Ялхой
Ялхой — нохчмахкахойн тукхаман йукъа догӀуш долу нохчийн тайп. Дукху болу ялхой Ӏаш бу Нохчийн Республикин Теркан кӀоштахь а, Нажи-Йуьртан кӀоштахь а.
Къена тайпа | |
Ялхой | |
---|---|
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | Нохчмахкахой |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | Нохчимахкахойн лер |
Дин | бусалба (сунни) |
Къам | нохчий |
Гергарло | Бийтрой, Чартой |
Таханлера дӀасакхалхар | |
Росси: 20-25 эзар Нохчийчоь: 20-25 эзар ДегӀаста: хууш дац |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Нохч-Мохк |
Этимологи
бӀаьра нисйанДийцаршца, тайп ялхой схьадаьлла ялх хочуш — «ялх» + «хой», уьш нохчийн мехкан доза лардеш хилла. Кхин цхьа верси а ю, ялхой ширачу заманахь Мехк-кхелан сацамца 'ял' гулъеш хилла.
Истори
бӀаьра нисйанТайп-тайпанчу заманашкахь, тайпанан векалш йехкина ярташ, Соьлже, Майртуп, ЖугӀурта, Гелдаган. Кавказан тӀеман муьрехь Соьлже кхузза ягийна паччахьан эскарша. 1944 шарахь нохчашна а, гӀалгӀашна а депортаци а йина, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяьккхича Ялхой-Мехкан цӀе хийцира Тлядал аьлла, кхуза ховшийра лулара ДегӀастанара бахархой[1]. Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийначул тӀаьхьа, эвлан цӀе юхаерзийра.
Интересностеш
бӀаьра нисйанЯлхойн тайпан йуккхехь 3 Некъе бу:
- Бугат-некъе
- Байти-некъе
- Мути-некъе
5 Ялхойн тайпан адмаш ДНК-тест йина гаплогруппин, массарна J2 гайтнер. Цуьндела, шай тайпан йуккхехь цаьр маре ца до, шадерриг тайп цхьан де-гар дохуш дол дер.
ГӀарабевлла тайпанан векалш
бӀаьра нисйан- Темерханов Юсуп-Хьаьжа – полковник Буданов Юрий виерна бехке вина кхел йина, чувоьллина.
- Дуда-Шейх — динан авторитет. Накъшбандин тӀарикъатера. Зиярат Гуьмсехь ду.
- Салатаев Ӏели — Ялхой-Мехкан оьздангаллин цӀен исбаьхьаллин куьйгалхо, нохчийн историк.
- Бетерсултанов Баудин — Ялхой-Мехкан юьртда.
- Бисултанов Асланбек (1956 — 2001) — гӀараваьлла нохчийн спортхо, охьатохарх латархо, дуьххьарлера нохчий ССРС, Европин, дуьненан чемпион паргӀата кепара охьатохарх латарехь. ССРС Хьакъдолу сортан говзанча (1977 шо).
- Нухаев Хож-Ахьмад (вина 1954 шеран 11 ноябрехь) — нохчийн политикин гӀуллакххо, НРИ Правительствон вице-премьер лаьттина.
- Тайсумов Майрбек (1988 шеран вина 8 августехь) – Австрер Нохчийн ЮФС бIахо.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйан- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Нальчик: «Эль-Фа», 1997. — 682 с. — 1000 экз. — ISBN 5-88195-263-4. (сокращённое переиздание на чеченском и русском языках)
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |