Мани-Шайх
Мани-Шайх йа Назиров, Мухьаммад (1840[1], Цоци-Эвла, Нохчийчоь — 1824, ЧӀулга-Йурт Нохчийчоь) — къадарийн тӀарикъатан шайх, Устрада-ГӀалара ИбрахӀим-Шайхан а, Кишин-Хьаьжин а мурид хилла. Тайпана харачо[2][3][4].
Мани-Шайх | |
---|---|
Назиров Мухьаммад | |
Мани-Шайх | |
Говзалла | Динан гӀуллакххо |
Вина терахь | 1840 |
Вина меттиг | Цоци-Эвла |
Кхелхина терахь | 1924 |
Кхелхина меттиг | ЧӀулга-Йурт |
ДӀавоьллина меттиг | Бамат-Йурт |
Къам, некъе | Нохчий |
Да | Назарха |
Зуда | ЖовхӀарт, Хани |
Бераш | Баудди, Зиявдин (Тупа), Супьян, Самавди, Неби, Зайбулла |
Динлелор | Ислам |
Лоруш волу динаш | Исламехь |
Биографи
бӀаьра нисйанМани вина Цоци-Эвлахь аьчиган пхеран Назархин доьзалехь. Мани-Шейхан ден да Мухьаммад (цуьнан цӀарах тиллина Манин цӀе) шина кӀентаца Назархица а, Вазархица а, Хорачара охьабаьхкина акъарин тӀерачу БӀачи-Йурта. Цигахь дукха хьен ца белира уьш, кхелхира Цоцин-Эвла, цига охьа а хевшира.[5][6]
Говзалла
бӀаьра нисйанОцу доьзалан шайн дайшкара охьадогӀу пхьола герз дар (шаьлтанаш, тарраш, кхин а) дара. Цул сов, цаьргахь йара маьӀданех металл лалоран говзалла а, дӀайиллина долара пхьолгӀа а йара церан, цуо дика са йара. ГӀарабевллачу пхьерийн тӀаьхьенах волчу Манис аьчкан пхьеран говзалла караерзийра.[7][8]
Дин Ӏамор
бӀаьра нисйанДоьзалехь цхьаъ бен воцу дас-нанас ловзийна вацара Мухьаммад, дуьненан халонех коьруш вацара. Масех шарахь Манис Исламан бӀогӀамаш Ӏамийра, дагахь Къуръан доьшура, амма кхечу областашкахь говза вацара.[9][10]
ИбрахӀим-Шайх (Аба) вовзар
бӀаьра нисйанСин-мехаллин бахам кхечира шен устазера УстаргӀордойн-Эвларчу ИбрахӀима-Шайхера (Абегара). Исламан серло хин волу Мухьаммадан дуьххьара шен устаз гар хаза хилира. Цхьаьна дийнахь Назарха волчу шаьлта йайта веира УстаргӀордойн-Эвлара ИбрахӀим-Шайх (Аба). Шен дена гӀо деш жима кӀант Мухьаммад гина, шайха дийхира шаьлта дар. Цул тӀаьхьа цара гергарло лелийра доьзалашца. Оццара болабелира динан-серлонан некъ Назиров Мухьаммадан. ИбрахӀим-Шайха ло цунна бакъо АллахӀан дош даржош, нийсачу новкъа кхайкха адамаш. Цул тӀаьхьа мурдаша Мани аьлла цӀе йелла шайн устазан. ЧӀогӀа гергара хилла Эвтарарчу Iовдин (Баматгири-Хьаьжа).[11][12]
ТӀарикъат даржор
бӀаьра нисйанXIX бӀешо чекхдолуш Мани-Шайх кхелхира Баммат-Эвла. Теркйисттехь къадарийн даржо волавелира. 1907 шарахь Мани кхелхира ЧӀулга-Йурта, шен дахаран тӀаьххьара ворхӀийтта шо цигахь даьккхира. Йуьхьанца иза Ӏийра шен доттагӀа Бисултанов Солтаьргахь[13] а, Кадиев Исраилаьргахь (Ӏуьнчиг) а. Муридаша шайн устазана хӀусам йира. Теркйисттехь цуьнан дукха муридаш хилира, иза чӀогӀа гӀаравелира. Оцу гӀуллакхах кхераделлачу Ӏедало иза лаьцна 1911 шарахь Калуге хьажийра. ЦӀавирзинчул тӀаьхьа, мани дукха гӀара ца вуьйлуш Ӏийра гражданийн тӀом хиллалц. Мани-Шайх кхелхина 1924 шарахь ЧӀулга-Йуьртахь. Цигахь дӀаверзо барт хилира муридийн, каш а даьккхинера. Амма авлияан кӀанта элира, Мани-Шайха весет дина ша дӀаволла Баммат-Эвлахь аьлла. Тахана а ду Манин шиъ зиярат – ЧӀулга-Йуьртахь а, Баммат-Эвлахь а[14].[15][16]
Вирд
бӀаьра нисйанМанин муридаш доккху ИбрахӀим-Шайхан (Абин) вирд, хIора ламазан тӀаьхьа. Аьтту куьйган пIелгаш тIехь дагардо, цIаза пIелга тIиера дуьйна хIор пIелга тIехь кхузза олуш: боьххьехь а, шинхьа а пIелг сеттачехь. Куьг айан (цIонгел лакхахь) хила деза, «АIузу-биллахIи минаш-шайтIонирражийм, БисмиллахIиррахьманиррахьим», - аьлла дола до.
- 15-за – ЛаилахIа иллаллахьу Мухьаммадан расулуллахI.
- 5-за – АллохIумма солли Iала саййидина Мухьаммадин ва Ӏала, али саййидина Мухьаммадин ва селим.
ТӀаккха мел дIа ло: «Аса динчу 15-за зикран мела, диллинчу 5-за салаватан мела Дала вазвинчу Элчанна Мухьаммадан ﷺ бели аса. ШозлагIа сайн устазашна Абин а, Манийн а бели аса (Дала къайле тойойла церан). АлохIумма солли Iала, саййидина Мухьаммадина ва Iала, али саййидина Мухьаммадин ва селим. Фатихьат», - аьлла Фатихьат доьшур ду куьйгаш дуIанна хьала а лаьцна. ТIаккха 10-за олу: «Везан Дела! Хьо везар, Хьо вовзар лохьа»[17].
Гражданийн тӀом хир буй хууш, цуо НогӀамирзин-Йуртарчу муридашца саьнгар йаьккхира. ТӀехволучо элира шайхе: «Эрана къа стенна хьоьгуйту ахьа нахе?» Манис жоп делира: «Къинхьегам эрана хир бу нагахь мостагӀа оцу саьнгар тӀехула дехьавалахь». ХӀинца а ду и саьнгар а, Манин некъ а НогӀамирзин-Йуртахь. 1919 шарахь Нохчийчу йаьржира инарла Деникинан кӀайн гварди, уьш гӀоьртира НогӀамирзин-Йуртахула чекхбовла хьевсира. Кхузахь Манис йахийтина саьнгарш йара. Цуо сихха тӀемалой вовшахтуьйхира, вериг 54 стаг вара, коьрте хӀоттийра оьрсийн-японан тӀеман декъашхо НогӀамирзин-Йуьртан Накаев. Саьнгар чу хевшина, цара тӀелатар йухатуьйхира. Аьтту ца баьлла деникинхойн дийзира Девкар-Эвлахула Соьлжа-ГӀала дехьабовла. Ала деза, Манин саьнгаран, 1942-1943 шерашкахь, дехьа ца бовлабелла немцой а[18].
Манин доьзал
бӀаьра нисйанМанин кхоъ зуда йара. Хьалхарниг ЖовхӀарт. Цуо вина виъ кӀант: Бауддин, Зиявдин, Супьян, Самавдин. ШолгӀа зудчо, Ханис Абубакар вира. Кхин а Манин ши йоӀ йара, Неби, Зайбулла[19].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ http://visitchechnya.ru/index.php/2018-06-05-15-54-06/item/360-2018-06-13-20-58-21(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ http://an-nur.ru/news/738-2014-09-19-10-45-38.html Архивйина 2018-11-15 — Wayback Machine
- ↑ https://www.kavkazr.com/a/sheikhi-chechni-nachala-20-veka/28359570.html
- ↑ https://nohchalla.com/lichnosti/647-sheihi-i-evliyai(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ http://xn----ftbmbixfmd1a8g.xn--p1ai/index.php/2013-11-17-17-33-18/svyatye-mesta-chr/item/828-%D0%BC%D0%B0%D0%BD%D0%B8-%D1%88%D0%B5%D0%B9%D1%85(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ http://checheninfo.ru/23154-ziyarat-mani-sheyha.html

- ↑ https://leko007.livejournal.com/683070.html
- ↑ http://serdce-chechni.ru/index.php/vird/mani-shejkh-vird Архивйина 2018-12-02 — Wayback Machine
- ↑ http://an-nur.ru/news/738-2014-09-19-10-45-38.html Архивйина 2018-11-15 — Wayback Machine
- ↑ http://an-nur.ru/news/738-2014-09-19-10-45-38.html Архивйина 2018-11-15 — Wayback Machine