Аьчка-ХитӀе
Аьчка-ХитӀе, кхин цӀерш Аьчган-ХитӀе, Аьчкашка, Зибир-Йурт (оьрс. Зибир-Юрт, Ачкишк[3]) — Нохчийчоьнан Теркан кӀоштара эвла.
Эвла | |
Аьчка-ХитӀе | |
---|---|
43°30′29″ къ. ш. 45°21′31″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | Теркан |
Йуьртан меттиг | Аьчка-ХитӀан |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1705 шо[1] |
Майда | 12,3 кв.км[1] км² |
Центран локхалла | 194 метр |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 758[2] стаг (2010) |
Луьсталла | 66 стаг/км² |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий |
Динан хӀоттам | бусулбанаш |
Идентификаторан терахьаш | |
Поштан индекс | 366819 |
Автомобилан код | 95 |
ОКАТО | 96216813001 |
zebir-urt.ru | |
Картин тӀехь | |
Аьчка-ХитӀан йуьртан меттиган йукъайогӀу[4] административан центр йу.
Географи
бӀаьра нисйанЛаьтта Теркан дукъан къилбаседан басешкахь[5], Соьлжа-ГӀалин къилбаседа-малхбузехьа а, кӀоштан центр йолчу ЧӀулга-Юртан къилба-малхбалехьа. Гергара ярташ: къилбаседа-малхбузехьа — Лаха Невре, Лакха Невре, Минеральни, къилбаседа-малхбалехьа — Макане 20 км генахь, Макан-КӀотар, къилба-малхбузехьа — Бартхой а, Керла-Юрт а, къилбехьа — Долински, къилба-малхбалехьа — Радужни а, Победински а[6].
Микротопоними
бӀаьра нисйанАьчка-ХитӀан йисташкахула лахара топонимаш йу[5]:
- Алкханчан берд — йуьртан къилбехьа. Кхозуш болчу берда тӀехь хӀора шарахь бенаш бой ховшу алкханчаш.
- Аьчган хи — дарбане лору. Йуьртан къилбан агӀора ду.
- Аьчган хьун — йуьртан къилбехьара жима хьун.
- Бамт хи чу — йуьртан къилба-малхбалехь.
- Бовха боьра — йуьртан къилбехьара дежийлаш, кхузахь латтан бухахь мела хиш дохку. Боьра иза бахьнехь чӀогӀа хьекъаш бу. Латта Ӏай а гӀора ца до, шеран муьлхачу заманчохь а сийна буц хуьлу.
- Говрийн боьра — йуьртан малхбузехьара дежийлаш.
- Гомушан мара — йуьртан къилбехьара аратаьӀна тарх. Дежийлаш.
- Гомушан Ӏам — йуьртан малхбален йисттехь.
- ГӀамаран мара — йуьртан къилбехьара дежийлаш.
- Дозанан саьнгар — элийн латташна гуонахьа даьккхина дара, Аьчкан-ХитӀера Девкар-Эвла кхаччалц.
- Доккха шовда — къилба эвлан йисттехь.
- ДӀамийн Ӏуьргаш — къилба эвлан йисттехь.
- ЖагIжагIан боьра — йуьртан къилбехьа.
- Жима шовда — йуьртан къилбехьа долуш ду. Дарбане ду. Йуьртахоша цигара кхоьхьура мала хи.
- Куллан боьлак — дежийла йуьртан къилба-малхбалера.
- Лорсин бекъа кхетта чоь — дежийла йуьртан къилба-малхбалера.
- Лоьша хи — къилба-малхбален эвла йисттехь.
- Майда — йуьртан йуккъехь кегий нах гуллало.
- РогӀан дукъ — Теркан дукъ ГӀебартой-Балкхаройчуьра Гуьмсе кхочу.
- Сосакхан корта — йуьртан малхбузехьара дежийлаш.
- Суосин дукъ — йуьртан къилбехьа. Суоса — нохчийн боьршачу стеган долара цӀе.
- ТангIалкх йолчу — аьчкхоша тангӀалкх аьлла цӀе тиллира геодезин хьаьркан — реперан. Дежийлаш.
- Хин корта — йуьртан къилбехьа мел долу хин хьостан корта.
- ХьажкӀийн боьра — йуьртан къилба-малхбузера боьра, цигахь йуьртахоша хьаьжкӀаш йуьйра.
- Хьаьмцан боьлак — йуьртан къилба-малхбалехьара дежийлаш. Кхузахь акха стоьмийн коллаш а, хьаьмцаш а кхуьура.
- «Минеральни» совхозан йуккъера керт. Лаьтта йуьрйуьртан тан къилбаседа агӀора, Макане боьдучу новкъан аьрру агӀора.
- ЦIийдарийн боьра — йуьртан малхбузехьа. Кхузахь йуьртахоша басар доккхура.
- Шира кешнаш — йуьртан йукъахь.
- Шира тӀулгаш — йуьртан къилбехьа Ӏохкура тӀулгаш, уьш цига кхачар хууш дац. Дуьйцура уьш доьхначу ширачу чуртах дисина.
- Ширчу ардашка — йуьртан къилба-малхбалехьа.
- Эла вийна чоь — йуьртан малхбузехьа.
- Элашханан боьра — йуьртан малхбузехьа Элашханан дакъа хилла.
- Элийн мохк — Аьчкан-ХитӀера Девкар-Эвла кхаччалц дара Бековичаш-Чергазийн элийн латташ. Латташна урхалла деш хьадалчаш бара, лелош ялхой а, латтан дайх бозуш болу ахархой а бара.
- Элса вийна чоь — йуьртан къилбехьара дежийлаш.
- Эльдаровн тогӀи — малхбузехьара мехкдаьттан кӀошт, тогӀе ГӀулозе кхаччалц яра.
- Янарсин хи — йуьртан къилба-малхбалера Янарсас тодина хьост.
- Iуьргаш дохкачу — йуьртан къилба-малхбалехьара дежийлаш.
Бахархой
бӀаьра нисйанБахархойн дукхалла | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
1990[7] | 2002 | 2010[8] | 2012[9] | 2013[10] | 2014[11] | 2015[12] |
770 | ↘669 | ↗758 | ↗806 | ↗869 | ↗870 | ↗886 |
2016[13] | 2017[14] | 2018[15] | 2019[16] | 2020[17] | ||
↗892 | ↘890 | ↗901 | ↗906 | ↗909 |
Социалан объекташ
бӀаьра нисйан- Аьчка-ХитӀан муниципалан йуккъера йукъарадешаран ишкол[18]. Керла йина 2010 шарахь.
- Аьчка-ХитIан дарбанийн пункт. Керла йина.
- Поштан дакъа.
Тайпанаш
бӀаьра нисйанЮьртахь деха тайпанаш:
- Энганой[5],
- Зандакъой[5],
- Анастой[5],
- Ширдий[5],
- Мелардой[5],
- ТӀерлой[5],
- Чунгарой[5],
- Таркхой[5],
- Ӏалларой[5],
- Курчалой
Аьчка-ХитӀе Ӏалароша йиллина олу.
ГӀарабевлла аьчк’хой
бӀаьра нисйанДени-Шайх (Деда) Арсанов (1851— 27 декабрь 1917) — исламан Суьпаллин агӀора Накъшбандин тӀарикъатера авлияъ. Энганойн тайпанара хилла.[1][2] Архивйина 2013-11-05 — Wayback Machine
Масхадов, Аслан Алиевич (Халид) (1951 шеран 21 сентябрехь, Шокай, Карагандан область, Кхазакхийн ССР, ССРС — 2005 шеран 8 мартехь, Девкар-Эвла, Нохчийн Республика, Российн Федераци) — Нохчийн Республикин Ичкерин (НРИ) къобалъянза йолчу тӀеман а, пачхьалкхан а гӀуллакххо. 1990-гӀа шерашкахь дакъалецира НРИ тӀеман ницкъаш кхуллуш, тӀемлошна куьйгаллехь вара тӀемехь федералан ницкъашна дуьхьала; 1997 январера 2005 март кхаччалц — НРИ президент. Вийна 2005 шеран 8 мартехь ФКХГӀ леррина операцехь[19][20]. Тайпана Ӏаларой вара.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Паспорт-досье Зебир-Юртовского сельского поселения 2016 г.
- ↑ 11. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений . Итоги Всероссийской переписи населения 2010. Том 1. Численность и размещение населения. Росстат (2012). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 16 апрель. Архивйина 2012 шеран 1 июнехь
- ↑ Сунженский округ Терской области
- ↑ Зебир-Юртовская сельский округ (сельсовет)* (Надтеречный район) Архивйина 2012-02-10 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 * Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006 г.
- ↑ Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 2 январь. Архивйина 2012 шеран 18 февралехь rar. Объём 8 МБ.
- ↑ Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013 .
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов) . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
- ↑ Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года . ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.
- ↑ Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
- ↑ МОУЧ 'СОШ с. Зебир-Юрт Надтер муниц. района' 89280184320, 2007004350
- ↑ Убит Аслан Масхадов // «Коммерсантъ», № 40 (3124) от 09.03.2005
- ↑ Уничтоженные чеченские боевики. Справка // РИА «Новости», 9 марта 2005
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- село Зебир-Юрт, Россия, республика Чеченская — Мобильные Яндекс. Карты
- Почтовые индексы и коды ОКАТО — Надтеречный район Чеченская республика. Архивйина 2010-10-08 — Wayback Machine
ХӀара Нохчийчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |