Валарг-хи (оьрс. Валерик; цхьацца хьосташкахь яздо Вайрик[2]) — Российн ломан эрк, охьадогӀу Нохчийн Республикин Хьалха-Мартанан а, ТӀехьа-Мартанан а кошташкахула[3]. Эркан хикхоче ю Соьлжан хикхочел 132 км лакхахь, аьтту бердаца. Эркан дохалла – 29 км[4]. Лахенашкахь аьхкенан заманахь эрк лекъа хӀунда аьлча, Валарг-хи шалаьмнашкара я ломан лайшкара долуш дац, ткъа шовданашкара долу. Цундела хӀора шарахь аьхка лакъар бахьнехь эрк ца деста[5].

Валарг-хи
оьрс. Валерик
Амал
Дохалла 29 км
Бассейн 35,4 км²
ДӀаэхар
Хьост (B)  
 • Локхалла 861 м
 • Координаташ 43°00′56″ къ. ш. 45°21′08″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B) Соьлжа
 • Эрк чекхдолу меттиг 132 км аьтту бердаца
 • Локхалла 162 м
 • Координаташ 43°14′42″ къ. ш. 45°26′03″ м. д.HGЯO
Хин охьане 24,1 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд
Пачхьалкх
Регион Нохчийн Республика
Код  ПХР чохь 07020001112108200005635[1]
Валарг-хи (Нохчийчоь)
Blue 0080ff pog.svg
хьост
Blue pog.svg
хикхоче

ЭтимологиНисйе

Эркан цӀе нохчийн маттахь «валаран хи» бохург хуьлу[6]. ТӀаьхьуо заманца хийцалуш хӀинцаре — Валарг-хи — церан тӀедеина. Оцу эркаца гуттара а цӀий Ӏанош тӀемаш лаьттина нохчийн а, аренашца баьхначу кхерстачу къаьмнашна а йукъахь. ТӀаьхьа иштта ирча цӀе йелла оцу эркана.

ИсториНисйе

Генарчу заманахь Ӏаьржачу лаьмнашкахь лаьттачу Валарг-кӀотаран бахархоша шайн ялташ дуьйчу меттигашкара Валарг-хи. татол а даьккхина. дерзийна Шалажан чу, оцу меттигах олу «Валгхуоша хи чутеснача». [7].

1840 шарахь эрк тӀаьхь ши тӀом хилира, баьччаллехь наиб Ӏийса Гендаргнойн волу Къилбаседа Кавказан ломанхошна (нохчий а, дегӀастанхой а) а, инарла-лейтенант А. В. Галафеев коьртехь волу, чоьхьарчу Нохчийчоьн чугӀерта, Российн Нохчийн тобан а йукъахь. Оьрсаша Галафеев Аполлонан (хьалхара тӀом) а, Граббе Павелан (шолгӀа тӀом) а баьччаллехь туьйлира гӀевттина ломанхойл 11 июлехь а, 30 октябрехь а. И иэшам бахьнехь имам Шемилан муридаш Нохчийчура дӀа а бахна, ЖӀайн ханалла йолчу юхабевлира.[8]

Итт шо даьлча, 1850 шеран 26 октябрехь, кхузахь юха а тӀом хилира оьрсийн императоран эскаран ломанхошца, кхузахь дакъалацаран паччахьан кӀантанна Александр Николаевичан (тӀаьхьа император Александр II-гӀа хилла) елира 4 тӀегӀанера Сийлахь Георгийн орден[9].

ОьздангаллаНисйе

 
Байинарш дӀабохкар.
М. Ю. Лермонтовн акварель

Валарг-хин тӀиера тӀом чӀогӀа дика бийцина Лермонтов Михаил Юрьевичан «Валарг-хи» байташкахь[10]. Иштта цигахь хилла цхьацца хиламийн бух тӀехь Лермонтовс масех сурт диллина.

Сийлахь оьрсийн поэт хилла шине а тӀеман декъашхо, иза турпалхо ву аьлла къобал вира. Валарг-хин тӀаьхь майралла гайтарна, Лермонтов 4 тӀегӀанера Сийлахь Владимиран орден яларе кховдийра. Амма иза цунна ца елира, хӀунда аьлча иза тӀаьххьарчу испискера дӀавайинера император Николай I-чун иза чӀогӀа ца везарна.[8]

Хин реестрах хаамашНисйе

Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъаСоьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ[4].

Федералан хин ресурсийн агенталло кечдина РФ мехкан хинбахаман кӀошташъяран геохаамийн системан терхьашца[4]:

  • Пачхьалкхан хин реестрера хин объектан код — 07020001112108200005635
  • Гидрологи Ӏамийна хиларан код (ГӀ) — 108200563
  • Бассейнан код — 07.02.00.011
  • Томан лоьмар ГӀ-ца — 08
  • Арахецар ГӀ-ца — 2

БилгалдахаршНисйе

  1. Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 8. Северный Кавказ / под ред. Д. Д. Мордухай-Болтовского. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 309 с.
  2. Кузнецов Н. И. Валерик или Вайрик // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  3. Валерик. Публичная кадастровая карта. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 22 августехь. Теллина 2011 шеран 10 декабрехь.
  4. 1 2 3 Государственный водный реестр РФ: Валерик. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 22 августехь.
  5. География Чеченской республики. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 18 апрелехь. Теллина 2018 шеран 14 январехь.
  6. Плаксин Олег Река Валерик (2009, 3 март). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 4 майхь. Теллина 2018 шеран 14 январехь.
  7. Сулейманов, 2006, с. 399.
  8. 1 2 Валерик. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 12 сентябрехь. Теллина 2018 шеран 14 январехь.
  9. Валерик // Военная энциклопедия : [в 18 т.] / под ред. В. Ф. Новицкого [и др.]. — СПб. ; [М.] : typus т-ва И. Д. Сытина, 1911—1915.
  10. Валерик (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2020 шеран 3 январехь.