Виноградни (Къилбаседа ХӀирийчоь)
Виногра́дни (хӀир. Винограднæй, оьрс. Виноградное) — Российн Федерацин Къилбаседа ХӀирийчоьн Мазалкан кӀоштан эвла. Муниципалан кхолламан «Винограднин йуьртан меттиг административан центр».
Эвла | |
Виноградни | |
---|---|
оьрс. Виноградное, хӀир. Винограднæй | |
43°41′56″ къ. ш. 44°29′15″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Республика | Къилбаседа ХӀирийчоь |
Муниципалан кӀошт | Мазалкан кӀошт |
Йуьртан меттиг | Винограднин |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1880 шарахь |
Хьалхара цӀерш |
1942 кхаччалц — Гнаденбург |
Центран локхалла | 144 м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 2333[1] стаг (2010) |
Къаьмнийн хӀоттам | хӀирий, туркой, оьрсий |
Динан хӀоттам | православин, бусалба-суннийш |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +7 86736 |
Поштан индекс | 363713 |
Автомобилан код | 15 |
Код ОКАТО | 90230810001 |
Код ОКТМО | 90630410101 |
Номер в ГКГН | 0053103 |
Картин тӀехь | |
Географи
бӀаьра нисйанЭвла лаьтта Терк эркан аьтту бердаца, Мазалкан кӀоштан малхбузен декъехь, кӀоштан центран Мазалкан 18 км къилба-малхбузехь, БуритӀе гӀалин 91 км къилбаседа-малхбузехь.
Доза ду эвланашца: Мирни а, Раздольни а малхбалехь, Сухотски къилба-малхбузехь. Эркан дуьхьаларчу бердаца лаьтта Павлодольски гӀала.
Эвла йу ГӀебартойн акъарин тӀехь республикин аренан зонехь. Теркан атагӀан йохалла малхбузера малхбале агӀора Теркан дукъан басеш йу. Эвлан малхбузен агӀо (Советски, Нови, Подгорни урамаш) лаьтта Теркан тогӀи чохь. Дисина дакъа Теркан дукъ тӀехь. Муниципалан кхолламан латтан йукъара локхалла йу хӀордан тӀегӀанал 144 метр гергга сов.
Гидрографин маша гайтина коьртаниг Терко. Муниципалан кхолламан къилба декъехула чекхдолу Малокабардински а, Надтеречни а татолаш, церан хиш дохку йуьртан аренашна.
Климат тӀуьна бараме. ХӀаваан шеран йукъара температура +10,7°С йу. ХӀаваан температура техка июлан +23,5°С тӀиера январан −2,5°С кхаччалц. Йочанийн шеран йукъара барам бу 550 мм гергга. Алсама догӀа догӀу майра июль кхаччалца болчу муьрехь. Аьхке чекхйолуш сих-сиха бекъа мехаш хуьлу, уьш хьоькху Каспийн йисттера аренашкара.
Истори
бӀаьра нисйан1880 шарахь инарла Смыкаловн латта хиллачохь, Балтикайистера немцоша-мухажираша йиллира Гнаденбург колони. Меттиг хаьржира лерина, гергахь Терк охьадоьду дера, ткъа эвлан малхбузехьа йара йоккха хьун, цуо дика гӀишлошйаран гӀирс лора.
Немцойн колонин гена йоцуш Николаевка кӀотар (Ново-Николаевски) йара, цигахь хевшина алсама хӀирий бара.
1944 шо кхаччалц Гнаденбург колони ГӀебартойн-Балкхаройн АССР Курпан кӀоштан административан йукъ йара.
21.09.1941 шеран № ГКО-698сс болу «Краснодаран, Орджоникидзен маьхкашкара, Тулин областера, ГӀебартойн-Балкхаройн а, Къилбаседа ХӀирийн а АССР немцой кхалхорах» цӀе йолу сацамца ерриг немцойн колонин бахархой арабехира Кхазакхстане.
1942 шеран 15 июлан РСФСР ПВС омарца Курпан кӀоштан Гнаденбург эвлан цӀе хийцина Виноградни эвла аьлла, ткъа Гнаденбурган йуьртан совет Винограднин[2] йуьртан совет.
1944 шеран 7 мартехь ГӀБАССР Курпан кӀошт дӀайаьккхина, ткъа берриг цуьнан мохк Курп эркан малхбалехьа долу латта дӀаделира Къилбаседа-ХӀирийн АССР йукъа.
1956 шарахь Ново-Николаевски эвла дӀа а йаьккхина дӀатуьйхира Виноградни эвлах[3].
Бахархой
бӀаьра нисйанБахархойн дукхалла |
---|
2010[1] |
2333 |
- Къоман хӀоттам
2010 шеран Йерригроссийн бахархой багарбаран [4]:
Къам | Барам, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|
хӀирий | 1 461 | 62,6 % |
туркой | 528 | 22,6 % |
оьрсий | 234 | 10,0 % |
кхин берш | 110 | 4,7 % |
берриш | 2 333 | 100 % |
Дешар
бӀаьра нисйан- Йуккъера йукъарадешаран ишкол — Советски, ур. 63.
- Ишколал хьалхара урхалла Берийн Беш № 6 — Садови, ур. 24.
Могашалла Ӏалашйар
бӀаьра нисйан- Лоьрийн амбулатори — Советски, ур. 1.
Оьрсийн православин килс
бӀаьра нисйан- Покров Богородицин килс
Урамаш
бӀаьра нисйан
|
|
|
Сахьтан аса
бӀаьра нисйанКхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Итоги Всероссийская перепись населения 2010 года по РСО-Алания. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и селельских поселений и населённых пунктов
- ↑ Указ ПВС РСФСР «О переименовании некоторых населенных пунктов и сельских советов Кабардино-Балкарской АССР» . www.alexanderyakovlev.org. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 18 февраль.
- ↑ Малая Родина. Селение Виноградное . Архивйина 2013 шеран 30 августехь
- ↑ Том4. Таблица 4. Национальный состав РСОА по муниципальным образованиям по переписи 2010 года . Архивйина 2013 шеран 19 августехь Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Решение комитета министров о льготах кавказской колонии Гнаденбург, утверждённое Александром III
- Появление немцев на Северном Кавказе
- Коды ОКАТО и ОКТМО — Виноградное
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |