Нохчийн бӀаьвнин архитектура Нохчийчохь йуккъерачу бӀаьшерашкахь маса йаьржира. БӀаьвнаш йора хӀусаман а, мостагӀчун бӀо йухатоха а. Цхьайолу бӀаьвнаш и ши а функции кхочуш йеш йара.

Хоер тlеман бlов
Хоер тlеман бlов

Гуш ду нохчийн бӀаьвнийн архитектура кхоллайалар геннара схьадогӀуш хилар. Царех тера гӀишлош хаало хурритийн а, урартхойн[1][2], вайн эрал II—I эзар шо хьалха йина йолу, кхин тӀе дуккха а историкаш дийцарехь, нохчийн къаоман бӀаьвнашца цхьана кепара а йолу. Вайн эрал I бӀаьшо хьалха, Румера авторо дийцарехь, Ӏаьржа хӀордан малбуза берда тӀийра шайн схьабовлар нахашна гергара болу Колхидан бахархой, бехаш бара йеакӀо бух а болуш, лакхахь гатлуш пенаш а долуш, гӀаргӀа тхьоьвнаш а долуш йолчу бӀаьвнаш чохь. Нохчийн бӀаьвнийн планировка къаьсташ йу къилбехьара къаьмнаш йинчу гоьрга бӀаьвнех[1].

Нохчийн къамн дехачу махкара шира тӀеман гӀишлош вайн эрал III эзар шо хьалха йина йу. Оцу махкахь карийна йолу йоьхна шира бӀаьвнийн гӀишлош вайн эран I бӀешарахь йина йу, тӀеман а, бахаман а бӀаьвнаш къасталуш йу оццахь а. XII—XIII бӀешерашкахь алсамделира царех тера гӀишлош йар. БӀаьвнаш йаран архитектура а, технологи маса делира XV—XVII бӀешерашкахь[1].

Йукъара характеристикаш

бӀаьра нисйан

Нохчийчохь йаьржана бӀаьнийн бух хила беакӀуо 6-12 метр, локхаллехь 10-25 метр функцега хьаьжжина. БеакӀуо тӀулгийн пенаш чоьхьахьа таьӀна хила лакхара гӀаттеш тӀехь дуткъалуш. БӀаьвнаш кечйеш хилла динан ритуальни петроглифашца[3].

Бахаман йалахь а, тӀеман йалахь а бӀаьвнаш йар динан ритуалашца хилла. Эшарш а, дийцарш а пхьерашна тӀехь куьйгалла деш волу зодчех лаьцна хилла. Цхьаболчу пхьерийн цӀераш хӀинца а йуьйцуш йу, масала, Дисхи. Цхьайолу нохчийн эвланийн бахархой беккъа бӀаьвнаш йеш пхьераш бехаш хилла. Легендо боха пхьерийн куьгалхочун бакъо хилла сийлахь а, кхераме а, «цӀурку» олу тӀулг биллар, бӀаьвн гӀаргӀа тхьов берзош болу. Лами баролашна тӀебоьхкуш хилла пхьар тхьов тӀе хьалавалийта бӀаьвн арахьаха. И болх баро дукха пхьерийн дахар дӀадаьхьна. Нагахь пхьеро и болх чекхбаккхахь бӀаьвн дас сту луш хилла. БӀов йаро доьзалам бахамна 50-60 йет зе деш хилла[3].

ГӀишлошйарал хьалха гӀомалла леладора. БӀов йан доьххьала даьхнашца «цӀена» меттиг лехара даьхнашца — гӀишло йечу меттиге дохна даладора, масала, бугӀа, нагахь иза сарахь дӀайижахь и меттиг «цӀена» лорура. Йа кхуза дӀавижавора хӀусамда, нагахь цунна дика гӀан гахь иза а дика билгало лорура. ТӀаккха сагӀийна даьхнех хӀуманна урс хакхара, дукха хьолахь уьстагӀна (амма хьалдолучара сту а буьйра). СагӀийна урс хьаькхна даьхьнийн цӀий даржадора бух тӀехь, доӀа а дой, йуьртахоша «беркате» куьг ду олуш волу, йуьртахь лерамечу стаге (текъамдин хенахь — цӀуга, тӀехьа моллега йа къанога) болх дӀаболо пурба луш, куьг тохийтора бух тӀе хьалха буьллучу тӀулгах[3].

Дукха хьолахь бӀаьвнаш бух а цабуттуш, тархаш тӀехь йоттара. Нагахь гӀишлойаран меттигехь тарх дацахь бух охкий лаьттаха багӀийтора. Сазз-латта шура йа хи а детташ кӀаддеш ахкара, латта дӀадаккхара тӀуналла латах дехьа цайолуш саццалца. В. П. Кобычевс гулйинчу аренан дийцарш дийцарехь, Малхбален Нохчийчохь меттигера бахархоша «масийтта денна лаьттах йоллара хих йуьззана, балозца къевлина йолу кхийра кхаба. Нагахь кхабанчуьра хи охьадаьллехь, меттиг цамагайора»[3].

БӀаьвн буххана ши метр деха а долуш, адамал лекха а долуш, масех тонн деза а долуш тӀулгаш дохкура. Уьш генахь дацахь (чӀагӀаргца йа зеразакъца), ткъа гена делахь — стерчий дужий салазаш тӀехь дӀасатекхадора. ТӀулг боттар киран йа киран, сазз-латтан маркхалца кегийра бина тӀулг а лелош, наггахь йекъа маркхал а лелайора[3].

ХӀусаман бӀов

бӀаьра нисйан
 
НикӀарой эвлара хьакълагӀаш. Хьалхара план тӀехь — хӀусаман бӀов.

Классически хӀусаман бӀаьвн бух беакӀов герггара хуьлу (дукхахдерг 8—10 × 8—12 м) лакхахь гатлуш, 2- 4 гӀат а йолуш (амма НикӀаройн йуьртахь йолуш йу 6 гӀат йерг), чӀапа лаьттан тхов а болуш. Пенаш дуткъадаларо а, уьш лакахь чуозадаро а гаттайо бӀов лакхахь. Пенийн стоммалла 1,2-0,9 метр кхаччалц лахахь, 0,7-0,5 метр лакхахь а хуьлуш хилла. М1айстахь, Нохчийчоьна кхечу кӀоштех къаьсташ, хӀусаман бӀевнийн тхоьвнаш таьӀна а долуш тӀулгийн экъанех деш хилла[3].

БӀаьвн пенаш дуьненан агӀонашка дирзина дара. Арахьа йохкуш хилла бӀов ларйеш йолу тайпанан гӀамаллин хьаьркаш, цара гойтуш хилла тайпан сийлалла а, хан а. Керла бӀов йугӀуш цуьнан пенаха духкуш хилла ширачу бӀаьвн петроглифаш тӀехь йолу тӀулгаш. Оцу бахьанехь петроглифаш йолу тӀулгаш дукха хьолахь къаьсташ хуьлу басца а, тӀехь бинчу балхаца а[3].

Шира гӀишлон дакъа керла гӀишло йеш лелорах Ӏадат хилла тахана. Нохчийчо керла цӀа деш даиман а бух йукъа шира цӀийнах бисна тӀулг буллу, оцу чуьра беркат керлачу хӀусаме дехьадаккха[3].

 
Хаскалера хӀусаман бӀаьвн йуккъера бӀогӀам (аьрда бӀогӀам)

ХӀусаман бӀаьвнаш йугӀара айаеллачу меттигехь, хин гена йоццуш. Дуккхахчара тӀеман кхерам хилахь а олий къайлаха хи далош хилла бӀаьвн тӀе. Шира дийцар дисна Орган аьхкахь Бекхайла лам тӀехь йолу бӀаьвн комплексан гуобарех лаьцна. Комплекс йукъайогӀуш хилла кхоъ тӀеман а, цхьаъ хӀусаман а бӀов, гонахьа леккха тӀулгийн пен а болуш. Иза йина хилла лекха Ӏункара берда тӀехь. Лаьтта бухахула тӀулгийн биргӀанашца хи дагӀара чӀагӀонна чу. МостагӀашка схьацайаккхалора комплекс. Амма бӀаьвнаш ларъеш болчеран мостагӀалла долу луларчу бахархоша хьиехам бина, даьхнашна туьха а даадай бӀаьвнашна тӀехеца аьлла. Хьогалло хьийзош долу даьхний, бухахула бӀаьвнашна тӀедоьду хи долччохь латта ахка доладелла. МостагӀаш тӀедогӀу хи дӀасацийна. БӀов ларйархой буьйсана латан кӀелхула баьккхина араволу некъаца бӀов йитина[3].

Лелош долу тӀулгаш тайп-тайпана барамаш болуш а, охьабиллале чухула агӀор дикка тӀехь болх беш а хилла. Пенаш дуттуш хилла киран йа киран, сазз-латтан маркхалца, кегийра бина тӀулг а лелош, наггахь йекъа маркхал а лелайора[3].

БӀаьвн йуккъехь аьрда бӀогӀам лаьттара. Оцу тӀехь латтара гӀатташна йукъара дукъош. Дохалла дохку дукъош терхьаш тӀе йа сонен тӀулгаш тӀе хиттадора. Уьш гӀортолаш йара мелла а дуткъий дуӀошна. Оцу дукъош тӀе чкъор серий а дохкий, цу тӀе саз-латт а духкий вабайетташ хилла. ГӀортолан бӀогӀамах аьрда бӀогӀам олуш хилла. Ширачу заманахь и бӀогӀам лераман ма1на долуш хилла. Нохчаша дуккха а хенахь ларабора гӀортолан бӀогӀам хӀусаман конструкцин дакъа сана а, кхин тӀе цуьнан динан агӀо сана а[3].

Нохчийн хӀусаман бӀаьвнаш йаран хьесапца сванийнчарех, гӀалгӀайчарех а, хӀирийчарех тера йу, амма уьш йаккхий йар шен барамашца а, гӀаьтнашца а къаьсташ йу. Лахара шиъ гӀат даьхнашна йара. Хьалхара гӀат тӀехь бежний, гомаш, говраш кхобура. Цхьа дакъа дӀакъастадора доьхьало а йой йалта Ӏалашдан. Наггахь ор доккхий бух а, пенаш а тӀулгех доттара. Божалан цӀенкъа аннех йора йа экъанаш йахкара. Говрашна йора даьхикерт[3].

ШолгӀа гӀат тӀех уьстагӀий а, гезарий а кхабара. Оцу гӀотан шен некъ хилла. Даьхний чулахкара дукъоха йинчу хьалаволийла тӀехула[3].

КхоалгӀа гӀат (кхоъ гӀат йолу бӀаьвнахь — шолгӀа) доьзалан хӀусама йара. Кхузахь Ӏалашбора доьзалан бахам. Ширачу заманчохь бедарш а, гӀирсаш а аьчган мӀараш тӀеохкара, дукхачара пенан терахьаш тӀе а йохкура. Пенаца дечиган васхалаш хиттайора пхьегӀашна. Герз хӀусамден меттан тӀехула оллара. ТӀеман хенахь оьшуш хӀума дара иза, тӀаьхьа Ӏадат хилира цунах[3].

ЦӀенкъа йуккъехь тӀулгийн кхерч хилла. Кхерч бора гонаха тӀулг боьттина гоьрга экъана тӀехь. Йай хоттабора очакхан (эчиган кхоког) тӀе. КӀур корехула араболура. Кхузахь доьзало кхача кечбора, кхача баара, садаӀара. ТӀехьуо кхерч хийцира пенаца хотточу товхица. Амма кхерчан меттиг а, йай уллу зӀаь а нохчаша а, Кавказан кхечу къаьмнаша а чӀогӀа сийдеш йара. Кхерчца дуй баара, зӀен тӀехьакхвелла чӀирхочун чӀира йитаезаш йара. Кхерча уллохь дина къола чӀире кхаччош йуьхьйагор дара. Кхерча нехаш кхийса мегаш дацара. Чоь цӀанйеш нехаш кхерча тӀийра дӀахьакха езара, кхерча тӀе цамагадора. Дууш дисина бепиган цуьргаш кхерчахь йогучу цӀерга кхийса дезара[3].

 
Йукъарч-Келар бlов.

Товхьана уллохь, кхаа коган текха тӀехь, доьзало цхьана кхача баара. Кегий зудий, майрий къаьстана баара кхача. Хьешан хьалха баабора кхача. Цуьнца кхача боькъург хӀусамда бен вацара. Хьаша зуд-стаг елахь цунан хьошалла дора хӀусамнанас[3].

Дуьйшура тегна истангаш тесначу шуьйрачу дечиган йа тӀулган тахтанаш тӀехь. Доьзалан цхьа дакъа лаьтта уьстагӀан тӀарганах йина гоьнаш а тосий, тӀе вертанаш йа кетарш тосий буьйшура. Хьалдолу доьзалийн жӀамарашца кечбина дарин мотт-гӀайба хилар. Дийнахь иза генарчу сонехь дӀабуьллура. Мотт дӀабиллар ритуале гӀоьрттина хӀума дара. ХӀусамнанна хааезаш бакъонаш йара, муьлханиг хьалхара, тӀехьара рогӀехь хьарчо беза[3].

ТӀаьххьара гӀат тӀех цӀийнан оьшу гӀирс а, йуург а Ӏалашйора. Кхузахь буьйшура хьеший а, керла кхоллабелла доьзал а. И гӀат мостагӀ тӀелетча тӀеман гӀуллакхна лелайора. ЧӀапачу тхьов тӀе чохь силам болуш йай хоттабора, тӀулгаш а кечдора. БӀевн гуо бича уьш мостагӀчун тӀекхуьйсура. Тхьов стаммийчу, ул-улло дехкинчу дуӀох буора. Оцу дукъош тӀе чкъор серий а дохкий, цу тӀе саз-латт а духкий вабайетташ хилла. ТӀеман гӀоле хилийта бӀаьвн пенаш тхьевнал хьаладохура[3].

Йовхачу хенахь чӀапа тхьов тӀехь цӀевнаш дакъа а дора, агара, ахьара. Аьхка доьзало хӀума йаар, мукъа хан а йаккхар[3].

ГӀатташна йукъахь чекхволийла йуьтура. Цига ламеш йа киртигаш йаьхна дукъош хиттадора. ХӀора гӀаьтан, тӀеххьарниг йоцург, шен некъ йолуш хилла. НеӀарш а, кораш а дора лараш кепара горгдина даккхийн тӀулгех. НеӀ стомма аннех йора, пенах Ӏуьргаш а дуьтий, оцу чу гӀуй булли дӀакъовлара иза. Кораш чӀогӀа кегий хилара. Лакхара гӀатнаш тӀехь уьш баролийн мета хилара. Ӏай а, буса а кораш къовлура дечиган неӀаршца йа тӀулгийн экъанашца. Аьхка корашна тӀе даьхнийн чуьйрийн чекхсаго пардо озадора[3].

 
Нохчийчура петрогрифаш

ХӀусаман бӀов цхьана доьзалан долахь хилара. Бераш даккхий хилча деца-ненаца жимахвола кӀант вуьсура. Кхин тӀе, керла доьзал деца-ненаца цхьана чохьӀан йишйацара. Уьш лакхара гӀат тӀе дӀакхалхара йа оцу гӀат тӀехь доьхьало йора, шайн кхерч а болуш[3].

ТӀом йухатохар коьрта Ӏалашо йацара хӀусаман бӀаьвн. Амма йуккъерачу бӀаьшерийн заманан кхерамашка хьаьжча, бӀаьвн дайша шайга йалучу агӀора тӀеман бӀаьвнах тарйан хьовсура церан функцеш. БӀаьвн арахьа дечиг лелош цахилла, бӀов мостагӀе йага цайайта арахьахула. Лакхара гӀат даиман а тӀеман кечам бина хилара. БӀаьвн локхалло чӀагӀбора хойн пхенаӀедан а, тӀулгийн а ницкъ, мостагӀий тӀе а цакхачалора царна. МостагӀ неӀарна тӀе цакхачийта баролаш даиман а неӀарна тӀехула йеш хилла. НеӀ даиман готта а, лоха а хилла. Иза йеш хилла тӀекхача халадолчу агӀора, пен бохош долу герз лелуо хала хилийта. НеӀ йолчура арахьара пен готта хилла чоьхьарчул, неӀаран йисташ ларйан атта хилийта[3].

Дукха хьолахь хӀусаман бӀаьвнаш чуьра къайлаха латта бухухула араволуш некъ хилла, иэшахь аравала кхерам боцучу меттигехь[3].

ХӀусаман бӀаьвнан эволюци

бӀаьра нисйан

Арахьара кхерам лагӀ мелла ло а, хӀусаман бӀаьвнан тӀеман дуьхьало йен Ӏалашо а лагӀло, цуьндела бӀов йеш баролаш а, тӀеман гӀат а цайора, совдахара кораш а, неӀарш а, лахйора бӀаьвн гӀаттеш, тӀекхийтира бахаман гӀишлош, ана планировкан тӀе а гӀертара нах[3].

 
Хоер шолгlа бlов

ТӀехь-тӀехьа хӀусаман бӀаьвнах шиъ гӀат йолу тӀулийн цӀа хилара. 1901 шарахь К. Гана йаздо:

  Хьалдолчу нохчийчун цӀа дукхахьолахь тӀекӀала шиъ гӀат йолуш тӀулгах дина хуьлу, тхьов чӀапа а болуш. Лахара гӀатчохь божал а, цӀейаго цӀа а хуьлу. Цхьа сажа йухатаьӀна йолчу лакхарчу гӀаттан тӀебоьду арахьахула тӀулгийн лами. ГӀат йоькъу йеа чоьнна, царех хьалхарниг неӀарехь йолу йоккха чоь 12 гӀулч шуьйра а, 20 гӀулч йеха а хуьлу. Оцу чохь лаьтта масех дечиган маьнга а, кӀа а, хьаьжкӀаш а чуйухку дечиган ши-кхо фут диаметр а йолу, чуьра аьгна дина а долу, лекха шаьлгаш а; оццахь лаьтта йаккхий маштеш тӀергӀах йуьззина йолу. Оцу чуьра аьру агӀорахьа — хьешан цӀа, чохь шиъ маьнга а, масех тӀорказ а, цхьана пена тӀехь терхиш а йолуш; важа пена тӀехь тайп-тайпана герзаш; цӀенкъа кхузахь важа чоьнаш чохь санна лаьттах йина йу, амма кхузахь тесна кузанаш ду. Хьешан цӀа тӀелетта бахаман гӀирсаш чохь долу жима чоь йу. Царна дехьа йоккха совнаха хӀума чуйуьлла чоь йу чуволуш хиллачу чоьнан барамехь. Кхузахь йуха а лаьтта маьнга а, цхьана хенахь йийсаре бина болчу оьрсийн салташа гӀуо дина даккхий тӀорказаш а, нохчийн нехчанех дуьззина масех даккхий тӀекханаш а, ши-кхоъ хаьжкӀах дуьзина лекха шелаг а. Пена тӀетесна тесаш а, бошхепаш а, тайп-тайпана барамехь пхьегӀаш а йу, ткъа тхьевнах даккхий дечиган мӀараш тӀе хьалаоьхкина кӀеззиг кӀурздина дуьмеш а, дика дустийначу уьстагӀийн букъадаьӀахка тӀийра жижиг[3].

 

ТӀехьуо хӀусаман бӀаьвнех цӀенош дина догӀа охьадоьду беданаш а деш. Оцу хӀуман масала лара мегар ду Уьш-кхеллехь Органан аьтту берда тӀехь дисина цӀа[3].

ТӀеман бӀаьвнаш

бӀаьра нисйан
 
Моцкъарой эвлара тӀеман бӀов.

ТӀеман бӀаьвн локхалла 18-25 метре, бух — 4-5 × 5 метре кхочу. Лакхахь уьш чӀогӀа гатлуш йу. Дика ларйалийта бӀаьвн шолгӀа гӀат тӀехь цхьаъ чувоьдийла хуьлу. ТӀехоттош болу лами муьлхачу хенахь а хьалабаккха йишйолуш бара. БӀаьвнийн 4-5 гӀат хилара. ГӀат йукъара хьалаволийлаш дуьх-дуьхьала йацара. ТӀеман бӀаьвнаш алсамчу петроглифашца кечйора. Тахана Нохчийчохь 200 сов тӀеман бӀов йисина, хан мел ели шаьш исторехь халлакаеш йоллушехь[4].

Талламчийн цхьана могӀано тӀеман бӀаьвнаш хӀусаман бӀаьвнийн эволюцин жамӀ ду боху (В. И. Марковин, С. Умаров), ткъа ахтӀеман бӀаьвнаш оцу эволюцин йукъара зӀен чӀуг йу[4].

БӀаьвнаш бехха тӀомбан лерина йацара. И дозуш дара бӀовларйархойн тӀехьалон кечбина гӀирсаш (герз, хӀоъ, йуург, кӀезиг меттиг) доза долуш хиларна. Хойн йа хаамаллин бӀов тӀехь ха деш 4-6 стаг хилара. ТӀеман бӀов чохь къайлабалара хӀара тӀейинчу цхьана-шина хӀусаман бӀов чохь бехаш болу доьзал[4].

ТӀеман бӀаьвнийн кепаш

бӀаьра нисйан

ЧӀапа тхьевнаш долу бӀаьвнаш

бӀаьра нисйан

Иштта бӀаьвнаш угара шира йу. Церан къаьста башхаллаш йу гӀуо аьгна тӀулг, дукха лекха цахилар, лакхахь кӀезиг гатйалар. Дукха хьолахь йеа гӀотал сов ца хилара. Алсама хаамаллин, хойн Ӏалашо йолуш йа тӀеман бӀаьвнашна гӀоьнна лелайора уьш. Йоттара уьш тӀекхача халачу меттигехь — хин мертӀийра чуоллабеллачу бердан боьххьехь[4].

Сенашца кӀомсарш йолу чӀапа тхоьвнаш болу бӀаьвнаш

бӀаьра нисйан

Оцу тобан бӀаьвнаш къаьсташ йу локхаллица, нийсаллица, говза тӀулг агарца, лакхахь алсама гатйаларца. Уьш хила тарлора хаамаллин а, хойн а, йа бӀаьвн комплексан дакъа а. Нохчийчура лаьмнашкахь иштта бӀаьвнаш дукха йац. Масала, оцу тайпана тӀеман бӀов йу Маьлхистахь Меши-Хин аьру берда тӀехь[4].

ГӀаргӀа-тегӀанан тхов болу бӀаьвнаш

бӀаьра нисйан

Иштта бӀаьвнаш йу Нохчийчохь массо а кепара тӀеман бӀаьвнел тӀехьа йина. Цхьан а архитектурин йа йаран айпдац, Кавказехь кхин ша саннарш а йац. Церан йу алссама локхалла, дукха боккха а боцуш бух (5 × 5 м), дукха чӀогӀа лакхахь гатъелла а йу. Дукха хьолахь Нохчийчохь Йуккъерачу бӀаьшарашкахь йаьржина йолу гӀалийн комплексан дакъа хилла уш. Гуьржийчохь иштта бӀаьвнаш пӀелгаш тӀехь йагарйаллал бен йацара, уьш йоьттинарш нохчийн пхьераш а бара[4].

Массо а гӀат тӀехь баролаш йара, тергойан Ӏуьргаш а дара. ТегӀанан тхьаьвнаш долу бӀаьвнийн хӀора гӀат тӀехь неӀараш йу, хьала мел волу бӀаьвне терра гатлуш йолу[4].

ПхоьлгӀа гӀат тӀехь арайевлла баролаш йора. ТегӀанан къовлар долу бӀаьвнийн араевлла баролийн метта, шина йа сов дукъо тӀехь лаьтта бух боцу чӀерканаш. БӀов ларйархоша гуобинчарна дуьхьал герз тохалора даккхийра Ӏуьргаш чухула[4].

ТӀеман бӀаьвнийн фортификационни агӀонаш

бӀаьра нисйан

БӀаьвн локхалло хойн аьтту бора, мостагӀийн аьтту бохабора:

  • Лахара хьала кхийсина пхенийн, тӀулгийн ницкъ бовра лакха мел довлу;
  • БӀаьвно хойшна гуо баьккхина герз тоха аьтту бора, локхалло герз гена а тохийтора[4].

МостагӀий бӀаьвн улло баьхкича тӀе кхехка хи йа силам боттура. XVI бӀаьшарахь йукъаевлира тоьпан баролаш[4].

АхтӀеман бӀаьвнаш

бӀаьра нисйан

XIII—XIV бӀаьшерашкахь арахьара кхерам алсам баьлчи фортификационни шелла хӀусаман бӀаьвнийн сов йаьлла. Уьш лакхаевлла, гӀаттанаш тӀекхетна, палан йеакӀуо хилла. Лакхара гӀат тӀехь неӀара тӀоьхула арайаьлла барол йа буьйлабелира. Пен боттаран а, тӀулг агаран а мухалла сов елира. Аьрда бӀогӀам дӀабелира. БӀовлойн эвлахь иштта хиллачу бӀаьвн пхиъ гӀат хилла. Массо а гӀат тӀехь, тӀеххьарниг йоцург, неӀаран Ӏуьрг дара малхбалехьа. Малхбален а, малхбузан а агӀонаш ларйора араевллачу баролаш. Хьалхара шиъ гӀат даьхний кхобуш йара, кхоалгӀий, доьлгӀий хӀусаман йара, ткъа пхьоьлгӀа — тӀеман дуьхьалона йара. Иштта бӀаьвнийн пен тхьевнал лакха баьлла (парапет) цахилча цаболура, цуо болчунна тӀе а аьтту бора хойшна. Иштта бӀаьвнаш йисина НикӀаройхь, БӀовлойхь, Хьайбахахь, ЦӀе-Кхаьллахь, ЦӀечу-Аьхке. В. И. Марковина оцу кепарчу бӀаьвнех ахтӀеман бӀаьвнаш аьлла цӀе тиллина. Цуо дийцарехь, ахтӀеман бӀаьвнаш йара хӀусаман бӀаьвн тӀера тӀеман бӀаьвн дехьайолу кеп[3].

АхтӀеман бӀаьвнаш хӀусаман а, тӀеман а бӀаьвнийн функцеш чулоцура. ЦӀа даран гӀирсаш кӀезга болчохь хьекъалехь дара иза, совнаха харжаш йа цаезара бӀов йотта. Амма иштта бӀов шуьйра ца йаьржира. Цуьнан бахьана хила тарлора оцу хенахь йаьржина гӀаланаш а, бӀаьвнийн комплексаш, кхин йолу дика агӀуо йоцуш, аьтту хуьлура хӀусамдена шен долу даьхний къайладаха[3].

Ломах йоьхкина бӀаьвнаш

бӀаьра нисйан
 
Уьш-Кхаьллойн бӀаьвнаш
 
Нихлар ламчура бlов

Ломах йоьхкина бӀаьвнаш хӀусаман а, тӀеман а функции йара. Иштта бӀаьвнаш латтара ломан хин бердах йохкуш. Лома херонашна йа хьехашна арахьа дуьхьала тӀулг боттара. Церан цхьа пен бен бацара (Нихалойн, Моцкъаройн) йа кхоъ (Уьш-Кхаьллойн, Башин-Кхаьллин)[3].

Археолога Ф. Миллера цхьанах лаьцна йаздина:

  ГӀалин тӀебоьду готта, ломах баьккхина некъ, цхьаццанхьа хедачохь дечиган тӀай а долуш. Некъ боьду боьхначу пенах дохкучу, лохачу корех тера кевнаш тӀе. Кевнаш вуьгу берда тӀехь йолчу жимачу керта. Керта гуонаха цхьаццанхьа боьхна болу пен бу боьттина. Аьру агӀора кертахь бу чукхьозабелла бердаца цӀийнан пен, аьру агӀора лам а болуш. Лакхахьа гуш йу оллабеллачу бердах тесна шина бӀаьвнах йисинарг. Чуоллабелла берд дукхахьа кӀурз биллина бу, цуо тоьшалладо оцу чӀагӀонехь цхьана заманахь адамаш даьхна хилар. ЧӀогӀа инзаре цецвоккху цхьа тамашена дукха лакхахь йисана йолчу жима чӀерко. Цхьана хенахь гӀала айъа йелла йара шен буьрсалла гойтуш, чӀерка тӀе лами боьдура, тӀехьа лакхара чубоьжна болу, бӀаьвн пенаш санна. Тахана чӀерка кхозу ша цхьаъ теш хилла хьалхалерачун, цунна тӀе кхача а ца ло. Лаьтта иза пенах цхьа сажа арадевллачу даккхий дуӀош тӀехь[3].

 

Иштта бӀаьвнаш Нохчийчохь (Уьш-Кхаьллой, Нихалой, Башин-Кхаьллой, Итир-Кхаьллой, Девнечу, Хьайха, Доккха-Бух) а, ХӀирийчохь а, масех[3].

БӀаьвнаш йаржаран хьаьрма

бӀаьра нисйан
 
Сванетера бӀов.

ХӀусаман бӀаьвнаш йаьржина йара Нохчийнчоьнан, ГӀалгӀайнчоьнан, Къилбаседа ХӀирийчоьнан лаьмнашкахь, кӀезиг йара Кхарачой-Чергазийчохь а, ГӀебартойн-Балкхаройчохь. Цул сов, хӀусаман бӀаьвнаш йара Нохчийчоьнца дозанехь йолчу Гуьржийчоьнан къилбаседан кӀошташкахь: Пхейн махкахь, Бацойн махкахь, Мтиулетехь, Хевехь, Сванетехь. Нохчийчохь хӀусаман бӀаьвнаш йора лаьмнашкахь массанхьа а, малхбузен Ичкерийн декъахь доцург[3].

ЧӀебарлахь хӀусаман а, тӀеман а бӀаьвнаш массанхьа а йара. ДегӀастанан таханлерачу дозанца тӀеман бӀаьвнаш а, чӀагӀонаш а йинера Хойхь, Къоьзанахь, ХьаркӀаройхь. Дукхаха йолу бӀаьвнаш йохийна хилла Кавказан тӀамехь. Йоццачу хенахь кхузахь гӀевттира имам Шемална а, оьрсий эскарна а дуьхьал. И гӀовттарш къизаллийца совцийра, ткъа доьхьало йина йарташ йохийра[3].

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 Леча Ильясов. Культура чеченского народа: история и современность. ISBN 5-904549-01-6.
  2. Erol YILDIR., Kuzey Kafkasyada Vaynah Kule Mimarisi (Vaynah Kuleleri), Flaş Ajans, İstanbul 1997. pages 62-63 ISBN 975-7129-01-1
  3. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 Башенная культура вайнахов. Информационное агентство «Чечен-Инфо» (2013 шеран 23 август). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 23 сентябрь.
  4. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 Айсет Шидаева. Боевые башни чеченцев. Информационное агентство «Чечен-Инфо» (2012 шеран 4 февраль). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 23 сентябрь.