Зиярат
Зия́рат (Ӏаьр. زِيارة — гучу-вахар, тӀехӀоттар) — йезачу меттиге вахар (пахӀамарийн, авлияийн, шайхийн, имамийн кешнаш, ткъа Къилбаседа Африкехь дийна суьпийн шайхаш болчу эхар) а, иштта ша и йеза меттиг билгалъйаккхар (хьажа иштта макъам). Башха маьӀна ду бусалбанашна Мадинатера Мухьаммад пайхӀамаран ﷺ коше валар а хьаьж данле йа динчул тӀаьхьа. Ӏибадат йукъа догӀу: кошан уллехь Къуръанан сураташ дешар а, дуӀа дар а, кошан гуонаха хьовзар а, иза кечдар а, ткъа иштта сагӀа далар а. Зияратан чеккхенан Ӏалашо йу беркат кхачар а[1].
Исламан историн хьалхарчу бӀешерашкахь цхьаьна хӀуманна Ӏибадат дар делаца накъост тохар лорура. X бӀешо йуккъе даххалц Мухьаммад пайхамаран ﷺ каш а ца хилла Ӏамал йаран меттиг[2]. IX бӀешо чекхдолуш хааделла Элчан ﷺ а, асхьабийн а, исламехь лоруш болу Ӏалимийн а зияраташна тӀехула макъамаш а, маьждигаш а дар. Безчу нехан а, церан кешнийн а культ сиха кхуьу X бӀешо чекхдолуш. ЧӀогӀа йоккха роль оцу белхехь ловзийна суьпалло, цуо лору син-мехаллин устазаш (муршидаш, шайхаш) а, церан зияраташка эхаран ламаст а. Суьпеш лорура, шайхин йукъараллийца дӀаделла дуӀанашна АллахӀа жоп лур ду аьлла[2].
Ӏибадат даран объекташ хуьлу иштта Библин а, Къуръанан а пайхамарашца йоьзна меттигаш. Йуьхьанца безчу нехан кешнех а, кхечу динан сийлаллех а машхӀадаш олура. Зиярташна гуонаха наггахь маьждигаш а до. ЦкъаццӀа царех бух хуьлу йаккхийчу гӀаланашна (ОвхӀанера Мазари-Шариф, Ӏиракъера Неджеф, кхин а)[2].
Цхьаболчара йеза меттигаш лору шайн дайн кешнаш, цига боьлху башха дезачу деношкахь (ГӀурбан Ӏид)[3]. Масала гӀалгӀайн а, нохчийн а Ӏедал ду рамадан бутт болалуш авлияийн коше бовлуш[4]. ДегӀастанехь ду ЗахӀидийн зиярат, цига оьху дуккха а нах, цигахь до зикраш а, йоьшу мовлдаш.
-
ЧІулга-Йуртара Манин зиярат
-
Зияртера Манин чурт
-
Хьесамак-Моллин зиярат
-
МІомин зиярат
Уггаре девзаш долу зияраташ
бӀаьра нисйан- Мадинатера Мухьаммад пайхӀамаран маьждиг (СаӀудийн Ӏаьрбийчоь);
- Ан-Наджафера имам Ӏали ибн Абу ТӀалибан зиярат (Ӏиракъ);
- Веа имаман кешнаш: Хьасан бин Ӏелин, Ӏали ибн Хьусейнан Зайн аль-Ӏабидинан, Мухьаммад ибн Ӏали аль-Бакиран, ДжаӀфар ибн Мухьаммад ас-Садикъан, Мадинатера Бакъи кешнашкахь ду (СаӀудийн Ӏаьрбийчоь);
- Карбалаэра имам Хьусейнан, цуьнан кӀентийн Ӏали Акбаран а, Ӏали АсгӀаран а зиярат (Ӏиракъ), кхин а имам Хьусейнан зияратан гергахь долу Абу-л-Фадл Ӏаббасан зиярат;
- БагӀдадера Къазимейн зиярат (Ирак), цигахь дӀабоьхкина шиӀийн ворхӀалгӀа имам Муса ибн ДжаӀфар аль-Казим а, иссалгӀа имам Мухьаммад ибн Ӏали аль-Джавад (ат-Такъи) а, ткъа иштта баккхий дешна шиӀийш: шейх Муфид а, шейх ат-ТӀауси;
- МашхӀадера бархӀалгӀа шиӀийн имаман Ӏали ибн Муса ар-Ризан зиярат (Иран);
- Самаррера итталгӀа имаман Ӏали ибн Мухьаммад аль-ХӀадин (ан-Накъи) а, цхьайтталгӀа имаман Хьасан ибн Ӏали аль-Ӏаскарин а зиярат (Ӏиракъ);
- Димашкъера Зайнаб бинт Ӏалин зиярат (Шема);
- Къумера Фатима Маасумен зиярат (Иран).
Уьш доцуш, хӀинцалерачу Иранан, Азербайджанан, Ӏиракъан, Шеман мехкашкахь шортта зияраташ ду имамийн а, церан берийн а.
Цул сов, суннан а, шиӀийн а исламехь беркате лору пайхӀамараш а, церан асхьабаш а дӀабоьхкина меттигаш. Царна йукъахь, масала, Иерусалимера Аль-Акъса а, Къуббат ас-Сахра а маьждигаш, Иерусалиман а, Димашкъан ПайхӀамарийн хьех, Иерусалимера (аль-Кудсера) Марьяман каш, Иерусалиман гена доццуш долу Муса пайхӀамаран каш, Наблусера Юсуп пайхӀамаран каш, Димашкъера Билал бин Рабахьан каш, Иерусалимера (аль-Кудсера) Салман аль-Парсин каш, кхин дӀа а.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Ислам: Словарь атеиста, 1988, с. 83.
- ↑ 1 2 3 Ислам: ЭС, 1991, с. 151.
- ↑ Пятница и праздники Архивйина 2013-09-01 — Wayback Machine
- ↑ Зязиков посетил зиярат Батал-Хаджи(ТӀе цакхочу хьажорг)
Литература
бӀаьра нисйан- Большаков О. Г. Мазар // Ислам: энциклопедический словарь / отв. ред. С. М. Прозоров. — М. : Наука, ГРВЛ, 1991. — С. 151.
- Али-заде А. А. Зияра : [арх. 1 октябрехь 2011] // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.
- Кеп:ИСА-1988/1
- Литвинов В.П. Религиозное паломничество: региональный аспект (на примере Туркестана эпохи средневековья и Нового времени. Елец: ЕГУ им. И.А. Бунина, 2006, 377 с.
- Горшунова О.В. [ https://elibrary.ru/download/elibrary_10080218_52113015.pdf Священные деревья Ходжи Барора. Фитолатрия и культ женского божества в Средней Азии] // Этнографическое обозрение,2008 №1. Сс.71-82. ISSN 0869-5415
ХӀара исламах лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |