Кавка́зан Ӏа́ьржахӀо́рдан бе́рдйист, КӀБ (наггахь — Ӏа́ьржахӀо́рдан Кавка́з, антикан цӀе — Колхида) — Ӏаьржа хӀордан бердйистера географин а, историн а регион, иза йу Российн Федерацин Краснодаран мехкан Ӏаьржа хӀордан йистера аса, ткъа иштта Абхазин а, Гуьржийчоьнан а бердйистера дакъа. Шен йохаллин доккхаха долчу декъехь курортан зона йу.

Кавказан ӀаьржахӀордан бердйистан карта

Кавказан ӀаьржахӀордан бердйист лаьтта Адриатикан, французийн Сирла-сийна Бердан, Италин Ривьеран курортийн йолу географин шораллехь (42°—45° къ.-с. ш.), церачух тера климат а йу.

Регионан къилбаседа доза ду Таманан ахгӀайре. Дукха хьолахь доза лору Анапа а,[1] шайн курортан зона йолаялар билгалайоккхуш. Наггахь цхьаьна могӀара Ӏаьржа хӀордачуьнца билгалбоккху цунах къилбаседехьа тасбелла Кавказан Азовн бердйист.

КӀБ къилба доза нисло ССРС (ткъа хӀинца Гуьржийчоьнан) Туркойчоьн пачхьалкхан дозанца. Цуьнан дакъа ду туркойн махкахь Анатолийн берд а, кхин дӀа, Румелийн берд а. Кавказан ӀаьржахӀордан бердйистан регионан малхбалехьа ду Йоккха а, Жима а Кавказан лаьмнаш а, царна йукъахь йоллу Колхидан аре а, малхбузехьа бу Ӏаьржа хӀорд.

ӀаьржахӀордан бердйист яхъелла 600 км сов, цунах 350 гергга ду российн дакъа. Уггаре ладаме регионан гӀаланаш йу (къилбаседера къилбехьа): Анапа, Новороссийск, Геленджик, Туапсе, Лазаревски, Сочи, Гагра, Пицунда, Гудаута, Сухум, Очамчыра, Поти, Батуми. Цул сов, курортан меттигаш йу Кабардинка, Дивноморски, Архипо-Осиповка, Джубга, Лермонтово, Новомихайловски, Абрау-Дюрсо, Дагомыс, Мацеста, Хоста, Лоо, Адлер, Керла Афон, Гулрыпш, Анаклиа, Ганарджиис-Мухури, Кобулети, Махинджаури, Гонио, Сарпи, Вардане, Цихисдзири, Чакви.

Новороссийскера Туапсе кхаччалц ӀаьржахӀордан бердйист цхьаццанхьа лаьтта субтропикийн асан йекъа тайпана (температуран йуккъера барам: январан 3 °C, июлан 23 °C) климатан къилбаседа йистерчу декъехь, ткъа Туапсен къилбехьа а, кхин дӀа Российн (Адлеран кӀошт Сочи) дозанал арахьа Аджаре кхаччалц — ахтӀуьна субтропикийн (5 а, 24 а °C Ӏай а, аьхка а) климат. И шина тайпана климат хӀоттаран бахьна рельеф йу, нийса аьлча — лаьмнийн локхалла. Туапсе кхаччалц церан локхалла 1000 м ца кхочу, уьш ладаме орографин дуьхьало ца хуьлу тӀуналла яхьачу къилба-малхбузен хӀаваийн массийн, Туапсел дехьа лаьмнаш 3000 м а, кхин сов а лекха ду, малхбузен мох кхета басенашкахь шеран дохаллехь оьху дукха йочанаш.

 
Гагра. Субтропикийн ландшафт.

ӀаьржахӀордан бердйистан хин ресурсаш дукха йу, амма махкахула цхьабосса йекъна йац. Регионан цхьаьна декъехь луьста эркан маша бу, важа хин ресурсашца гӀеххьа къиен йу. Йочанийн барам техка къилбаседа-малхбузехь шарахь 500 мм къилбехьа 2800 мм[1], цу тӀе дукхаха долу церан дакъа охьадогӀу шеран шийлачу заманахь. Шарахь 2200—2400 сахьтехь КӀБ къиега малх, бовхачу муьрехь 8-12 де бен кхуьйлина ца хуьлу.

Лаьмнийн басеш тӀаьхь шорта хьаннаш йу тайп-тайпана дитташ долуш — поп, пха, каштан, тис, пихта, кхин баганан дитташ а ду. Бердйистехь Геленджикал къилбехьа алсама йу субтропикийн тайпана ораматаш, масала, пальма, юкка, акаци, магноли, самшит. Регионан къилбехьа лаьтта шуьйра гӀа долу хьаннаш лианашца а, гуттаренна баьццара коьллашца а. КӀБ кхуьу ялх эзар гергга тайпана ораматаш, царех бӀе сов цигахь бен кхуьуш йац, кӀезиг йац ораматаш-реликташ — масала, лавробалл, понтийн рододендрон, колхидан падуб (ilex colchica), аьрта гӀа долу фисташка, лекха жӀолам, пицундан зез, кхин а.

Анапан бердйистехь йу йерриг Кавказан ӀаьржахӀордан бердйистан курортан зонера уггаре шуьйра (35 км гергга еха) а, дика гӀамаран а пляжаш. ГӀамаран пляжаш йу амалехь Кодор эрк тӀиера Кинтриш эрк тӀекхаччалц йолчу йукъаметтигехь. Пицунда — Нови Афон декъехь пляжаш хийцало жагӀан-гӀамаран бердашца. Бисинчу берд тӀаьхь алсама йу тӀон а, тархийн-тӀон пляжаш, церан майда жима йо дукха хьолахь хӀорда тӀекхаьчначу лаьмнаша. ХӀордо пляжаш хьакхаран бала а бу цигахь.

 
Сухумин ботаникан беш, бамбан плантаци (1905 а, 1915 а шерашна йукъахь)

Советийн муьрал хьалха

бӀаьра нисйан

Кавказан ӀаьржахӀордан бердйист Российн дакъа хилла Абхази, Мегрели, Гури олаллаш шайн лаамца Российн империн йукъайахар а, ткъа иштта 1763—1864 шерашкара Кавказан тӀамехь Чергазийчоь, 1877—1878 шерашкара Оьрсийн-туркойн тӀамехь Аджари схьайаккхар а бахьнехь.

1867 шарахь кхоьллира Кубанан областера ӀаьржахӀордан гуо, йукъ Новороссийскехь йолуш, 1896 шарахь цунах йира ӀаьржахӀордан губерни. 1866 шарахь Кутаисин губернин йукъахь кхоьллира Сухумин тӀеман дакъа, 1903 шарахь цунах ша лаьтта гуо бира, ткъа 1878 шарахь Берлинан трактатца Туркойчоьнах схьаделлачу латтанаш тӀаьхь кхоьллира Батумин область (1883—1903 шерашкахь — Кутаисин губернин гуо). Доккха экономикин а, тӀеман а маьӀна хилира КӀБ регионан ТӀеман-Сухумин а, Къилбаседа-Кавказан а некъаш.

Февралан а, Октябран 1917-1920 шерашкара революцеш хиллачул тӀаьхьа регионан дакъош йукъадахара цхьаьнаэшшара йоцучу пачхьалкхийн кхолламашна — советийн а, монархийн а, националистийн а. Уьш йара: Кубанан советийн республика, ӀаьржахӀордан советийн республика, Кубанан-ӀаьржахӀордан советийн республика, Къилбаседа-Кавказан советийн республика, Дерриг Сийдолу Донан Эскар, Кубанан халкъан республика, Российн Къилба, Чоьхьара Кавказан Демократин Федеративан Республика, Гуьржийн Демократин Республика. КӀБ цхьана декъана оккупаци йира Йоккха Британин а, Туркойчоьнан а эскарша.

 
1975 шарахь дӀайиллина «метро» Керлаафонан хьехахь (2006)

Советийн мур

бӀаьра нисйан

1920-1921 шерашкахь Кавказан ӀаьржахӀордан бердйистехь чӀагӀделира советийн Ӏедал, ткъа 1921 шеран Москохан бартаца Аджарехь хӀоттийра КӀБ къилба доза билгалдаьккхина пачхьалкхан доза кемалан, хӀинца а йолуш йолчу, Туркойн республикица.

ГӀирман къилба берд санна, Кавказан ӀаьржахӀордан бердйист курортийн Ӏалашонна жигара лело ца йолийра XIX бӀешо чекхдолуш бен. Иза доьзна дара регион садаӀарна хьов, кӀезиг мегаш хиларна ладаме барам нах гуттаренна баха а: кӀеззиг йолу бердйистан зонаш йоцурш, бердйистан зонехь хоршин чуьркийн уьшалийн зӀе йара, уьш хийцалора ломан Ӏинашца а, эвланашца а. Бердаца чӀогӀа луьста нах хевшинера чергазий а, убыхаш а, абазой а бехучу меттигашкахь, цигахь ломан Ӏинаш долалора бердан асанца. Цуьнца цхьаьна, хоршах ларлуш, ломанхой охьаховшура акъареш а, ломан даккъаш а тӀаьхь.

XX бӀешо долалуш а, йуккъехь а, дукхахадерг советийн заманахь, Кавказан ӀаьржахӀордан бердйистан доккхаха долу дакъан тӀаьхь бира масштабан дукха болх уьшалаш лакъош, хорш йаржош йолу чуьркаш дӀайохуш — химица а, башха кепара «античуьркийн» флора (коьртаниг эвкалипт) дуьйш, чуьркийн зирх жигара буу гамбузи чӀеран интродукци йаржош.

КӀБ къилбаседа декъахь кӀеззиг хьакхабелира Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀомКавказ йоккху тӀом. ХӀорд тӀиера румынин-италин тӀеман-хӀордан ницкъаш гӀо а лоцуш, «А» эскарийн тобан немцойн-фашистийн эскарш 1942 шеран августехь—сентябрехь тӀелетачу хилира къиза тӀемаш майкопан-туапсен а, краснодаран-новороссийскан а агӀонашкахь. 31 августехь Рейха 17-гӀа эскаро Анапа йаьккхира, ткъа 7 сентябрехь тӀекхечира Новороссийскан къилбаседа йистте (хьажа Новороссийскан операци (1942)). Дуккха а гӀертарх, Туапсе а, Сухуми а кхача мостагӀчун аьтту ца белира (хьажа Туапсен операци (1942)).
Цхьаьна хенан оккупаци йина мехкашкахь йолайелира партизанийн болам, ткъа 1943 шеран гурахь 9 сентябрера — 9 октябрь кхаччалц болчу муьрехь Новороссийскан-Таманан операци йоьдуш Къилбаседа-Кавказан фронтан эскарша ӀаьржахӀордан флотца цхьаьна мукъайаьккхира Новороссийск а, дерриг Таманан ахгӀайре а. Кавказ йоккхучу тӀамехь ССРС туьйлира. Цуьнан жамӀца эзарнашкахь советийн салташна йелира, 1944 шеран 1 майхь ССРС Лакхара Советан Президиуман Омарца йукъайаьккхина «Кавказ ларйаран» мидал.[2]

ТӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа Кавказан ӀаьржахӀордан бердйист ладаме «йерригсоюзан дарбан цӀе хилира». 1970 шеран ССРС Министрийн Советан сацамца цунах йира союзан маьӀна долу курорт. 1980-гӀа шерашкахь цигахь садаӀара хӀора шарахь 25 миллион Советийн Союзан гражданаш.[3]

 
Батумин урамаш (2009)

1991 шерал тӀаьхьа

бӀаьра нисйан

Ладаме зие дина Кавказан ӀаьржахӀордан бердйистан 1991 шарахь ССРС йохаро, оцу хенахь хилира политикин девнийн Гуьржийн ССРн махкахь тӀеман дуьхьалонаш, масала Абхазехь тӀом белира, Гуьржийчохь гражданийн тӀом белира. Йохийна гӀаланаш, инфраструктура, дукха минийн аренаш, неха карахь дола герз, зуламалла, экономикин, энергетикан, транспортан блокада, этнополитикин даржар, делла адамаш, иттаннаш эзаршкахь тӀемах бевддарш — дерриг оцу тӀаьхьалоно хӀинца а регион кхиаран Ӏаткъам бо. Транспортан хааман цхьа дакъа метта ца хӀоттийра 2000-гӀа шерашкара шолгӀачу декъехь бен.

Регионан экономикин дика агӀо тӀе ца туьйхира 2004-гӀа шеран Аджарийн къоьлло а, 2008-гӀа шеран Къилба ХӀирийчоьнан тӀеман девно а, иза бахьнехь Российс къобал йира Абхази, амма Гуьржийчоьно а, АЦШ а бехке йо[4] регионан оккупаци йарех.

Аджарин арахецаре а, башха дукха туризме а чу ладаме инвестицеш йо, цуо дика жигара йоккху меттигера экономика. Регионан экономика кхиаран билггала гӀо дира 2014 шарахь Российс Сочехь Ӏаьнан Олимпийн ловзаршна бинчу кечамо. Краснодаран мехкан губернаторо Ткачёв Александра элира,[5] Олимпиада-2014 —

  гаранти йолуш бӀенаш миллиардаш соьмаш инвестицеш йу массо а кепара инфраструктураш, спортан база, Сочи курортан хилла ца Ӏаш, берриг ӀаьржахӀордан бердан а.  

Ткъа Путин Владимира 2007 шарахь комментарии йелира российн Сочис толам баккхарх:[6]

  Соьга ца кхоьрруш алалур ду, вайга мехкан дийналла метта ца хӀоттаеллийхьара, нагахь вай, ялх-ворхӀ шо хьалха хилла, Кавказера дуьхьалонаш совца ца йинийхьара, нагахь вай принципан кепара экономикера хьал то ца динехьара, нагахь вай цхьа могӀа социалан Ӏалашонаш чекх ца йаьхнийхьара, вайн лергаш гуш а гур йацара вайна цхьан а Олимпиада.  
 
Геленджикан гергара тӀон пляж. ТӀехьа — Парус тарх (2005)

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Черноморское побережье Кавказа на сайте Института географии РАН.(Хьаьжина 2 майхь 2009)
  2. Кавказан ӀаьржахӀордан бердйист — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 
  3. Яковлев надеется, что Черное море станет привлекательным. РИА «Новости» (23 сентября 2004). Архивйина 2012 шеран 30 мартехь (Хьаьжина 2 майхь 2009)
  4. U.S.-Russia Relations: «Reset» Fact Sheet Архивйина 2010-07-14 — Wayback Machine (ингалс.)

    Администрация Обамы продолжает иметь серьёзные несогласия с российским правительством по поводу Грузии. Мы продолжаем призывать Россию прекратить её оккупацию грузинских территорий Абхазии и Южной Осетии, и параллельно работаем с российским правительством, чтобы предотвратить дальнейшие военные эскалации в регионе. Мы стали свидетелями некоторых увеличивающихся мер по укреплению доверия, таких как открытие границы в Верхнем Ларсе и разрешение прямых чартерных рейсов между двумя странами, и продолжаем настаивать на укреплению Механизмов Предовращения и Реагирования Инцидентов и возвращении международных наблюдателей в два оккупированных региона Грузии.

  5. Проект Олимпиады в Сочи поможет Кубани пережить кризис - губернатор. РИА «Новости» (20 февраля 2009). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 2 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 28 февралехь (Хьаьжина 2 майхь 2009)
  6. Путин: победа в борьбе за Олимпиаду — результат политики последних лет. РИА «Новости» (24 июля 2007). Архивйина 2012 шеран 8 июнехь (Хьаьжина 2 майхь 2009)

Литература

бӀаьра нисйан
  • Анисимов С. С. Черноморское побережье Кавказа. — М.: Вопросы труда, 1926. — 93 с.
  • Буланов С. Черноморское побережье Кавказа. Путеводитель. — М.:Аякс-Пресс. — 2005. — С. 96. ISBN 5-94161-152-8
  • Веденин Ю. Рекреационные ресурсы СССР. — М.:Профиздат, — 1979. — С. 175.
  • Вавилова Е. Экономическая география и регионалистика. — М.:Гардарики, — 1999. — С. 160.
  • Доброхотов И. О. Черноморское побережье Кавказа(ТӀе цакхочу хьажорг). — СПб. — 1916.
  • Зенкович В. Берега Чёрного и Азовского морей. — М., — 1958.
  • Инадзе М. Причерноморские города древней Колхиды. — Тб., — 1968.
  • Ионов И. И. Градостроительные проблемы Черноморских курортов.- М., 1979
  • Колотова Е. Рекреационное ресурсоведение. — М.:Советский спорт, — С. 133.
  • Косолапов А. Туристическое страноведение. — Владивосток.:ДВГАЭУ, — 1999. — С. 196.
  • Пачулиа В. П. Черноморское побережье Кавказа. Путеводитель для туристов. — М.:Профиздат. — 1980. — С. 240.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан