Чми
Чми (хӀир. Цыми, гӀалгӀ. Чими) — Къилбаседа ХӀирийчоьн эвла. БуритӀе гӀалин Затеречни кӀоштара эвла, йукъайогӀу БуритӀе гӀалан. ТӀеман-Гуьржийн некъа тӀехь лаьтта.
Эвла | |
Чми | |
---|---|
хӀир. Цыми, гӀалгӀ. Чими | |
42°51′06″ къ. ш. 44°38′14″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Республика | Къилбаседа ХӀирийчоь |
ГӀалин гуо | гӀала БуритӀе |
Истори а, географи а | |
Хьалхара цӀерш | Цми |
Центран локхалла | 937 м |
Климатан тайпа | Барамера |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 375[1] стаг (2010) |
Къаьмнийн хӀоттам | гуьржий, гӀалгӀай, хӀирий, оьрсий |
Динан хӀоттам | керсталла, бусалбанаш-суннийш |
Бахархойн цӀерш | чмихой |
Идентификаторан терахьаш | |
Поштан индекс | 362903 |
Автомобилан код | 15 |
Код ОКАТО | 90401362005 |
Код ОКТМО | 90701000121 |
Номер в ГКГН | 0253839 |
Картин тӀехь | |
Истори
бӀаьра нисйанЧми йукъахь йара хӀирийн Тагауран йукъараллин, цигахь берриг бахархой ДударовгӀарах бара. Чми эвло дӀалоцура чӀогӀа ладаме стратегин меттиг Теркан чӀаж чуволучохь, иза хьахадо кхин а XVI—XVII бӀешерашкарчу хьосташкахь[2]. Кхузахь йиллира ша лаьтта тӀетовжаран меттиг, иза хьахайо Сытинан ТӀеман энциклопедехь ЖӀайрахан чӀагӀо аьлла[3].
Эвлан гена доццуш археологин иэсийн цӀеста муьрера комплекс (герзашца дӀабоьхкинарш оьрнаш чохь) лаьттина тӀаьххьара йукъарабӀешераш кхаччалц. Циггахь хилла доккха аланийн VI—IX бӀешерашкара каш, карийна аланийн дукха герз, гӀирс, бахамера хӀуманаш[4].
ГӀараваьллачу XVIII бӀешеран гуьржийн историко а, географо а Вахушти Багратионис йаздина шен «Гуьржийн паччахьалла йовзийтар» балхахь Чмих лаьцна:[2]
Кистойн эркан хикхочехь, Арагван малхбуза агӀора, лекхачу ломан кӀажехь лаьтта Чими, меттиг йоккха йу, бӀов а йолуш. Цуьнан бахархой овсаш бу, СидамоновгӀар... |
Бахархой
бӀаьра нисйанБахархойн дукхалла |
---|
2010[1] |
375 |
- Къоман хӀоттам
2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[5].
Къам | Барам, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|
гуьржий | 209 | 55,7 % |
гӀалгӀай | 107 | 28,5 % |
хӀирий | 29 | 7,7 % |
оьрсий | 19 | 5,2 % |
кхин берш | 11 | 2,9 % |
берриш | 375 | 100 % |
Урамаш
бӀаьра нисйан
|
|
|
Хьажоргаш
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Итоги Всероссийская перепись населения 2010 года по РСО-Алания. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и селельских поселений и населённых пунктов
- ↑ 1 2 Восточная Литература — библиотека текстов Средневековья. Вахушти Багратиони.
- ↑ Джераховское укрепление // Военная энциклопедия : [в 18 т.] / под ред. В. Ф. Новицкого [и др.]. — СПб. ; [М.] : typus т-ва И. Д. Сытина, 1911—1915.
- ↑ Чми — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.
- ↑ Том4. Таблица 4. Национальный состав РСОА по муниципальным образованиям по переписи 2010 года . Архивйина 2013 шеран 19 августехь Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |