Мазалкан кӀошт (хӀир. Мæздæджы район) — Российн Федерацин Къилбаседа ХӀирийчоьн йукъара административан-мехкан дакъа а, муниципалан кхоллам (муниципалан кӀошт) а.

Муниципалан кӀошт
Мазалкан кӀошт
Мæздæджы район
43°45′ къ. ш. 44°39′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Йукъайоду Къилбаседа ХӀирийчоь
Цунна йукъайоду 18 муниципалан кхоллам
Адм. центр Мазалк
КӀоштан корта Гугиев Генадий Анатольевич
Администрацин корта Хабалов Олег Владимирович
Истори а, географи а
Кхоллар 1924 шо
Латта

1080 км²

  • (4-гӀа меттиг)
Сахьтан аса +3
Бахархой
Бахархой

85 617 стаг (2013)

  • (3-гӀа меттиг)
Къаьмнийн хӀоттам оьрсий, гӀумкий, хӀирий, эрмалой, туркой, гӀебартой, нохчий
Динан хӀоттам керстанаш, бусалба-суннийш
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 86736
Автомобилан код 15
Официалан сайт
Мазалкан кӀошт картин тӀехь
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Административан центр — Мазалк гӀала.

Мазалкан кӀошт лаьтта республикин къилбаседа декъехь, Теркан шинне а бердаца. Доза ду малхбузехь ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Теркан кӀоштаца, къилбаседехь Ставрополан мехкан Курскан кӀоштаца, малхбалехь Нохчийчоьнан Теркан кӀоштаца, къилба-малхбалехь ГӀалгӀайчоьнан Маьлхбикан кӀоштаца, ткъа иштта къилбехахь республикин Кировн а, Правобережни а кӀошташца. КӀоштан майда — 1080 км²[2].

Зонийн кӀошташйарца мохк бекъало шина кӀоште — аренан а, ломан кӀажошкара а. КӀоштан къилбаседан декъо дӀалоцу Теркйистан акъари. Теркан аьрру бердан декъан локхаллин йуккъера барамаш техка хӀордан тӀегӀанера 120 - 150 метрашна йукъахь. Теркан аьтту бердаца дахделла дукъ, иза лахлуш ду малхбузера малхбалехьа. КӀоштан йуккъерачу декъехула чекхдолу Теркан дукъ максимум локхаллица 400 метр гергга. КӀоштан къилба йисташкахула чекхдолу ГӀебартойн-Соьлжан дукъ, цигара кӀоштан хӀордан тӀегӀанера максимум локхаллаш кхочу 800 метре.

Гидрографин маша кӀоштан мехка тӀехь коьртаниг гайтина бу Терко а, кӀоштан малхбуза дозанашца охьадогӀу цуьнан аьтту генно Курпо а. Цул сов кӀоштахь ду шортта хин татолаш, царех коьртаниг ду Теркан-Куман татол, Ленинан цӀарах татол, Малокабардински татол, Теркйистан татол, Гуьчиг-Йуьртан татол, кхин а.

Мазалкан кӀошта нах ховшаран истори орамашца Сийлахь-боккха шен муьре дӀадоьдуш лору талламхоша. КӀоштахь карош йолу уггаре шира материалаш майкопан оьздангаллера лору. Шира скифийн муьран кобанан оьздангаллера элементийн материалан тешаллаш карийна Мазалкан вайн эрал VII—VI бӀешо хьалхарчу кошахь. Цуьнан тешалла ду 1934—1936 шерашкара археологин талламаш. 1988—1989 шерашкахь карийна вайн эрал VI—II бӀешо хьалхара скифийн-савроматийн кошан барз. Мазалк станцин латтан тӀехь, тӀом балале карийна сарматийн барз кӀела вайн эрал II—I бӀешо хьалха боьхкинарш. 1983 шарахь Комарово йуьртан кӀоштахь карийна I бӀешерера мехала сарматийн мозгӀар-аьзнин каш.

ТӀаьхьарасарматийн йа хьалхарааланийн муьран иэсаш йу кӀоштахь. III—IV бӀешерашкара 48 баьрзан тоба йахйелла Теркан аьтту бердаца, Муьжера Нохчийчуьра НогӀамирзин-Йурта кхаччалц. КӀоштахь йевзаш йу Лаха Малгобек, Виноградни, ГӀоьжакъе йарташкахь йолу аланийн гӀаланаш. Уггаре йоккханиг царех, лаьтта Киевскехь. Ойла йича тера хуьлу, Мазалкан гӀаланаш хӀаллак хилла хилар гӀажарийн заманахь, монголаш тӀелатале.

Талламхошна хетарехь, XIII бӀешарахь йуккъера Кавказхьалхено Дешийн ордан эскаршна плацдарм хилла йоккха роль лелайора иранан-монголийн Хулагидийн тайпанашна дуьхьала. Теркан тӀехь масийттаза тӀемаш хилла ордахошна а, иранхошна а. Исторехь дӀайазбина 1255 шеран Ӏай а, 1263 шеран 13 январехь а хилла тӀемаш. ТӀаьхьарчу тӀамехь Дешийн ордан хан Берке тоьлла. Кхузахь хилла Дешийн ордан ханийн четар, кхуззахь велла хан Берке 1267 шарахь.

Амма хьейина Дешийн Орда «дуьне даьккхинчу» Тимара. 1395 шарахь иза тӀелетира Ордан къилба дозанашна, кхузза дукха эзаршкахь долу эскаро тӀом бира Тохтамыш ханан эскаршца, хӀоранза а дӀатоттуш уьш къилбаседа-малхбузехьа. ТӀаьххьара тӀом хилира 1395 шеран 15 апрелехь хетарехь хӀинцалера Екатериноградски гӀалан йисташкахь. Йуха а хӀинцалера Мазалкан кӀоштан мохк хилира хиламийн эпицентрехь.

XIV бӀешарахь Дешийн Ордас шен ницкъ байира, адыгаш буьйлабелира тӀаьхь-тӀаьхьа Бештау агӀорахьара малхбалехьа кхалха, оцу йукъахь хӀинцалера Мазалкан кӀоштан латта а ду. Цунна тешалла ду — XIV-XVI бӀешерашкара шортта долу гӀебартойн баьрзан кешнаш.

XVIII бӀешо чекхдолуш гӀебартойн (адыгийн) йукъаралла йекъайелира шина олалле, Теркан малхбузехьара мохк, йукъахь бисира ЖимагӀебартойн олаллан (Джылахъстэней). Цу хенахь дуьйна Мазалк — гӀап-гӀала йу, ма-дарра аьлчи, Мазалкан махко — схьайахьа шайн истори.

Мазалкан уезд

1785 шарахь кхоьллира 6 уезд йукъахь йолу Кавказан губерни, царах цхьаъ хилира Мазалкехь центр йолу Мазалкан уезд.

1822 шарахь Кавказан губернин цӀе хийцина Кавказан область аьлла дозанаш а ца хуьйцуш, областан центр хӀоттийра Ставрополь.

1827 шарахь Мазалкан уездах гуо бира.

1847 шарахь императоран Николай I-чун омарца Кавказан областан цӀе хийцира Ставрополан губерни аьлла. Мазалкан уезд арайелира Ставрополан губернин йукъара. Уездан мехкан дакъа штатан арахьарчу Мазалк гӀалица йукъайахара Пятигорскан уездан.

1866 шеран 29 ноябрехь штатан арахьара Мазалк гӀала йукъара йаьккхира Ставрополан губернера дӀатуьйхира Теркан областах.[3]

1921 шарахь Теркан областах губерни йира, цунна йукъахь чӀагӀйира пхиъ уезд: Георгиевскан, ГӀизларан, Мазалкан, Пятигорскан, Святокрестовскан.

Мазалкан кӀошт

1924 шеран 2 июнехь Теркан губернех Теркан гуонан бира центр Пятигорскехь а йолуш, ткъа Мазалкан уездах – Мазалкан кӀошт йира.

1930 - 1937 — Къилбаседа-Кавказан мохк йукъахь йу. 1937 шарахь мехкан цӀе хийцира Орджоникидзен цӀарах, ткъа 1943 шарахь — Ставрополан аьлла.

ХӀинцалерачу дозанашкахь Мазалкан кӀошт йина 1944 шарахь, оцу хенахь Ставрополан мохк йукъара Къилбаседа-ХӀирийн АССР йукъа дӀаелира Мазалк гӀала, ГӀБАССР Курпан кӀоштан дакъа, дӀайаьккхинчу НГӀАССР Малхабекан кӀоштан дакъа.

Бахархойн дукхалла
1967[4]2002[5]2009[6]2010[7]2011[8]2012[9]2013[10]
63 90088 63486 94084 68284 60385 25385 617
2014[11]
85 877


Урбанизаци

ГӀалан хьолашкахь (Мазалк гӀала) беха 47,35 % кӀоштан бахархой.

Къоман хӀоттам

2010 шеран Йерригроссийн бахархой багарбаран[12] жамӀашца.

Къам Барам,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
оьрсий 42 296 49,9 %
гӀумкий 15 732 18,6 %
хӀирий 8 430 10,0 %
эрмалой 2 807 3,3 %
туркой 2 639 3,1 %
гӀебартой 2 114 2,5 %
нохчий 2 008 2,4 %
цигонаш 1 492 1,7 %
гӀалгӀай 1 324 1,6 %
корейш 1 066 1,3 %
украинаш 900 1,1 %
кхин 3 043 3,5 %
къам ца гайтина 831 1,0 %
берриш 84 682 100 %
Сте-боьршаллин а, хенан а хӀоттам

2010 шеран Йерригроссийн бахархой багарбаран[13] жамӀашца:

Хан,
шо
Барам,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
0 — 14 17 639 20,8 %
15 — 59 53 480 63,2 %
60 сов 13 561 16,0 %
хан ца гайтина 2 0 %
Берриш 84 682 100 %

Йуккъера хан — 36,1 шо. Медианан хан — 34,1 шо.

Боьрша — 39 886 ст. (47,1 %), сте — 44 796 ст. (52,9 %)

Муниципалан-мехкан хӀоттам

бӀаьра нисйан

Мазалкан кӀоштехь 33 нах беха пункт йу, цхьаъ гӀалин а, 17 йуьртан а нах беха меттиг:

ГӀалин а, йуьртан а меттигАдминистративан центрНах
беха меттигийн
барам
БахархойМайда,
км2
1Мазалкан гӀалан меттиг Мазалк гӀала 1 41 728
2Веселовски йуьртан меттиг Весели эвла 5 2312
3Виноградненски йуьртан меттиг Виноградни эвла 2 2392
4Гуьчиг-Йуьртан йуьртан меттиг Гуьчиг-Йурт 1 11 439
5Калинински йуьртан меттиг Калинински эвла 1 2232
6Киевски йуьртан меттиг Киевски эвла 1 1464
7Луковски йуьртан меттиг Луковски-гӀала 2 5252
8Малгобекан йуьртан меттиг Лаха Малгобек эвла 1 412
9Ново-Осетински йуьртан меттиг Новоосетински-гӀала 4 2502
10Павлодольски йуьртан меттиг Павлодольски-гӀала 2 5666
11Предгорненски йуьртан меттиг Предгорни 2 1215
12Притеречни йуьртан меттиг Притеречни эвла 2 1960
13Раздольненски йуьртан меттиг Раздольни 1 1035
14Садови йуьртан меттиг Садови эвла 2 608
15Сухотски йуьртан меттиг Сухотски эвла 1 821
16Терски йуьртан меттиг Терски-гӀала 2 2677
17Троицки йуьртан меттиг Троицки эвла 1 3625
18Къаскаман йуьртан меттиг Къаскам эвла 2 783

Нах беха меттигаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2023 года (с учётом итогов Всероссийской переписи населения 2020 г.)Росстат, 2023.
  2. Карта PCO-A на сайте газеты «Растдзинад»
  3. Ставкомархив Архивйина 2021-12-27 — Wayback Machine
  4. Северная Осетия за годы советской власти (Статистический сборник). Северо-Осетинское книжное издательство. 1967. Страница 9
  5. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
  6. Численность постоянного населения Российской Федерации по городам, поселкам городского типа и районам на 1 января 2009 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 январь. Архивйина 2014 шеран 2 январехь
  7. Итоги Всероссийская перепись населения 2010 года по РСО-Алания. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и селельских поселений и населённых пунктов
  8. Оценка численности населения на 1 января текущего года
  9. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
  10. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  11. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
  12. Том4. Таблица 4. Национальный состав РСОА по муниципальным образованиям по переписи 2010 года. Архивйина 2013 шеран 19 августехь Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine
  13. Том 2. Возрастно-половой состав и состояние в браке. Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine