Хорача

Ведан кӀоштара йурт, Нохчийчоь.
ХӀокху версин 3 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2022, 30 декабрь).

Хорача (оьрс. Харачой) — Нохчийн Республикин Веданан кӀоштара эвла. Хорачан йуьртан меттиган административан йукъ[3][4].

Эвла
Хорача
Сурт
42°54′37″ къ. ш. 46°08′24″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Веданан
Йуьртан меттиг Хорачан
Истори а, географи а
Хьалхара цӀерш 1944 кхаччалц — Харачой
1958 кхаччалц — Хварши
Центран локхалла 956[1] м
Климатан тайпа барамера
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 866[2] стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусалба - суннийш
Официалан мотт Нохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код 87134[1]
Поштан индекс 366330
Автомобилан код 20, 95
ОКАТО 96204840001
Картин тӀехь
Хорача картан тӀехь
Хорача
Хорача картан тӀехь
Хорача
Хорача картан тӀехь
Хорача
Хорачар бlов
Хорачар бlов

Йуьрт лаьтта Хулхула эркан тогӀен чохь, 7 км къилбехьа кӀоштан йукъан Веданан.

Гергара нах беха меттигаш: малхбалехьа ДаьргӀа, БелгӀата, Эрсана, Гуьна, къилбаседа-малхбалехьа — Жани-Ведана йурт, къилбаседа-малхбузехьа — Мехкадаьттан-Ирзе йурт, ткъа къилбаседехьа — йарташ Дишни-Ведана а, Ведана[5] а, Теза-Кхаьлла а, къилбехьа - Ӏаьнда, ЧӀебарла, малхбузехьа - Саьрбала, Лаьшкара, Сада, Элистанжа.

Этимологи

бӀаьра нисйан

Хорача йа Харачой дешан маьӀна тайп-тайпана доккху, масала "хара" диттан тӀера хира меттиг, амма иза шеконе ду. Бакъ долчух тера ду - хан + ара + чоь - хойн чоь[6].

Микротопоними

бӀаьра нисйан

Даккъаш а, лаьмнаш а, басенаш а

бӀаьра нисйан
  • Къуйн дукъ - ЦӀаьчу лам тӀехь. Хулло эркан аьрру бердаца.
  • Керкен дукъ йа Чергазин дукъ – дахделла малхбузера малхбалехьа, лакха ломара Къоьзуна-Ӏам тӀекхаччалц.
  • Чергазин басие - Чергазин дукъ тӀехь, Хорачанна къилба-малхбузехьа.
  • Хьалхара лам йа Зарга-лам – Хорачан къилбехьа айабелла.
  •  
    Хорача. Чухчар - чlаба
    Яхаш басса – эвлан малхбузен йистера меттиг, ЧӀерганаштӀе кӀоштахь, эркан аьрру бердаца.
  • Беха лам – Чермойн ломан зӀенца.
  • Хорочойн лам – эвлан къилбаседа-малхбузен йистехь[7].
  • Вериечу лам – эвлан къилбехьа а, къилбаседа-малхбалехьа а, Лене ломан басе.
  • ГӀалайн дукъ – эвлан къилбехьа.
  • Туьйрие – къилбаседа-малхбалехьара сурт санна хаза Хорачан бохь. Баккхийчара дийцарехь, боьххьехь карайо шира нах баьхна меттигаш, кешнаш. Хулло эркан аьтту берд. Дийцаршкахь, лам тӀехь а, цунна гергахь а даьхна нарт-арстхой. Ламанан бохь ша-кепара Парнас йу, цига гуллуш хилла ламанан махкара туьйранчаш а, илланчаш а. Толамхочунна луш хилла йеха маӀаш йолу бож йа хьевзина маӀаш йолу ка, ткъа эшначунна луш хилла жима гуьмалк даьтта. Цигара схьадаьлла туьйра дицинчул тӀаьхьа олу шира вайнехан кица: «Кай-бож суна, даьттан гуьмалк хьуна».
  • Хьарамие – Ӏаьнди-ломара дикка доккха дакъа. Дукха шерашкахь нохчашна а, Ӏаьндашна а йукъахь къуьйсуш дара и дукъ. И къовсам охьабиллина къоман эшарша: «Цу Ӏаьндийн кӀенташа лекха лам къуьйсу, цу оьрсийн кӀенташа сийна Терк къуьйсу, сан даларан мошано соьца мотт къуьйсу. Со йала реза йу цуьнца ца йаха» (Залмин эшар). Гулйелла ламанан мехкийн лерина Кхеташо, цигахь бара шинне а агӀора векалш. Деха дийцина машаре ца кхаьчна. Оцу белхан уггаре дика сацам, Хьарам бина мохк цхьанне а ца хилийтар бара.
  • Хьеран дукъ тӀехьа – къилба-малхбалехьара меттиг.
  • Лене – къилбаседа-малхбузехьара лам, Хулло эркан аьтту бердаца[8].
  • Патара басса – БегӀан ирзон кӀоштара меттиг.
  • Руьнжие басса – къилбехьа. Лене ломан кӀоштахь. Кхузахь хила дезара хойша лардеш долу кевнаш.
  • Малх босса – малхбузехьа, Лене кӀоштахь.
  • Яьгначу босса – малхбузехьа, Лене кӀоштахь.
  • Лечанан берд – малхбузехьа, ЦӀаьн бердан кӀоштахь.
  • ТӀаьшка боссо – малхбузехьа, Чермойн ломан кӀоштахь[9].
  • Кханча-кхала – Хорачин къилба-малхбален йистехь, цигахь дийцарехь, лаьттина онда чӀагӀо цхьа ницкъалчу элийн. Дуста кханча – жӀар, аьлча а ЖӀаран гӀала.
  • Ши лам хедие – малхбален йистехь.
  • ЦӀаьн берд – Хорачин къилба-малхбалехьа
  • Хьонкан босса – малхбален йистехь.
  • ГӀозбина лам – Дишни-Веданин а, Хорочин а йукъара лам. Этимологи кхеташ йац. Амма гӀоз, гӀоза, гӀаз, кхин а гойту хазахетаран кхетам, шовкъ.
  • Гизгина лам – айабелла Дишни-Веданан къилба-малхбузехьа. Нохч. гездина, гезйина - теллина. Тарло, лам толлу меттиг хилар[10].
  • Ирзешка – эвлан къилбехьара меттиг, цигахь карийна шира кешнаш.
  • Чан ирзе – ЦӀаьчу ломан басе, эвлан къилбехьа[12].
  • БегӀан ирзо – эвлан малхбалехьара меттиг, Туьйрие ламанан малхбузен басенахь.
  • Гоьрган цана – килсан даьхнашна йол хьокху меттигаш. Цигара йол, Нохчийчу бусалбанийн дин кхаьчначу хенахь, йоккхура молланашна а[13].
  • Желтан ирзие – эвлан малхбузехьа.
  • Хьач боллу ирзо – эвлан малхбалехьа, Туьйра ломан кӀоштахь.
  • Мехкдаьттан ирзо – эвлан къилбаседа-малхбузехьа.
  • Хиш долчу ирзе – эвлан малхбалехьа[14].
  • ХӀовкайн ирзов – къилба-малхбалехьа[15]
  • Айманан ара - ЦӀаьчу ломан боьххьехь, эвлан къилбехьа[16].
  • Кинишка ара – эвлан къилбаседа-малхбузехьа Чермойн ломан кӀоштахь[17].
  • Къарнайн ара – Гизгина ламанан кӀоштан малхбузехьара меттиг.
  • Ара-тӀе – къилба-малхбузехьара меттиг.
  • Динара вуссу акъара – Хорачара ДегӀастане воьдучу новкъара йеха, ирхнехьара хьаланехьара жима аре, цигахь динара буьссий говрашка садоӀуьйту</ref>.
  • Кинишка ара – эвлан къилбаседа-малхбузехьа Чермойн ломан кӀоштахь[18]
  • Тена вийна арие – къилба йистехь[19].
  • Ашанаш чу – эвлан къилба-малхбузехьара меттиг, ЦӀаьчу ломан кӀоштахь.
  • Товхечу – эвлан къилба-малхбузехьара меттиг, ЦӀаьчу ломан кӀоштахь, эркан аьрру бердаца.
  • ДелетӀа – шира культан меттиг, лерина цӀуйн лакхара Делана. Къилба-малхбузен йистехь.
  • Шелчу хитӀа – эвлан къилбан йистера меттиг[20].
  • АтагӀашка - Хьеран ахк эркаца йолу, эвлан къилбаседа-малхбалехьара меттиг[21].
  • Кхашка – къилба-малхбузехьа.
  • Зеламханан хьех – ЦӀаьчу берд ломан кӀоштахь, Хорачан къилбехьа.
  • Кхиелан кхе – эвлан малхбузен йистехь. ЦӀу, аьчкан пхьар, дарбанча, герз дийриг белахь а, мехкан Кхеташонан декъахо велахь лора башха оху лаьттан дакъа, цанаш.
  • ЧӀеж коьртие – малхбузехьа, Лене кӀоштахь.
  • Попие – эвлан къилбехьа, Хьалхара ломан басе[22].
  • Казармие – къилбехьара меттиг.
  • ГӀойтин желе – Ленен кӀоштахь.
  • Вов тӀехьа – Гизгина ломан малхбален басе.
  • Ташт мехка – малхбалехьа, Ташта – долара цӀе.
  • Тух тоьлчу коьрта – малхбален йистера меттиг.
  • Ӏинан чӀожа – малхбален йистера меттиг.
  • Хьийзачу кӀоге – малхбален йистера меттиг.
  • Хьеран тӀаьхье – Хорачин малхбузехьара меттиг.
  • Мужайн цана – малхбален йистера меттиг.
  • Даттана кӀажа – малхбален йистера меттиг.
  • Туп леттинчу – малхбузен йистера меттиг.
  • Сата хьех – къилба-малхбузехьара меттиг.
  • Аттачу Ӏина – малхбузехьара меттиг.
  • Хорочу кӀоге – къилбаседа-малхбалехьара меттиг[23].
  • Пхьоьхуна – йуьртан йукъара майда.
  • Хьашка хьех - малхбалехьа, Туьйра ломан кӀоштахь.
  • Шалгов хьех – къилбехьа.
  • Дехачу кхашка – къилба-малхбузехьара меттиг. Цигахь ду шира кешнаш.
  • Онзу ваьхна меттиг – къилба-малхбузехьара меттиг[24].
  • Пхийтта хи долучу – эвлан къилбаседа-малхбузен йистехь, Хорочойн ломан кӀоштахь.
  • Туки-хие – эвлан къилбехьа[25].
  • Хьеран ахк – Хуллон аьтту га.
  • Ӏам боккхучу цӀогуние – къилба-малхбалехьара меттиг, Ӏам бина йочанийн хиш[26].
  • ӀометӀа – саьлнаш. Зирхан кӀоштахь.
  • Ишал чоь – къилбаседа-малхбузехьара меттиг.
  • ЖогӀанчу – къилбаседа-малхбузехьара эрк.
  • Чахчара – малхбузен йистера эрк.
  • Ӏу вийна шовда – къилба йистехь.
  • Къоьзунан Ӏам – ДегӀастанан а, Нохчийчоьнан а дозанера лакха ломара Ӏам, Ӏаьндин ломо а, Кхашка ломо а йинчу чутӀаӀенехь лаьтта[27].
  • Ковхи – охьадоьду малхбалехьара малхбузехьа, кхета Къоьзанан Ӏомах. Оцу эркан лакхенашкахь лаьттина ларден кевнаш.
  • Хьорсу хи – эрк, кхета Ӏомах малхбузехьара[28].
  • Такхор-боьру – эвлан къилбехьара меттиг.
  • Ирбуйн боьру – эвлан къилбехьара меттиг, Хьалхара ломан малхбуза басе.
  • Къакъарайн боьру – къилба-малхбузехьара меттиг[30].
  • ЗогӀа боьра – малхбален йистера меттиг.
  • Хьонку боьру – малхбален йистера меттиг.
  • Зеламха Ӏийна боьра – къилба-малхбалехьа, ЦӀаьн бердан кӀоштахь. ЦӀе йоьзна йу обарган Харачойн Зелимханан цӀарца.
  • Мукх бийна боьру – къилба йистехь[31].
  • Пхьоьхунан боьру – йуьртан къилбехьа Чергазин бассиенан малхбузен басехь. Пхьоьха - майда, цига мукъачу хенахь гулло баккхийнарш а, кегийрхой а ладаме гӀуллакхаш дийцархьама, дерриг керланаш хаийтархьама а. Пхьоьха хӀора йуьртахь а, эвланахь а хуьлуш хилла[32].
  • Хьочие – саьлнаш.
  • Байтаркхие – саьлнаш.
  • Кха ӀомиетӀа – саьлнаш.
  • Хьеха хьалха – саьлнаш.
  • Тимишан ирзо – саьлнаш.
  • ЭгӀазгие – саьлнаш[33].
  • Шемалан некъ – Хьалхара лам тӀе хьалабоьду хьийза некъ, бохалла 10 км гергга бу. Биллина цхьаьна буса имам Шемалан эскарера нохчийн тобано.
  • Некъан голие – малхбален йистехь.
  • Паччахьан некъ – биллина 1871 шарахь Александр II ванле. Шемалан а, паччахьан а некъаш лаьтта Хьалхара ломан цхьаьна басехь, вовшен хада а беш[35].

Хорачан йисташкахь карийна шира оьздангаллин хӀумнаш а, кешнаш а[36].

Ӏаьрбийн географа Аль-МасӀудис X бӀешарахь хьахайо Хорача. Оцу муьрехь, Хьарами дукъ даккхарехула, чекхболура Сарир паччахьаллера Аланийн паччахьалле (Хьалхара Кавказан аренаш) некъ[37].

Кхузара схьаваьлла гӀараваьлла нохчийн обарг Гушмазукаев Зеламха.

Йуьртахь йинчу, уггаре йоккха а йолчу Султанова Таймагазан (2014 шарахь, цуьнан дара 109 шо) дагалецамашца — 1944 шеран 23 февралехь, берриг божарий буса дӀабигира, меттигера маьждиг чу а боьхкина дӀакъевлира, цул тӀаьхьа иза а, Хорачара берриг бисина бахархой а чубоьттира даьхний лело вагонашна, арабехира Кхазакхстане. 1958 шарахь Хорача цӀайирзича, цунна йуьртан меттехь хӀумма а ца карийра «цхьан хӀума а дацара, деккъа латта»[38].

1944 шерера 1958 шо кхаччалц муьрехь, нохчий а, гӀалгӀай а махках баьхначул тӀаьхьа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаьккхира, йуьртан цӀе Хварши[39] йелира, иза ДАССР Веданан кӀоштана йукъахь йара [40].

1958 шарахь, Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀотторца, эвлан хьалхара цӀе схьаелира.

1999 шеран 17 ноябрехь йуьртан гена доццуш тӀом хилла 31-гӀа ТӀДЭ Ульяновскан бригадин талламан тобанан а, тӀемлойн тобанан а йукъахь, цигахь 14 десантхочух 12 вийра, ткъа шиъ йоккха чов йина, йийсар вира[41].

1999 шеран 30 декабрехь ЦӀен байракхан Къилбаседа флотан 61-гӀа ша йолу хӀордан гӀашлойн бригадин 876-гӀа ша йолу десантан-штурман батальонан десантан-штурман взводан баьччас, лейтенанта Курягин Юрий шен взводаца йуьртан гергахь тӀаме велира 15 стаг гергга волу тӀемлойн тобанца. ТӀамтӀехь цуо гайтира майралла а, турпалалла а, когана чов йинчул тӀаьхьа ара ца ваккхийтира тӀеман йукъара. ШолгӀачу дийнахь Курягинан взводан позицешна йуха а тӀелетира тӀемлой, цара лелайора цӀекхуссург, куьйга кхуьйсу бумбанаш, тӀелеттарг вара бӀе сов стаг. Ша Курягинан аьтту белира царех виъ вен, ша вийра иччархочо, шен хьуьнарна Курягинан веллачул тӀаьхьа Российн Федерацин Турпалхо цӀе йелла[42].

Бахархойн дукхалла
20022010[43]2012[44]2013[45]2014[46]2015[47]2016[48]
618762775782807817826
2017[49]2018[50]2019[51]2020[2]
840855869866
100
200
300
400
500
600
700
800
900
2002
2015
2020

ГӀарабевлла йуьртахой

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Село Харачой / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ) Архивйина 2011-09-01 — Wayback Machine
  2. 1 2 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
  3. Закон Чеченской республики № 14-РЗ от 20.02.09 (doc). — Об образовании муниципального образования Веденский район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 11 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 11 апрелехь Архивйина 2013-09-28 — Wayback Machine
  4. Харачойская сельский округ (сельсовет)* (Веденский район). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 19 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 29 январехь
  5. Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 2 январь.rar. Объём 8 МБ
  6. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 270. — 5000 экз.
  7. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 270. — 5000 экз.
  8. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 271. — 5000 экз.
  9. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 272. — 5000 экз.
  10. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 272. — 5000 экз.
  11. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 276. — 5000 экз.
  12. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 270. — 5000 экз.
  13. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 270. — 5000 экз.
  14. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 271. — 5000 экз.
  15. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 274. — 5000 экз.
  16. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 270. — 5000 экз.
  17. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 272. — 5000 экз.
  18. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 274. — 5000 экз.
  19. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 276. — 5000 экз.
  20. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 270. — 5000 экз.
  21. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 271. — 5000 экз.
  22. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 272. — 5000 экз.
  23. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 274. — 5000 экз.
  24. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 276. — 5000 экз.
  25. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 271. — 5000 экз.
  26. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 272. — 5000 экз.
  27. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 274. — 5000 экз.
  28. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 275. — 5000 экз.
  29. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 275. — 5000 экз.
  30. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 272. — 5000 экз.
  31. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 274. — 5000 экз.
  32. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 274. — 5000 экз.
  33. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 274. — 5000 экз.
  34. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 274. — 5000 экз.
  35. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 274. — 5000 экз.
  36. Каякентско-хорочоевская культура Архивйина 2022-02-02 — Wayback Machine
  37. Дадаев С. По дороге к жемчужине Кавказа
  38. Жительница села Харачой Тамайгаз Султанова — одна из самых старейших людей Чечни ИА Грозный-информ 27.05.2014
  39. Ведомости Верховного Совета РСФСР № 5 1958
  40. О восстановлении Чечено-Ингушской АССР и упразднении Грозненской области. lawru.info. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 8 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2019 шеран 6 августехь Архивйина 2019-08-06 — Wayback Machine
  41. Мемориальную доску герою-десантнику Артему Веселеву открыли в Горно-Алтайске Новости Алтая 26-02-2019, 10:37
  42. В Пермском крае состоялись окружные торжественные мероприятия, посвященные Дню Героев Отечества Удмуртская правда. 07-12-2018. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 17 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2019 шеран 17 апрелехь Архивйина 2019-04-17 — Wayback Machine
  43. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
  44. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
  45. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  46. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
  47. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
  48. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  49. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
  50. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
  51. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан