Чунгарой — нохчийн тайпанех цхьаъ[1][2]. Дийцарехь, курчалоша а, чунгроша а йиллина ГІурий хин йистехь лаьтта Алмакха[3]. Тайпан векалийн йаьхначу ДНК тестийн жамӀаш гайтина уьш L3 гаплотобанера хилар[4]. Охьахевшина беха: Аьчка-ХитӀехь, ГӀойтӀахь, Йоккха АтагӀахь, Кешен-Эвлахь, Лакха Неврехь, Маканехь, Минеральнехь, Хьалха-МартантІехь, Чуьйри-Эвлахь, Шела, Ӏалхан-Юртахь[3]. Чунгарой нохчийн шина тукхумна йукъабоьлху: нохчмахкахойн, Ӏовхойн.

Къена тайпа
Чунгарой
Чунгаройн эвла 1892 шеран картин тІехь
Чунгаройн эвла 1892 шеран картин тІехь
Кхин цӀерш Чунгурой, Чунгрой, ЧІунгарой
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам нохчмахкахой, Ӏовхойн
Йукъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан нохчмахкахойн леер а, Ӏовхойн меттадакъа а
Йоза Кириллица
Дин ислам (сунниташ)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира мохк Нохч-Мохк

Нохчийн историка историкан Іилманийн кандидата Натаев Сайпудис тардолийта чунгрой а, чартой а тайпанаш говзаллийн хьесапца кхолладалар[5].

Этноним йекъа мега шина орамна «чIу» а, «гарой» а (чІунгарой). ЧІу герзан кеп йу. Ораман шолгІачу декъо (гар) гойту иза хьалха доккхачу тайпана гар хилар, ткъа тІаьхьа доккха мел хуьлу (историн хиламашкахь) хІинцалерчу доккхачу тайпане кхаьчна. Нохчийчохь ЧIуной тайпа а ду, царах къаьстина хила а тарло.

Хьалха-Мартан гена йоцуш, СаІдин-КІотаран (Бачин-КІотар, ГӀой-Чу) къилба-малхбузехьа йу хьалха Чунгурой баьхна топоним Чунгуройн Іин. ХІХ бІешарахь ГІойтІа хин лакхенашкахь лаьттина Чунгуройн эвла, цуьнан бахархой 1848 - 1849 шерашкахь кхалхийна оьрсийн эскарша Хьалха-МартантІе а, Гелен-ГІойтІа а.

ГІойтІан цхьаьна декъах 1859 шарахь Чунгуройн ГІойтІа олуш хилла. ХІинца ГІойтІахь Чунгуройн йукъ йу.

Топонимаш

бӀаьра нисйан
  • Чунгуройн Іин – СаІдин кІотарна къилба-малхбузехь. Кхузахь хьалха баьхна чунгрой тайпана нах[3].
  • Чунгарой-Юрт – лаьттина ГІойтІа агІора ГИБДД пост лаьттинчу меттигехь[6].

ГІарабевлла Чунгрой

бӀаьра нисйан

• Чунгаройн Атин Атаби — нохчийн наиб.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Угрозы национальной безопасности России на Северном Кавказе: этноконфессиональный аспект Лицевая обложка Гаджи Пирмурадович Герейханов
  2. Мамакаев М.А. «Чеченский тайп (род) в период его разложения» Грозный, ГУП «Книжное издательство», 1973
  3. 1 2 3 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006
  4. https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
  5. Натаев Сайпуди Альвиевич кандидат исторических наук, доцент кафедры истории народов Чечни Чеченского государственного университета К ВОПРОСУ ОБ «ОТДЕЛЬ НЫХ» И «ПРИШЛЫХ» ТАЙПАХ В СОЦИАЛЬНОЙ СТРУКТУ РЕ ТРАДИЦИОННОГО ОБЩЕСТ ВА ЧЕЧНИ
  6. Немного об истории Грозного Мохди Шамаев №98 (2031)

Литература

бӀаьра нисйан
  • Угрозы национальной безопасности России на Северном Кавказе: этноконфессиональный аспект Гаджи Пирмурадович Герейханов, Алексей Григорьевич Лукьянов, Игорь Сергеевич Моренов Граница, 2004
  • Этнический состав населения Северного Кавказа: в ХВИИИ-начале ХХ века Наталия Георгиевна Волкова "Наука,", 1974
  • На терских берегах В. Б. Виноградов, Н. Н. Великая, Евгений Иванович Нарожный Армавирский государственный педагогический институт, 1997