилба-малхбалехьара меттиг. Хьалха кхузахь лаьттина Сулейманан уьстагӀийн гӀота[33].
  • Бамматсарай боьра (Балка Баматсарай) – Оьрза-ГӀалан къилбаседехьара меттиг, байданаш. ЦӀе ногӀийн меттара шина декъах лаьтта Баммат – долара цӀе, сарай – йоккха чоь[34].

Оьрза-ГӀала цхьацца талламхоша йуьйцу уггаре хьалхарчех теркан гӀазакхий хевшина меттиг бохуш. Иза йиллина, цхьаьна хаамашца, 1567 шарахь[35], кхечу — 1711 шарахь (гӀазакхий Теркан а, Соьлжан а, Теркан-ГӀой-хин йукъ тӀиера кхелхинчул тӀаьхьа). Ткъа А.Сулеймановс дийцарехь, гӀала, йиллина гӀазакхаша ногӀийн эвла Ораз-кхала лаьттинчохь[6]. Хьалхарчу версин агӀончаша (кхоллайалар XVI бӀешеран шолгӀачу декъехь) гӀалан цӀе схьайоккху Рязанан олаллера Червлёни Яр меттигах, мухажираш цигара схьабевлла хуьлийта цара[36]. Дуккха а шерашкахь гӀалан бахархойн ладаме дакъа шираламастхой бу.

Кавказан тӀеман декъашхочо эла А. М. Дондуков-Корсаковс йаздина оцу муьрехь Оьрза-ГӀалах:

«Гребенски гӀазакхий ша тайпа бахархой бу гӀалан; божарийн а, зударийн а йаххьаш тера йу ийна оьрсийн а, Кавказан ламанхойн а чух; божарий чӀогӀа тӀах аьлла, куц долуш, кхетаме, майра бу; зударий къаьста я, алар нийса хир ду, къаьстара тамашийна хазаллийца а, куьцаца, иза кхин а чӀогӀа тодора гребенски зударийн башха: еха кучан тӀехула цара лелайора азин архалук (гӀовтал тайпана духар), тӀеттӀа озийна гӀодайукъахь а накхан тӀаьхь а детийн туьйсина маӀаршца; коьрта туьллура дӀадоьхкуш дарийн йовлакх, ткъа корта а, йуьхь а къовлура, азихойн кепара, кисан кхолларца, бӀаьргаш мукъа а дуьтуш; когашка маьхьсеш йухур йу. Лелайо йеза йантарах, маржанах, нахартех йина туьтеш, детийн туьйсина архалукан кечйаран гӀирс, дегӀ куьце хиларна чӀогӀа хаза амал лора Оьрза-ГӀалан зударшна.

Гуттаренна а тхан асан хьалха болуш, хӀора дийнахь аьлчи санна мостагӀ тӀелетара царна, амма гребенхой къаьстара башха майраллийца; шеш гӀазакхийн зударий, наггахь боьлхура ара а, Теркан бердаца лаьтта бошмашкара кемсаш схьагулъян а, даиман шайн белаш тӀехь лелайора пхоьазза йолу топ. КӀезиг йацара меттигаш, божарашца цхьаьна, ткъа наггахь цара шешша а, цара йухатухура кемсийн бошмашкахь тӀелета нохчий; дукха гора чевнаш йина гӀазакхийн зударий куьйгаш дӀадоьхкий, чов ерзале шайн белхаш дӀахьуш»[37].

ГӀала йукъайодара Теркан областан ГӀизларан декъан[38].

Бахархойн дукхалла
1878[39]1926[40]1939[41]1959[42]1970[43]1979[44]1990[45]
4239660874055014553658036204
2002[46]2010[47]2012[48]2013[49]2014[50]2015[51]2016[52]
785495459832994110 11010 31510 431
2017[53]2018[54]2019[55]2020[4]
10 58410 68610 86610 925


Къоман хӀоттам

2002 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран[56] жамӀашца йуьртан бахархойн къоман хӀоттам:

Къам Барам,
чел.
Берриг
бахархой дакъа, %
нохчий 5 697 72,54 %
оьрсий 985 12,54 %
гӀумкий 821 10,45 %
ногӀий 239 3,04 %
гӀалгӀай 20 0,25 %
гӀезалой 18 0,23 %
другие 74 0,94 %
кхин берш 7 854 100,00 %

2010 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран[57] жамӀашца йуьртан бахархойн къоман хӀоттам::

Къам Барам,
чел.
Берриг
бахархой дакъа, %
нохчий 6 903 72,32 %
оьрсий 1 198 12,55 %
гӀумкий 798 8,36 %
ногӀий 219 2,29 %
лаьзгий 95 1,00 %
даьргӀой 51 0,53 %
жӀайхой 41 0,43 %
кхин берш 237 2,48 %
ца гайтина а, ца аьлла а 3 0,03 %
берриш 9 545 100,00 %

Оьрза-ГӀалахь дикка ладаме оьрсийн йукъаралла хиларна, гӀалахь кхоьллина ГӀазакхийн къоман оьздангаллин[58] центр.

Кхузахь беха нохчий коьртаниг схьабевлла Нажи-Йуьртан, Веданан, Шуьйтан кӀошташкара. Оьрза-ГӀалара гӀазакхий, кхечу гӀалийн гӀазакхий санна нохчашца йохк-иэцаран экономикин уьйр латтайора. ГӀазакхашна йукъахь бу нохчех бовлара долу гӀазакхий а: ГуноевгӀар, ЗакаевгӀар, ГулаевгӀар, ТиткингӀар, РосламбековгӀар, БугаевгӀар. Дукха гунойн тайпан векалш чӀагӀдо, Оьрза-ГӀала йиллинарг гунойх схьаваьлла Оьрза ву бохуш. [6].

Инфраструктура

бӀаьра нисйан
 
Оьрза-ГӀалара долара цӀа

Социалан инфраструктуран объектех Оьрза-ГӀалахь ду: декъан дарбан цӀа а, аптека а, шиъ йуккъера ишкол, берийн беш, Оьздангаллин цӀа, берийн библиотека, Бахаман цӀа, дуккха туьканаш, поштан дакъа, кӀоштан электрозӀен дакъа, электроподстанци. ГӀалахь рузбанан а, жамаӀатан а маьждигаш ду, 2 иэс йу[59].

Экономикин потенциалах Оьрза-ГӀалахь йу: чагӀаран завод (болх беш йац), агрокомбинат, автотранспортан предприяти, пачхьалкхан унитаран некъаш-леладаран предприяти. ГӀалан йисташкахула ду 4 довха хин буру (3 — дика хьолахь, 1 — гӀочу хьолехь)[59].

ГӀарабевлла гӀалахой

бӀаьра нисйан

Хаза факташ

бӀаьра нисйан
  • 1837 шарахь Оьрза-ГӀалахула чекхваьлла М. Ю. Лермонтов. Дийцарехь, Михаил Юрьевич, буьйса яккха валийра гӀазакхийчо Борискина гӀазакхийчун Ефремовн хӀусаме, цигахь хезира нанас аганарчу беран локху эшар, иза хазахетна йазйира «ГӀазакхийн бера дижоран эшар»[60].
  •  1881 1 (13) мартехь шарахь, Петарбухехь Александр II-гӀачун кӀиело йинчу хенахь, паччахьан гуонаха хилла Теркан эскадронан лейб-гвардин коьртехь ротмистр Кулебякин волу 6 лахара дарж. Массарна а царна чевнаш йира тайп-тайпана чӀогӀаллин тӀегӀанера. Царех цхьаъ, Оьрза-ГӀалара гӀазакхий Малеичев Александр, госпиталехь велла. Александр III-гӀачун омарца Малеичев доьзална, зудчунна а, деа кегийра берашна а, хӀоттийра хӀора шеран пенси — 10 туьма. Пенсеш хӀиттийра оцу дийнахь лазийначу кхечу гӀазакхашна а[61].

Литература

бӀаьра нисйан

Ткачёв Г. А. Станица Червлённая. Исторический очерк. Вып. 1. — Владикавказ, 1912.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.646
  2. Определение высоты над уровнем моря по координатам. latlong.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 26 август. Архивйина 2018-08-26 — Wayback Machine
  3. Климат Червлённой // Climate-Data.org
  4. 1 2 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
  5. Село Червленная / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ) Архивйина 2013-09-27 — Wayback Machine
  6. 1 2 3 4 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.-640
  7. Закон Чеченской республики № 42-РЗ от 14.07.08 (doc). — Об образовании муниципального образования Шелковской район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения. ТӀекхочу дата: 2011 шеран июль. Архивйина 2012 шеран 15 февралехь Архивйина 2013-11-03 — Wayback Machine
  8. 1 2 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.643
  9. 1 2 3 4 5 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.645
  10. 1 2 3 4 5 6 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.642
  11. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.647
  12. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.648
  13. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.649
  14. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.650
  15. 1 2 3 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.641
  16. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.-642
  17. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.-645
  18. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.-647
  19. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.647-648
  20. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.649
  21. 1 2 3 4 5 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.644
  22. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.651
  23. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.643-644
  24. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.646-647
  25. 1 2 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с. 647
  26. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.648
  27. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.650
  28. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.648-649
  29. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.648
  30. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.650
  31. Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — М.: Русский язык, 1978. — 728 с. — С. 532
  32. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.648
  33. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.649
  34. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, с.650
  35. Гарунова Н. Н., Чекулаев-Братчиков Н. Д. Российская Императорская армия на Кавказе в 18 веке: история Кизлярского гарнизона (1735—1800 гг.). — Махачкала, 2011.
  36. Червлёный Яр. Рассказ о переселении червлёноярцев на Терек Архивйина 2015-06-10 — Wayback Machine
  37. Дондуков-Корсаков А. М. Мои воспоминания 1845—1846 гг. Ч. II. Гл. III // Старина и новизна, Кн. 6. 1908
  38. Червленная // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  39. Списки населённых мест Кавказского края. 1-й выпуск. Терская область. Тифлис. 1878
  40. Районированный Дагестан : (адм.-хоз. деление ДССР по новому районированию 1929 г.). — Махачкала : Орготд. ЦИК ДССР, 1930. — 56, XXIV, 114 с.
  41. Шелковской район (1939)
  42. Всесоюзная перепись населения 1959 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу
  43. Шелковской район (1970).
  44. Всесоюзная перепись населения 1979 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 29 декабрь. Архивйина 2013 шеран 29 декабрехь
  45. Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
  46. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
  47. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
  48. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
  49. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  50. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
  51. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
  52. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  53. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
  54. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
  55. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.
  56. Этнокавказ. Национальный состав Шелковского района по переписи 2002 года
  57. Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населенным пунктам, сельским населенным пунктам с численностью населения 3000 человек и более". Архивйина 2015-09-29 — Wayback Machine
  58. Информационный сервер Главы и Правительства ЧР. Коллектив Казачьего культурного центра порадовал своими выступлениями стариков Архивйина 2014-09-07 — Wayback Machine
  59. 1 2 Инвестиционный паспорт Шелковского района. Архивйина 2014 шеран 8 августехь
  60. Червлённая // Лермонтовская энциклопедия
  61. Собственный Его Величества Конвой Архивйина 2009-04-02 — Wayback Machine

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан