Советийн хилла аре
Советийн хилла аре, кхин а йевза ЛПД а, Балтиййистан а мехкаш йа гергара дозанал аре (цкъан а ССРС йукъахь хилла йоцу генара дозанал аренах къастош) санна — йерриш а 1991 шарахь Советийн Союз йухуш а, йоьхначул тӀаьхьа а йукъара арайевлла маьрша пачхьалкхаш йу.
Советийн хилла пачхьалкхаш йу тайп-тайпана областера талламаш кӀелахь: географин, историн, политикин, экономикин, оьздангаллин.
Бахархой а, меттан хьал а
бӀаьра нисйанХӀокху декъан хатӀ энциклопедица ца догӀу я нохчийн меттан барам бохабо. |
Советийн хилла аренан бахархой 2015 шеран хьалхарчу декъехь бара 293 миллионал сов стаг. Царех ах гергга оьрсийн этнос дара, бисинчара дукхаха дерг дика буьйцура оьрсийн мотт, уьш бара билингваш (ши мотт буьцурш). Йерриг а советийн хиллачу пачхьалкхашкахь ССРС йоьхначул тӀаьхьа буьйцу алсама къаьмнийн меттанаш. Царна йукъара йаккха мегар ду Белорусси: оьрсийн мотт буьйцу дукхаха болчу бахархоша, иза бахьнехь оьрсийн мотт къобал бира Пачхьалкхан мотт бина, белоруссийчуьнца цхьаьна. Цул сов оьрсийн мотт къоман иеттаца нисса лелаш бу Кхазакхстанехь, ГӀиргӀазойчохь, Таджикистанехь, цхьа могӀа официалан функцеш кхочуш йу Узбекистанехь. Оьрсийн мотт буьйцурш алсама бу Украинехь а, Молдавехь. Советийн хилла аренан мотт буьйцучеран барамца хьалхарчу меттигехь лаьтта славянийн меттанаш (оьрсийн, украинийн, белорусийн), шолгӀачу меттигехь — туьркийн меттанаш (азербайджанийн, алтайн, башкирийн, кхарачойн-балкхаройн, кхазакхийн, гӀиргӀазойн, кхаракхалпакийн, гӀумкийн, ногӀийн, узбекийн, уйгурийн, туркменийн, гӀезалойн, тувинийн, хакасийн, чувашийн, якутийн, кхин а).
Конфессин хӀоттам: керстанаш, бусалбанаш, буддисташ, кхин а.
Пачхьалкхаш а, географин регионаш а
бӀаьра нисйанСоветийн хилла пачхьалкхаш йекъало пхеа тобане. Йекъайаларан хьесап, географин а, оьздангаллин а факторийн бух тӀехь ду, кхин а Российца йолу йукъаметтигийн историца а.
- Росси (лаьтта масех географин регионех: Малхбален Европа, Балтийист, Къилбаседа Ази, Йуккъера Ази)
- Балтийист (Къилбаседа Европа): Латви, Литва, Эстони;
- Малхбален Европа: Белорусси, Молдави, Украина;