Лакха Невре
Лакха Невре — Нохчийчоьнан Теркан кӀоштара эвла. Бахархой — 5441 лерина 2010 шарахь. Меттигерчу бахархоша Лаха а, Лакха а Невре цӀераш йоьхку туьйранашкахь дуьйцучу наьртах Новрах. Йуьртан къилбехахь бердах доьдуш ша даьлла Ӏуьрг ду - Новр-ор (Новр-Ӏуьрг). ХӀинца а дуьйцуш ду наьртех Новрах, ГӀоьжакъех а, церан йиезаршах Сатех а, Белшех а[1].
Эвла | |
Лакха Невре[1] | |
---|---|
43°36′39″ къ. ш. 45°15′03″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | Теркан кӀошт |
Йуьртан меттиг | Лакха Неврен |
Истори а, географи а | |
Центран локхалла | 83[2] м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 5441[3] стаг (2010) |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | 87132[2] |
Поштан индекс | 366812 |
ОКАТО | 96216807001 |
Картин тӀехь | |
Иза йу Лакха Неврен йуьртан меттиган административан центр[4]. Лакха Неврен йуьртан меттиган йукъайогӀу Эмасуле кӀотар.
География
бӀаьра нисйанЛакха Невре лаьтта 12 км малхбалехьа кӀоштан центр йолчу ЧӀулга-Юртан, 20 км гена цӀерпоштнекъан Ишорен станцин, Лаха Неврен малхбузехьа, Теркан аьтту бердаца[1]. Лулара нах беха меттигаш: къилбаседехь — Алпату йурт, къилбаседа-малхбузехь — Ишоре гӀала, къилбаседа-малхбалехь — Новр-ГӀала а, Лаха Невре а, къилба-малхбалехь — ярташ Макан-КӀотар, Минеральни, къилба-малхбузехь — ГӀулоз[5].
Микротопоними
бӀаьра нисйан- "Куьзга доьхна чоь" - йуьртара кӀотара боьлхуш бертаза йуьртахь цхьаъ бен доцу куьзга доьхна меттиг. Оцу заманахь бохам боккха хиларна оцу меттиган цӀе йисина. Лакха Неврен къилбаседехьа.
- "Сатийханан тIай" - йуьртан къилбаседехьа. ЦӀе уьйр йолуш йу вайнехан мифологехь хаалучу наьртан зудчун Сатийхица.
- "Таьллангаш лаьттина чоь" - йуьртан къилбаседехьа.
- "Шина эвлан йукъ" - йуьртан йукъахь, лакха эвлан а, лаха эвлан а йукъара яьсса меттиг, ХӀинца гӀишлош йина.
- "Новран чоь" - йуьртан къилба йист.
- "Новран Iуьрг" - йуьртан къилбехьа, Теркан дукъан къилбаседа басешкахь. Лаьтта бухахула даьккхина (Даьлла) Ӏуьрг, малхбузехьа доьду, арадолу Ӏелин-Юртан къилбехахь. ЦӀе тиллина мифологерачу наьртан Новран цӀарах.
- "БатIал чувахна токхум" - йуьртан къилбаседехьа. Дежийла, коллаш. БатIал — нохчийн цӀе. Йуьртахь Баталов фамили а йу.
- "Паччахьалкхан дукъ" - Лакха Неврен къилбехахь, цигахь Ӏедалан хьаннаш хилла. И цӀе йелла XIX бӀешарахь, оцу хенахь йуьртахошкара схьадаьхна латташ паччахьо доькъуш хилла эпсаршна а, элашна а "башха къахьегарна".
- "Хьадин кIотар" - кӀотар лаьттина меттиг. Хьада - нохчийн божарийн а, зударийн а цӀе. Схьаялар нохчийн дешах «хьада» (чехка гӀо), «хьадалч» - хабар эцна вохуьйтург. Йуьртахь беха Хадиев фамили йолу бахархой[6].
Бахархой
бӀаьра нисйанБахархойн дукхалла | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
1970[7] | 1990[8] | 2002[9] | 2010[10] | 2012[11] | 2013[12] | 2014[13] |
2965 | ↗3013 | ↗5025 | ↗5441 | ↗5636 | ↗5751 | ↗5847 |
2015[14] | 2016[15] | 2017[16] | 2018[17] | 2019[18] | 2020[19] | |
↗5954 | ↗6020 | ↗6091 | ↗6115 | ↗6186 | ↗6188 |
- Къаьмнийн хӀоттам
2002 шарахь нохчий — 5 025 стаг (99,8 %), кхин берш — 11 стаг (0,2 %).
Инфраструктура
бӀаьра нисйанЙуьртахь шиъ ишкол, оьздангаллин цӀа, пошта, туьканаш[1], берийн беш, заправкаш йу. Йуьртахь рузбана маьждиг а, 6 жамаӀата маьждиг а ду.
-
Рузбана маьждиг
-
ЖамаIатан маьждиг
-
Лакха Неврен оьздангаллин цIа
Тайпанаш
бӀаьра нисйанЙуьртахь беха нохчий лахарчу тайпанашкара:
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997,стр.557
- ↑ 1 2 Село Верхний Наур / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ) Архивйина 2011-08-30 — Wayback Machine
- ↑ 11. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений . Итоги Всероссийской переписи населения 2010. Том 1. Численность и размещение населения. Росстат (2012). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 16 апрель. Архивйина 2012 шеран 1 июнехь
- ↑ Верхненаурский сельский округ (Надтеречный район) Архивйина 2012-02-10 — Wayback Machine
- ↑ Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 2 январь. Архивйина 2012 шеран 18 февралехь rar. Объём 8 МБ.
- ↑ А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997,стр.558
- ↑ Надтеречный район (1970)
- ↑ Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013 .
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более . Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов) . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
- ↑ Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года . ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.
- ↑ Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 Сулейманов, 2006, с. 582.
Литература
бӀаьра нисйан- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2.
ХӀара Нохчийчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |