НогӀамирзин-Йурт

Теркан кӀоштара йурт, Нохчийчоь.
ХӀокху версин 30 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2018, 29 июль).

НогӀамирзин-Йурт (Ломаз-Юрт[4]) — Нохчийчоьнан Теркан кӀоштара эвла.

Эвла
НогӀамирзин-Йурт
Ломаз-Йурт, Номаз-Йурт[1]
Сурт
43°38′57″ къ. ш. 44°53′01″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Республика Нохчийчоь
КӀошт Теркан
Йуьртан меттиг Ломаз-Йуьртан
Истори а, географи а
Йиллина 1860 ш.
Центран локхалла 121[2] м
Климатан тайпа барамера континенталан
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 5000[3] стаг (2010)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусулбанаш
Бахархойн цӀерш ломазъйуьртахой
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код 87132[2]
Поштан индекс 366816
Автомобилан код 95
ОКАТО 96216804001
bratskoe-sp.ru
Картин тӀехь
НогӀамирзин-Йурт картан тӀехь
НогӀамирзин-Йурт
НогӀамирзин-Йурт картан тӀехь
НогӀамирзин-Йурт
НогӀамирзин-Йурт картан тӀехь
НогӀамирзин-Йурт

НогӀамирзин-Йуьртан меттиган административан центр[5].

Нохчийчохь уггар малхбузера йуьрт йу, Къилбаседа ХӀирийчоьнан Мазалкан кӀоштаца доза ду малхбузехь. Лаьтта Теркан аьтту бердаца Ставрополан мехкара Курскан кӀоштан Гуьлгани гӀалин дуьххьала, кӀоштан йукъ йолчу ЧӀулга-Йуртан 19 километр къилба-малхбузехь, 116 километр гена Нохчийчоьнан коьрта шахьран Соьлжа-ГӀалин, 24 километр гена цӀерпоштнекъа станцин Ишорен[1]. Уллора йарташ: къилбаседа-малхбалехь — Ӏелин-Йурт а, Бена-Йурт а[6].

Микротопоними

бӀаьра нисйан

Йуьртан махка тӀехь йу лахара микротопонимиш:

  • Баьрзнаш – йуккъерчу бӀешерашкара кешнийн баьрзнаш, йуьртан къилбехьа.
  • Кешнаш – йуьртан къилба декъехь.
  • Шира кешнаш – йуьртан къилбаседа агӀора дӀатесна кешнаш, токхмаш хиларна духуш ду.
  • ГIонжин некъ – некъ араболу малхбалехьа аренашка. И некъ биллина Анстой тайпана хиллачу хьоладас ГӀонжас, йуьртан гена йоццуш ГӀонжгӀеран кӀотар хилла.[1]
  • Манин саьнгар – Мани-Шайхан омрица цуьнан муридаш а, ломазюртхоша а, XX бӀешеран 20-гӀачу шерашкахь гӀалагӀазкхашна дуьхьала тӀом бан йаьккхина саьнгар.
  • ГIарсин гIайре – йуьртан къилбаседа-малхбалера Теркан гӀайре. ГӀарси – нохчийн боьршачу стеган цӀе йу.
  • БугIин некъенан кIотар – йуьртан малхбалехьара кӀотар, цӀе ширъелла. ХӀинца Къурбан кӀотар йа МТС олу. БугӀин некъе Чермойх дакъа ду.
  • Къурбан кӀотар – БугIин некъенан кIотар цхьаъ ду. Кхазакхстанера цӀехьадирзича Къурбан некъе дуьххьара охьахевшира цига НогӀамирзин-Йуртара кхелхина. Къурбан некъе орстхойн тукхумара Анстой тайпах бу.
  • Элийн мохк – массо а аьлча санна теркан аьтту бердаца йолчу йарташкахь йу иштта цӀе, уггар дика латташ паччахьо совгӀатан лора эскаран гӀуллакхехь болчарна, хьоладайшна, элашна, гӀазакхийн тхьамданашна, шайн агӀора бевлла цӀе йоккхуш хилла болу нохчашна а.
  • Кхуран хи долу чоь – йуьртан къилбехьара хьост долуш меттиг.
  • КIир боккху чоь – йуьртан къилбехьа.
  • Белшин чоь – йуьртан къилбехьа. «Белши» - наьртан Новран зуда.
  • Бесиран боьлак – йуьртан къилбехьара коьллин хьун. Бесир – нохчийн боьршачу стеган цӀе йу.
  • Ирбаьхьанан барз – йуьртан къилба-малхбузехь. Ирбяхан - нохчийн боьршачу стеган цӀе йу.
  • Ирзен гIайре – Теркан гӀайре тӀехь хьуьнан ирзе долуш, йуьртан къилбаседа-малхбалехьа.
  • Оьзаг – йуьртан малхбалехьа а, къилбехьа а долу дежийлаш.
  • ГIожакъан Iуьрг – йуьртан малхбален агӀора лаьтташ доьду Ӏуьрг. ГIожакъ – наьрт ду вайнехан мифологера. Наьрташ ГIожакъ, Новр, церан зударий Сатиха а, Белши а дуккха а хьахийна бу теркхойн дийцаршкахь а, туьйранашкахь а. Теркан дукъ тӀехь а, Ӏалханчуртан тогӀен чохь а иттаннаш топонимаш йу наьртех техкина.
  • ГӀонжин боьра – йуьртан малхбалехьа[7]. Цигахь лаьттина ГӀонжин кӀотар.
Бахархойн дукхалла
1990[8]2002[9]2010[10]2012[11]2013[12]2014[13]2015[14]
3436504250005207533054465473
2016[15]2017[16]2018[17]2019[18]2020[19]
55325604559456325602

Къоман хӀоттам (2002 ш.):

  • нохчий — 5 022 ст. (99,6 %)
  • кхин берш — 20 ст. (0,4 %)

НогӀамирзин-Юрт йилина 1860 шарахь Теркан аьтту бердаца, тайпана цӀечой хиллачу НагӀмирзас.

 
1838 шеран карта

1944 шарахь нохчий а, гӀалгӀай а махкахбаьхначул тӀехьа йуьртан цӀе хийцира цӀе – Братски, ткъа нохчийн цӀе НогӀамирзин-Юрт юхаерзийра[4] Братское — село с большой

Ичкерин хьалхара паччахьо Дудаев Жовхаро НогӀамирзин-Юрт цӀе «Турпал-Юрт» аьла хийцира[20]. Тахана йуьртхоша дукхах дерг Ломаз-Юрт олу, ткъа НогӀамирзин-Юрт а, Турпал-Юрт а наггахь болчара бен ца олу.

Социалан объекташ

бӀаьра нисйан

Йуьртахь ду доккха рузбанан маьждиг, оьздангаллин цӀа, масех туька, пошта, 2015 шарахь керла йиллина ишкол (НогӀамирзин-Юртан муниципалан юккъера йукъарадешаран ишкол[21]).

ГӀарабевлла йуьртахой

бӀаьра нисйан

Йуьртара тайпанаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997, стр.551
  2. 1 2 Село Братское / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ) Архивйина 2011-09-10 — Wayback Machine
  3. 11. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений. Итоги Всероссийской переписи населения 2010. Том 1. Численность и размещение населения. Росстат (2012). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 16 апрель. Архивйина 2012 шеран 1 июнехь
  4. 1 2 http://grozny-inform.ru/news/society/50930/
  5. Братский сельский округ (Надтеречный район) Архивйина 2017-10-18 — Wayback Machine
  6. Карта Чечни
  7. Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997, стр.552
  8. Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
  9. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
  10. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
  11. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
  12. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  13. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
  14. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
  15. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  16. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
  17. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
  18. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.
  19. Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
  20. Памяти героя Ичкерии Вахи Центроева (Одинокий Волк)
  21. МОУЧ 'СОШ с.п. Братское' 89637016742, 2007003861
  22. Газета "Коммерсантъ" № 067 от 13-05-97 Полоса 001
  23. Умалат Лаудаев
  24. Новости мира из Вашингтона — Радикальный ислам или буддизм — религия как причина конфликтов September 8, 2017 Архивйина 2017-12-28 — Wayback Machine
  25. Интервью с Джамбулатом Умаровым от 21 ноября 2017 Говорит Москва 22 ноября 2017
  26. Победы и поражения комбата Ямадаева. Южный репортёр (2005 шеран 27 июнь).
  27. Обращение к журналистам и общественным деятелям, признающим необходимость окончания войны в Чечне и начала мирных переговоров. Московская Хельсинкская Группа (2002 шеран 1 октябрь).

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан