Дешаран Ӏамолаш
Дешаран Ӏамолаш — Советийн хилла пачхьалкхашкахь а, Российн ишколашкахь а Ӏамош йолу дешаран курсаш.
ХӀора деалгӀачу декъан (1-9-гӀа классашкахь), кхоалгӀачу декъан (цхьацца ишколашкахь), эха шеран (10-11), хӀора дешаран шеран дешархойн мах хадабо. Ишколан курс чекхйаьлча дешаран Ӏамолех арахецаран экзаменаш ло, нагахь дешархочун кхин дӀа деша лаахь лдм дӀахӀоттаран экзаменаш ло.
9-гӀа а, 11-гӀа а классашкахь экзамен яла декхарийлахь бу оьрсийн меттан а, математикин а ОГЭ (9-гӀа классашкахь) а, ЕГЭ (11-гӀа классашкахь) а кепехь. Коьрта Ӏамолаш йоцург дешархочо яла мега кхин тӀе муьлхха барамехь экзамен. Дукха хьолехь иза 9 класс йаьккхича профилан класс харжархьама а, 11 класс йаьккхича лдм дӀахӀоттархьама ло.
Ишколехь Ӏамош йолу дешаран Ӏамолийн исписка (11 шеран дешар)
бӀаьра нисйан- Матема́тика: 1—6 класс (цхьацца ишколашкахь 5 класс кхаччалц)
- Алгебра: 7—11 класс (цхьацца ишколашкахь 5 классехь дуьйна)
- Геометри: 7—11 класс (цхьацца ишколашкахь 5 классехь дуьйна)
- Информа́тика (ХКТ): 5(7)—11 классаш (1-4 классаш факультативаш санна, кечамбаран)
Юьхьанцара ишколехь дешархочо Ӏамабо математикин, вовшахтохаран а, тӀерадаккхаран а, эцаран а, декъаран а бакъонийн кхетаман бух. Цул тӀаьхьа цуо Ӏамадо дакъаллин терахьаш, функцеш. 7 классехь математика Ӏамор йекъа йолайо алгебран (Координатийн система, нисдаран система, тригонометри) а, геометрин (планиметри, стереометри, векторш) а. 10-11 классашкахь академико А. Колмогоровс кховдорца, таро йу анализан йуьхьиг (йисташ, дифференци йар) Ӏамо. Информатика Ӏамо мега 5 классал тӀаьхьа а. Ӏаморан программан чуйогӀу системаш, программа хӀотторан меттанаш а, программаш а, компьютерш а, лараран техникин истори а. Амма дукха хьолахь билггала программа бен ца Ӏамайо (муьлхха а билгалдаьккхина программа латторан кечаман хьал, билгалайаьккхина текстан редактор), иза бахьнехь ишколан информатикан курс говзанчаша емалъеш йу. Ӏамабо Паскаль, Си, JavaScript. Хьалха Ӏамабора Бейсик а, Фортран а.
5 классан историн гуранчохь Ӏамайо Дуьненан истори а, Российн истори а (цуьнан декъахь ССРС истори а). 5 классехь йолало географи а.
- Исто́ри: 5—11 классаш. 4 классехь (массо ишколашкахь ца йолайо) Ӏамайо пропедевтикан курс «Российн исторера дийцарш», цара йукъ-йукъара даймехкан, дикка йукъара хӀуманаш дӀа а кхийсина, историн хиламаш бен ца гойту. 5 классехь Ӏамайо шира дуьненан истори, 6 классехь Ӏамайо дерриг дуьненан исторера — Йуккъера бӀешерийн истори. 7—8 классашкахь Ӏамайо дерриг дуьненан исторера Керлачу заман истори, ткъа Российн исторера 7 классехь Ӏамабо XVII—XVIII бӀешерийн мур, 8 классехь Ӏамайо XIX бӀешеран истори. 9 классехь Ӏамайо дерриг дуьненан исторера — ТӀаьхьарчу заманан истори, ткъа Российн исторера — XX бӀешеран истори. 10-11 классашкахь Ӏамайо Российн а, дуьненан а истори проблеман-аналитикан курсан кепара, цигахь дешархоша болхбан беза жайнин авторша хӀоттийна проблемаца. 10 классехь – ширачу заманера XIX бӀешо чекхдаллалц, ткъа 11 классехь - XX бӀешо - XXI бӀешеран йуьхьиг.
- Географи: 5— 11 классаш
5—6 классехь — географин йукъара курс, 7 — Дуьненан физикин географи, 8—9 — Российн географи (8 классехь физикин, ткъа 9 экономикин Российн географи), 10-11 — Дуьненан экономикин географи.
- Ӏаламдовзар: 5 класс (массанхьа дац)
- Гуонахьара дуьне йа Дуьне вайн гуонаха: 1-4 классаш
- Географи: 5-11 классаш
- Биологи: 5—11 классаш
- Астрономи: 10 йа 11 класс
- Физика: 7—11 классаш (цхьацца ишколашкахь 5 классера дуьйна)
- Хими: 8—11 классаш (цхьацца ишколашкахь 7-11 классаш)
- Дахаран кхерамазаллин бух (ОБЖ): 5(8)—11 классаш
- Ӏаламдовзар: 5-11 классаш (массанхьа дац)
- Экологи: 7-11 классаш (массанхьа дац). Дешаран чулацаман тӀедиллина минимумехь дакъа ду «Экологи», цуьнца цхьаьна иштта Ӏамола дац базисан дешаран планехь.
Ӏаламан-Ӏилманан Ӏамолаш Ӏамо йолайо 1-чу классехь, (Гуонахьара дуьне йа Дуьне вайна гуонахьа), 5 классехь оцу жайнин цӀе «ӀаламӀамор» йу, 2015 шарахь дуьйна цхьацца ишколашкахь биологи а, географи а Ӏамо йолайо 5 классера дуьйна.
5 йа 6 классесь дуьйна биологи Ӏамайо (5-6 классехь — ботаника, 7 — зоология, 8 — адаман анатоми, 9-11 — йукъара биологи). Кхечу программица 6-7 классашкахь Ӏамайо ботаника, 7 — зоологи букъадаьӀахк йоцачеран, 8 — букъадаьӀахк йолчеран, 9 — анатоми, 10—11 — йукъара биологи. ХӀинца дукхачу ишколашкахь биологин йерриг курс Ӏамор чекхдолу 9 классехь, цул тӀаьхьа 10—11 классашкахь йукъадоккху профилан Ӏамор, цу йукъахь хуьлу тайп-тайпана профилан тайп-тайпана программаш. Оцу вариантехь биологи Ӏамор иштта хуьлу: 5-6 классехь ботаника, 7 — зоологи; 8 — адаман физиологи, 9 — йукъара биологин бух.
7 классехь йолало физика. Хьалха Ӏамадо оцу Ӏилманан йукъавахар, тӀаккха — молекулаш Ӏаморан бух, цул тӀаьхьа — механика. 8 классехь Ӏамайо термодинамика, электрилла, электромагниталла, оптикан бух. 9 классехь — механика, электрилла, электромагниталла, хӀоьънан физика. 10 классехь — термодинамика, электрилла. 11 — электромагниталла, геометрин оптика аквантан оптика а, квант физика а. 11 классехь иштта астрономи а Ӏамайо.
Хими Ӏамо йолайо 7 йа 8 классехь (7-9 класс — органикан йоцу хими, 9 класс чекхйолуш — органика, 10 класс — органикан хими, 11 класс — йукъара химии а, органикан йоцу хими карлайаккхар а)
- Истори: (3)5-11 классаш
- ГражданаллаӀамор: 5—11 классаш (массанхьа дац)
- Йукъараллахаар: 5—11 классаш
- Динан оьздангаллин а, дуьненан этикан а бух: 4 класс. 2012 шарахь дуьйна йерриг ишколашкахь йукъайаьккхина
- «Православин оьздангаллин бух»
- «Исламан оьздангаллин бух»
- «Буддийн оьздангаллин бух»
- «ЯхӀудийн оьздангаллин бух»
- «Дуьненан динан оьздангаллин бух»
- «Дуьненан этикан бух».
- ЦӀена йаздар: 1 класс (массанхьа йац) (дукха хьолахь факультатив)
- Ненан мотт: 1-11 классаш. Шайн мотт болчу республикашкахь йа этнооьздангаллин хьесапаш долчу къоман кӀошташкахь. Оцу ишколашкахь 1 - 2 классашкахь могийтора "дӀадала" оцу Ӏамолан "технологин" а, "сурт дилларан говзаллин" а сахьташ, амма тӀаьхьа и сахьташ "йухадерзо" дезара.
- Оьрсийн мотт: 1—11 классаш
- Йешар: 1—4 классаш, РФ БУП олу «Литературин йешар»
- Литература: 5—11 классаш
- Кхечу мехкан меттанаш: (1) 2—11 классаш (ингалсан, французийн, немцойн, испанхойн, таро йу Ӏамо кхин а меттанаш (литван, украинхойн, цийхойн, полякийн, грекийн, эстонхойн, латинан), амма ЕГЭ кепара экзамен лакхарчу меттанашций бен яла ца мега).
1 классехь дешархоша Ӏамайо йешар (литература) а, йоза а (ненан мотт йа оьрсийн мотт), оьрсийн мотт (орфографи, пунктуаци, синтаксис, грамматика, риторика). 1 - 8 классашкахь литературин хьехолашкахь Ӏамайо тайп-тайпанчу дозанал арахьарчу авторийн а, оьрсийн а литература (оцу йукъахь хӀинцалера а), 9 – 11-гӀа - оьрсийн классикан литературу. Дешархоша йазйо сочинени. Хьалха сочиненин ши мах хадабора - оьрсийн меттан а, литературин а. Йаздархойн а, поэтийн а кхолларалла Ӏамадо — коьртаниг Пушкинан, Тургеневн, Достоевскийн, Есенинан, Твардовскийн, хӀокху заман йаздархойн а.
Дукхачу ишколашкахь лерина ду цхьаннал сов кхечу мехкан мотт Ӏамабар. ТӀаккха дукхахчу ишколашкахь цхьаъ царех ингалсан хила беза. ЕГЭ лерина йоцучу меттанашна йукъахь уггаре баьржинарг цийхойн мотт бу.
- Къинхьегам: 1—4 класс (наггахь 1-8 класс)
- Технологи: 5—11 класс. Цхьацца ишколашкахь 7-8 классашкахь бен ца Ӏамайо. РФ БУПца лерина 5 а, 6 а классашна.
- Черчени: (массанхьа йац) дукхах дерг, цхьайолчу лакхарчу (9-11) классашкахь. БУП РФ 2004 а, 2011 а шеран йац.
- Йукъараллин-пайден къинхьегам. Планехь бу.[1]
- Физикин оьздангалла: 1—11 класс. Ӏамола масех меттигехь дӀахьо (зал, стадион, хьун), дешархоша къахьоьгу спортехь.
- Тайп-тайпана кепара спорт, хила тарло, хьаьржина йа факультатив санна, масала:
- Шахматаш: 1—4 класс.
- Волейбол: 4—6 класс.
- Текхан теннис
- Футбол, баскетбол, кхин дӀа а.
- Исбаьхьаллин говзалла йа исбаьхьаллин къинхьегам: 1-2 классаш
- Музыка: 1-(5-9) классаш.
- Исбаьхьаллин говзалла (Сурт диллар): 1-7(11) классаш
- Дуьненан исбаьхьаллин оьздангалла: 10-11 классаш (цхьаццанхьа 8 классехь дуьйна)
- исбаьхьалла: 8-9 (10-11) классаш, цхьайолу классаш, 2004 шеран БДП 8-9 классашкахь, 2011 шеран БДП — 8 классехь.
- Гитара: (массанхьа йац) 5-8 класс. Дукха хьолахь, факультатив санна.
Хьалхарчу шерашкахь ишколехь Ӏамош хилла дешаран Ӏамолийн исписка
бӀаьра нисйанМатематикин
бӀаьра нисйанАрифметика: 1—4 класс
Ӏаламан-Ӏилманан
бӀаьра нисйанӀаламӀамор: 1—4 класс (хӀинца 5 классехь, массанхьа йац)
Черчени (5-9 классаш). Ӏамайо ишколан куьйгаллин лаамца.
Гуманитарин
бӀаьра нисйанЙукъараллаӀамор йа Адам а, йукъаравлла а: 5(9)—11 класс
Филологин
бӀаьра нисйанНенан меттан литература: 1-4 класс (шен мотт болчу республикашкахь)
Кхин (факультативаш) (массанхьа йац)
бӀаьра нисйан- Экономикин бух (экономика): 9—11 классаш (массанхьа йац); 10-11 классашкахь йукъараллаӀаморехь дакъа Ӏамош йа ша йолчу Ӏамолан хӀоттийна РФ БДП йу.
- Йукъараллин-пайден болх (ЮПБ): 10—11 классаш (массанхьа йац)
- Йукъараллин-пайден болх (ОПТ): 10—11 классаш (массанхьа йац)
- Юьхьанцара тӀеман кечам (НВП): (10)-11 класс (массанхьа йац).
- Дахаран гӀуллакхан кхерамазаллин баххаш (ОБЖ): 5 (7)—11 классаш
- Риторика: 1-4, (11) класс (массанхьа йац)
- Динан оьздангаллин а, дуьненан этикин а баххаш (ОРКиСЭ): 4-5 класс
- БакъоӀамор: 10—11 классаш (массанхьа йац), Ӏамолан чулацаман дакъа йукъадоьду "ЙукъараллаӀаморан"
- Статистика: 7-9 (10-11) классаш (массанхьа йац), Ӏамолан чулацаман дакъа йукъадоьду "Математикин"
- Философи: 10—11 классаш (массанхьа йац), Ӏамолан чулацаман дакъа йукъадоьду "Историн", "ЙукъараллаӀаморан", "Литературин", "Дуьненан исбаьхьаллин оьздангаллин"
- Мохкбовзар: (1)7—9 классаш (массанхьа йац)
- Экологи: 7—11 класс (массанхьа йац), Ӏамолан чулацаман дакъа йукъадоьду "Биологи" а, "Географи" а
- Классан сахьт: 1—11 классаш
- Психотренинг: 1-4 классаш
- Элективан курсаш: 5-11 классаш
- Проект хӀоттор (проектан а, психологин а баххаш): 5-11 классаш (массанхьа йац)
- Хьосташ: 1-11 классаш
Мохкбовзарехь дешархоша Ӏамойо истори а, литература а, географии а шен мехкан.
Классан сахьтехь дешархоша буьйцу ишколера иэшамаш а, аьттунаш а, йуьхьанцара ишколехь — дӀаязйо цӀахь бан белла болх. Классан сахьт дукха хьолахь кӀирнаха цкъа хуьлу.
Психотренингехь дешархоша йо интеллектан задачаш а, белхаш а.
Дешаран планаца хила тарло элективан курсаш, царех дешархоша хоржу билгалйиначу тобанца.
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ https://rg.ru/2016/09/26/minobrnauki-vernet-v-shkolu-obshchestvenno-poleznyj-trud.html Минобрнауки вернет в школу Общественно-полезный труд.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Федеральные государственные образовательные стандарты общего образования (2012 шеран 1 март).